Лолла

Лолла — адам кхечу адаман (элан а, лешбацорхочун а, хьоладен а) я пачхьалкхан долаллехь хилар магош йолу йукъараллин юкъаметтигийн система ю.

Тохара йийсархойх а, зуламхойх а, декхарш долчу нахех а бора лайш. ТӀаьхьо цу могӀанна юкъатуьйхира мехкан бахархой а. Цара хьоладена болх бора. Цу кепара лолла даьржина дара 20 бӀешо долале. Ткъа цхьайолчу Ӏаьрбойн а, африкахойн а пачхьалкхашкахь хӀинцале а долуш ду.

ТӀаьххьарчу заманахь дукхахйолчу пачхьалкхашкахь лолла зулам санна лоруш ду, оцу пачхьалкхийн низамца магош дац. Лоллин дух (зулам хиларе терра) ду лай паргӀатонах а, ирсе тӀаьхьенах а баккхар.

Лолла магош йолу пачхьалкхашкахь леш бацабен пачхьалкхаш олу.

Историл хьалхарчу хенашкахь адаман зуьрет (цивилизаци) даьржичхьана лолла долуш дара. Дукхахьолехь цигахь лолла социалан кепе дирзинера (дерзина дара). Таханлерачу дийнахь лоллин бехкам бина дерриг а дуьненан пачхьалкхашкахь (тӀаххьара лолла ца магош Ӏедал тӀелаьцна 1981-чу шарахь Мавританехь, делахь а де-факто и бехкам ларбеш бац).

Цхьаболчарна хетарехь, таханлерачу дийнахь лоллах къасталур боцу хиламаш бу, масала гӀопан бакъо а, салтий-бераш а, адамаш дохк-эцар а, арме кхайкхар (эскаран лолла) а, нуьцкъала маре я зуда ялор а. Ишттачу зерашца, таханлерачу дийнахь лоллин хьолехь 20 миллион тӀера 60 миллион кхаччалц адам ду.

Билгалдахарш

Tags:

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

МаймалНенк-ОткотБажу1889 шоДуьххьара нохчийн-оьрсийн тӀомЭджворт (Пенсильвани)ХейримлиТӀомБорз(6921) JanejacobsТуркменийн административни декъадаларшВикиманиИзмирСунжа (Къилбаседа ХӀирийчоь)Клуж-НапокаСингапурКудаги (Калифорни)Къилбаседа ХӀирийчоьНенан моттДухьаКиранцБом-ла-ГӀошСулейманов, Ахьмад СулеймановичВатерлоо (гӀала, Джефферсон гуо, Висконсин)Ибрагимов, Канта ХамзатовичСоветийн Социалистийн Республикийн Союз.lyШайх МансурАвстралиМикки МаусЭдисон, Томас АлваАхмадов, Муса Магомедович.mhДамаскас (Арканзас)Японийн мотт1876 шоПужичиКнауБашкирийчоьНухьНохчийчоьнан байракхКоблевоРабиӀул-аввалМозес-Лейк (Вашингтон)ДуьнеЛабенщинаДестин (Флорида)Несерхоев, Изновр НесерхоевичӀийсаЭсамбаев, Махмуд АлисултановичТеннисКук, ДжеймсНакхармозийУкраинашСен-Луьмье-ан-ШампаньФизикаНазмаПолякийн моттВикилармаРабиӏул-аввалПенч🡆 More