Нижалой

Нижалой - нохчийн чӀебарлойн тукхумара тайпа, ткъа М.А.Мамакаевс дийцарехь Шотой тукхум йукъара ду.

М.А.Мамакаевс Нижлойн тайпа Нохчийчоьнан орамера тайпанашна йукъатуху. Тайпа J2 гаплотобанера ду.

Къена тайпа
Нижалой
Авторханов Ӏабдурахьман Геназан кӀант
Авторханов Ӏабдурахьман Геназан кӀант
Кхин цӀерш Нижалой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам ЧӀебарлой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан чӀебарлойн диалект
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
Нижалой Росси: хууш дац
Нижалой Нохчийчоь: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк ЧӀебарла

Географи

Йукъараллин дозанаш ду: къилбаседехь – ЭгIашта а, МахкатӀе а, малхбалехь – ЧӀебарлой, малхбузехь – ДӀай, къилбехахь – Чобаьккхинрой.

Иштта «Нижала» цӀе йолуш кхоъ эвла хилла: хьалхарниг – Осхар-овлан малхбалехь, шолгӀаниг – ГӀази-овлан малхбалехь, кхоалгӀаниг – Жубиган-овлан а, ГӀази-овлан йукъахь.

Нижлойн лам лаьтта Нижалан къилба-малхбузехь.

Нижалан эвланаш

Нижалан йукъайогӀу: Бейсхор овл, ГӀези овл, ГӀонтӀа, Дангар овл, Дургойн овл, Жубиган овл, Тамбийн овл, Чуьрейн мохк, ЦӀинтиг овл, Лаха Нижала, Муьшиечуо, Нижала, Осхар овл, ПатӀайн овл, ЧӀадана.

Беха меттигаш

Нижлой беха йарташ: Тевзана, Хоттане, Устрада-Оьвла, 2- Отделение, Заки-Эвла, Хаьмбин-Ирзе, ВаларгтӀе, Лаха Невре, ЧӀулга-Йурт ишта кхи а, дуккха а.

Этимологи

Тайпанан векалша дийцарехь Нижал цӀе схьайаьлла доларчу цӀарах, церан дайшах цхьаьнан цӀе хилла иза.

Гениалоги

Нижлой, Босой, ДӀай кхаа вешийн доьзалаш лору. Амма Сулейманов Ахьмада дийцарехь уьш схьабовлар ду кхечу кхаа вешех Гундал, Гундарген, Нижал. Амма еллачу ДНК тесташца Гуной кхин гаплотоба ю, цуьндела Гундалах дериг шеко йолуш ду. Иштта силсил ю Нижлойн: Сайд-Ӏали Шами – Ӏабдул-Хан – Сайд-Ӏали – АргӀун – Нижал.

Тайпа декъадалар

Нижлой бекъало 14 гаран; БагӀай (J2), Бейсхор, Богач, ГӀези, Дангар, Дургой, Жубиг, Имай (J2), Майд, Осхарой (J2), ПатӀай, Тамбий, ЦӀинтиг, Чуьрей.

Истори

Нижалой эмиран Сайд-Ӏали Шамин тӀаьхьенех бу.

Шемара эмир Саид-Ӏали велчи, цуьнан меттиг дӀалецира кхечу тайпанчу стага. Цуьнан кӀенташна Сайд-Ӏалин, Абул-Ханан, Решед-Ханан, Хьамзат-Ханан ден меттиг дӀалаьцчи, ца лиира даймахкахь баха, уьш кхелхира къилбаседехьа. Кавказан лаьмнашкахь кхечира Курку-лам йа Кхеташ-кортан кӀоште, хӀинца ЦӀонтара а, Теза-Кхаьлла а лаьттача. Церан цхьаннах кхоъ кӀант вара – Гундал, Нижал, Гундарген. ТӀаьххьарниг – Гундарген охьахиира хӀинца Гендаргана лаьттача, ткъа ши ваша – Гундал а, Нижал а – циггахь висира. Нижал охьахиира Яьссин дехьа.

ГӀарабевлла тайпанан нах

Билгалдахарш

Литература

Tags:

Нижалой ГеографиНижалой ЭтимологиНижалой ГениалогиНижалой ИсториНижалой ГӀарабевлла тайпанан нахНижалой БилгалдахаршНижалой ЛитератураНижалойМамакаев, Мохьмад АмаевичНохчийНохчийчоьТайпаЧӀебарлойШотой

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

1956Наве-Сан-РоккоХалкъашна йуккъера валютан фондВиголо-ВаттароВальядолидӀамиеГеографиЮтан (Небраска)ДолушдергДербентДиговОршотСаракаев, Хамзат Ибрагим-БековичАрко (Итали)Педивильяно(2434) БейтсонИспаниОвадаГрот-ЗюндертТгӀуьиОйла ярТарсияРомаллоНохчийчуьра олхазаршУфаКазале-МонферратоДоминикин РеспубликаКавтисхевиЭлектрийн конденсаторЛоуренс-Брэкстон, ДженисЛаьхьарчийСен-МелуагӀ-де-БуаМакколл (Айдахо)(6278) AmetkhanХӀиндин ӀапказВашингтон (гуо, Орегон)Башкирийн АССРТокородзаваАриана ГрандеПлевнонIPhone 15ИтажаиМеланезиСине (Франци)Мао ЦзэдунОмахаАмазонка (эрк)ЛестамТамсвегИспанхойн мотт(2455) Сомвилль23 мартЗумсойн МаІашСен-Жиль-дуь-Мене7 мартЧайХӀиндуизмДжакартаБосни а, Герцеговина аЧембраСент-МогӀ-де-ТугӀен (коммуна)ИйдалМавританиMediaWikiДуьххьара нохчийн-оьрсийн тӀомДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациЙоца нардашЛейкгерст (Нью-Джерси)Еранос🡆 More