Биологин систематика — Ӏилманан дисциплина йу; цуьнан декхар ду дийначу организмийн классификацин принципаш таллар а, органин дуьненан система йарехь оцу принципшах пайда эцар а.
Классификаци дешан маьӀна ду — йерриг а йолушйолу а, хӀу дайна а организмаш системехь дӀайазйар а, уьш оцу системехь дӀасанисйар а.
Систематико билгалдоккху:
Кхузаманан дийначу организмийн классификацеш иерархи принципца хӀоттийна йу. Тайп-тайпанара иерархин барамийн (даржийн) шен цӀерш йу (уггар лакхарчу тӀера уггар лахарчу тӀекхаччалц): дуьне а, тайпа йа дакъа а, класс а, тоба йа раж а, доьзал а, тайпа а, кеп а.
Лакхара пачхьалкх йа биологин домен — керла йукъабаьккхина кхетамаш бу.
1990-чу шарахь и кхетам белира Вёзе Карло. Цу хьокъехь цо йукъадаьккхира йерриг биологин таксонаш кхаа домене йекъайалар: 1) эукариоташ (клеткаш чохь хӀоъ (ядро) долу йерриг организмаш йукъайогӀу домен йу); 2) бактереш; 3) археиш а.
ХХ б1ешеран йуххьехь систематикехь билгалъелира ворх1 таксономикан категореш:
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Биологин систематика, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.