Футбол Кевнахо: футболех ловзуш ков лардийриг

Ке́внахо (кхин а голкипер инг. goalkeeper) — кевнаш лардеш волу футболех ловзархо.

Коьрта Ӏалашо — дуьхьаларчу командин ловзархошна гол чутоха таро ца ялар. Дукхаха дерг ловзу кевнашна гергахь, гӀудан майданахь.

Куьйгашца ловзар

Кевнахо — цхьаъ бен воцу ловзархо ву, шена а хууш буьрканах куьг тоха йиш йолуш (аут йоцург). Цуо юхаетта кевнаш чуетта буьрка, схьалоьцу лакхахула йогӀу буьрка, гӀудан майдане а, кевнийн майдане а йелла пасаш, кхин а схьайоккху «дуьхь-дуьхьала» нисвеллачу ловзархочуьнгара.

1912 шарахь дуьйна кевнахочун хууш куьйгашца буьрканах хьакхавалар доза тоьхна ду гӀудан майданца, цул арахьа куьг тоха ца мега (хьалха магара шен агӀорачу командан декъехь миччахьа а куьйгаца ловза). Оцу гӀудан майданал арахьа кевнахо ловзу кхин болу аренан ловзархой санна (масала, шен гӀудан майданал арахьа буьрканах куьг тоьхначу кевнахочун аренан ловзархочунна санна таӀзар до). Шен гӀудан майданахь волуш, кевнахочун таро ю шен кевнашна чу буьрка тоха, куьйга буьрка а кхоьссина, и гол лорур а ю (иштта меттиг, масала, нисъелла 1971 шарахь ССРС чемпионатехь). Цу тӀе куьйгашца буьрка дуьхьаларчу командин кевнашна чукхосса кевнахочун бакъо йац — ловзаран официалан бакъонийн «10 бакъонца», «Нагахь кевнахочо дуьхьалчу командин кевнаш чу дуьххьал дӀа куьйгашца кхоссахь, буьрка кевнашна тӀиера аратуху.»

Амма кевнахочун бакъо йац буьрканах куьг тоха, нагахь шен ловзархочо шега пас еллехь (оцу юкъахь йац гӀодаюкъал лакъарчу меженашца йелла пас, йа буьрка когаца сацийна, караэца мега), царна юкъахь аутера йелла пас а ю. Ца хууш шен ловзархочух схьакхоссаелла буьрка схьалацар мегаш ду. Нагахь кевнахочо накъосто хууш йелла буьрка куьйгашца схьаэцнехь, тӀаккха бакъонаш йохорна хӀоттадо паргӀата буьрка тохаран гӀуда.

Ловзучу хенахь кевнахо шен кевнашна уллехь латтахь а, цуьнан цхьан а бехкам бац кхечунхьа ловза а. Масала, кевнахочо дакъа лаца таро ю шен командин тӀелатаран гӀуллакхехь а, гол тоха а.

Ловзаран техника

Шен ловзарехь кевнахочо лелайо иштта приёмаш: буьрка сацор, дӀатохар/аратохар муьлххачу дегӀан меженца (схьа ца лацалахь), лакхахула тоьхна буьрка схьалацар.

Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)

Кевнахо хила виеза атлетикин куц долуш, кхоссалуш, цуо ло цунна башха аьтту гӀуданан майданахь ловзуш, тӀахъаьлла, онда, акробат санна каде, мостагӀал хьалхавала хаа деза, буьрка муьлххачу агӀора сацо а, схьалаца а йа буьйнашца дӀатоха а хаа деза. Цуьнан буьрка тохар чӀогӀа хила деза, кхоссар гена хила деза, буьрка васхал тӀехула кхосса йа штангин арахьахула хьажо хаа деза.

Кевнахочун хаа деза кевнашкахь нийса меттиг лаца, араволуш воха ца веза, кевнашна хьалха дуьхьало хӀотто еза цуо, сихха контртӀелатар доло деза.

Кевнахочун ловзар хила тарло хьал хаа дезаш а, цӀеххьана нислучу а хьоле хьежа везаш а хуьлу, цигахь обшу хьуьнар, сиха реакци, концентрации, тидам хилар, аренан а, хенан а, динамикин а леларан нийсалла, цуьнан биомеханикин эвсаралла. Леларан-координацин хьуьнарех кхетадо сиха, нийса, Ӏалашонца, экономица, сихха сацам барца, аьлча а дика лело леларан Ӏалашо (чолхе а, цӀеххьана хуьлушъерш муххале а)

Экипировка

FIFA тӀеэцна футболех ловзаран 4 бакъонца, кевнахочун духар къаста деза шен командин кхечу ловзархойчуьнчех, дуьхьаларчу командин ловзархойчуьнчех, ткъа иштта матчан суьдхойчуьнчех. Цхьаболу кевнахой дика бовзура шайн духарца: Яшин Леван кунья яра "Ӏаьржа пантера", духаран бос бахьнехь, Хорхе Кампос къаьстара шен басарийн духарца.

Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш) 
Кевнахойн каранаш

Дукха хьолах командера хьалхара лоьмар йихкина хуьлу кевнахочух. Уггаре дика девза оцу низамера дӀавалар ду аргентинин кевнахочун Убальдо Фильолан, цуо лелийра 5 лоьмар 1978 шарахь, 7 лоьмар 1982 шарахь дуьненан чемпионаташкахь.

Берриг футболисташа лело декхарийлахь йолу коьрта экипировка йоцуш, кевнахочо леладо башха каранаш, цара кӀадйо буьркан чӀогӀалла, таро ло ца кхоьрруш буьркан доладан. ПӀелгаш чурадахарх лардеш башхаллаш йолу каранаш ду. КаратӀедожийна дац, амма говзанчаш кевнахой наггахь а ца ловзу уьш доцуш.

Магайо кхин амуници а, кевнахо йа кхин матчан декъахо лазоран кхераме йацахь, масала кӀеда ларваран гӀем йа кӀеда лаба йолу хураьшка. Масала, чехийн голкипер Петр Чех ша лазийначул тӀаьхьа ларваран гӀем лелош ву, оцу хенахь дуьйна цуьнан «визитан карта» хилла гӀемах.

Кевнахо хийцар

Ловзар сацийначу хенахь муьлхха а ловзархо меттигашца хийцавала йиш ю кевнахочуьнца (хьалха суьдхочуьнга а хаийтина), цул тӀаьхьа кевнахочун бакъо дехьайолу оцу ловзархочунна. Практикехь и бакъо лелайо, кевнахо лазийча йа гӀудан йукъара ваьккхича, ткъа хийцаман барам чекхбаьлла йа кхин кевнахо воцуш меттиг хилча. Иштта хийцаман барам бан а бац. Бухахь кхин а 2 кевнахо (тӀедиллина) а, масех тӀелатаран а, дуьхьалонан а ловзархой бу кевнашка хӀитта йиш йолуш.

Кевнахой тӀелатарехь

Кевнахочун коьрта Ӏалашо — шен кевнаш лардар йолушехь, цхьаболу кевнахой ловзу шен кевнашна генна. Ишттачу кевнахойн декъехь бу Рене Игита, Хорхе Кампос, Брюс Гроббелаар, Мануэль Нойер. Иштта ловзаран кеп, кевнахочо гӀалат даккхахь, деса кевнашна чу буьрка тухуш хуьлу (иза нисделира, масала, 1990 шеран дуьненан чемпионатан 1/8 финалан матчехь, цигахь Колумбин Камерунца ловзочу матчехь Рене Игитин гӀалато колумбихой иэшийтира).

Цкъацца кевнахоша голаш а туху. Дукха хьолахь иза нисло ишттачу меттигашкахь:

  • Кевнахочо дика туху гӀудан буьрка а, пенальти а (Мануэль Нойер, Рене Игита, Рожерио Сени, Хосе Луис Чилаверт, Ханс-Йорг Бутт). Амма кевнахочо гӀуда йа пенальти тухуш кхерам бу, дуьхьала йолу команда контртӀелатаре яхана, деса кевнаш чу буьрка тохаран.
  • Кевнахо шен командин тӀелатарех дӀакхета тӀаьххьарчу миноташкахь, оьшу гол йилларе сатуьйсуш. Иштта голаш тоьхна Микеланджело Рампуллас, Петер Шмейхела, Поом Марта, Леманн Йенса (2 гол), кхин болчара а. 2007 шеран 15 мартехь УЕФА кедан «Севильян» а, «Шахтёран» а йукъара 1/8 финалан матчехь, тӀаьххьарчу миноташкахь, чот 2:1 «Шахтёр» тоьлуш йолуш, чутуьйхира «Севильян» кевнахочо Андрес Палопа, цуо таро елира цуьнан клубан ловзаран тӀе хан тохаре, ткъа цул тӀаьхьа, туола (тӀьаьха УЕФА кад баьккхира).
  • Кевнахочо ца хууш гол туху геннара шен гӀудан майданара (Пат Дженнингс, Драган Пантелич, Пол Робинсон, Юрий Жевнов, Тим Ховард).

ХӀинца говзаллин тӀегӀанехь кевнахошна юкъахь чутоьхначу голийн рекорд ю Рожерио Сенин. Хосе Луис Чилаверта уггаре дукха голаш тоьхна къоман гулйина командашна юкъахь (8), ткъа иштта кевнахошна юкъахь цхьаъ бен вац хет-трикан автор (иза хилира аргентинин клубаш «Велес Сарсфилд» а, «Феррокариль Оэсте» а ловзуш 1999 шеран ноябрехь; «Велес» туьйлира 6:1. Кхуьй а буьрка Чилаверта туьйхира пенальтера).

Говзаллин карьерехь уггаре дукха голаш тоьхна итт кевнахо

(2014 шеран 16 сентябран хьолехь)

ЦӀе Голийн барам Мохк Карьеран шераш Гулйина командехьа Хьажорг
1 Рожерио Сени 123 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Бразили 1992—2015 1997—2006 IFFHS
2 Хосе Луис Чилаверт 62 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Парагвай 1983—2005 1989—2003 IFFHS
3 Рене Игита 41 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Колумби 1985—2010 1987—1999 IFFHS
4 Хорхе Кампос 40 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Мексика 1988—2004 1994—2004 IFFHS
5 Димитр Иванков 40 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Болгари 1995—2011 2003—2010 IFFHS
6 Джонни Вегас 39 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Перу 1997—2017 1999—2000 IFFHS
7 Мишель Альваро 39 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Сальвадор 1988—2010 1991—2005 IFFHS
8 Ханс-Йорг Бутт 29 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Германи 1994—2012 1999—2010 IFFHS
9 Марко Корнес 24 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Чили 1975—1998 1983—1995 IFFHS
10 Драган Пантелич 22 Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  СР Югослави 1971—1985 1979—1984 IFFHS

Шеран уггаре дика кевнахой ФИСДФ версица

Шо Ловзархо Клуб
1987
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Жан-Мари Пфафф Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Бавария Мюнхен
1988
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Дасаев Ринат Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Спартак Москох
1989
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Вальтер Дзенга Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Интернационале
1990
1991
1992
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Петер Шмейхель Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Манчестер Юнайтед
1993
1994
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Мишель Прюдомм Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Мехелен
1995
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Хосе Луис Чилаверт Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Велес Сарсфилд
1996
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Андреас Кёпке Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Олимпик Марсель
1997
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Хосе Луис Чилаверт Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Велес Сарсфилд
1998
1999
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Оливер Кан Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Бавария Мюнхен
2000
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Фабьен Бартез Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Манчестер Юнайтед
2001
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Оливер Кан Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Бавария Мюнхен
2002
2003
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Джанлуиджи Буффон Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Ювентус
2004
2005
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Петр Чех Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Челси
2006
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Джанлуиджи Буффон Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Ювентус
2007
2008
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Икер Касильяс Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Реал Мадрид
2009
2010
2011
2012
2013
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Мануэль Нойер Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Бавария
2014
2015
2016
2017
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Джанлуиджи Буффон Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Ювентус
2018
Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Тибо Куртуа Футбол Кевнахо: Куьйгашца ловзар, Ловзаран техника, Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)  Реал Мадрид

Оьздангаллин а, исбаьхьаллин а кхолламашкахь

  • «„Ювентусан“ футболка йоьхна автосурт», Дуранте Доменикон 1926 а, 1930 а шерашна йукъара сурт (италихойн исбаьхьалча а, 1900—1911 шерашкара туринан клубийн футболист-кевнахо а)
  • Кевнахо (фильм, 1936), ССРС.
  • Кевнахо (Григорьевн сурт), ССРС (1949), Сталинан II тӀегӀанан совгӀат
  • Футболисташ (Чайковн скульптура), ССРС (1938)
  • Кевнахо (фильм, 2000), Испани.
  • Матч (фильм, 2012), Росси

Хьажа кхин а

  • Сту лоцу гезго тохар

Хьажоргаш

Билгалдахарш

Tags:

Футбол Кевнахо Куьйгашца ловзарФутбол Кевнахо Ловзаран техникаФутбол Кевнахо Кевнахочун спецификин дикалла (хьуьнарш)Футбол Кевнахо ЭкипировкаФутбол Кевнахо Кевнахо хийцарФутбол Кевнахо Кевнахой тӀелатарехьФутбол Кевнахо Шеран уггаре дика кевнахой ФИСДФ версицаФутбол Кевнахо Оьздангаллин а, исбаьхьаллин а кхолламашкахьФутбол Кевнахо Хьажа кхин аФутбол Кевнахо ХьажоргашФутбол Кевнахо БилгалдахаршФутбол КевнахоИнгалсан моттФутбол

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЖӀайрахьан кӀоштСегӀжи16 февральНогӀж-ла-ВильТогӀси-ан-ВалуаБайтогӀе.soФгӀепийон1934 шо1912 шоАйдамиров, Абузар АбдулхакимовичЖӀайрахан кӀоштСербаш1932 шо.rwТуьркНохчийн Республика Ичкери1977 шо27 январьСен-Мексан-л'Еколь1972 шоБадаржМамакаев, Мохьмад АмаевичХелхарИбраьхӀимРастТанкВикимедин фондБельвиль-ан-БожолеЖузи1924 шоВо-ан-ВегӀмандуа1963 шоЗударийн накха1914 шоАпиаАхмадов, Муса МагомедовичГезлой1928 шоБӀовАзан.mtАтмосфераЛа-ГаягӀдКасибиле.mk.bf.nfСоьлжа-ГӀалаНатик (Массачусетс)ШандеКадыров, Ахьмад Абдулхамидович11 август\u042f\u0440\u043e\u0432\u0430\u044fОвенсборо (Кентукки)Вальбонне2007 шо.byГеографиОьрсийн ВикипедиЛе-Плесье-УьлоьТеркСахьтан асаПанама1968 шо.de.lyГиппократФинлянди1976 шо🡆 More