Март (схьадаьлла лат. Mārtius mēnsis — Марсан бутт, нохчийн маттахь — Зазадоккху-бутт я Бекарг-бутт) — юлианан а, григорианан а рузманашкахь шеран кхоалгӀа бутт, шираруман шеран хьалхара бутт, Цезара хийцамаш банле болалуш хилла мартехь дуьйна.
31 де беха ворхӀ баттах цхьаъ. Дуьненан Къилбаседа эхигехь март бӀаьстенан хьалхара бутт бу, Къилба эхигехь — гуьйренан хьалхара бутт.
Март | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
2024 шо |
Таханлерачу муьрехь григорианан рузманца 11 март кхаччалц малх лаьтта Водолей цӀе йолчу седарчийн гуламехь, 11 мартехь дуьйна — Рыбы цӀе йолчу седарчийн гуламехь (кхечу хаамашца — 12 мартехь).
Оцу баттахь нисло де-буьйса — 20 мартехь — дийнан а, буьйсанан а дохалла цхьабосса ду.
Март бӀаьстенан бутт ларахь а, доккхаха долчу Российн декъехь амалехь бу Ӏаьнан хенан-хӀоттам. Март беттан юккъера температуран барам Москохан гуонаха −4,9 °С, температура техка −10,3 °С тӀиера (1917 шарахь) −0,7 °С кхаччалц (1921 шарахь). Москохан гуонаха ло даша доладаран юккъера хан — 16 март, уггаре хьалхара — 3 февраль (1914), тӀаьхьа — 10 апрель (1895).
Малх лепаран юккъера барам 109,3 сахьт бу.
Март чекхболуш малхо йохйинчу басенашкахь ло деший хьалхара зезагаш довла тарло. Дакхан мутт йолало.
March Викилармехь |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Март, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.