Канада

Кана́да (инг. Canada ; фр. Canada ) — Къилбаседа Америкин пачхьалкх, латтан майданца дуьнехь шолгӀа меттигехь йу.

Гуонахьа кхаа Ӏапказан хиш ду: Атлантикин, Тийна, Къилбаседа Шен Океанийн, дуьненахь уггаре беха хин берд бу. Доза ду АЦШца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а, ткъа иштта хӀордаца доза ду Даница (Гренланди) къилбаседа-малхбалехь, Францица а (Сен-Пьер а, Микелон а) малхбалехь. Канадан а, АЦШ а доза дуьненахь уггаре деха доза ду шина пачхьалкхана йукъахь.

Канада
Canada
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «лат. A mari usque ad mare
От моря до моря»
Канадан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Канада
Маьрша йаьлла терахьаш 1867 шеран 1 июль (Британин Къилбаседа Америкин акт)
11 декабрь 1931 (Вестминстеран статут 1931)
1982 шеран 17 апрель (Канадан акт 1982) (Цхьаьнатоьхна монархи)
Официалан меттанаш ингалсан а, французийн а
Коьрта гӀала Оттава HGЯO
Йаккхий гӀаланаш Торонто, Монреаль, Ванкувер, Калгари
Урхаллин тайпа конституцин монархи
Монарх
Генерал-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Дэвид Ллойд Джонстон
Стивен Харпер
Латта
 • Шадерг 9 984 670 км² (2-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 8,62 %
Бахархой
 • Мах хадор 34 568 211 стаг
ДЧС
 • ХӀораннан а сина 43 145 долл.
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2013) 1,518 трлн. долл. (13-гӀа)
АДКИ (2013) 0,911 (лакхара; 11-гӀа меттиг)
Ахча Канадан доллар
(CAD, код 124)
Интернет-домен .ca
Код ISO CA
Код МОК CAN
Телефонан код +1
Сахьтан аса −3:30 — −8
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Канада — парламентан системица йолу конституцин монархи (паччахьалла) йу, цуьнан монарх ву Британин къаьмнийн доттагӀаллин монарх; Канада — шимотт буьцу а, дуккха оьздангаллин а мохк бу, цигахь ингалсан а, французийн а меттанаш официалан лаьрра федералан тӀегӀанехь. Технологин а, промышленни а кхиъна пачхьалкх, Канада йу дукха отраслан экономика, йехачу Ӏаламан ресурсашна а, йохк-иэцарна (масала АЦШ, цуьнца Канадас комплексца болх бо колонеш йолчу хенахь а, Конфедераци кхоьллинчу хенахь дуйна) а тӀехь бух болуш.

Кхоьллина 1534 шарахь французийн талламхочо Ж. Картьес, Канада дӀайолайо шен йуьхьиг хӀинцалера Квебек йолчура французийн колони тӀиера, йуьхьанца дехаш меттигера къаьмнаш бен дацара. Ингалсан колонизацин муьрал тӀаьхьа, кхаа британин колонийн бартах (хьалха Керла Францин мехкаш хилла болу) хилира канадан конфедераци. Канада Маьрша йелира Цхьаьнатоьхна Паччахьаллех машаран процессан жамӀаца, бахбеллачу 1867 шерера 1982 шо кхаччалц.

Тахана Канада федеративан пачхьалкх йу, лаьтта исс провинцех а, кхаа мехках а. Французийн мотт буьйцурш алсама болу провинци — Квебек, йисинарш — дукхах дерг ингалсан мотт буьйцу провинцеш йу, царех иштта ингалсан Канада а олу Квебекца йустуш. Ингалсан мотт буьйцу исс провинцех цхьаъ йолу, Нью-Брансуик йу официалан шинаметтан канадин провинци. Юконан мохк официалан шинаметтан йу (ингалсан а, французийн а), ткъа Къилбаседа-Малхбузан мехкаш а, Нунавут мохк а лору цхьайтталгӀа, цаьрца цхьаьна биъ официалан мотт а (царна йукъахь иштта бу ингалсан а, французийн а).

Этимологи

Канада 
Картьен иэс. Сен-Мало

Канада цӀе схьайаьлла kanata дашах, иза гочдича «эвла», «йурт», «латта», «мохк» хуьлу лаврентийн ирокезийн маттахь, и цӀе схьаэцна шеш Ӏадаьккхинчу йуьртахь Стадаконехь (таханлера Квебекан йисттехь), — Жак Картьен дуьххьара индахой гина 1534 шарахь Гаспехь церан аьхкенан лагерехь. (дуста минго kanötayë’ «эвла, гӀала», ононд. ganatáje «гӀала» кхечу ирокезийн меттанашца.) ХӀинца Квебек гӀала йолчохь 1534 шарахь меттигерчу бахархоша и дош лелийра уьш Стадакона эвла хьажош. Картьен экспедицил тӀаьхьа тӀаьхьа лаврентийн тайпа тӀепаза дайра – археологин ахкарш дийцарехь гуронашна а, къилба ирокезашна а йукъарчу тӀамо хӀаллакбинчух тера ду.

Картьес тӀаьхьа «Канада» дош и эвла билгалйоккхуш лелийна ца Ӏаш, меттигерчу тхьамдан Доннаконан куьйгакӀелара ерриг областах а элира. 1545 шарахь европин жайнаш а, карташ а тӀехь регион а, Сийлахь Лаврентий хин дерриг бердаш а «Канада» дашца билгалдехира. ТӀаьхьа и цӀераш йаха йолийра дукхах йолчу луларчу Къилбаседа Америкин мехкийн а, оцу хенахь Британийн империн куьйга кӀелахь хилла йолу.

Географин хьолаш

Канада 
Канадан спутникан сурт. Массанхьа махкахь, къилба йист йоцучохь, тайга йу, арктикан областехь, ткъа иштта бердайисташкарчу лаьмнашкахь а, Сийлахь Ильян лам тӀехь а шаш ду, аренан акъареш латта лело дика йу. Акъарин къилба-малхбалехь, Сийлахь-Даккхий Ӏаьмнаш чура Сийлахь Лаврентий арадолучохь, деха алсама бахархойн дакъа.
Канада 
Альбертера Къоман парк Банф
Канада 
Къоман Кутеней паркера чен кӀорнеш

Канадас дӀалоцу Къилбаседан Къилбаседа Америкин доккхаха долу дакъа. 75 % мохк — къилбаседа зона йу. Канадан йукъара латта тӀиера доза ду АЦШ-ца къилбехахь а, къилбаседа-малхбузехь а (Аляскан а, Юконан а йукъахь), йаьржина Атлантикин Ӏапказ тӀиера малхбалехь Тийна Ӏапказ тӀе кхаччалц — малхбузехь, Къилбаседа Шен Ӏапказ тӀе кхаччалц — мехкан къилбаседехь. Цуьнан хӀордан доза ду Францица (Сен-Пьер а, Микелон а) а, Даница (Гренланди) а. 1925 шарахь дуьйна Канадан долахь ду Арктикан дакъа 60˚ м-буза д. а, 141˚ м-буза д. а йукъара, амма и ммохк бац массара а къобал бина. Уггаре къилбаседехьара Канадан а, дуьненан а нах беха меттиг йу Алертехь (Нунавут), Канадан тӀеман ницкъийн базехь Элсмир гӀайрен (82,5˚ къ.-с. ш. 834 км — 450 хӀордан миль — Къилбаседа полюсан герга) къилбаседа йисттехь. Канада — мехкан барамца дуьненахь шолгӀа меттигехь йу.

Бахархойн луьсталла (3,5 стаг 1 км²) дуьненахь уггаре кӀезигчех йу. Уггаре дукха нах хевшина мехкан область — иза Квебек-Виндзор аса йу, Сий. Лаврентин аренан бердашца а, Даккхий Ӏаьмнийн къилба-малхбалехь а. Оцу областан къилбаседехьа лаьтта шуьйра Канадан щит, тӀаьхьарчу шенан муьрехь шено цӀанйина, дуьй латта дӀадаьккхина, шортта минералаш долу, Ӏаьмнашца а, эркашца а йолу тархийн регион. Канадехь Ӏаьмнаш дуьненан муьлххачу регионехьчул алсама ду, цуьнан ду дукха цӀена теза хиш. Даккхий Ӏаьмнаш ду дуьненахь уггаре йоккха майда йолу теза хин гӀорош доцу хьост.

Канада 
Шарлоттаун (Паччахь кӀентан Эдуардан гӀайре) Ӏай

Канадан малхбалехь Сий. Лавренти хи кхочу Сийлахь Лаврентин аймане, цуьнан дуьненахь йаккхийчех хикхоче йу, цигахь Ньюфаундленд гӀайре йу, ткъа Паччахь кӀентан Эдуардан гӀайре цунна къилбехьа йу. Нью-Брансуик а, Керла Шотланди а екъна Фанди аймано, иза гӀарайаьлла йу дуьненахь уггаре лакха хӀорд тӀекхетарца. И хӀордаца йолу йиъ провинци йу Квебекан малхбалехьа. Онтарио а, Худсонан айма а лаьтта Канадан йуккъехь, ткъа Манитобан тӀиера малхбузехьа Саскачеван а, Альберту а чухула йаьржина шуьйра акъари канадийн прерийн Тархийн лаьмнаш тӀекхаччалц, цара къастабо уьш Британин Колумбех. ХӀудзонан аймано шолгӀа меттиг боккху дуьненахь шен барамца Бенгалийн аймал тӀаьхьа.

Канада 
Онтариора Ниагара чахчари.

60-гӀа параллелан къилбаседехьа лаьтта кхоъ канадан мохк — Нунавут, Къилбаседа-Малхбузан мехкаш, Юкон, — шортта Ӏаьмнаш а долуш (уггаре даккхийнаш царех Доккха Чен а, Доккха Йийсархойн а Ӏаьмнаш), чекхдолуш уггаре деха мехкан хи — Маккензи а долуш. Цу тӀе Канадан Къилбаседен континентан латташ къилбаседехьа доза ду шена йукъа дуьненан даккхийчех гӀайренаш догӀу канадан арктикан архипелагца (гӀайренашца). Оцу гӀайренашна йукъара хидоькъеш йу Къилбаседа-малхбузан дехьадовлийла Лабрадоран хӀорд чуьра Бофортан хӀорд чу Баффинан аймах а довлий. Цул сов оцу ша биллинчу регионехь, Паччахь-аьзнин Елизаветин гӀайренашна йукъахь лаьтта къилбаседа магнитан полюс. Спир мара, уггаре малхбален тӀадам бу Канадан (Къилбаседа Америкин а), лаьтта Ньюфаундленд а, Лабрадор а провинцера Авалон ахгӀайрен тӀехь.

Канада 
КӀайн ча, къилбаседа Манитоба

Ораматаш хийцало гӀаш долчу диттанийн хьаннаш тӀиера Онтарион къилбехьара ийна а, лаврентийн а хьаннашка кхаччалц, къилбаседехьа лагӀло тайган (къилбаседа хьаннаш йа кӀохцалгийн аса) тӀиера тундре а, кхин дӀа Къилбаседан арктикан аренашка а кхаччалц. Полюсан гӀайренаш ду аьхка а дешаш доцу лайш а, шеш а къевлинчу зонехь. Баффинан латта а, Канадан къилбаседера бердашкара кхин гӀайренаш а къевлина тундро, цуо дӀалоцу Канадан материкан дерриг къилбаседа дакъа а, Худзонан айман малхбузан бердаца гуттар а къилбехьа чу а йоьду, Лабрадор ахгӀайрен тӀе а кхочу. Кхузахь кхуьу вересканаш, шач, дакхан а, дакан а коьллаш. Тундран къилбехьа Тийна а, Атлантикин а Ӏапказашна йукъахь йаьржина хьаннийн шира аса. Алсама йу баганан хьаннаш; коьрта тайпанаш — Ӏаьржа база малхбалехь а, кӀайн база малхбузехь (Маккензи хин тогӀенахь), зез, бага, туя, кхин а. КӀезиг йаьржина йолу гӀаш долчу диттийн хьаннаш лаьтта акхтаргех, маъах, дакхах, даках. Даккхий Ӏаьмнийн кӀоштара хьаннаш башха бес-бесара йу (америкин муьшдечиг, веймутан зез, канадан тсуга, наж, цӀабалг, поп). Тийна Ӏапказан бердаца йаьржина баганан хьаннаш: дугласан а, ситхин а база, аляскан а, цӀиен а кедр; Ванкуверан уллехь кхуьу цӀазамийн дитт а, орегонан наж а. Атлантикин хӀордашна йисттерачу провинцешкахь кхуьу бальзамийн пихтан, Ӏаьржа а, цӀиен а баган акадийн хьаннаш; кхин а кедр, америкин бага, можа дакх, поп.

Тундрин зонехь деха дийнаташ: къилбаседан сай, полюсан пхьагал, лемминг, кӀайн цхьогал оригиналан мускусан уьстагӀбугӀа. Къилбехьа дийнатийн тайпанаш бес-бесара ду — хьуьнан сай карибу, беркате кепара сай вапити, сай, лаьмнийн кӀошташкахь — стомма маӀан ка, лайн газа. Дикка шорта ду дехкий: канадан тарсал чикари, оьпатарсал, америкин бирдолаг, чадахка, гӀамаран пхьагалан доьзалера кхийсалург, хин дахка, зудӀама — мехачо, байн а, америкин а пхьагал, пищуха. Цицигийн экханех Канадехь деха канадан цӀокъ а, тархалом а. Цигахь йу берзлой, цхьогалш, сира ча — гризли, цициг-жIала. Салор кепарчарех — салор, пекан, хешт, чакорт, кхин а. Дукха бенаш беш долу дӀакхелха а, промыслан а олхазарш ду. Текхаргийн а, хилаьттанийн а фауна кӀезиг йу. Тезачу хиш чохь чӀара дукха бу.

Климат

Январан а, июлан а йукъера температураш къасталуш йу хӀора а областан. Ӏа хила тарло чӀогӀа буьрса цхьацца мехкан регионашкахь, беттан йуккъера температураш кхачало −15 ˚С мехкан къилбан декъехь, ткъа наггахь −45 ˚С а чӀогӀа шийла мехашца. Канадехь мацца а цкъа хааелла температуран минимум, кхаьчна −63 ˚С (Юконехь). ХӀора шарахь лайн чкъор кхачадала таро йу масех бӀе сантиметр (масала, Квебекехь йуккъера 337 см). Британин Колумбин берда йист, Ванкувер гӀайре муххале а, йукъара йолу, цигахь барамера климат хуьлу кӀеда а, догӀанаш оьхуш а Ӏаьношца. Аьхкенан температураш кхачало +35 ˚С, +40 ˚С, тӀуналлин индекс лоруш.

Истори

Канада 
Монреалан панорама, Канада

Орамера къаьмнаш

Канада 
Бенджамина Уэстан сурт Инарла Вулф валар, гойту Абрааман аренашкарчу тӀамехь ша тоьллачул тӀаьхьа 1759 шарахь британин инарла Джеймс Вулф валар.

Орамера къаьмнийн археологин а, генетикан а талламаш бакъдира Юконан къилбаседехь адам 26 500 гергга шо хьалха дуьйна хилар, ткъа Онтарио провинцин къилба декъехь 9500 шо хьалха дуьйна.

Археологин объекташ Олд Кроу Флэтс а, Блуфиш а — Канадера уггаре хьалхара адаман (палеоиндахойн) хӀусаман ши археологин иэс йу. Канадан индахойн йу бархӀ ша-тайпа дуьне кхолларах миф. Уьш йу: лаьттах, дуьне кхоьллинчух, схьадаларх, девнах, талорах, велларг денваларх, шина кхуллучух а, церан къовсамех а, ткъа иштта вежарех.

Канадин бухарчу къаьмнийн цивилизацин йукъайогӀура гуттаренна йа гӀалин меттигаш, йуьртабахам, йукъараллин а, историн а архитектурин иэсаш, чолхе социалан иерархи.

Оцу цивилизацех цхьаерш тӀепаза йайна гуттара а хьалха европахой охьаховшале (XV бӀешо чекхдолуш — XVI бӀешо долалуш), карийна археологин талламаш бечу хенахь.

Орамера бахархойн барам мах хадорехь хилира 200 000 тӀиера 2 000 000 стаг кхаччалц 1400 шо чекхдолуш.

Канадан Паччахьан орамера бахархойн могашалла ларйаран комиссино тӀеийцира терахь 500 000. Йух-йуха хуьлуш йолу европин уьнан цамгарш, жӀаьлин ун, кхартанаш, морзгал (царна индахойн Ӏаламан иммунитет йацара), европахошца хьакхаваларан кхечу эффекташца, жамӀ хилира 40 % - 80 % орамера бахархой балар. Канадан орамера къаьмнашна йукъадоьду индахой, эскимосаш, метисаш. Метисийн оьздангалла кхоллаелла XVII-гӀа бӀешерийн юккъехь, индихой а, инуиташ а Европера кхелхинчаьрца иэлучу хенахь. Инуиташ алсама дозадиттира европахойн мухажирашца йолчу йукъаметтигашна йуьхьанцарчу муьрехь.

Керла Франци

Канада 
1534 шарахь французийн талламча Жак Картье воьссина Гаспе.

Дуьххьара европахой баьхкина, норвегийн викингаш Ньюфаундлендера Ланс О Меду 1000 шо хьалха охьахевшинчу хенахь, цу хенахь колонизаци йарах гӀуллакх ца хилча, 1497 шо кхаччалц севцца, италихой хӀордахо Кабото Джованнис (Кабот Джон) таллалц Канадан Атлантикин бердйист Ингалсана.

ТӀаьхьуо, 1498 а, 1521 а шерашна йукъахь, тайп-тайпана португалихойн хӀордахоша теллира Канадан малхбален бердаш, кхоьллира регионехь чӀерий лоьцу гуттаренна а йолу эвланаш. 1524 шарахь Канадан малхбален бердаш теллира французийн паччахьан гӀуллакхехь волчу, флоренцийн хӀордахочун Джованни Веррацанон экспедицис.

1534 шарахь Жак Картье воьссира Гаспен берда тӀе, цуо оцу латтан цӀе Канада тиллира, иза тӀаьхьуо цхьа провинции хилира Керлачу Францин.

Масийттаза аьтту ца болуш гӀиртина (Лонг-Айлендера Керла Ангулем а, Флоридера Сент-Огюстен а) французаша кхоьллира паччахьо къобалйина хьалхара колонеш: Тадусак (Квебек) 1600 шарахь, Пор-Руаяль 1605 шарахь, Квебек 1608 шарахь. Ингалсхоша 1610 шарахь законаца кхоьллира Ньюфаундлендехь Сент-Джонс гӀала. Французаш тесира чӀогӀа уьйр гергахь долчу индахойн къаьмнашца.

Амма европахойн талламчаша дукха лазарш деира, уьш сиха даьржира йохка-иэцаран новкъашкахула бухарчу бахархойн кӀорге, меттигаш йаслуш йара. Французийн мухажираш, дукха хьолахь богӀура чӀогӀа могаш боцуш а, боьхачу кеманаш тӀехь а, кӀелхьара бовлура индахойн молханаш бахьнехь. Иштта, масала, цинган (доьлийн цамгар) дарбана, гуронаша кӀайн кедран чкъоьран чорпа малайо, цунах олу — анеда.

Французийн мур: барташ, тӀемаш, ВорхӀ шеран тӀом

Мехкех, хӀордан базанех, цӀоканех, чӀара лацарех болу къийсамаш хуьлу тӀаьхь-тӀаьхьа морса, шортта тӀемаш лелха, царна йукъахь бара французаш, голландхой, ингалсхой, бертахь долу индахойн тайпанаш. ЦӀуоканаш йохкарна терго латторхьама хилла Францийн ирокезийн тӀемаш доьду ирокезийн конфедерацин, бартхошна йукъахь, уьш бара хьалха голландхой, ткъа тӀаьхьа ингалсхой, гуронаш, алгонкинаш, французийн бартхой. Франко-ирокезийн 1689 - 1763 шерашкахь хилла болу беа тӀамо йол-йолуш Ньюфаундленд, ткъа тӀаьхьа, Акади а ингалсхойн карайахара. Французийн мухажирашна а, британин Ӏедалшна а йукъахь гӀоьртина хьал нислора, масала, ерриг йохийна Пор-Руаяль, цул тӀаьхьа акадихой арабаьхна (гӀарадаьлла Доккха къаьхьа къурс) 1755 шарахь.

Керла Франци йаьржина Тархийн лаьмнашна тӀиера Аппалачи лаьмнаш тӀекхаччалц. Ингалсхошна лаьа даха Огайо эркан атагӀе, Форт Дюкен (хӀинцалера Питтсбург) схьайаккха лууш. 1756 шарахь Францина а, Ингалсан а йукъара Америкера ВорхӀ шеран тӀамехь схьаехира гӀаланаш Квебек - 1759 шарахь, Монреаль - 1760 шарахь. ВорхӀ шеран тӀамехь толам баьккхинчул тӀаьхьа, 1763 шеран Парижан бартаца Йоккха Британис чеккхенца схьатуху Акади, Канада, Луизианан малхбален дакъа (Миссисипин а, Аппалачашна а йукъара).

Ингалсан мур: Лакхара а, Лахара а Канада

Америкин революцин чеккхенгахь Цхьаьнатоьхна импери 50 000 гергга лоялисташ кхелха Квебеке, Керла Шотланде, Принц Эдуардан гӀайрен а, Ньюфаундлендан а тӀе.

Уьш Керла Шотландехь биеза хьеший ца хиларна, Нью-Брансуик дӀакъаьста оцу колонех 1784 шарахь. ТӀаьхьа ингалс мотт буьйцу лоялисташ дӀатарбар Ӏалашо йолуш Канада колони 1791 шеран Конституцин актаца йекъало шина тайп-тайпанчу колонин, Лакхара Канадан а, Лахара Канадан а, хӀоранна а бакъо йолуш харжа шайн Законанкхолларан гулам.

Ткъех шо даьлчи Канадо ловзайо ладаме роль АЦШ а, Цхьаьнатоьхна паччахьалла а йекъначу 1812 шеран тӀамехь. Цуьнан дуьхьалоно ло цунна ладаме ехачу хенан таро, цунна йукъахь Къилбаседа Америкин Британин бахархойн синмехаллин марталла а, къомалла а. Йоккха Британин а, Ирландин а массийн иммиграци Канаде йолало 1815 шарахь. 1891 шо кхачале Канаде кхелхина деа декъан тӀиера кхаа декъе кхаччалц европахой, белира уьнан цамгарех. Цхьа могӀа бинчу барташа, даладо тӀаьххьара Канадан а, АЦШн а йукъарчу бехачу машаран муьре, иза бохабо наггахь хуьлу доцачу фенийн тӀелетарша.

Законаш хӀитто а, налогаш йаха а Лахара Канадан парламентан ницкъ ца хиларо, социалан чолхенаш, кӀезиг болчу франкийн мотт буьйцучарна Ӏотталуш долу хӀумнаша Патриотийн гӀаттаме дуьгу. Папино Луи-Жозефан куьйгаллийца кхайкхайо Республика Канадан маршо. И шайн урхалла дан лаам къиза охьатаӀабо британин эскаро, цуо йагайо, талораш до Монтережин дуккха а эвланашна. Дукхаха болу гӀовттамхой ирх оьхкина, цхьаберш хьовсийна Австрале, кхин берш бевдира Цхьаьнатоьхначу Штаташка.

Билгалдахарш

Кеп:Канадин административан йекъайалар

Tags:

Канада ЭтимологиКанада Географин хьолашКанада ИсториКанада БилгалдахаршКанадаАЦШАтлантикин ӀапказГренланди (административан дакъа)ДаниДуьнеИнгалсан моттКъилбаседа АмерикаКъилбаседа Шен ӀапказПачхьалкхПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаТийна ӀапказФранциФранцузийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ТеркNGC 2579Вилла-ГуардиОбаргКоьрта агӀоДийнаташЕрмекееван кӀошт(20237) 1998 CC3Литония (Джорджи)ДухьаГаламецБоснийхойБевзаш болу нохчийNGC 2654МухьаммадНохчийн моттМулимРешетников, Лев БорисовичГрот-ЗюндертГай Юлий ЦезарьГезлойИсраилХӀиндиАбсолютизмГдувАнимеДубиниАлиев, Гапур ХамидовичНижалойНемцойн моттНохчийчоьнан историДахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичСахьтан асаКадыров, Рамзан АхматовичРосси (маьӀнаш)Линкольн, АвраамАллахӀНью-ЙоркYouTubeСвердловскПугачёва, Алла БорисовнаИнженеран гӀуллакхХьасан ибн ӀалийИнгалсан моттВладивостокБисултанов, Апти ДибаевичВикипедиФутбол2002 шоСолёни ЗаймищеЙийЭджворт (Пенсильвани)Джеймстаун (Калифорни)Удугов, Мовлади СаидарбиевичГжегож (Куявско-Поморскан воеводалла)Нохчийчуьра олхазаршБезруков, Сергей ВитальевичАвентюра (Флорида)Седа ДудуркаеваПланк, МаксСардалова ЗулайДублинПалм-Бич (гуо, Флорида)Японийн мотт🡆 More