Сагаипова, Макка Умаровна

Макка Умаровна Сагаипова (1987 шеран 14 февраль, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн эшархо, Нохчийн Республикин Халкъан артист, Умар Сагаипован йоI.

Макка Умаровна Сагаипова
ГӀуллакхан тайпа эшархо
Йина терахь 1987 шеран 14 февраль({{padleft:1987|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (37 шо)
Йина меттиг
Корматалла хелхархо, эшархо
Гражданалла Сагаипова, Макка Умаровна ССРССагаипова, Макка Умаровна Росси
Да Ӏумар
Сайт Макка Сагаипова // А. Шахбулатовн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан филармони

Из йу 6 шо кхаччултӀехь дуьйна эшарш лекхуш. Цо йазйина 2 альбом. Макка Сагаипова йара МГУ экономикин факультетахь доьшуш.

Иза гӀарйалла кегирхойна йазйина эшараш бахьнехь. Оцу эшарашкахь йу цхьана ийна кавказан мукъамаш а, таханлера аранжировкаш а, карла деккхина йовзуш йолу шира дешнаш а. Цо арахецна ши альбом, сольни концерташ а йина Россехь а, кхоьчу пачхьалкхашахь а. Цо локху нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Иштта и йевзаш йу «Ловзар» ансамблехь хелхара йаларна.

Биографи

Макка Сагаипова ю гӀарваьлла нохчийн пондарча Умар Сагаипован йоӀ. 6 шо кхаьчча дуьйна эстрадехь эшараш лекха йолайелира. 8 шо кхаьчча иза «Ловзар» ансамблехь хелхаяла Ӏама йолайелира. 15 шо кхаьчча иза нахана евзира цо локхучу «Хаза кӀант» цӀе йолу эшар лекча. И эшар йуккъерачу телевидинехь гайтича нахана чӀогӀа хазахьийтира.

Цо дийшира Москохан эстрадан а, джазан доьшийлахь а, Москохан пачхьалкхан социальни университетехь а. 2003 шарахь цо йазйира альбом «Со хьан йоӀ йу, Нохчийчоь», Пачхьалкхан Кремлин гӀалин сценехь лоьвзира. Хьалхара альбом чӀогӀа гӀарайелира ДегӀастехь. Оцу альбоман тӀера эшараш радиохь а, телевиденехь а лоькхуш йара.

2003 шарахь Макка Сагаипова йара Шамо цӀе йолу суьлийн эшархоца цхьана эшар локхуш. Кхоно иза йара Махачкалахь концерташ луш. Цуьнан концерташка дукха нах богӀура. Иштта иза йара кхоьчу пачхьалкхашахь концерташ луш (масала, Бельгехь). 2005 шарахь цо арахийцира 2-гӀа диск «Безам». Цхьана хенахь иза йара Парижехь Ӏаш. 2011 шарахь иза цӀа йирзира.

Дискографи

    Со хьа йоI ю — Нохчийчоь (2004)
    «Безам» (2005)

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Сагаипова, Макка Умаровна БиографиСагаипова, Макка Умаровна ДискографиСагаипова, Макка Умаровна БилгалдахаршСагаипова, Макка Умаровна ХьажоргашСагаипова, Макка Умаровна14 февраль1987Нохч-ГӀалгӀайн АССРНохчийНохчийчоьРСФСРСССРСоьлжа-ГӀала

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Праттвилл (Алабама)Теркель а, бохам аВизенбах (Шваби)Байден ДжозефСенегалЙуккъера АзиОмиссиЛанлуСветловодскКотамЧамчавуш (Сусуз)ДолушдергХьевхьа цӀогуниеЧелябинскан областьБисертьЧервоМасхадов, Аслан АлиевичАцаламов, Артур АбубакаровичКхачаМухьаммадАвианекъАхматова, Раиса Солтамурадовна11 июньПинцолоЛазиноЛокк, ДжонНохчийн ВикипедиДорсиноСолёни ЗаймищеЛель, Екатерина НиколаевнаСине (Франци)БеркемаБиотехнологиБеркаберЕвропин бартПедивильяноБунойСен-ЖуьдосДугаМалтаЭрмалойн моттЭрмалойчоьАзанГендаргнойHTMLЛаьхьарчийХашалдаБийтаройКастель-КондиноКуневоКанацеиКъаьмнийн ДоттагӀаллаКаризоло1981 шоСтоматологиЧабиниЛуандаМецаморМисарКоперник, НиколайМух меркаОьрсийБерсонеКӀайн ЦӀа (Вашингтон)🡆 More