Лом

Лом (лат. Panthera leo) — экха декха дийнатийн тайпа, веаннах цхьа векал пантерийн (Panthera) тайпана, цицигаш (Felidae) доьзалера даккхий цицигийн (Pantherinae) бухара доьзалйукъара ду.

ЦӀоькъалоьмаца цхьаьна — уггаре доккха хӀинца дехачех цициг, цхьа долчу боьршачу лоьман масса кхача тарло 250 кг. Хала ду ала, деза дуй теша уггаре даккхий лоьмаш, уггаре даккхий цӀоькъа лоьмел, йа дац. Иза доьзна ду, исторехь уггаре йаккхий массаш амуран цӀоькъа лоьмийн лаьрра мелла а нийса йоцуш. Уггаре даккхийчу лоьмийн (масала, берберийн) барамех а, дозаллех а тоъал хаамаш Ӏилманехь бац. Ткъа чудоьхкина дийнаташ дукха хьолахь ийна тайпанаш хуьлу. Ӏилманчашна хетало, чохь кхобу лоьмаш мелла а даккхий хуьлу цӀоькъалоьмел барамца а, дозаллийца а. Лоьман историн ареал хилла дуккха а шуьйра хӀинцалерачул: йуккъера бӀешерашкахь лом хуьлуш хилла йерриг Африкехь, гӀум-аренаш а, тропикан хьаннаш а йоцучохь, иштта иза ган таро хилла Гергара Малхбалехь, Иранехь, цхьаццанхьа къилба Европехь а (масала, иза даьхна хӀинцалерачу Российн къилбан декъехь, хьалакхочуш хилла 45-гӀа къилбаседа параллелашка). Къилбаседа а, Къилбаседа-Малхбузан а ХӀиндехь лом тамашийна хеташ экха а ца хилла. Амма адамо меттиг гатйина, Африкехь лом дисина Саьхьаран къилбехьа, цуьнан ареал хӀинца чӀогӀа гатъелла. Азехь жима популяци йу Гиран хьуьнхахь (хӀиндин штат Гуджарат).

Лом
Лев
Боьрша лом Луисвиллера зоопаркхь
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Panthera leo Linnaeus, 1758
Бухара тайпанаш
Хьажа кхин кхузахь
Ареал
сурт
     Йуккъерчу бӀешерашкахь хилла хила тарло ареал      ХӀинцалера ареал
Ларйен статус
ЛомЭкаман хьолехь ю
Экаме
IUCN 3.1 Vulnerable : / 15951
Лом
ХӀара гӀаран файл кхоьллина ю статьян дӀадолоран бух тӀехь верси дӀаязйина хан 2011 шеран 24 апрелехь, оцу терхьал тӀехьа нисдар ца гойту.
хьажа иштта кхин аудиостатьяш

ТӀаьхьарчу плейстоцене кхаччалц, 10 000 шо гергга хьалха, лоьмаш хилла уггаре шуьйра даьржина декха дийнат Дуьнен тӀехь адамал тӀаьхьа. Церан лаьттах йохку даьӀахкаш карийна Африкин доккхаха долчу декъехь, Евразин мехкан тӀехь Малхбуза Европера ХӀинди а, Къилбаседа Америкин Юкон тӀиера Перу кхаччалц. Тархаш тӀе дехкинчу суьртех хиина европин хьехан лом, хилла хилар хӀинцалерачу лоьман бухара кеп.

Лоьман тӀехулара куц ша-кепара ду. Дукха экханаш йац иштта къаьсташа сте-боьршаллин диморфизм йолуш. Боьршаниг стечул доккха хилла ца Ӏаш, кхин а кхес хуьлу, цхьадолчу тайпанин чӀогӀа кхуьу иза белаш, букъан дакъа, накха а къовлуш. Лоьман бос можа-сира тайп-тайпана бесе теӀаш, кхес дукха хьолахь изза беса хуьлу, кхин а таьӀна а, Ӏаьржа а хуьлу. Лоьман бухара кепаш къастало дукхах дерг кхесан бесца. Кхес йоцург, дегӀан тӀиера кхин чо боца бу, цӀоган йуьххьехь беха чо бу.

Лоьмаш деха коьртаниг саваннашкахь, амма наггахь дехьадовла тарло коьллаш йолчу а, хьуьнха а. Кхечу цицигех къаьсташ, уьш цхьацца ца деха, ткъа башха доьзалийн тобанашкахь деха — прайдашкахь. Прайд лаьтта гергарчу стен лоьмех, тӀаьхьенех, масех доккха боьрша лоьмех. Стенаш талла доьлху цхьаьна, алсама йаккхий шибергйолчарна. Лоьмаш адамашна ца толлу цунах болх бина, амма адамаш диина меттигаш сих-сиха хуьлу. Лоьмаш — онда экха, аьлчи а латтайо лакхара меттиг юурган зӀенехь.

Ӏаламехь лоьмаш деха итт – дейтта шарахь, чохь кхобуш ткъа сов шарахь деха. Боьршаниг кӀезиг итт шо сов деха. Цуьнан бахьна, кхечу лоьмашца леташ ницкъ лагӀло церан.

Лоьмаш экаме экха ду хӀунда аьлча церан даржаран барам дукха сиха лагӀлуш бу. тӀаьхьарчу ткъа шарахь церан Африкера барам охьабаьлла 30—50 %. Лардеш йоцу меттигел арахьа кхин а экаме ду лоьмаш. ЛагӀдаран бахьна хаддийна Ӏамийна а дац, амма уггаре боккха кхерам — деха Ӏаламан гуо бар а, адамца долу дов а ду. Лоьмаш цӀахь кхаба долийна Руман имперехь дуьйна. Дерриг дуьненан зоопаркаш дакъалоцуш йу хӀаллакхуьлуш долчу азин бухара кеп кхабаран программехь.

Лоьмо дӀалоцу адаман оьздангаллехь коьртачех цхьа меттиг. Оцу дийнатийн суьрташ девза палеолитан заманера дуьйна, цуьнан тешалла ду Ласко а, Шове а хьехаш чуьра тархаш тӀиера суьрташ. Лоьмаш сийлахь дара антикан заманера а, Йуккъера бӀешерийн а заманерачу оьздангаллехь, царна карийна шайн меттиг скульптурехь, суьрташкахь, къоман байракхаш тӀехь, хӀосташкахь, мифашкахь, литературехь, фильмашкахь.

Этимологи

Лоьман цӀе тера йогӀу дукха меттанашкахь, схьадаьлла лору лат. leo а, желт.-шира. λέων, ца девзачу хьостера схьаэцна долу. Дуьххьарлера лом Ӏилманехь гайтина шен «Ӏаламан система» балхахь Линней Карла. Шен талламехь авторо билгалдоккху экха «Felis leo» олий. Panthera тайпанан Ӏилманан цӀе схьайаьлла желт.-шира. πάνθηρ — схьаэцна цхьаьна малбален маттара, дуста санскр. पुण्डरीकः (puṇḍárīkaḥ IAST) «цӀоькъалом».

Систематика и эволюция

Лом Panthera тайпана ду, иза доцуш оцу тайпана йукъадогӀу цӀоькъалом, ягуар, леопард. И кеп йуьхьанца дуьйна эволюци йан доладелла Африкехь 800 000 — 1 млн шо хьалха, цул тӀаьхьа даьржина Голарктикан берриг махкахь. Европехь карийна оцу экхан уггаре хьалхара даьӀахкаш, 700 000 шо зама йолуш йу, карийна Италера Изерни гӀалан гергахь, классификаци йина Panthera leo fossilis бухара кеп санна. 300 000 шо гергга хьалха йерриг Европехь а, Сибрехахь а даьхха кхин а доккха хьехан лом (Panthera leo spelaea). Лакхарчу плейстоценехь, Чукоткина а, Аляскина а йукъарчу латтан асана тӀехула, лоьмаш Къилбаседан а, Къилбан а Америке кхечира, тӀаьхьо эволюци хилла америкин лом (Panthera leo atrox) бухара кеп йаьлла, цуьнан хӀу дайна тӀаьххьарчу шен муьрехь 10 000 шо гергга хьалха. ХӀу даран шолгӀа бахьна хила тарло плейстоценан мегафауна хӀаллакхилар.

Лоьман а, цуьнан коьртачу бухарчу кепийн а хир тарйолуьйту филогении МакКейнаца, Беллца 1997 а, Новакца 1991
 Pantherinae 
 Neofelis 

N. diardi



N. nebulosa



 Panthera 

P. combaszoe



P. (Viretailurus) schaubi



P. (Uncia) uncia [Uncia uncia]



 P. (Panthera) 

P. (?P.) crassidens


 P. (P.) pardus 

P. (P.) p. pardus





 P. (Leo) leo 

P. (L.) l. spelaea



P. (L.) l. atrox



P. (L.) l. leo



P. (L.) l. bleyenberghi



P. (L.) l. krugeri



P. (L.) l. massaicus



P. (L.) l. melanochaitus



P. (L.) l. persica



P. (L.) l. senegalensis





 P. (Tigris) tigris 

P. (T.) t. virgata



P. (T.) t. tigris









Лом 

Бухара кепаш

Хьалхарчу классификацешкахь ламаст хилла билгалйоккхура лоьмийн 12 бухара кеп, уггаре доккханиг царех хилла барбарийн лом. Цу тӀе дийнатийн коьрта къаьста хьесап лорура доккхаллин бараман а, кхесан а башхаллаш. Амма, амалийн башхаллаш йаккхий ца хиларна, ткъа хӀора бухарчу кепан ареалехь ша-кепара хийцамаш билгалбовларна, тӀаьхьарчу шерашкахь авторш лору оцу бухарчу кепийн дакъа бакъдоцуш. Тахана дукха хьолахь билгалйоккху 8 бухара кеп, царех цхьаъ, капскан лом (хьалха довзийтина Panthera leo melanochaita санна), боккъала а ша кеп йоцачух тера ду. Африкехь деха лоьмийн митохондрин хийцамаш кӀезиг бу, цуо таро ло Сахьаран къилбехьа деха лоьмийн кепаш цхьаъ бухара кеп лара, уьш йекъа мега шина кладан: Йоккха рифтан атагӀан малхбалехьа цхьаъ, малхбузехьа шолгӀаниг йу уьш. Малхбален Кенера Цаво кӀоштара лоьмаш генетикица догӀу Трансваалан (Къилбан Африкин регион)лоьмашца, ткъа малхбуза Кенера Абердэран лоьмашна гена ду.

ХӀокху заманан

ХӀокху заманан (голоценан муьрехь) лору лоьман 8 бухара кеп:

  • Panthera leo persica — азин, гӀажарчоьнан йа хӀиндин лом. Хьалха шуьйра даьржина хилла йерриг Туркойчохь, Къилба-Малхбузан Азехь, Пакистанехь, ХӀиндехь, Бангладешехь. Дийнахь леларо а, йаккхий тобанашца леларо а азин лоьмах аьтту болуш гӀакх таллархошна. Экха дисина деккъа ХӀиндера Гирсан хьуьнхахь, церан барам 300 гергга бу.
  • Panthera leo leo — берберийн лом, алсама талларш дар бахьнехь акха Ӏаламехь делла тайп, амма цхьацца лоьмаш дисина зоопаркашкахь. Уггаре йаккхийчу бухара кепех цхьаьнан — боьршаниг 3—3,3 м деха ду, ткъа дозалла — 200 кг сов ду. Берберийн лом даьржина дара Мароккон махкара Мисар кхаччалц. ТӀаьххьара акха берберийн лом дийна Мароккохь 1922 шарахьу.
  • Panthera leo senegalensis — сенегалан йа малхбузаафрикин лом. Даьржина Малхбуза Африкехь, Сенегалера Нигери кхаччалц.
  • Panthera leo azandica — къилбаседаконгон лом. Даьржина Демократин Республика Конгон къилбаседа-малхбален декъехь.
  • Panthera leo nubica — малхбаленафрикин йа масайн лом. Ареало дӀалоцу Малхбален Африка, Эфиопера а, Кенера а Танзани а, Мозамбике а кхаччалц.
  • Panthera leo bleyenberghi — къилба-малхбузан африкин, йа катангийн лом. Даьржина Къилба-Малхбузан Африкехь — Намибехь, Ботсванехь, Анголехь, Заирехь, Замбехь, Зимбабвехь.
  • Panthera leo krugeri — къилба-малхбален африкин йа трансваалан лом. Даьржина Къилбаафрикин республикин Трансваалан регионехь, царна йукъахь йу къоман парк Крюгер а.
  • Panthera leo melanochaita — капан лом. Акха Ӏаламехь йелла бухара кеп. ТӀепаза дайна 1860-гӀа шерашкахь. Митохондриалан ДНКан талламийн жамӀашца иза къаста ца до ша лаьттачу бухарчу кепе. Тардолуьйту, капан лом трансваалан лоьман къилбан популяци хилар.

Плейстоценан

Хьажа кхин а

Хьажоргаш

Tags:

Лом ЭтимологиЛом Систематика и эволюцияЛом Хьажа кхин аЛом ХьажоргашЛомАзиАфрикаГергара МалхбалеГуджаратЕвропаИранЛатинан моттЦӀоькъалом

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Сардалова ЗулайУмханов, Шарип ИсаевичОчеретини (Ясиноватин кӀошт)АгӀбулаг (Шушан кӀошт)КоблевоФакультетМарлборо (Массачусетс)Несерхоев, Изновр НесерхоевичХаррисон, Джордж1943 шоФиннийн моттТӀелетархо (футбол)Коламбус (Миссисипи)Арендзее (Альтмарк)КовВен кхиэл7 октябрьВашингтон (Колумби гуо)(6091) MitsuruНохчийчоьнан нах беха меттигашКадыров, Рамзан АхматовичТоламхо ГеоргийХӀиндуизм1769 шоБоргӀалБашкирийчоьСенахВаршаваУдмуртиЛондонБерлускони, Сильвио1626 шоЛадлоу (Мэн)ФундаментализмМонакоДжибрилБисултанов, Апти ДибаевичКассель (НогӀ)Лос-Аламитос (Калифорни)Кавказан лаьмнашАнглефогӀСагаипова, Макка УмаровнаАрсанов, Саидбей АрсановичОук-Крик (Висконсин)Абдурахманов, Тумсо УмалтовичНатахтари1820 шоЛернанистДахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичВайнахПланк, МаксБашкирийн АССРУкраинийн моттМежиева, Макка ШахидовнаИспанхойн моттВарандойБушпогӀнЛидсЭджворт (Пенсильвани)Форкс (Вашингтон).ggАбанкугӀ (НогӀ)Вильяльба-де-ДуэроВерхратаЭлк (гуо, Пенсильвани)Дуьненан хьалхара тӀомБексултанов, Муса ЭльмурзаевичХӀинди мотт🡆 More