Нехча

Нехча, нахча, начх — нехчан мега шурех доккху дааран сурсат.

Йоккху шура хьарчо муьста шуран бактерийн ферменташ а лелош йа тайп-тайпана шурийн сурсаташ а, шурийн доцу аьргалла яшоран туьханаш а лелош лалоран хьесапца.

Нехча
Лимбурган нехча

Дааран мехалла

Нехча 
Ламастан швейцарин нехча «Эмменталь»

Нехчанаш къастало лакхара белокаш (25 % кхаччалц), шурийн даьтта (60 % кхаччалц), минералан хӀуманаш (3,5 % кхаччалц, кхехкийна туьха а ца лоруш) хиларца. Нехчан белокаш шурийнчул дика тӀеоьцу организмо. Нехчанийн экстражигара хӀуманаш дика Ӏаткъам бо кхача ахьаран йекхоашна, хӀума йаа дог доуьйту. Нечханца йолу дааран хӀуманаш, йуьззина аьлча санна тӀеоьцу организмо (98—99 %). Нехчанашца ду витаминаш A, D, E, B1, B2, B12, PP, C, пантотенан мусталла, кхин а. Хьоналла а, белок а алсама мел хуьлу нехчан энергимехалла хаъал техкаш хуьлу. Нехча йу ала мегар ду шурийн концентрат: белокаш, хьоналлаш, минералан хӀуманаш йу цуьнца цхьатерра пропорцешкахь, лакхара ду цуьнца кальций а, фосфор а, уьш нехчанца оптимум баланс йина барамехь йу.

Классификаци

Нехча 
Нехча яр

Куьцаца нехчанаш йекъало керлачарна, кӀеда хаза ховха чкъоьрдолчарна (кӀайн матарца), кӀеда дилина чкъоьрдолчарна, айсина матарца нехчанаш (айсина нехча), кепа тоьхна а, кхехкийна кепа тоьхна а. Кхин нехчан тайпанаш — йетта шурийн-альбуминан, альбуминан, лалийна, ткъа кхин а масех категорин йукъайогӀурш. Нехчан нилха тайпанаш — муьста шурех йаьккхина немцойн нехча а, норвегийн боьмаша нехча (брюнуст).

Яран технологица нехчанаш йекъало чӀогӀачарна, кӀедачарна, шовранчарна, лалийначарна.

Шоьшлан нехчанаш

Шоьшлан фермент (реннин, изза химозин) — кхача охьу фермент йу дийнатех йаьлла, иза йоккхура эсийн хьер чуьра (дайиначул тӀаьхьа). Ишттачу эсийн хан 10 дийнал сов ца хуьлу. Шоьшлан фермент лелайо шурех кӀалд йоккхуш а, нехчанаш йохуш а.

Генетикан инженери кхиарца таро хилира дийнаташна чуьра химозин даккхаран жоьпаллехь йолу генаш йахар, уьш ферментаци йолуш химозин даккхийтархьама цхьаьна бактерешна, жӀалин нускалшна йа совсоргашна чуйахкар. Генетикан модификаци йина микроорганизмаш дӀайовлу ферментаци йинчул тӀаьхьа, ткъа химозин доккху культуралан тӀуналлех, оцу бахьанехь нехчанца йац цхьан а ГМО компонент я ингредиент.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Tags:

Нехча Дааран мехаллаНехча КлассификациНехча БилгалдахаршНехча ЛитератураНехча ХьажоргашНехчаШура

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Дерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а деПетарбухГгӀиежБар (Украина)Къилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциаци1974 шоДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарКузакемаГӀезалойчоьЭрмалойчоьТуркмени1913 шоЖелашка (Итон-Кхаьллан кӀошт)Юнион-Сити (Нью-Джерси)ФранциЕбланжПублий Овидий НазонЛоман КарабахНехчаСанскритПенсильвани (штат)Кассель (НогӀ)1936 шоБадуев, СаьӀид СулеймановичСен-Поль-суьгӀ-ТегӀнуаз24 майНинбоЧелябинскан областьОпаричУфа1944БоргӀал1979 шоКукечЭлк (гуо, Пенсильвани)ПискиЛенинградан областьХӀиндиКоламбус (Миссисипи)Планк, МаксКурумова, СелимаПайхамарХамхоев, Ваха Висангирин воӀФундаментализмАхматова, Раиса Солтамурадовна570 шоАвстралиЖелтой1993 шо1626 шоЕвропаВилле-ГисленАдамс (гуо, Висконсин)КурдулиАддис-АбебаНиддаУдмуртиВикиманиФольклорГасконейд (гуо, Миссури)ЯитаЛос-Аламитос (Калифорни)Маьрша гӀирсашБисултанов, Апти ДибаевичБушпогӀнАнглефогӀАль-Хорезми1892 шо🡆 More