Гацаев, Саӏид Асланбекан Воӏ

Гаца́ев Са́Ӏид Асланбе́кан воӀ (1938 шо, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀошт, Дишни-Ведана) — нохчийн йаздархо, поэт, публицист, драматург, Нохчийн Республикин йаздархойн бертан декъашхо.

Гацаев СаӀид Асланбекан воӀ
Вина терахь 1938({{padleft:1938|4|0}})
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀошт, Дишни-Ведана
Кхелхина терахь: 2012 шеран 13 декабрь({{padleft:2012|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:13|2|0}}) (74 шо)
ГӀуллакхан тайпа: йаздархо, поэт, публицист, драматург
Жигара шераш: 1961 шерера таханлера де кхаччалц
Произведенин мотт: нохчийн, оьрсийн

Биографи

Вина 1938 шарахь Дышни-Веданахь. 1944 шарахь махкахваьккхина доьзалца. Депортацехь доьзал бехира Кхазакхийн ССРн Семипалатински областехь. 1957 шарахь чекхйаьккхира ишкол. Оццу шарахь доьзал цӀехьа бирзира Даймахка.

1963 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историкан-филологин факультет. Институт чекхйаьккхинчул тӀаьхьа хьехархо болх бира ша винчу эвлахь.

1973 шарахь чекхйаьккхира Москохан Горький А. М. цӀарах йолу дуьненан литературин институт аспирантура. Даймахка цӀавирзинчул тӀаьхьа талламан балха ца хӀоттавелира, цундела винчу эвла хьеха йухаверза вийзира.

Веданан кӀоштан «Колхозан дахар» газете болх бан дехьавелира. Цул тӀаьхьа хилира республикин «Ленинан некъ» газетан белхало. ТӀаьхьа кхайкхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин хьехархочун дарже.

Кхолларалла

Байташ йаздан волавелира ишколан шерашкахь. Махках даьхачу хенахь уьш зорба тоха таро йацара, хӀунда аьлча нохчийн маттахь газеташ арахоьцуш дацара. Цуьнан дуьххьарлера байташ зорбане евлира «Орга» альманахехь 1961 шарахь. Оцу хенахь дуьйна Гацаевн кхолламаш рожехь зорбатоха йолийра кӀоштан а, республикин а газетийн агӀонаш тӀаьхь, «Орга» а, «Лаьмнийн Ӏуьйре» а альманахашкахь, Нохч-ГӀалгӀайн къуоначу литераторийн коллективан гуламашкахь: «Сатасаран сахьт», «Даймехкан мукъмаш», «Къуоналлин кхайкхам», кхечарна а тӀаьхь. Гацаевн кхолламийн гулам йукъатоьхна «Нохчийн поэзин антологин» (Москох, 2003 шо).

Шовзткъе итт шеран кхолламаллин гӀуллакхехь цуо арахецна дукха кхолламаш тайп-тайпанчу жанрашкахь: байташ, поэмаш, баснеш, пьесаш. Арахецна цуьнан авторан гуламаш: «Ӏуьйре» (1969), «БӀаьстенан гӀовгӀа» (1972), «Хазахетар» (1981), «Суьйренан вьюнок» (1988), «ХӀилла долу цициг» (1988), кхин а.

Цхьа могӀа пьесийн автор ву, цхьаерш царех хӀиттийна Нохчийн драман театран сцени тӀаьхь. Амма чӀогӀа гӀарайаьллачех йу цуьнан сатиран комедеш «Чудаки» (1989) а, «Бохаман нуц» (1992). Оцу пьесашца хӀоттийна Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан драман Нурадилов Х. цӀарах театр спектаклаш йара чӀогӀа хазахеташ, дуккха а шерашкахь сценин тӀиера дӀа ца евлира.

Хьажоргаш

Tags:

1938 шоВеданан кӀоштДишни-ВеданаЙаздархоНохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн РеспубликаНохчийПоэтРоссийн Советийн Федеративан Социалистийн РеспубликаСоветийн Социалистийн Республикийн Союз

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Цахураш9 мартМакедонийн ИскандарЛачинГарри Поттер а, философин тӀулг а (фильм)COVID-19 уьнан пандемиГӀезалойчоьВибегӀсвиллегӀПолитикаЕгӀон-НотгӀ-ДамБезье (НогӀ)ЙозйатагӀи (Имранли)Яшуркаев, Султан СайдалиевичКавказан лаьмнашВилле-ГисленАфинаНинбо.ggЛалленКхазакхстанӀаьрбийн моттАбердин-Гарденс (Вашингтон)КызылордаОьрсийДуров ПавелБарнаулНохчийчоьнан историАтлантикин ӀапказХасимиков СалманПачхьалкхЛамМулагӀАцаламов, Артур АбубакаровичЭлектроизоляторГвадалахара(6036) WeinbergMediaWikiОкуев Шима6 августехьРоссийн Федерацин субъекташСанта-Крус-де-ТенерифеАлександра Фёдоровна (Николай II зуда)ТалорШушаСийнаУмханов, Шарип ИсаевичОлхазаршГӀаззаНигериУлми (коммуна, Джурджу)Непалийн моттРоссиКант, ИммануилДентонМусикКаташ-КаранКириллицаГарволевоЛокалита Агроиндустриале Рива (Ровиго)Форкс (Вашингтон)КузакемаБакъоXVII бӀешо🡆 More