Соьлжа-Гӏала

Соьлжа-ГӀала (оьрс.

Гро́зный — цӀе тиллина Соьлжа эрках (нох. Соьлжа) + гӀала) — Российн къилбехьара Къилбаседа Кавказан гӀала, Нохчийн Республикин коьрта шахьар. Республикин маьӀна долу гӀала, кӀоштан чу ца йогӀу, кхуллу гӀалин гуо Соьлжа-ГӀала. Российн тӀемлойн сийн гӀала (2015 шеран 6 апрелехь дуьйна).

ГӀала
Соьлжа-ГӀала
оьрс. Грозный
Сурт
Байракх[d] ХӀост
Байракх[d] ХӀост
HGЯO
Пачхьалкх Соьлжа-Гӏала Росси
Регион Нохчийчоь
ГӀалин гуо Соьлжа-ГӀала
Йукъара йекъайалар 4 кӀошт, 1 поселок, 1 йурт
ГӀалин корта
ГӀалин мэр
Хизриев Заур
Кадыров Хас-Мохьмад
Истори а, географи а
Йиллина 1818
Хьалхара цӀерш 1818-1869 — Грозная,
1869-1997 — Грозный,
1997-2000 — Джохар
Майда 324,16 км²
Центран локхалла 130 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 305 911 стаг (2020)
Луьсталла 943,7 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам нохчий (93,7%),
оьрсий (3,30%),
гӀумкий (0,51%),
гӀалгӀай (0,37%),
жӀай (0,26%) (2010)
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш,
православин керстанаш
Официалан мотт нохчийн
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 8712
Поштан индексаш 364000-364099
ОКАТО 96 401
Кхин
СовгӀаташ ЦӀен Байракхан орден, ТӀемлойн сийн гӀала
grozmer.ru
Картин тӀехь
Соьлжа-ГӀала картан тӀехь
Соьлжа-ГӀала
Соьлжа-ГӀала картан тӀехь
Соьлжа-ГӀала
Соьлжа-ГӀала картан тӀехь
Соьлжа-ГӀала

Лаьтта Соьлжа эркан шинне а берд тӀехь. Къилбаседа Кавказан уггаре йаккхийчехь цхьа гӀала: шолгӀа меттиг майданца а, кхоалгӀа — бахархошца (305 911 стаг 2020 шарахь, иза хуьлу республикин бахархойх 20,69 %).

Этимологи

Соьлжа-Гӏала 
Маьждиг «Нохчийчоьнан Дог».

ГӀалин оьрсийн меттара цӀе:

  • 1818 — 1869 шеран 30 декабрь (керлачу рузманца — 1870 шеран 11 январь) — гӀап Грозная
  • 1869 шеран 30 декабрь — гӀала Грозный
  • Нохчийн маттахь: «Соьлжа-ГӀала» (Соьлжа эрк + гӀала)
  • 1998—1999 шерашкахь къобал йанза йолу Нохчийн Республика Ичкерин гӀалин терго латтош йолу администрацис, хийцира Соьлжа-ГӀалин цӀе Джохар-ГӀала Нохчийн Республика Ичкерин Президентан Дудаев Джохаран сийнна.

2000 шарахь къамелаш долийра тӀамо кӀезиг йохийна Гуьмсе коьрта шахьар дӀайахьа йеза аьлла, Нохчийчоьнан коьрто Кадыров Ахьмада дӀахьедира, Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГӀала йуьсур йу аьлла. Цуо дийцарехь, «Нохчийчоьнан йерриг истори уьйр йолуш йу Соьлжа-ГӀалица, цундела иза дехьайаккха мегар дац». 2005 шарахь нохчийн парламенто кховдийра Соьлжа-ГӀалин цӀе кхелхинчу президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах Ахьмад-ГӀала аьлла хийца. Иза тӀе ца ийцира Кадыров Рамзана.

Истори

Къилбаседа Кавказера гӀазакхийн сурхойн урхаллийн баьччан сацамца, 1818 шарахь «Крепость Грозная» аьлла йиллина хилла йолу гӀопах Нохчийчоьнан коьрта гӀала хилира. ГӀаскхийн а, кхечу меттанашкахь «Грозный» олуш йара Нохчийн коьрта гӀала, амма нохчийн маттахь «Соьлжа-ГӀала» олура, Соьлжа хин тӀехь йиллина хилар бахьна долуш. ГӀап йогӀар бахьан, Нохчийчоь гӀода йукъера лоцуш, лаьмнех аренаш хада йеш, Нохчий кхера бан дара. Грозный гӀап йуьгӀира, хӀаллак йина Кули-Йурт, Алхан-Чу, Жима-Чечана, Соьлже лаьттинчохь. Боккха Кавказан тӀом чаьккха баьлча 1870 шарахь цунна йелла гӀалийн статус. Хьалхар тӀом чеккха баьллачулла тӀаьхьа Ичкерин паччахь Яндарбиев Зелимханс, Ичкерин хьалхар паччахьан безаман «Жовхар-гӀала» (оьрс. город Джохар) аьлла, цӀе хийцира. 2005 шарахь Нохчийчохь гӀаскхаш хоттийна долу Ӏедалан парламенто дийцаре диллира гӀалийна цӀе Ахьмад-гӀaла тилла ният хилар, амма Кадыров Ахьмат-Хьаьжин кӀант Рамзанс иза тӀе ца лецира.

ГӀап

ГӀап йиллина 1818 шеран июнь бетта 22 чохь, хӀаллак йина Кули-Йурт, Алхан-Чу, Жима-Чечан, Соьлже лаьттинчохь. ГӀопан хаьржина меттиг йара ХьангӀала Ӏинан уллехь. ГӀап йогӀар бахьна дара, нохчий ХьангӀала Ӏинехула аренга долу ков къовлар. 5 эзар. гӀаскхийн сурхочо 4 баттахь йуьгӀира гӀап. И меттиг йара, Къилбаседа Кавказехь уггаре чолхе хьал лаьтташ, цуьндела тиллина йу гӀопан цӀе «Грозная» — буьрса. Ткъа г1алан статус йелча, г1алан ц1е "Грозный" аьлла тиллира. ГӀопан куц: нийса йалхкӀов, гондхьа 20 гӀулч шуьйра харш. йалхкӀовн хӀора маьӀаг чӀагӀо йара, шайна таьхьа лаьтташ йаккхий тоьпаш йолуш.

  • 1825 шарахь гӀап чохь сурхойн декхарш кхочуш деш вара Тенгинскийн дошлойн тобан лахар эпсар Михаил Лермонтов.
  • 1850 шеран октябрь баттахь гӀопе веар 32 шо долу Российн Империн гӀента дайн тӀаьхьeнах волу Александр Николаевич. Иза варан сийна гӀопехь дуьгӀийра «ЦӀе кеш».

ГӀала

Къаьмнаш

ГӀаскхийн Ӏедало 2002 шарахь нахбагар барехь биначу белхашца биргалла даьккхина:

Къам Терахь, стаг %
нохчий 201 562 95,7
оьрсий 5 295 2,5
гӀалгӀай 2 129 1,0
гӀажарий 270 0,1
эрмалой 189 0,1
гӀумкий 158 0,1
суьйлий 110 0,1
украинаш 92 0,1
ногӀий 4 0,1
Берриге 210 720 100

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1897191319231926193119391956
16 00035 80049 20097 000148 915172 448226 000
1959196219671970197319751976
242 068280 000331 000341 259363 000368 000368 000
1979198219851986198719891990
375 326384 000390 000392 000404 000399 688399 000
1991199219931996200220032004
401 000388 000364 000186 000210 720210 700213 700
2005200620072008200920102011
215 700218 200222 000226 100231 215271 573271 600
2012201320142015201620172018
275 627277 414280 263283 659287 410291 687297 137
20192020
301 253305 911

Географи

Климат

Соьлжа-ГӀалин климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 14,1 22,3 29,7 33,7 38,1 39,1 40,7 41,4 36,8 32,5 23,7 18,0 41,4
Юккъера максимум, °C 0,6 2,5 8,7 17,9 23,7 27,9 30,5 29,7 24,7 16,6 9,3 3,2 16,3
Юккъера температура, °C −3,2 −2,1 2,9 10,5 16,7 21,2 23,9 23,0 17,7 10,4 4,3 −0,8 10,4
Юккъера минимум, °C −6,2 −4,9 −0,5 5,4 11,0 15,4 18,2 17,2 12,7 6,1 1,8 −3 6,1
Юьззина минимум, °C −31,5 −30,8 −19,1 −7,6 −3,1 5,6 9,2 5,0 −2,7 −9,6 −23,5 −26,6 −31,5
Йочанан норма, мм 19 21 23 33 57 72 57 44 33 30 26 24 439
Хьост: «Гидрометцентр», «Thermo Karelia.Ru»

Культура

Театраш

  • Лермонтовн цӀарах йолу Соьлжа-ГӀалин оьрсийн драман театр;
  • Нурадиловн цӀарах йолу нохчийн пачхьалкхан драман театр;
  • Нохчийн пачхьалкхан жима хьажархойн театр;
  • Нохчийн пачхьалкхан кегирхойн театр Серло;

Библиотекаш

Эшаран учрежденеш

  • Ансамбль «Вайнах»;
  • Нохчийн Республикин пачхьалкхан симфонин оркестр;
  • Нохчийн пачхьалкхан филармони;

Музейш

Транспорт

Керла Соьлжа-ГӀалин аэропорт хьайиллира 2006 шарахь. Цуьнан код GRV йу. Хьалхара кема (Москва — Грозный) деара 2007 шаран 5 октябрехь. ХӀинца кеманаш Нохчийчу хӀор дийнахь лелаш ду (Грозный-Авиа компани).

Спорт

ГӀарабевлла бахархой

Соьлжа-ГӀалахь бинарш

Соьлжа-ГӀалахь белларш

Галерей

Соьлжа-ГӀалин сурташ
Соьлжа-Гӏала 
Соьлжа-Гӏала 
Соьлжа-Гӏала 
Соьлжа-ГӀалин аэропорт (GRV) Соьлжа-ГӀала ТӀом. 1995 шо

СоьлжагӀалин чуьра кӀоштанаш

Соьлжа-Гӏала 
  1. БухIанйуртан кӀошт
  2. Ширсоьлжан кӀошт
  3. Суьйракоьртан кӀошт
  4. Мехкдаьттан кӀошт

Билгалдахарш

Сайташ

Хьажоргаш

Соьлжа-Гӏала 

Tags:

Соьлжа-Гӏала ЭтимологиСоьлжа-Гӏала ИсториСоьлжа-Гӏала КъаьмнашСоьлжа-Гӏала БахархойСоьлжа-Гӏала ГеографиСоьлжа-Гӏала КлиматСоьлжа-Гӏала КультураСоьлжа-Гӏала ТранспортСоьлжа-Гӏала СпортСоьлжа-Гӏала ГӀарабевлла бахархойСоьлжа-Гӏала ГалерейСоьлжа-Гӏала СоьлжагӀалин чуьра кӀоштанашСоьлжа-Гӏала БилгалдахаршСоьлжа-Гӏала СайташСоьлжа-Гӏала ХьажоргашСоьлжа-ГӏалаГӀалаКоьрта гӀалаКъилбаседа КавказНохчийн моттНохчийчоьОьрсийн моттРоссиСоьлжа (эрк)

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЦовазардХьиджазЗовуни1764 шоАбу Бакар БаширФоркс (Вашингтон).gyДарова (коммуна)Пугачёва, Алла БорисовнаИсхьакъ НьютонТуркменийн моттЛатинан абатКадьяк (Аляска)СосеНохчийн моттВенаВикихаамашРеспублика ГӀирмаЛипи (Наход)ИранГӀалмакхойн мотт.auОьрсийСинанЕкс-ан-ЕгӀньиТархНасуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀИсламан пачхьалкхСулейманов, Ахьмад СулеймановичРасимпаша (Кадикоьй)Попки (Польша)Къудс-ГӀала.bj1849 шоМогочан кӀошт1750 шоHTMLКорейн Халкъан-Демократин РеспубликаГезлойЙуккъера АзиДжуно (Висконсин)Македонийн ИскандарКенмор (Вашингтон)ПоберовоДолни Ржозсичка1741 шоКъонахаллаБисултанов, Апти ДибаевичЭрмалойчоь1944 шоАллахӀан 99 цӀеСиднейОсла1727 шо1944Кагосима (префектура).ggТалхигова РозаКӀираСуем.sbНохчийн Республика ИчкериНохчийчуьра акхаройГӀезалойчоьСаутгемптон (Нью-Йорк)БилтойIP-адресЧукуралич (Карги)ТуьйраСолинаПайхамар🡆 More