Бепиг

Бепиг — бепиган сурсат, до совсоргца кӀадбина бод боттий (лаьтта лаххара а демех а, хих а).

Бепиг
сурт
Компоненташ
Коьрта
Бепиг Викижайнин тӀиера рецепташ темица Бепиг
Бепиг
Медиафайлаш Викилармехь Бепиг
Бепиг
Хадийна батон
Бепиг
Французийн бепиган дикка стомма чкъуьйриг йу
Бепиг
Кепа тоьхна бепигаш а, булканаш а туьканахь
Бепиг
Бепиг кунжутца
Бепиг
Струкла — европера мерза бепиган тайпа
Бепиг
Йуккъераазин бепиг

Российн ГОСТца, бепиг лору бепиган сурсат 500 г сов деза далахь тӀуналла 19 % сов йелахь (ГОСТ 32677-2014 терминологица). «Бепиг» дукха хьолехь олу йуьртабахаман культурех (кӀех, сосах, мекхах, кхин долчех а), кхин а оцу культурийн шех дама доккху буьртигах а (хьажа буьртиган культураш). Бепиг деш леладо кӀен йа сосан дама, наггахь леладо мекхан дама, сискал йеш леладо ахьар. Цхьацца тайпана бепигаш деш туху ахьар, чамбийриш — масала, цицанан хуш, бӀараш, кишмиш, саьрамсекх, туьрк, кунжутан, петӀамат-зезаган хӀуш. Буьртигашца бепиг хаздо. Бепиг деккъа дуу, кхин а дуу налхица, арахисан йа маьлха хӀун даьттанца, вареница, маргаринца, повидалца, джемаца, желеца, мармеладца, мозца, ма-дарра аьлча иза, цӀе бутерброд йолу даар ду. Бепиг леладо сэндвичан бух санна. Иза детина йа цӀедина (масала, тостер чохь), хьалха дуьллу доза доцуш, чуьра температурица йа довха. Цхьацца оьздангаллашкахь — масала, Эфиопехь (ынджера) — бепиг леладо хӀумайуу гӀирсаш санна. ДӀахьарчийна доцу бепиг латтадо бепиг чудуьллучу пхьегӀанахь, иза ца талхийта. Дегара-ненера дӀалуш цамгар йу — целиаки — иза хилча бепиг даа ца мега, цунна йукъахь долу глютен бахьнехь. Цомгашчо валлалц диета лело йеза глютен ца йууш.

Истори

Бепиг — неолитехь дуьйна йукъадаьлла уггаре ширачех сурсат ду. Хьалхара бепиг деттина худар санна хилла, деш хилла берцах а, хих а, кхин хууш а, ца хууш а хица, деманца эксперименташ йеш нисделла а хила тарло. Ишттачу хьалхарчу бепиган тӀаьхье йу хӀинца дерриг дуьненахь тайп-тайпана Ӏевнех деш долу бепиг — масала, мексикин тортилья, хӀиндин чапати, Цийчоьнан баобин (báobǐng, 薄饼), шотландин сулин хьокхам, къилбаседаамерикин хьаьжкӀин хьокхам (сискал), эфиопин инжера. Иштта хьокхаман кепара бепиг хилла дукхаха йолчу шира цивилизацийн коьрта кхача: шумераш дуура мекхан хьокхамаш, ткъа вайн эрал XII бӀешо хьалха мисархошка эвланийн урамашкахь баккхалаш чохь эцалора хьокхамаш, царех олура та. тохарийн нах дӀабоьхкина меттигашкахь (Лоуланан хаза йоӀ в.э. 1800 шо хь) карийра буьртигаш чохь тӀоьрмиг а, цаца а, цуо шеко йоцуш оцу хенахь кхачанехь бепиг лелор гойту.

«Бепиг» цӀарца девза цхьацца кенан ораматан буьртиган демех дина тайп-тайпана дааран сурсаташ, иза ду халкъан кхачанан ладаме коьрта дакъа. Уггаре коьрта бепиган культураш: кӀа, сиэк, мукх, хьаьжкӀа, дуга, борц, кена, сугӀа, дурра. Кенаш доцуш, бепиган ораматийн роль лелайо цхьацца кхин — масала, маниоко (кассавес), масех тайпана пальмано, бепиган дитто (Artocarpus), арророуто, кхечара а.

Совсорган бедах дина бепиг дуьххьара йукъадаьлла лору Ширачу Мисрах, иза доьзна ду кӀа кхиа меттигера беркате тамехь долчу хьелех, ткъа иштта бепиг кечдан оьшура керла ши хьал долу кӀен тайпа даккха. Мисрахь хьалхаранекъийн муьрехь дуьххьарлера тодар хилира, кара а дина, кхиа а дина хьалха цӀеран тӀехь дакъа а ца деш ара йиш йолу кӀа. ШолгӀа беллам хилра дуккха а маза (белок) йолу кӀен тайпа карор, цуо таро йира совсорган бепиг йукъадаккха.

Дуьххьара совсорган бод лело баьккхина лору вайн эрал XVII бӀешо хьалха, амма иштта бод бола таро йолу кӀа хуьлура кӀезга. Иштта долу кӀа тоьуш цахиларан жамӀ, тӀетевжина иштта кӀа цкъан а Шира Желтойчоь деина ца хиларо в.э. IV бӀешерал хь.

Хьалхарчу тайпана бепигийн бод совсо дукха хьесапаш дара. Совсорган меттана лело таро йара хӀаваэра бактереш, цунна бод баттале цхьаьна ханна дӀабоьллий хӀаваэхь буьтура. И технолог ихӀинца лелош йу бепиган совсийна бодкечбеш. Плиний Воккхахаволчо йаздина, галлаша а, иберихоша а лелайора йий тӀера схьаэцна чопа, иза дора «кхечу къаьмнашчул бепиг дайдан [аьлча а кӀезиг чорда] дан». Йийн меттана чагӀар муьйлучу Шира дуьненан дакъошкахь, бод совсош леладора кемсийн муттан а, деманан а иэдар йа кӀен чагӀарца тӀунйина дуьйраш, иза мустдалийтора. ТӀаккха а уггаре даьржина хьесап дара бепиг деш бедан кийсиг йитар, шолгӀачу дийнахь бепиг совсош совсаран хьост санна иза лелор

Хьажа кхин а

  • Бепиг даттаран болх
  • Бепиганзавод
  • Бепиг далар
  • Пачхьалкхан бепиган инспекци
  • ГӀорадайтина бепиг
  • Бепиган музей (Агдам)
  • Даттаран тӀекхетар
  • КӀа
  • Бепиган чкъуьйриг
  • Бепиган буьртиган культураш
  • Бепиган Спас

Билгалдахарш

Литература

  • Хлеб и хлебобулочные изделия — Хлеб ржаной и ржано-пшеничный // Товарный словарь. Том 9 / Гл. ред. И. А. Пугачёв. — М.: Госторгиздат, 1961. — Стб. 216—231
  • Хлеб // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Кеп:Книга:Каравай
  • Бессонов И. А. Традиция передачи «святого хлеба» и «пирога счастья» в XX—XXI вв. // Живая старина. — 2011. — № 3. — С. 5–8
  • Величко Е. М. и др. «Без хлеба нет обеда» // Русская народная кухня. — М.: Колос, 1992. — С. 253—262. — 303 с.
  • Ковалёв В. М., Могильный Н. П. Главное кушанье на все времена // Русская кухня: традиции и обычаи. — М.: Советская Россия, 1990. — С. 70—82. — 256 с.
  • Ковалёв Н. И., Усов В. В. Ломоть хлеба // Рассказы о тайнах домашней кухни. — М.: Химия, 1993. — С. 293—313. — 336 с.
  • Кузьминский Р. В., Поландова Р. Д. и др. Хлеб в нашем доме. — М.: Лёгкая и пищевая промышленность, 1981. — С. 3—18. — 112 с.
  • Хлеб / Лабутина Н. В. // Хвойка — Шервинский. — М. : Большая российская энциклопедия, 2017. — С. 94—95. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 34). — ISBN 978-5-85270-372-9.
  • Максимов С. В. Куль хлеба и его похождения. — М.: Молодая гвардия, 1982. — 238 с.
  • Похлёбкин В. В. Хлеб // Занимательная кулинария. — М.: Лёгкая и пищевая промышленность, 1983. — С. 64—70. — 128 с.

Хьажоргаш


Билгалдахарш

Tags:

Бепиг ИсториБепиг Хьажа кхин аБепиг БилгалдахаршБепиг ЛитератураБепиг ХьажоргашБепиг БилгалдахаршБепигБодСовсорг

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

АвиныДенверФугӀметоНохчийн РеспубликаГоряни (Львован область)Бексултанов, Муса ЭльмурзаевичКалемкоьй (Милас)IP-адресКъобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхашПашбукъЖозИранСацаран хьаьркашСпрингфилд (Миссури)Биологин тайпаТелятинЛинкольн, АвраамДанбери (Техас)МовьегӀРуссо, Жан-ЖакРоньоБгӀушиГуьэ-д’ОссуьЛаосБелоруссиДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарНохчийДоазиАзиБейт-ШемешБуьзансеЛабуьгӀгадОшаев, Халид ДудаевичСен-КигӀенГайтукаева, Бана Мустафаевна1840Лаха НевреПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу испискаИсраил5 январьBTSМаясСан-Пабло (Калифорни)Виченца.рфNGC 4220Абаст-ХьаьжаАлханов Ӏали ДадашевичЭнемТайвань«Бакъдерг» (газет)2019 шоВысоки Горан кӀоштСагаипова, Макка УмаровнаНохч-МохкНохчийчуьра акхаройЭукариоташ1949 шо2008 шоГӀепагӀсакКӀайн ло а, ворхӀ буьйдолаг а (1937 фильм)Себу (гӀала)НохчийчоьБелхаройПоберовоПасифик (Вашингтон)Тувинийн моттСталин, Иосиф ВиссарионовичВегӀак (Ло)Иоганн Себастьян Бах🡆 More