ГӀезалой (шайха олу — гӀез.
ГӀезалой | |
---|---|
Шен цӀе | гӀез. татарлар |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла |
|
Росси:
1000 (2010) Кхазакхстан: 200 545 (2020)
Туркмени: 62 000
Азербайджан: 25 900 (2009)
Туркойчоь: 28 000 | |
Хаам | |
Мотт | гӀезалойн, оьрсийн |
Дин | дукхаха берш ислам суннийн некъан (хьанафийн мазхаб), кхин а цхьа дакъа православи |
Йукъабоьду | тюркийн къаьмнаш |
Гергара къаьмнаш | башкираш, ногӀий, чувашаш, гӀирмин гӀезалой |
Этносин тобанаш | казанан гӀезалой, гӀезалой-мишари, кряшенаш, аштаркхнен гӀезалой, сибрехан гӀезалой, касимовра гӀезалой, липкаш нагӀайбакаш, тептяриш. |
Схьабалар | булгараш, кыпчакаш, хазараш, буртасаш, цхьаццанхьа финнийн-угриш |
Медиафайлаш Викилармехь |
Россера барам бу 4 713 669 стаг ( 2021 шеран бахархой багарбаран жамӀашца). 1989 – 2002 шерийн муьрехь гӀезалойн барам тӀекхийтира 5,52 тӀера 5,53 миллион стаган тӀекхаччалц. 2002 шерера 2010 шо кхаччалц болчу муьрехь гӀезалойн барам охьабелира 244 эзар ст. йа 4 % берриг гӀезалойх, амма гӀезалойн дакъа берриг бахархойх буьстича бисира 2002 шеран тӀегӀанехь. Шайн барамца гӀезалой шолгӀа къам ду Российн Федерацехь, оьрсий дӀабевлча. Бекъало кхаа коьрта этномехкан тобанашка: ийдалан-уралан, аштаркхнен, сибрехан. Республика ГӀезалойчохь гӀезалой бахархойх ах сов (2010 шарахь бахархой багарбарца 53,2 % йа 2 млн сов стаг) бу, ткъа Республика Башкортостанехь бахархойн доьлгӀа декъал сов (2010 шеран бахархой багарбарца 25,4 % йа 1 млн ст. сов).
ГӀезалойн мотт алтайн доьзалера Тюркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанера мотт бу, бекъало кхаа меттан генне: мишарин (малхбузен), казанан (йуккъера),и сибрехан (малхбален).
Динаца коьртаниг бусалбанаш-суннийш бу, кхин а йу жима православинчеран тоба (кряшенаш).
Дуккха бӀешерашкара исторехь «гӀезалой» дешо этнониман, политониман, социониман, конфессиониман функцеш кара а йора, йайа а йойура.
Дуьххьара уьш хьахийна монголийн-тунгусийн-маньчжурийн тайпанашна йукъахь, VI—IX бӀешерашкахь уьш кхерстара Байкалан къилба-малхбалехьа. XIII бӀешарахь монголийн-гӀезалойн толамаш бахьнехь «гӀезалой» дика бевзира Европехь. XIII—XIV бӀешерашкахь и цӀе йаьржира Евразин, Дешин Ордан йукъара кхин а къаьмнашна.
ГӀезалойн этногенезан масех теории йу. Ӏилманан литературехь уггаре дика йаздина кхааннах:
Йехачу заманахь уггаре къобалйинарг лорура булгарийн-гӀезалойн теори. ХӀинца алсама къобал йо тюркийн-гӀезалой теори.
Тюркийн-гӀезалойн теорица гӀезалой кхоллабалар декъа мегар ду кхаа муьре:
ГӀуллакхера гӀезалой — XIV—XVIII бӀешерашкара Москохан олаллера, Оьрсийн Паччахьаллера, Российн имперера гӀезалойн бахархойн этночкъоьран тоба йу. Йуьхьанца кхоллалора Дешин Ордара а, гӀезалойн ханаллашкара оьрсийн гӀуллакхе дехьабевллачу гӀезалойн феодалийн элех, цул тӀаьхьа, Казанан ханалла (1552) схьайаьккхинчул тӀаьхьа, ясакхийнчарех (шайн доллара дакъой дӀадахар бахьнехь), кхин а уьш «кхаба» дӀайеллачу гӀаланашкахь бехачарех (Каширехь, Серпуховхь, Романовхь, Юрьев-Польскехь, Боровскехь, кхин дӀа а).
ДӀахьора гуттаренна тӀеман гӀуллакх. Дакъалецира Ливонан тӀамехь (1558—1583), Российн тӀеман походашкахь, лардора дозанаш. Кхин а гӀуллакхехь бара талмажаш, йозанчаш, векалш, кхин а. ГӀуллакхехь хиларна лора латта, ахчанан а, бепиган а алапа.
ГӀуллакхера гӀезалоша лардора шайн ханашна, мурзашна, бекашна (элашна) декъадаларан спецификин система. Церан дошлойн тобанаш, уьш оьшучу хенахь тӀехӀуьттура полкашна.
XVIII бӀешеран йуьххьехь дехьабехира пачхьалкхан ахархой чкъоьре, тӀейазбира лашманийн гӀуллакхна, хӀоранна алапа а луш.
Лашманаш (Laschmann, схьадаьлла л.-нем. laschen — дӀахадо, хьекха, кечдан а, Маnn — адам а) — гӀуллакхера гӀезалой (дукхаха берш), Российн флот йан кеманашна хьун хьокхуш дакъалоцуш бара.
Царна бинера цхьацца аьттонаш махлелоран-пхьоллин белхашкахь. Масала казанан гӀалин гӀезалойн, алапанна меттана махлело бакъо йара, совдегарийн чкъоьрех боцушехь.
Генетикин талламаша гайтира, йукъара дай боцу гӀезалойн коьрта регионийн тобанаш (ийдалйистан, сибрехан, гӀирмин) кхоллайелла вовшех йозуш йоцуш. Цхьаьнахеннахь гучудолу чӀогӀа лакхара генетикин тайп-тайпаналла гӀезалойн регионийн тобанийн, иза гойту хӀора тобанна йукъахь масех генетикин чкъоьраш хиларо, аьлча а гӀезалойн хӀора тоба масех хьостах кхоллайалар. Амма ийдалйистера гӀезалошна (теллира беккъа казанан гӀезалой а, мишари а, кряшенаш а) йукъахь гучуделира церан генофондехь, туьркел хьалхара Малхбален Европера а, Уралйистера а (иза хетарехь ийдалан-уралан регионера финнийн-перман а, финнийн-ийдалан а популяцийн тӀаьхье хила тардалар) орамера бахархойн компонент алсама хилар, ийдалйистан гӀезалойн йу «къилба» компонент, тарло, иза Кавказера кхелхина хиларца, ткъа йуккъера-азин компонент чӀогӀа кӀезиг йу. Казанан гӀезалойн «къилба компонент» 15 % йу, Малхбален Европера а, ЛаьттайукъарахӀордйистера а гаплотобанийн амал йу церан, мишарийн «къилба» компонент (23 %) кхоллало ЛаьттайукъарахӀордйистера а, Къилба Европера а, Жима Азера а амалера гаплотобанех, ткъа кряшенийн «къилба» компонент (29 %) Малхбузен а, Малхбален а Кавказан гаплотобанийн амалш йолуш. Йуккъера Азин компонентийн дакъа казанан гӀезалойн 1 %, мишарийн 3 %, ткъа кряшенийн 6 % ду.
Сибрехан гӀезалойн тайп-тайпана тобанийн (цуьнан пхиъ субэтнос талларан жамӀашца) хӀора субэтносан билгалдаьккхина тайп-тайпана генетикин схьадалар, цигара схьа, тайп-тайпана этногенезан некъаш, искеран-тоболан гӀезалой (кхоллабелла сибрехан субстратах а, Къилбаседа-Малхбален Европера баьхкинчех а), ялуторован гӀезалой (хьалхараазера схьабовлар долуш бу), бухарин-гӀезалой (схьабовлу Малхбузен Кавказан къаьмнех), иштякан-токузан гӀезалой (палеосибрехара схьабовлар долуш бу), уьшалан дехьара гӀезалой (гергара бу Малхбузен-Сибрехан угрех а, Къилбаседа Уралан самодийн а).
ГӀезалой лаьтта масех субэтносах. Царех уггаре йаккхийнаш йу:
ГӀезалой йерриг субэтносаш дукха хьолехь ийна хуьлуш йу.
ШирагӀезалойн мотт (уралан-ийдалйистан тюркийн мотт, ширабашкирийн мотт; гӀез. Иске Татар әдәби теле, İske Tatar ädäbi tele, ایسكی تاتار تلی, башк. Иҫке башҡорт теле) — XIV - XX шерашкахь йаздеш, тайп-тайпана къаьмнаша лелош хилла, тюркийн литературин мотт. Кхоллабелла монголийн муьрал тӀаьхьа тюркийн меттан га санна. Масех регионан вариант йоллушехь, церан йара йукъаралла, туьркийн меттанаш вовшашна гергара хиларна; Ӏаьрбийн йоза лелорна, цунна чохь мукъа аьзнаш гойтуш дацара, цундела цхьа дош тайп-тайпана регионашкахь деша тарлора тайп-тайпана, шорта Ӏаьрбийн-гӀажарийн лексикера тӀеэцна дешнаш дара.
ГӀезалоша буьйцу алтайн доьзалан туьркийн тобанан кыпчакийн бухара тобанан гӀезалойн меттан генан мотт. ГӀезалойн литературин мотт кхоллабелла казанан меттан генан бух тӀехь мишарин морфологин структурица.
X бӀешерера 1927 шо кхаччалц лелайора Ӏаьрбийн графика, 1928 – 1936 шерашкахь лелайора латинан графика (йаналиф), 1936 шарахь дуьйна, таханналц, леладо кириллицин графикин бух тӀера йоза. ГӀезалойн йоза латинан йозане дехьадаккхаран планаш йу.
Ишколан дешар ду гӀезалойн маттахь — доьшу гӀезалойн мате гочдина йукъарароссийн программица а, жайнашца а. Йукъарадахарш: оьрсийн меттан а, литературин а, ингалсан меттан а, кхечу европин меттан а жайнаш а, хьехолаш а, физоьздангаллин хьехолашкара омарш оьрсийн маттахь хила тарло. Кхин а гӀезалойн меттан дешар ду КГАСУ цхьацца факультеташкахь а, берийн бошмашкахь а.
1917 шеран революцил хьалха дешарийн меттигаш йара хьуьжаршкахь.
Россехь гӀезалой алсама беха мохк дукха берг Ийдалан-Уралан регион йу, цигахь веха 4 млн сов, йа 80 % гӀезалой. Уггаре дукха гӀезалой беха ГӀезалойчохь (38 % гергга) а, Башкортостанехь (19 %) Россехь бехачу гӀезалойх, бисинарш баьржина йерриг Россехула. Советийн Ӏедалан 20 шо кхачарца Российн Федерацин 66 субъектехь гӀезалойн бахархойн дукхаллин динамика — харц йара, ткъа 22 — аьтту болуш йу. Уггаре кӀезиг гӀезалой беха Российн регион — ГӀалгӀайчоь, цигахь уьш 64 стаг ву. Лахахь гайтина ткъе йейтта Российн регион, уьш хӀиттийна гӀезалойн бахархой барам охьабаларца (2002):
Регион | ГӀезалойн берриг барам | ГӀезалойн процент |
---|---|---|
ГӀезалойчоь | 2 000 116 | 52,92 |
Башкортостан | 990 702 | 24,14 |
Тюменан область | 242 325 | 7.42 |
Челябинскан область | 205 087 | 5,69 |
Ульяновскан область | 168 766 | 12,20 |
Свердловскан область | 168 143 | 3,75 |
Москох | 166 083 | 1,6 |
Оренбурган область | 165 967 | 7,61 |
Перман мохк | 136 597 | 4,84 |
Самарин область | 127 931 | 3,95 |
Удмурти | 109 218 | 6,96 |
Хантийн-Мансийн автономин гуо | 107 637 | 7,51 |
Пензин область | 86 805 | 5,97 |
Аштаркханан область | 70 590 | 7,02 |
Саратовн область | 57 577 | 2,16 |
Москохан область | 52 851 | 0,8 |
Кемеровн область | 51 030 | 1,76 |
Нижни Новгородан область | 50 609 | 1,44 |
Омскан область | 47 796 | 2,3 |
Мордови | 46 261 | 5,21 |
Красноярскан мохк | 44 382 | 1,5 |
Кировн область | 43 415 | 2,89 |
Марий Эл | 43 377 | 5,96 |
Чуваши | 36 379 | 2,77 |
Петарбух | 35 553 | 0,76 |
Волгоградан область | 28 641 | 1,06 |
Ямалан-Ненцойн автономин гуо | 27 734 | 5,47 |
Иркутскан область | 26 966 | 1,1 |
Краснодаран мохк | 25 589 | 0,5 |
Новосибирскан область | 24 158 | 0,91 |
Ростовн область | 13 948 | 0,33 |
Ставрополан мохк | 11 795 | 0,42 |
Хабаровскан мохк | 7 836 | 0,58 |
Ийдал-Уралан штат (Ийдал-Урал штат, гӀез. Идел-Урал штаты, İdel-Ural ştatı) — гӀезалойн а, башкирийн а кхочуш ца йина къоман автономин проект. Йан гӀортар чекхделира йоцачу ханна (1918 шеран 1 мартера 28 март кхаччалц) «Булачан дехьара республика» олург латтар, иза йара Казанан гӀезалой декъехь.
ПангӀезалалла (pantatarisme) — гӀезалой коьртехь болу Российн империн бусалба бахархойн XX бӀешеран йуьххьера оьздангаллин а, политикин а болам билгалбаккха йукъайаьккхина термин.
XX бӀешеран йуьххьехь Российн имперехь хӀоьттирамахкара бусалба бахарошна тӀехь Ӏусманан империн Ӏаткъам боккха болу хьал. Иза бахьнехь Чоьхьара гӀуллакийн министралло арахоьцура башха циркуляраш, царна чохь кховдадора туркойн Ӏаткъамна дуьхьало йар. 1910 шарахь Гулам бира гӀезалойн-бусалбанийн Ӏаткъаман болх бахьнехь. Цигахь кховдийра бусалбанашна йукъахь православин хьехамаш баран гӀуллакх чӀагӀдар, кхин а дерриг дан бусалбанийн ишколаш конфессийн гуран чохь латто. ТӀаккха а, пангӀезалаллех ларлуш, гулам реза бара «керста дине бевлла кхечу къоман нахана ненан мотт хьехийта». 1911 шарахь Гуламо кхин некъ лехира, йуьхьанцара дешар хьоьху ненан меттанийн барам лагӀбира.
1914 шарахь кхайкхира бусалбанийн баланех болу Лерина гулам. Оцу гуламо тидам бора пангӀезалаллин, цуо тосура царна башха кхерам. ПангӀезалалло кхиамаш бора бусалбанашна йукъахь, цу тӀе гӀертара оьрсийн бусалбанаш цхьаьнатоха гӀезалойн урхалле. Идеологи йара исламан дин а, тайпанан цхьааллин ойла а. Кхин а империн чинхой реза бацара, Российн махкахь лакхара дешаран меттигашкахь гӀезалой баржарна. Лерина гуламо дери дира Российн империн бусалба бахархошна йукъара прогрессин процессашна хьалха шеш гӀийла хиларх а, царна дуьхьала латта ца даларх а.
XX бӀешеран 80-гӀа шерийн чаккхенгахь ГӀезалойчура йукъараллин-политикин боламан жигараллин мур хуьлу: Кхуллу БерриггӀезалойн йукъараллин центр (БГӀЙЦ), хьалхара президент M. Мулюков, «Иттифак» партин дакъа — дуьххьарлера коммунистийн партин доцу дакъа ду ГӀезалойчохь, цуьнан коьртехь йара Ф. Байрамова.
Булгарийн къоман конгрессан президент (республика ГӀезалойчоь) Халилов Ӏусман а Адамийн бакъонийн Европин суьде йаздира гӀезалойх булгараш ала аьлла, амма 2010 шарахь суьдехь ийшира.
1990-гӀа шераш дуьйлалуш, Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа, Уралан-Ийдалан штат кхолларан ойла гӀарайаьллера гӀезалойн къоман йукъараллин гӀуллакххошна йукъахь.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article ГӀезалой, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.