Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович

Сарака́ев, Хамза́т Ибрагим-Бе́кович (1927 шеран 31 декабрь, Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР — 2013 шеран 17 апрель, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн берийн йаздархо, поэт, журналист, гочдархо, Нохчийн Республикин йаздархойн бертан декъашхо, Российн йаздархойн бертан декъашхо, Российн журналистан бертан декъашхо, къинхьегаман ветеран.

Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович
Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович
ГӀуллакхан тайпа йаздархо, Журналист, Поэт, прозаик, переводчик
Вина терахь 1927 шеран 31 декабрь({{padleft:1927|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})
Вина меттиг Ведана, Веданан кӀошт, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2013 шеран 17 апрель({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (85 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Корматалла йаздархо, поэт, журналист, гочдархо
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси

Цуьна да вара вевзаш волу йаздархо Ибрагим-Бек Саракаев. Нана йара Абдул-Меджид (Тапа) Чермоевн йиши йоӀ. Иза нохчийн зудрехь хьалхарниг йара Соьлжа-ГӀалин зударийн гимнази чекхйаьккхинарг.

Хамзат Саракаев вина 1927 шеран 31 декабрехь Веданахь. Нана Ӏедалс хӀаллак йинера. Иза хьалакхиош оьрсийн няня йара цуьна де вешин Азисан доьзалехь. Хьамзата дишира Веданан бо-беран интернатехь. 1944 шарахь массо а нохчий цӀера бехира. Цуьна Ӏа дизи Джамбулехь а, Чимкентехь а. 1951 шарахь комендатегара пурба а ца доккхуш иза Кхазакхстанера Туркмени вахара. Цигахь цо чекхйаьккхира Чарджоухь йолу хинан а, хӀордан а некан училище. Училищехь цуна йелира лакхара лейтенантан цӀе. Цо капитанан гӀончан болх бира, Иртыш тӀехь нека дора цо. 1957 шарахь вокху вашас дехар дина иза цӀа вирзира.

Цуьна хьалхара байт арайелира 1939 шарахь «Ленинан некъ» цӀе йолу республикин газетехь. 1940 шарахь цуьна байташ арахийцира «Вайн эшараш» цӀе йолу къона йаздархойн коллективан гуламехь. 1957 шо дуьна Саракаевн повестиш, дийцараш, байташ, гочдараш кӀест-кӀеста арайовлу республикин газеташкахь, альманахашках, коллективан гуламашкахь. Хьалхара цуьна произведенийн гулам «Первый подвиг» арайелира 1972 шарахь Соьлжа-ГӀалахь.

Цо нохчийн матта йехира Лев Толстойс йазйина «Хаджи-Мурат» а, «Казаки» а, «Набег» а, кхийолу произведениш а.

Цо болх бира Нохч-ГӀалгӀайн радион коьрта редактор. Иштта иза вара «Низам» а, «Вайнах» а журналашан а, «Терек» газетан а коьрта редактор а, арахецархо а. 2005 шо дуьйна 2013 шо кхаччалц цо болх бира «Вайнах» журналехь.

Библиографи

  • Роман «Крепость в горах»
  • «С верой в победу»
  • «Друзья Эдельхана»
  • «Счастье трудных дорог»
  • «Нихларский мост»
  • «Дороги Эдилхана»
  • «Вслед за солнцем»
  • «С верой в победу»
  • «Неведомыми тропами»
  • «Ибрагим-Бек»

Хьажоргаш

Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович   Литература Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович   Нохчийчоь Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович   Адамаш

Tags:

17 апрель1927 шо2013 шо31 декабрьВеданаВеданан кӀоштЖурналистЙаздархоНохчийНохчийн РеспубликаПоэтРСФСРРоссиСССРСоьлжа-ГӀала

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Криштиану РоналдуТулия (Техас)КъурайшӀаьрбийн моттСингапурМаркс, КарлОвхӀанЛанден (Огайо)Буьртиг-йалтаЭдисон, Томас АлваЯпон8 июньЕльцин, Борис НиколаевичАдаман даьӀахкийн чархДомброва (Могиленскан повет)ПуожапхьаруоНурнусӀийса денваларЖутиньиМарчюлёнис, ШарунасКоллонтай, Александра МихайловнаПублий Овидий НазонБеркаберВикиманиИталиНохчийчуьра олхазаршЗовуниТуркмениСпилберг, СтивенЭлчаСоветийн Союзан Коммунистийн партиНохчийМьянмаБассахуоКурдулиАмазонка (эрк)АсунсьонПолитика7 ноябрьВайн эрал 45 шо хьалхаХункар-мохкӀаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ18 ноябрьНилНохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн РеспубликаБийтаройПокшивна (Ополен воеводалла)АбанадесДевкар-ЭвлаПхьидарчийГӀалгӀайчоьМексикаМогӀамСаракаев, Хамзат Ибрагим-БековичМузей профессионального миниатюрного искусства Генрик Ян Доминяк в ТыхахАджариВикипедиЛивиБедарНохчийчоьнан нах беха меттигаш1991 шоII ЕлизаветаВепраты18 январьАбаранЛез-Ансиз-КомДерригдуьненан банкШолгӀа дуьненан тӀомИстмалаФурбара (Рим)1928 шо🡆 More