Беканча йа Йишлакхархо — йиш лакхарх болх бинарг; музыка кхочушйийриг: йиш, романс, ари, хор, эшар, и кхин дӀа; шен аз долуш музыкин гӀирс тӀехь музыка локху музыкант.
Беканча — уггаре даьржина вокалхочун тайпа.
Беканчийн цхьа билгала музыкин говзалла хуьлу:
Классикин музыкехь а, оперехь а аьзнаш туьду музыкин гӀирсаш санна. Композиторш музыка йазйо беканчин озан башшхалла а, говзалла а лоруш, оцу гӀирсан.
Аьзнийн (цуьнга терра беканчийн а) классификацин дуккха а системаш йу. Цхьайолчара царех лору озан чӀогӀалла, аьлча а, мел чӀогӀа беканчега йиш лакхало; кхечара — мел лелаш ду, виртуозан, къаьсташ ду беканчийн аз; кхоалгӀачара йукъатуху музыкел арахьара амалш, масала тӀехулара сурт, актёран хьуьнарш, кхин дерш а.
Кхечаран алсама лелайо беканчин озан диапазон а, стен-боьршалла а классификаци. Йеккъа оцу шина хьесапца куьйгалла дича а, хуьлу шортта тайпанаш. Кхузахь дела йалх коьртаниг.
Кхин тайпанаш — колоратурин сопрано, драмин тенор, бас-баритон, бас-буффо, бас-профундо. Кхин а йу зударийн озан диапазонехь локху божарийн-беканчийн категореш. Оцу тайпана аьзнаш кӀезиг ду, леладо, коьртаниг, оперехь. бароккон музыкехь дукхаха йолу ролаш йазйинера баьӀначарна — божаршна-беканчашна, къона болуш, озан мутаци ца хилийтархьама, боӀуш операци йинчарна, тӀаккха дуьсу лакхара, зударийн санна, аз (хьажа БаьӀна беканчаш). Таханлерачу вокалан лакхарехь и ролаш лелало, фальцет олу йишлакхаран кхиина техника йолчу, беканчега. Иштта тайпана беканчех олу сопранохой (изза контратенор, изза божарийн альт).
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Беканча, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.