Кхазакхстан

Кхаза́кхстан (кхазакх.

Қазақстан [qɑzɑqˈstɑn] ), официалан Респу́блика Кхаза́кхстан (кхазакх. Қазақстан Республикасы), (аббревиатура РК) — Евразин центрера пачхьалкх, доккхаха долу дакъа цуьнан Азин йукъахь ду, жимах дерг — Европехь. Бахархой, пачхьалкхан статистикин комитето 2020 шеран 1 апрелехь мах хадорца, хилира 18 690 200 стаг.

Республика Кхазакхстан
кхазакх. Қазақстан Республикасы
кхазакх. лат. Qazaqstan Respublikasy
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Кхазакхстанан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Кхазакхстан
Маьрша йаьлла терахьаш 1991 шеран 16 декабрь (ССРС)
Официалан меттанаш Казахийн мотт[…], оьрсийн мотт
Коьрта гӀала Астана
Йаккхий гӀаланаш Алма-Ата, Астана, Шымкент, Акхтоьбе, КхарагӀанда, Тараз, Павлодар, Усть-Каменогорск, Семей
Урхаллин тайпа Президентан республика
Президент Токхаев Къасым-Жомарт
Премьер-министр Смаилов Аьлихан
Латта
 • Шадерг 2 724 902 км² (9-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 2,8
Бахархой
 • Мах хадор 18 690 200 стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2019) 534,271 млрд долл. (41-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 28 514 долл.
ДЧС (номинал)
 • Берриг (2019) 164,207 млрд долл. (54-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 8763 долл.
АДКИ 0,817 (чӀогӀа лакхара; 50-гӀа меттиг)
Ахча тенге (Кхазакхстан)
(KZT, код 398)
Интернет-доменаш .kz, .қаз[d]
Код ISO KZ
Код МОК KAZ
Телефонан код +7
Сахьтан аса UTC+5:00[d]
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Мехкан майда — 2 724 902 км², кӀеззига жима йу Аргентинал. Дуьненахь мехкан майдан барамца 9-гӀа меттигехь ю, 2-гӀа меттигехь йу ЛПД йукъахь (Россел тӀехьа)Кхазакхстан, 42-гӀа — ДЧС чухоамцаКхазакхстан, 64-гӀа — бахархойн барамца.Кхазакхстан

Коьрта шахьар — Астана. Уггаре йоккха гӀала 1,8 миллион вахархочуьнца — Алма-Ата. Пачхьалкхан мотт — кхазакхийн. Махкахь пачхьалкхачуьнца цхьаьна могӀара лелон официалан мотт — оьрсийн.Кхазакхстан

Лаьтта Каспий-хӀордан, Лахара ИйдалтӀиен, Уралан, Сибрехан, Цийчоьнан, Йуккъера Азин йукъахь. Доза ду къилбаседехь а, малхбузехь а Российца (дозан дохалла — 7548,1 км), малхбалехь — Цийчоьнца (1782,8 км), къилбехь — ГӀиргӀазойчоьнца (1241,6 км), Узбекистанца (2351,4 км), Туркменица (426 км). Латтан тӀехула долчу дозан дохаллин барам — 13392,6 км. Мохк малхбалера малхбузехьа бахбелла 2963 км, ткъа къилбаседера къилбехьа — 1652 км. Туьркийн кхеташон уггаре йоккха пачхьалкх йу. Континентан чоьхьара Каспий-хӀорд а, Арал-хӀорд а бу дозанашца. ХӀорд тӀе араволийла йац, иштта башхалла йолчу мехкашлахь дуьненахь уггаре боккха мохк бу.

Административан-мехкийн агӀора йекъало 14 областан а, республикин маьӀнин 3 шахьран а: Астана, Алма-Ата, Шымкент. Цул сов, башха статус йолуш шахьар ю, Байконур, иза 2050 шо кхаччалц аренде эцна йу Российс, оцу муьранна цуьнца йолчу йукъаметтигашкахь цунна йелла Российн Федерацин федералан маьӀнин шахьаран статус; Российс аренде эцна латтанийн майда йу 111 913 км² (4,1 % мехкан латта). Экономикин-географин агӀора Кхазакхстан йекъало Йуккъера, Малхбузен, Малхбален, Къилбаседа, Къилба регионашна.Кхазакхстан

Кхазакхстанан мохк историн агӀора дӀалаьцна кхерста этносаша цхьацца заманашкахь имперешна йукъахь хилла. Ширачу заманахь кхузахь кхирстина скифаш. Туьркех бевлла кхерстарш баьхна махкахь цуьнан историн доккхаха долчу декъехь. АхеменидгӀеран пачхьалкх кхочура таханлерачу мехкан къилбан декъера латташка вайн эрал хьалхара IV бӀешо кхачале. XIII бӀешарахь йара Монголийн империн Чингисхананан Ӏедал бухахь. XVI бӀешарахь кхазакхаш кхоллабелира, кхаа жузе (цхьацца мехкашкахь деха дайн геннаш) йекъайелла, ша тоба санна. Российн импери чуяржа йолаелира Кхазакхийн арешка XVIII бӀешарахь, ткъа XIX бӀешерашна йуккъехь урхалла деш йу ала мегар дара ерриг Кхазакхстанан а. 1917 шеран Октябран революцил тӀаьхьа а, цул тӀаьхьара гражданийн тӀемашкахь а Кхазакхстанан мехкан масийттаза хийцамаш бира. 1936 шарахь кхоьллира, Советийн Союзан йукъахь Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика.Кхазакхстан

Кхазакхстан йара, 1991 шарахь Советийн Союз юхуш маршо кхайкхийна, тӀаьххьара союзан республика. Республикин дуьххьарлера президент хилира Назарбаев Нурсултан. 2019 шеран мартехь цуо дарж дитира, ткъа Сенатан председатела Токхаев Къасым-Жомарта дӀалецира цхьаьна хенан дарж, тӀаьхьа туьйлира 2019 шеран 9 июнера харжамашкахь. Human Rights Watch и другие правозащитные организации регулярно описывают ситуацию с правами человека в Казакстане как плохую.Кхазакхстан

Йукъара хаамаш

Дуьхьанца кхоьллина Оренбург коьрта шахьар йолуш ГӀиргӀазойн АССР аьлла РСФСР йукъахь 1920 шеран 26 августехь. 1925 шеран февралехь Оренбурган область ГӀиргӀазойн АССР йукъара ара а йаьккхина дӀаелира РСФСРн, ткъа коьрта шахьар дӀайаьхьира Кхызыл-Орда (1925), тӀаьхьа Алма-Ата (1929).

1924—1925 шерашкахь Йуккъерачу Азин къоман-пачхьалкхан межа яр бахьнехь дерриг кхазакхийн латташ цхьаьнакхийтира. 1925 шарахь ГӀиргӀазойн АССР цӀе хийцира Кхазакхийн АССР аьлла. 1930 шеран 20 июлехь цунна йукъара РСФСР куьйгакӀела дӀаелира Кхара-Калпакийн автономин область, 1936 шарахь дӀаелла йолу Узбекийн ССР йукъа.

1936 шеран 5 декабрехь Кхазакхийн АССРн союзан республикин статус йелира.

1990 шеран 25 октябрехь Кхазакхийн ССР Лакхарчу Совето тӀеийцира Республикин пачхьалкхан суверенитетех долу деклараци.

8 декабрехь Белоруссин, Российн, Украинин паччахьаша куьг яздира ССРС йохаран беловежскан барт тӀехь.

1991 шеран 10 декабрехь пачхьалкхан цӀе «Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика» хийцира «Республика Кхазакхстан» аьлла. Амма, 1978 шеран кхазакхийн конституцехь «Кхазакхийн Советийн Социалистийн Республика» цӀе йисира 1993 шеран 28 январехь Республика Кхазакхстанан Конституци тӀеэццалц.

1991 шеран 16 декабрехь Кхазакхстан тӀаьххьара союзан республикех кхайкхийра шен маршох. И акт 1990 шеран 3 апрелан «ССРС йукъара союзан республика арайаларан долу гӀуллакхийн низамех» цӀе йолчу ССРС законаца догӀуш дацара, хӀунда аьлчи Кхазакхийн ССРхь ССР Союз йукъара арайаларх йолу референдум ца йира.

21 декабрехь Кхазакхийн ССРн Президента Н. Назарбаевс куьг яздира ССРС йохайаран беловежскан бартан динчу алма-атан протокол тӀехь а, Лааме Пачхьалкхийн ДоттагӀалла (ЛПД) Ӏалашонех а, принципех а долу Алма-Атан деклараци тӀехь а.

23 декабрехь Кхазакхийн ССР Лакхара Совето ратификации йира беловежскан бартан протоколца цхьаьна.

ХӀинцалера административан йекъайалар

ЦхьалгӀа дарж

Казахстанан 14 область а, 2 республикин маьӀна долу гӀаланаш а ю. Цул совнах йу, республикин муьтӀахь йолу гӀала Байконур, иза 2050 шо кхаччалц. Российн Федерацин арендехь йу и хан чекхйаллалц гӀалин йу Российн Федеральни маьӀна долу статус.

ХӀост ГӀала/Область Административан центр майда,
км²
бахархой, стаг.,
01.04.2012
Луьсталла, стаг./км² ДЧС 01.01.2008
млн тенге
Официалан цӀе кхазакхийн Официалан цӀе нохчийн Россихь лелош йолу цӀерш
Республикин маьӀна долу гӀаланаш
1 Кхазакхстан  ГӀала Астана Астана Астана 710 752 262 1046,36
2 Кхазакхстан  ГӀала Алматы Алматы Алма-Ата 332 1 455 271 4368,45
Российн Федерацис 2050 шо кхаччалц аренде эцна а, и хан чекхйаллалц Российн Федерацин федеральни маьӀна долу гӀалин статус а, республикин маьӀна а долу гӀала. Х
3 Кхазакхстан  ГӀала Байқоңыр Байконыр Байконур* 57 37 912 662,00
Областаш
4 Кхазакхстан  Акмолан область Көкшетау Коькшетау Кокшетау 146 219 731 526 5,00 8772
5 Акхтоьбен область Ақтөбе Акхтоьбе Актобе 300 629 788 594 2,62 66917
6 Кхазакхстан  Алматан область Талдықорған Талдыкорган Талдыкорган 223 911 1 918 109 8,53 18841
7 Кхазакхстан  Атыраунан область Атырау Атырау Атырау 118 631 546 057 4,58 161271
8 Кхазакхстан  Малхбален-Кхазакхстанан область Өскемен Усть-Каменогорск Усть-Каменогорск 283 226 1 395 012 4,93 35920
9 Кхазакхстан  Жамбилан область Тараз Тараз Тараз 144 264 1 059 390 7,32 8999
10 Малхбузен-Кхазакхстанан область Орал Уральск Уральск 151 339 613 560 4,05 77162
11 Кхазакхстан  Карагандан область Қарағанды Караганда Караганда 427 982 1 359 077 3,17 62529
12 Кхазакхстан  Костанайн область Қостанай Костанай Костанай 196 001 879 511 4,49 20860
13 Кхазакхстан  Кызылордан область Қызылорда Кызылорда Кызылорда 226 019 716 807 3,15 68683
14 Кхазакхстан  Мангистаунан область Ақтау Актау Актау 165 642 551 939 3,29 116674
15 Кхазакхстан  Павлодаран область Павлодар Павлодар Павлодар 124 755 747 584 5,99 48010
16 Кхазакхстан  Къилбаседа-Кхазакхстанан область Петропавл Петропавловск Петропавловск 97 993 582 560 5,96 4354
17 Кхазакхстан  Къилба-Кхазакхстанан область Шымкент Шымкент Шымкент 117 249 2 636 950 22,36 12572
Массо 2 724 902 16 675 392 6,12

* - город Байконур, арендуемый Российской Федерацией, имеет особый статус; органы статистики Казахстана учитывают этот город в составе Кызылординской области в качестве города областного подчинения, бахархой города приводится только для граждан Казахстана.

ШолгӀа дарж

Административан йекъайаларан шолгӀа даржехь йу 160 эвланийн кӀошт, 15 гӀаланийн кӀошт а 38 гӀала а.

КхолгӀа дарж

КхолгӀа даржехь йу 46 гӀала, 241 эвла кхин 2453 эвлийн гуош а.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Йукъара

Правительство

Карташ


Tags:

Кхазакхстан Йукъара хаамашКхазакхстан ХӀинцалера административан йекъайаларКхазакхстан БилгалдахаршКхазакхстан ХьажоргашКхазакхстанKk-kazakhstan.oggАббревиатураАзиЕвразиЕвропаКхазакхийн моттПачхьалкхФайл:Kk-kazakhstan.ogg

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Тубышки.neБарабу (Висконсин)Калканкале (Акйака)2009 шоНатахтариАрхимед1880 шоДукълуо-ЛамНистер-МоьрендорфЦинь ШихуандиГӀалгӀайчоьЗовуниКатегориИнтермашаАлбертинаУьстaгӀОгӀлеаВольтерраЭквадорНеткиӀаьрбийн моттВаршаваИндонезихойн моттКиождянка (коммуна)Алфёрова, Ирина ИвановнаГатлинбург (Теннесси)Руман империУстрада-ГӀалаЙаздархоЗомб (гмина Поронин)Будда ШакьямуниЛошанцыБангладешМальдивашМархашДарвин, ЧарльзГонконгАль-ХорезмиЖелтойчоьХӀанкъулаТатийн моттЭйзенштейн, Сергей МихайловичЭльмурзаев Аслан СераждиновичАгуас-Линдас-ди-ГоясБербукиУфаБотурчаКунешовМаьрша гӀирсашМалхКӀербитӀеПольшаФранциПраскачкаАляскаБотошЗверевоГуьржийчоьБоулевард Вильяс де Ирапуато Км. Уно (Ирапуато)Сидней (Нью-Йорк)Орора (Орегон)Ле-Гранд (Айова)Салман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀудГуджаратМуниципалан кӀоштМусикЧор-Хьехие🡆 More