Европа: континент

Евро́па — Дуьненан Къилбаседа эхиг дакъа, гуонаха ду Къилбаседа Шен а, Атлантикин а Ӏапказийн хӀордаш, майда 10 млн км² гергга йу.

Азица цхьаьна кхуллу материк Еврази, Европин оьздангалла, Малзбуза аьлла цӀе тиллина, дуьхьала хӀоттош йу Азичун, Малхбален аьлла цӀе тиллина, тайп-тайпана географин аренаш цхьанатохаран гуран чохь.

Европа
Европа эхиган картин тӀехь
Европа эхиган картин тӀехь
Мохк10,2 млн км²
Бахархой754 млн (2019) стаг
Йукъахь йу50 (исписка) пачхьалкхаш
МоттЕвропин меттанаш 
Интернет-доменаш.eu (Евробарт)
.su (Советийн хилла аре
Йаккхий гӀаланаш Европин уггаре йаккхий гӀаланийн исписка 
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш
Европа космосера

Европин бахархой 754 миллион стаг йа Дуьненан бахархойх 9 % гергга бу (2019). Бахархой тӀекхетар дикка лахара ду, бахархойн йуккъера хан дикка лакхара йу дуьненан кхечу континенташка хьаьжчи.

Этимологи

Европа цӀе, схьайолуш хила мега ширажелтойчоьнан мифологера турпалхочуьнан Европин цӀарах. Иза хилла Зевса йадийна Крит тӀе дӀайигина финикийн паччахь-аьзна (цу тӀе эпитет Европа йоьзна хила мега кхин а Герица а, Деметрица а). ЦӀе схьайалар, французийн лингвиста П. Шантрена жамӀ дарца, ца хаьа. ХӀокху заманан литературехь уггаре гӀарайаьлла этимологин гипотезаш кховдийра антикаллехь (кхечаьрца цхьаьна), амма уьш къийсаме йара: иштта, цхьаьна этимологина маьӀна доккху желтойн орамех ευρύς (еврис)-шуьйра а, όψις (опсис)-бӀаьрг, «шуьйра бӀаьрг берг»; лексикограф Гесихийца, Европия ду «малхбуза мохк, йа бодане» бохург, иза тӀаьхьарчу лингвисташа дуьстира малхбуза-семийн ‘rb «малх бузар» йа аккад. erebu иштта маьӀна долу (М. Уэста мах хадийра оцу этимологин чӀогӀа гӀийла ду аьлла).

Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш 
Европин политикин карта
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш 
Европин пачхьалкхаш дуьненан картан тӀехь

Дозанаш

Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш 
А-F — Европин а, Азин а дозане тайп-тайпана хьовсар

Дуьненан декъан Европа цӀе йац ширачех желтойн литературехь (Гомеран Пифийн Аполлонан йаьккхинчу шатлакхан иллехь Европа аьлла йеккъа Къилбаседа Желтойчоьнах), дуьххьара язйина Гекатей Милетскин «Дуьненах йаздарехь» (Вайн эрал хьалхара VI бӀешо чекхдолуш), цуьнан хьалхара жайна лерина Европин.

Шира желтойша юьхьанца Европа лорура Азех Эгейн а, Ӏаьржа а хӀордашца, ткъа Африкех — Латтаюккъера хӀордаца къастийна ша йолу материк. Европа, тӀаьхьа Еврази аьллачу йоккхачу материкан жима дакъа хиларх тешна, антикан авторша Европин малхбален доза даккха долийра Дон эркаца (иштта гар хаало Полибийн а, Страбонан а). И ламаст коьрта дара шина эзар шеран дохаллехь. Масала, Меркаторан Европин доза доьду Дон тӀехула, ткъа цуьнан хьостера — нисса къилбаседехьа КӀайн хӀорд тӀекхаччалц.

Амма XV бӀешарахь Европа йоцучу ханна синоним хилира керсталлин дуьненан, амма тахана дукхаха болу керстанаш беха цуьнан мехкал арахьа. XIX бӀешарахь йерриг аьлча санна дуьненан промышленность йара Европехь; тахана доккхаха долу дакъа цуьнан арахьа ду.

В. Н. Татищевс 1720 шарахь дагадаийтира Европин малхбузен доза Уралан лаьмнийн даккъашкахула даккха, кхин дӀа Яик эрк (хӀинцалера Урал) чухула Каспий-хӀорд чукхеташ йолу хикхочене кхаччалц. ТӀаьхь-тӀаьхьа керла доза йукъара тӀеэцна хилира, хьалха Российс, ткъа цул тӀаьхьа, дозанал арахьа а. Тахана Европин доза доккху: къилбаседехь — Къилбаседа Шенан Ӏапказца; малхбузен — Атлантикин Ӏапказца; къилбехахь — Лаьттайуккъера, Эгейн, Мармаран, Ӏаьржа хӀордашца; малхбалехь — Уралан лаьмнийн малхбален кӀажошца, Мугоджараш лаьмнашца, Эмба эркца Каспий-хӀорд тӀекхаччалц, цунна тӀера ГӀум а, Маныч а (ГӀуман-Манычан чутаӀен чухула) Донан хикхочене (масала, энциклопедешца: Йоккха советийн энциклопеди а, Энциклопеди Британника а) я, наггахь, Кавказан дукъ тӀехула Ӏаьржа хӀорд тӀекхаччалц). Кхин дӀа долу Европин а, Азин а йукъара доза чекхдолу Ӏаьржа хӀорд а, Ӏаьржа хӀордан хидоькъенаш чухула бохург къобал до дерриг хьосташа. Европехь ду гергахь лаьтта гӀайренаш а, архипелагаш а, ткъа цхьа могӀа туркойн Анатолин бердашца долу Желтойчоьнан гӀайренаш, Азехь ду.

Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш 
Леладо ВКъКх

Иза бахьнехь Азербайджан а, Гуьржийчоь а Европин мехкийн испискин йукъатохар бух болуш ду уггаре хьалха политикин а, экономикин а, оьздангаллин а ойланашца.

Европин пачхьалкхаш

43 пачхьалкх ВКЪКХан пачхьалкхаш лоруш йу, 2 пачхьалкх лоруш йац.

Малхбузен Европа Малхбален Европа Къилбаседа Европа Къилба Европа Ах Европехь Лоруш доцу
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Австри Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Белорусси Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Дани Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Албани Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Азербайджан (от 0 % до ок. 10 % территории) Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Косово
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Бельги Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Болгари Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Исланди Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Андорра Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Гуьржийчоь (от 0 % до ок. 5 % территории) Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Приднестровье
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Йоккха Британи Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Мажаройчоь Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Латви Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Босни а, Герцеговина а Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Кхазакхстан (до 14 % территории)
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Германи Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Молдави Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Литва Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Ватикан Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Росси (от 22 % до 23 % территории)
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Ирланди Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Польша Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Норвеги Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Желтойчоь Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Туркойчоь (3 % территории))
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Лихтенштейн Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Росси Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Финлянди Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Испани
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Люксембург Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Румыни Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Швеци Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Итали
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Монако Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Словаки Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Эстони Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Къилбаседа Македони
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Нидерландаш Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Украина Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Малта
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Франци Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Чехи Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Португали
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Швейцари Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Сан-Марино
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Серби
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Словени
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Хорвати
Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш  Ӏаьржаламанчоь

Географин йукъ

Йукъ латтар доьзна ду Европин дозанаш билгалдахарца, коьртачу кепара билгалдоккху хьаьржинчу лараран методикица, ткъа иштта, генара гӀайренаш Европин йисттера меттигийн йукъатохарца йа цатохарца. Иштта, Европин географин йукъан цӀере хьоьжуш йу масех меттиг, уьш дерриш лаьтта цхьа могӀа пачхьалкхашкахь (Украина, Литва, Белорусси, Словаки, Германи, Польша).

Гиннессан рекордийн жайно Европин «официалан» географин йукъ къобал йо Пурнушкяй эвла, иза лаьтта Вильнюсал 26 км къилбаседехьа.

Коьрта дуьненайукъара кхолламаш Европехь

Европин мехкаш тайп-тайпана дуьненайукъара кхолламийн декъахой бу, церан дукхаха долу дакъа экономикин а, политикин а амалера кхолламаш бу. Европера коьрта дуьненайукъара цхьаьнакхетарш дийцина лахахь.

Баренцан кхеташо/Евроарктикин регионан

Регионан цхьаьнагӀуллакхдаран форум. Баренцан кхеташо/Евроарктикин регионан (БКхЕР) кхоьллина 1993 ш.. Цунна йукъайахна, гуттаренна а декъашхойн бакъонашца, Дани, Исланди, Норвеги, Росси, Финлянди, Швеци, ткъа иштта Европин йукъараллин комисси (ЕЮК). Исс пачхьалкхан — Йоккха Британи, Германи, Итали, Канада, Нидерландаш, Польша, Франци, АЦШ, Япон — тергончан статус йу.

Российн а, Белоруссин а Бертан пачхьалкх

Российн Федерацин а, Республика Белоруссин а конфедерацин барто тӀехь-тӀехьа кхуллу цхьааллин политикин, экономикин, тӀеман, таможнин, валютин, юридически, гуманитарин, оьздангаллин аре.

УЕФА

Европин футболан ассоциацийн барт — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхалла ден кхоллам. Цуо цхьаьнатуху Европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш. УЕФАс дӀахьо берриг Европин футболан клубийн а, гулйина командийн а къийсамаш, йоькъу рекламех а, командаш ловзуш гайтарх а йаьлла са, шена йукъахь йолчу ассоциацешна.

Лакхахь багарбина мехкаш доцуш, УЕФА йукъайоьду иштта Исраил (Исраилан футболан ассоциаци), йерриг Азехь йолушехь.

Континентан Европа

Европа: Этимологи, Дозанаш, Европин пачхьалкхаш 
Континентан Европа

Континентан Европа — оцу материкан декъан догӀу термин.

Йукъара доху: Желтойчоьнан, Кипр, Малта, Сицили, Сардини, Корсика, Балеарин, Йоккха Британин, Ирланди, Керла Латта, Шпицберген, Мадейра, Азорийн, Исланди, Данин, Фарерийн гӀайренаш.

Наггахь йукъара доху скандинавин мехкаш (Швеци а, Норвеги а), хӀунда аьлча церан континентан декъера уьйранаш Балтикин а, Къилбаседа а хӀордашна чухула йолун дела (Финляндехула хьевзина некъ ца бийцича).

ХӀинци а ду континента Европа шира гар («Европин хӀоъ», «Kerneuropa»): иза КаролингӀеран (хӀинцалера Франци, Итали, Германи) а, Бенилюксан (историн регион Австрази) а империн мохк бу.

Билгалдахарш

Литература

  • Bulliet, Richard; Crossley, Pamela; Headrick, Daniel; Hirsch, Steven; Johnson, Lyman. The Earth and Its Peoples, Brief Edition(бил-боцу.). — Cengage Learning(ингалс.), 2011. — Т. 1. — ISBN 978-0495913115.
  • Brown, Stephen F.; Anatolios, Khaled; Palmer, Martin. Catholicism & Orthodox Christianity(бил-боцу.) / O'Brien, Joanne. — Infobase Publishing(ингалс.), 2009. — ISBN 978-1604131062.

Хьажоргаш

Tags:

Европа ЭтимологиЕвропа ДозанашЕвропа Европин пачхьалкхашЕвропа Географин йукъЕвропа Коьрта дуьненайукъара кхолламаш ЕвропехьЕвропа Континентан Европа БилгалдахаршЕвропа ЛитератураЕвропа ХьажоргашЕвропаАзиАтлантикин ӀапказДуьнеЕвразиКонтинентКъилбаседа Шен Ӏапказ

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

УьстaгӀГунойРегионВселенниМина (Арканзас)ЙаздархоВекуЛао-цзыКозлово (Невелан кӀошт)Оскалуса (Айова)МаккаАбаст-ХьаьжаДолбенки (Берестовицан кӀошт)ПетримановщинаАкоризалЖелтойчоьВысоцкий, Владимир СемёновичЗовуниПольшаБрадфорд (Род-Айленд)Америкин Цхьаьнатоьхна ШтаташХӀиндиБоти-ЙуртМохкНевеФлоридаФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)Пачхьалкхийн могӀамЧор-ХьехиеКатегориМаркс, КарлURLИсраилМонтезума-Крик (Юта)НувгӀон-ВенггӀеБорхес, Хорхе ЛуисБуэнос-АйресТайваньБасха (Итон-Кхаьллан кӀошт).luСахьтан асаИсториЛивиВикипедиКъилба КорейБоферт (Къилбаседа Каролина)БорноваБотошАгуа-Бранка (Алагоас)Ӏаьржа уорНохчийчуьра акхаройМармараджик (ЙенишехӀир)АьккхийГитлер, АдольфЗовашенШедд (Орегон)Беснаш HTMLОбласть (административан дакъа)АллахӀ10 июльЙоккха эккхарЛе-Гранд (Айова)Каспий-хӀордМахатма ГандиМаьрша гӀирсашРуман империКозлово (Гдован кӀошт)🡆 More