Совсорг

Совсорг — тӀуьна а, ахтӀуьна а хьолехь яха дехьаяларна, органикан хӀуманаш дукха йолу субстраташкахь, мицелийн хӀоттам байна йолу цхьаьна клеткан жӀалин нускалийн таксономин чуьра йоцу тоба. Цхьаьна туху, аскомицетийн а, базидиомицетийн а дакъош йукъа йоьду, 1500 гергга кеп.

Полифилетийн тоба
Совсорган клеткаш Saccharomyces cerevisiae
Совсорган клеткаш Saccharomyces cerevisiae микоскоп кӀелахь
ЦӀе
Совсорг
ЦӀеран статус
билгалйина йац
Дай-нанойн таксон
Паччахьалла ЖӀалин нускалш (Fungi я Mycota)
Гергарнаш
Дерриг цхьаьна клеткан жӀалин нускалш
Сурт Викилармехь
Викидошамехь бу йаззам «совсорг»
Совсорг
Бепигдархойн совсорган клеткаш, флюоресцентан микроскопи. Босбийриг — калькофлюор кӀайн

Йукъара хаамаш

Тобан дозанаш нисса билгаладаьхна дац: дукхаха долу жӀаьлин нускалш, цхьаьна клеткан кепара вегетативан деба таро йолуш ду, цундела церан идентификаци йо совсорг санна, дахаран циклан кхечу тӀегӀанашкахь кхуллу кхиина мицелий, ткъа цкъаццӀа макроскопийн стоьман догӀмаш. Молекуляран анализан хьесапаш йукъадовлале иштта жӀаьлин нускалшна лора башха тоба, совсоргкепарнаш, амма хӀинца уьш массара а совсоргца цхьаъ лору. 18S рРНК талламаша гайтина уллера гергарло совсоргашца кхиа таро йолчу мицелийн кепара бен.

Совсоргийн клеткийн хила беза барам бу 3—7 мкм диаметрехь, ткъа цхьайолу кепийн таро ю кхиа 40 мкм кхаччалц.

Совсоргаш практикан доккха маьӀна долуш ю, алсама бепиган деш я йий доккхуш (Saccharomyces cerevisiae). Цхьайолу кепаш хуьлу факультативан а, билламан а патогенашца. ХӀинца юьззина гучуяьккхина совсоргийн геном Saccharomyces cerevisiae (уьш дуьххьарлера эукариоташ хилира, шен геноман юьззина секвенаци йина) а, Schizosaccharomyces pombe а.

Истори

Нохчийн дош «совсорг» орам болуш ду «совс», и дош даьлла хандашах «совсо».

Совсорг, тера ду, уггаре ширачех «цӀера организмех» цхьаъ ю. Эзар шарахь адамаша лелайора уьш ферментацин а, бепиг деш а. Археологашна ширамисран гӀалийн ширачу саьлнашна йукъахь карийна кохьар а, пурни а, ткъа иштта пурнихойн а, йийхойн а суьрташ. Ӏилманчашна хетарехь, мисархоша йий даккха долийна вайн эрал 6000 шо хьалха, ткъа вайн эрал 1200 шо хьалха Ӏамийна совсорган бепиг даттаран технологи. Керла бод мустбалийта лелабора бисина шираниг. Цуьнан жамӀехь тайп-тайпанчу бахамашкахь бӀешерашкахь совсоргийн селекци хилира, кхоллаелира керла Ӏаламехь йоцу физиологин расаш, дукхахъерш царех юьхьанца дуьйна йийцина шеш йолу кепаш санна. И расаш адаман белхан сурсаташ ду, культурин ораматийн сорташ санна.

Совсорг 
Пастер Луи — совсоргийн спирт чохь совсаран роль гучуяьккхина Ӏилманча

1680 шарахь голландин Ӏаламхо ван Левенгук Антонин дуьххьара гина совсорг оптикан микроскоп чухула, амма лелаш ца хиларе терра ца къаьстина царна йукъахь дийна организмаш.

1838 шарахь французийн Ӏаламзиерхо Каньяр де Ла-Тур Шарла зиерца гайтина, совсорг — еккъа химин хӀуманаш ца хилар, ткъа кхиа а, деба а таро йолу дийна организмаш хилар, цу тӀе схьайовларан хӀумнаш а, реакцин сурсаташ а химин цхьаьнакхетар хилар. Амма оцу хенахь цуьнан жамӀ къобал ца дира гӀарабевллачу химикаш Й. Берцелиуса, Ю. Либиха, Ф. Вёлера.

Каньяр де Ла-Тур бакъ хилар чеккхенца тӀечӀагӀдира 1857 шарахь французийн микробиолога Пастер Луис «Mémoire sur la fermentation alcoholique» цӀе йолчу шен белхан чохь. Пастера къийса меттиг ца буьтуш гайтира, спирт чохь совсар — хьалха ма-лорура, еккъа химин реакци хилла ца Ӏа, ткъа совсоргаш еш биологин процесс ю аьлла.

1881 шарахь Христиан Хансен Эмила, данин Carlsberg компанин лабораторин белхалочо, къастийра совсорган цӀена культура, ткъа 1883 шарахь дуьххьара лелийра иза йий доккхуш цхьаьнаэшшара йоцу йатораш метта. XIX бӀешо чекхдолуш Хансен декъахь волуш йира дуьххьарлера совсоргийн классификаци. XX бӀешо долалуш йукъаевлира совсоргийн культураш билгалйохурш а, коллекцеш а. XX бӀешеран шолгӀачу декъехь совсоргех долчу Ӏилмано (зимологи) практикан болх боцуш, буьйлабелира терго ян совсоргийн экологин Ӏаламехь, цитологин, генетикан.

Билгалдахарш

Tags:

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Вилле-Гислен9 майАвстралиПетарбухФугӀмиЙоккха БританиИспаниЧелябинскан областьСийна17 майГитлер, Адольф22 апрельДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарЛенин, Владимир ИльичБолоньяХардинг (гуо, Къилба Дакота)9 мартЦуруев, Шарип МовладовичVII бӀешоШира ЖелтойчоьПруссашЛямбда-ларарДезоксирибонуклеинан муьсталНетайлово1820 шоНохчийчоьЕзидашФранцузашНижалойВьетнам2010 шо(6036) WeinbergАдамс (гуо, Висконсин)Локалита Индустриале е Артиджанале (Болцано)2013 шоАрсанов, Саидбей Арсанович9 июлехьТейвазНигериЛик (Па-де-Кале)ИранКхенахГу-ВинЛаьзгийн моттМифологиСтраффорд (Вермонт)Паскаев, Рамзан СултановичЛейк-Форест (Калифорни)ЦахурашЧан КайшиЗовуниБутт (планета)КавказГӀаззаКлеймонт (Делавер)1864 шоГарри Поттер а, философин тӀулг а (фильм)ВайнахБрукленд (Арканзас)Сен-Поль-суьгӀ-ТегӀнуазБагалова ЗулейханФольклорВашингтон, Джордж🡆 More