Ахмадов, Муса Магомедович

Ахма́дов, Муса́ Магоме́дович (1956 шеран 28 январь, ГӀиргӀазойчоь, СССР) — гӀарваьлла нохчийн йаздархо, поэт, драматург, Нохчийн йаздархойн бертан дакъашхо, Нохчийн Республикин культурин Сийлахь белхало, Нохчийн Республикин Халкъан йаздархо, Кавказан йаздархой клубан вице-президент, литературин исбаьхьалли «Вайнах» журналан коьрта редактор, 2006 шарахь «Дато бухӀа» совгӀатан лауреат.

Ахмадов Муса Магомедович
Ахмадов, Муса Магомедович
ГӀуллакхан тайпа Поэт, йаздархо
Вина терахь 1956 шеран 28 январь({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (68 шо)
Вина меттиг ГӀиргӀазойчоь, СССР
Корматалла йаздархо, поэт, драматург
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Мохьмад

Биографи

Муса Ахмадов вина 1956 шеран 28 январехь. 1979 шарахь цо чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. Цул тӀехьа хьехархо болхбина, книжни издательствон редактор, «СтелаӀад» журналан коьрта редактор, «Орга» боху литературин исбаьхьаллин журналан коьрта редактор, культур Министерстван методически центран отделан куьгалхо, Нохчийн пачхьалкхан университетан хьехархо. 2000 шо дуьйна 2002 шо кхаччалц «Дуьненан лоьраш» аьлла Францера организацехь этнопсихолог болхбина. 2004 шо дуьна тахналлац «Вайнах» богӀу литературин исбаьхьаллин журналан коьрта редактор ву иза.

Цо йазйина «Берзлой» боху пьеса арахецна Парижехь 2002 шарахь французийн маттахь. Оцу пьесица хӀоттина спектакль «Дом восточно-европейской пьесы» театрехь 2005 шарахь.

Вузашна а, школашна а лерина цо йазйина нохчийн меттан, этикин, культурин методически пособиш а, доьша программаш а.

Цо йазйина книжкаш арахецна оьрсийн а, балкхарой а, французийн а, японийн а, немцойн а меттанашкахь.

Библиографи

    нохчийн маттахь
  • «Дитташ боданехь» (1989 шо), роман, повесташ, дийцараш;
  • «БӀе эзир дика гӀуллакх» (2002 шо), берий дийцараш, пьесаш, байташ;
  • «Собрание сочинений в 5 томах»:
    • I том, повесташ, дийцараш (2005 шо);
    • II том, романаш (2006 шо);
    • III том, драматурги (2009 шо);
    • IV том, поэзи, статьяш, эссе, интервью (2012 шо);
  • «Элпаш Ӏамадо» (Азбука в стихах, 2006 шо);
  • «Деса цӀачохь буьйса» (1991 шо).
    оьрсийн маттахь
  • «Ночь в пустом доме» (1983 шо, дийцараш, повесташ);
  • «На заре, когда звезды гаснут» (1986 шо, роман, дийцараш);
  • «И муравейник не разрушай» (1990 шо);
  • «Деревянные куклы» (2010 шо, дийцараш, повесташ, пьесаш);
  • «И текла река в ночь» (2010 шо, романаш).

Учебно-методически пособиш

  • Лакхарчу классашна лерина учебник «Нохчийн культури, гӀиллакхи» (2002 шо);
  • 4 классан учебник «Хьо хӀокху дуьненчу веана» (2006 шо).

Муса Ахмадов пьесашца йина спектаклаш

    Нохчийн пачхьалкхан театр
  • «Мохк бегинчултӀехь» (1989 шо);
  • «Марчо да вагӀанарг» (1993 шо).
    Нохчийн тайнигин театр
  • «Похождения блохи» (1988 шо)
    ГӀалгӀай пачхьалкхан театр
  • «Берзан цӀога» комеди (2000 шо)
    ГӀалгӀай тайниги театр
  • «ЧӀирдиган керла леларш» (2001 шо)
    Нохчийн кегирхойн театр «Серло»
  • «ШатӀехь йина бӀов»;
  • «Денисолт»;
  • «Марчо да вагӀанарг»;
  • «Турпал зама»;
  • «Керла шеран гӀенаш» (мюзикл).

Хьажоргаш

Tags:

Ахмадов, Муса Магомедович БиографиАхмадов, Муса Магомедович БиблиографиАхмадов, Муса Магомедович ХьажоргашАхмадов, Муса Магомедович1956 шо2006 шо28 январьВайнах (журнал)ГӀиргӀазойчоьЖурналЙаздархоЛитератураПоэтСССР

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Альмань-ан-ПгӀовансАгӀтаньян (коммуна)Украина2004 шоБенойИнгалсан моттБогатищево (Воскресенскан кӀошт)1658 шоКугӀтгӀиNGC 780ПахакнМарк ТвенМали Отрада1863 шоБрекенридж (Техас)КгӀесс (ДогӀдонь)ӀиракъКуйтун (маьӀнаш)Уден-ле-БавеАкарджа (Дазкири)БгӀиконвильТий (Ландаш)ПичоВьетнамхой моттДобринкан кӀоштХӀиндонезиСпрингтаун (Техас)КарасашАднетГӀедессанВикипедиНохчийчоьЛоренс (гуо, Миссисипи)Ненан моттМартираноПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаЙаманАндгӀенШпицбергенБережки (Егорьевскан кӀошт)1698 шо(10965) van LeverinkАгӀбизМонтель (ТагӀн)Ла-ТугӀетт (ЛуагӀа)Юбанк-да-КамараЧеревични7 декабрь1612 шо.bvШиегӀ-о-БуаБагӀгӀу (коммуна, Франци)ХельголандЧхиквтаПуьтлингенБадуев, СаьӀид СулеймановичЛе-БегӀнагӀНепалЙохангеоргенштадтЖузиNGC 6916Путин, Владимир ВладимировичУьттендогӀфСен-Леже-ТгӀиеСигуэнсаФондакелли-ФантинаИнтермашаКазо-ФгӀешет-АнегӀан-КамогӀСан-Чипирелло2016 шо🡆 More