Шекар

Шекар — даьржина дааран сурсат.

Шекаран коьрта компонент — сахароза. Амма иза доцуш, сурсатехь хила тарлотайп-тайпана эдарш. КӀайн шекарехь магадо цунна йукъахь 0,25 % кхаччалц хила, баьӀалг шекарехь — 0,1 % кхаччалц.

Шекар
Шекар (лакхара аьрру агӀор тӀера сахьтан цамзанца): кӀайн баьӀалг шекар, рафинад данза, кечбанза шекар-эрз, боьмаша шекар
Шекар
Сахарозин кристаллийн доккха дина сурт
Шекар
Сахарозин молекулин модель
Шекар
Немцой шекаран скульптура, 1880 шо
Шекар
Немцойн химикаш Маргграф Андреас Сигизмунд а, Ашар Франц Карл а (сурт тӀехь) бух биллира хӀокху заманан шекаран промышленностан

Шекарш — лахара молекуляран углеводаш (моно-олигосахаридаш). Царех цхьадолчеран мерза чам.

Этимологи

Дош — ширахӀиндийн ду, хӀунда аьлча шекаран даймохк — ХӀинди (шир.-хӀинд. शर्करः (śarkaraḥ IAST) «гӀамар буьртиг, жагӀа, шекар»); нохчийн матте и дош деина гӀумкхийн маттара.

Шекаран истори

Антикалла а, Йуккъера бӀешераш а

Европехь шекар девзаш хилла румхошна. Боьмаша шекаран буьртигаш дохура шекар-эрзан муттах, Европе чудохьура ХӀиндера. Мисар, Руман империн провинци, ХӀиндица махлелорехь йукъара йара.

Македонийн Искандаран адмиралан Неархан, шекарах лаьцна хина, сурт хӀоттийра цуьнан вайн эрал 325 шо хьалха Искандар коьртехь волуш ХӀиндин тӀелата вахар бахьнехь.

Желтойн лоьро Диоскорид Педанийс I бӀешарахьшекаран сурт хӀоттийна шен медицинин De Materia Medica трактатехь. Тера сурт хӀоттадо румхочо Плиний Воккхахволчо шен "Ӏаламера исторехь":

"Шекар до Ӏаьрбийчохь а, амма хӀиндин шекар гӀоле ду. Шекар-эрз йукъахь карадо и мезан цхьа тайпа, кӀайн, силамах тера, цергаш йукъахь къарс деш. Иза духку хьуьнан бӀар санна долчу баьӀалгахь. Шекар леладо медицинин Ӏалашонна".

ЖӀарахоша шеш Сийлахь латтан тӀедахча тӀеоьцура "мерза туьха" кхоьхьу ковранаш, цара шекар Европе. XII бӀешо долалуш Венецин кхечира Суран гергга масех эвла, цигахь Европе дахьа, шекар ден меттиг кечйира. Цуо мезан кхин тӀетуьйхира мардийриг. ЖӀарахойн тӀелатаран заманара шераш йаздархочо Тиран Вильгельма (Гийом), йаздира XII бӀешо чекхдолуш, шекар "чӀогӀа оьшу адаман пайденна а, могашаллийна а". XV бӀешеран чаккхенгахь Венеци Европехь шекар доккхуш а, даржош а коьрта йукъ йара.

ТӀаьхьуо шекар-эрз кхечира Сицили а, Къилба Испане а, амма Руман импери йохарца и болх сецира.

Европехь

ХӀиндехь акха кхуьу ораматан Шекар-эрзан гӀад, шекар доккху йуьхьанцара аьргал йара. Европехь шекар-эрзан шекар девзира вайн эра тӀекхачале а, медицинин гӀирс санна. Ӏаьрбойчоь чӀагӀйелча IX бӀешарахь шекар-эрз лелор даьржира Мисрахь, Сицилехь, Къилба Испанехь. X бӀешо чекхдолуш шекар даккхар кхиира Венецехь, амма шекар алсама даьржира жӀарахойн тӀелатаран заманахь.

Галерей

Билгалдахарш

Литература

  • Рэндольф Несси. Хорошие плохие чувства. Почему эволюция допускает тревожность, депрессию и другие психические расстройства = Randolph M. Nesse. Good Reasons for Bad Feelings: Insights from the Frontier of Evolutionary Psychiatry / пер. с англ. Мария Десятова. — М.: Альпина нон-фикшн, 2021. — 540 с. — ISBN 978-5-00139-281-1.

Хьажоргаш

Tags:

Шекар ЭтимологиШекар ан историШекар ГалерейШекар БилгалдахаршШекар ЛитератураШекар ХьажоргашШекар

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

.meОмро (Висконсин)Апиа1933 шоРузмаДегӀастаЛи Бо1978 шоОслаСамукъане хьуьнан доттагӀийКорсунь-ШевченковскиISO 3166КгӀеси-о-МонСурат ФатихьатБежӀунан баппаНенан моттКъине вожарМескитаКаннаполис (Къилбаседа Каролина)БашкирийчоьРадоиняКурумова, СелимаБельгиРамаданГуьржийчоьИльясАзербайджанАльтманштайнНор ГехиFacebook.cv1710 шоТуьрк1930 шо1946 шоРиядСент-Аман-МонгӀон1945 шоНемцойн моттМакедонийн ИскандарКанадаМексикаОрора (Колорадо)Нохчийн Республика ИчкериЭлистанжаБугӀгонь (МагӀна)ЛамазТеркБежӀуьнан баппаДаниТуркойчоьИбраьхӀим.sn1925 шоХӀиндиXVIII бӀешо1934 шоНидерландашАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташСоьлжа-ГӀалаОльзи (Франци)Арсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀ1971 шоЭрмитажТайфонтенБадаржКадыров, Рамзан Ахматович2 февральЛуьгӀ (Лакха ПгӀовансан Альпаш)🡆 More