Дербент

Дербе́нт (от гӀаж.

ГӀала
Дербент
Сурт
ХӀост
ХӀост
HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион ДегӀаста
ГӀалин гуо Дербент гӀала
ГӀалин гуонан корта Абакаров, Хизри Магомедович
Истори а, географи а
Йиллина 438
Дуьххьара хьахор Вайн эрал VI бӀешо хьалха
Хьалхара цӀерш

VI кхаччалц — Чор

VIII кхаччалц — Дарбанд

XII кхаччалц — Баб-аль-Абваб
Майда МКх - 69,63 км²
Центран локхалла 0 м
Климатан тайпа хӀордйистан, барамера субтропикийн ахйекъа амалшца
Сахьтан аса MSD[d], UTC+3
Бахархой
Бахархой 123 720 стаг (2018)
Луьсталла 1776,8 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам лаьзгий, азербайджанаш, табасаранаш, даьргӀой, оьрсий, агулаш, эрмалой, ламанан жуьгтий, таташ, рутулаш, кхин а.
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 87240
Поштан индексаш 368600 — 368608
ОКАТО 82410
derbent.org
Картин тӀехь
Дербент картан тӀехь
Дербент
Дербент картан тӀехь
Дербент

Дербентан кӀоштан административан центр (ша цунна йукъа а ца йоду). Республикин маьӀна долу гӀала, кхуллу гӀалин гуо статус йолу муниципалан кхоллам Дербент гӀала, ша цхьаьна нах бехачу меттигах лаьтташ йолу.

Хьалхара эвланаш кхузахь кхоллайелла борзанан муьрехь — вайн эрал 4 эзар шо чекхдолуш. Дуьххьара хьахийна Каспийн кевнаш — Дербентан уггаре шира цӀе — в.э. VI бӀешо хь.: иза даладо гӀараваьлла ширажелтойн географо Гекатей Милетийн. Таханлера гӀала йиллина 438 шарахь гӀажарийн гӀап санна, иза гу тӀехь лаьтта чӀагӀо (Нарын-гӀала) йу, цунна тӀера хӀодан тӀе боьду шиъ тӀулгийн пен, цара къовлура готта (3 км) меттиг хӀордан а, Кавказан лаьмнашна а йукъара, къилбехьара а, къилбаседехьара а гӀала ларйора цара.

Этимологи

Дербент 
Дербентан чӀагӀо Нарын-гӀала а, чӀагӀонна чуьра шира гӀишлош а.

Дербент схьадаьлла гӀаж. دربند Дарбанд — «Къевлина (дихкина) кевнаш», тайп-тайпана къаьмнаш тайп-тайпана цӀераш еллера цунна.

Ширачу желтошна а, румхошна а Дербент Каспийн йа Албанхойн кевнаш дара, оцу цӀарца гӀала йевза гӀажарийн а, шемин а III—VI бӀешерашкара хьосташкахь. Броневский Семёна йаздина:«Дербент гӀала йоьгӀна и йукъаметтиг, йевзаш йара ширачу заманахь, цкъа pillae Caspiae цӀарца, йуха pillae Albaniae цӀарца, аьлчи а Каспийн а, Албанхойн а кевнаш.».

Уггаре ширачех цхьа цӀе — Верóй-пахр — «Гуьржийн хой». (йуккъерагӀаж. Wērōy-pahr, шем. ܘܪܦܐܗܪܓ Wirōpahrg, арм. Իւրոյ Պարհակ Iwroy Parhak желт. Ιβηρες). Хьалхарчу эрмалойн хьосташкахь олуш хилла Čor/Čoł.

Хьалхара йуккъерабӀешерийн Чоьхьара Кавказан авторша олуш хилла Чорин (Джорин) кевнаш, чӀагӀо, ЧӀогӀа гӀала, Чол, гуннийн кевнаш, наггахь хӀордан кевнаш йа Дарубанди (დარუბანდი), ткъа византийнчара — Тзор, Тзур (Цур) чӀагӀо.

ТӀаьхьо, схьагарехь VI бӀешарахь дуьйна гӀажарша ала долийра гӀаланах Дербент (дер — некъ, бенд — дуьхьало, хой), ткъа шемахоша — Торайе кевнаш, Ӏаьрбоша — Баб аль-абваб (кевнийн кевнаш), Баб ал-хьадид (аьчкан кевнаш), гуьржаша — Дегвис кари (хӀордан кевнаш), монголаша — Кахулга (кевнаш), тюркаша — Демир капы (аьчкан кевнаш), оьрсаша — Дербент.

Шира историкаш дийцарехь, Албанус а, Кассы а эркашна йукъахь лаьтта Албана гӀала, таро йу Дербенд хила; эркаш Албанус — Самур ду ала, ткъа Кассы — Манас йу ала, уьш охьадоьду Буйнакан (Шири-ГӀала) а, Таркхин а йукъахула.

Дербентан цӀе хийцира Баб-аль-Абваб (аль-Баб) аьлла VIII бӀешо долалуш Ӏаьрбоша схьайаьккхинчул тӀаьхьа. Оцу цӀарца лелла Ӏаьрбийн историкан-географин литературехь. И цӀе йаьржира цхьана хенан иранан а, тюркийн а литературехь. Ӏаьрбийн Халифат йоьхначул тӀаьхьа, шеш йолу пчхьалкхаш кхоллаелча, регионехь гӀаланах ала долийра хьалха санна, Дербент.

Географи

Дербент — Российн Федерацин уггаре къилбехьара гӀала йу. Лаьтта Каспий-хӀордан малхбузан бед тӀехь, Суходол эрк тӀехь, Рубас эркан хикхочен къилбаседехьа, Йоккха Кавказан лаьмнаш Каспий-хӀордан уггаре герга доьдучехь, кхо километр готта аренан аса бен ца йуьсуш. Иза къовлуш, гӀало кхуллура Дербентан йа Каспийн дехьаволийла. Дербентан а, Дербентан дехьволийлин а роль ширачу заманахь йоккха хилла, иза лаьтта стратеги нагӀора ладамечу а, топографин агӀора аьтту болчу а меттигехь, Малхбузен Европа а, Хьалхара Ази а уьйр ечу гӀарабаьллачу Каспийнйистан новкъахь.

Климат

Дербентан климат — барамерачун тӀера ахйекъа субтропикийнчуьнга дехьаериг йу. Климатан Ӏаткъам бо Каспий-хӀордо, иза бахьнехь гуьйре еха а, йовха а хуьлу, ткъа бӀаьсте тӀехьаюьсу. Ӏа кӀеда ду, ло шарахь шина кӀирнах бен ца лаьтта, уггаре шийла бутт февраль бу. Аьхке еха а, йовха а хуьлу.

Шеран йуккъера температура Дербентехь: +13,2 °C, февраль беттан йуккъера температура +2,6 °C, июль беттан йуккъера температура +25,2 °C (максимум +41 °C). Бовхачу муьран бохалла — 270 де ду. Йочанийн шеран йуккъера барам 400 мм гергга бу; уггаре догӀанан бутт — октябрь. Шеран хӀаваан тӀуналлин йуккъера дустаран барам — 69,5 %, мохан йуккъера сихалла — 6,0 м/с.

Дербентан (барам 1981—2010 шерийн) климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юккъера температура, °C 3,0 2,6 5,2 10,6 16,2 22,0 25,2 25,0 20,5 14,8 9,1 4,7
Йочанан норма, мм 27 38 25 19 26 17 22 25 50 58 49 43
Хьост: ФГБУ "ВНИИГМИ-МЦД" (итал.). meteo.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 29 сентябрь. Архивйина 2017-07-31 — Wayback Machine
Дербентан климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек.
Юьззина максимум, °C 15,7 20,0 28,3 34,2 31,4 34,6 35,8 39,8 33,0 28,0 23,4 19,4
Юккъера максимум, °C 5,6 5,3 8,2 13,2 20,5 25,7 29,3 29,1 24,5 18,1 11,9 7,7
Юккъера температура, °C 3,0 2,6 5,6 10,7 16,7 21,4 25,4 24,6 20,2 14,5 9,0 5,3
Юккъера минимум, °C 0,8 0,3 3,0 7,4 12,7 18,4 20,5 21,6 17,4 11,6 6,5 2,6
Юьззина минимум, °C −12,5 −17,8 −9 −3,1 4,2 11,0 12,9 9,0 5,1 0,4 −3,9 −12,1
Йочанан норма, мм 13 21 19 12 16 17 34 16 26 34 18 29
Хин температура, °C 4,1 3,2 5,0 9,7 15,3 21,2 24,9 25,6 22,0 16,9 11,3 6,7
Хьост: pogodaiklimat.ru

Дербентан 2000 шо кхачар даздар

2012 шеран 21 ноябрехь Российн Президента Путин Владимира куьг йаздина «Республик ДегӀастанера естан Дербент гӀ. йилларан 2000 шо кхачар даздарех» цӀе йолу № 1559 омарна.

2015 шарахь Республика ДегӀастанера Дербент гӀ. 2000 шо кхачарна сацам бо: 1. Российн Федерацин Правительство кховдина Республика ДегӀастанера Дербент гӀ. 2000 шо кхачар 2015 шарахь даздар тӀеэца.
2. Российн Федерацин пачхьалкхан Ӏедалан меженашна а, субъектийн пачхьалкхан Ӏедалан меженашна а, меттигера шеш-шайна урхаллин меженашна а кховдо, кечам беш а, даздеш а Республика ДегӀастанера Дербент гӀалин 2000 шо кхачар дакъалацар.

3. ХӀара Омар леладолу куьг йаздинчу дийнахь дуьйна.

2015 шеран 19 сентябран хан йиллина гӀалин 2000 шеран юбилей йазйар. ЙогӀур йу 40 сов вакилат (5 эзар гергга хьаша) Российн тайп-тайпана регионашкара а, гергара а, генара а дозанал арахьара мехкашкара (Иранера, Туркойчуьра, Азербайджанера, Гуьржийчуьра, Кхазакхстанан).

Дуьненайукъара гӀуллакх

2008 шарахь дуьйна Дербент гӀала Дерригдуьненан «Цхьаьнатоьхна ГӀаланаш а, Меттигера Ӏедал а» кхолламан Евразин регионан декъан (ЦГӀМӀ Евроазин регионан декъан) декъахо йу. 2004 шарахь ВКъКх гӀолоцуш кхоьллина Дерригдуьненан «Цхьаьнатоьхна ГӀаланаш а, Меттигера Ӏедал а» кхолламо» (ДКх ЦГӀМӀ) цхьаьнатуху 1000 сов гӀала а, дуьненан ассоциацеш а 136 махкара. Евразийн регионан декъан йукъайоду ЛПД мехкийн а, Монголин а меттигерачу Ӏедалийн 109 гӀала а, ассоциаци а.

2003 шарахь ЮНЕСКОс къобал йина Дерриг дуьненан адамаллин тӀаьхье ламастан гӀишлош йолу Дербентан шира дакъа. Дербент Дерригдуьненан тӀаьхьенан гӀаланийн кхолламан декъахо (ДТӀГӀКх).

ДоттагӀий-гӀаланаш

Комментареш

    Комментареш

Билгалдахарш

Литература

Топографин карташ

Хьажоргаш


Дербент  ХӀара  ДегIастанан географех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана.

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Дербент, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Дербент ЭтимологиДербент ГеографиДербент ан 2000 шо кхачар даздарДербент Дуьненайукъара гӀуллакхДербент КомментарешДербент БилгалдахаршДербент ЛитератураДербент Топографин карташДербент ХьажоргашДербентАзербайджанийн моттГӀажарийн моттГӀалаДаьргӀойн литературин моттДегӀастаЛаьзгийн моттРоссиРутулийн моттТабасаранийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Пачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаШенгелия, Георгий РамазовичДуьнеЛе-КильоАштаркхнеДербентПабуьТехасПодгайскаБелоруссиДекартCтомЛейпцигХӀиндСебиев РамзанURL18 июньСократКъилбаседа ЕвропаКуневоБойсгӀарАхмадов МусаРингвуд (Нью-Джерси)ПарфенонДиговИспанхойн моттТгӀегонноШпицбергенПенвенанСтоматологиАвстрали.myБасаев, Шамиль СалмановичХраст (Плзень-место)Италихойн моттВатиканСенегал.jpПлоьмоьгӀ-ГотьеГендаргнойЗумсойн МаІашГондурасРайт, Фрэнк ЛлойдОхотскан хӀордМаксвелл, Джеймс КлеркМухьаммадСант-Орсола-ТермеВаллелагиIPhone 15 ProГӀалагӀазкхийСтаре КуровоОьрсийОвхӀанТуркойчоьДи Каприо, ЛеонардоИбрахӀимЮнусХилидиКармракарВовшахлатарБӀарДжовоЦицигЦӀуцӀи МуцӀиГвинейПшелай(810) АтоссаДарвин, ЧарльзAppleМезень (гӀала)Сан-Матео (Калифорни)Канзас-Сити (Миссури)🡆 More