Гиппократ

Гиппократ (шира.-грек : Ἱπποκράτης), вина в.

з. к. 460 шаран Кос бохучу гӀайренан тӀаьхь, тӀаккха, велла в. з. к. 377 шаран Ларисса бохучу гӀалахь. Шийра Желтойчоь гӀараваьлла грекийн лор, цул совнах, филосов а хилла.

Гиппократ
желт.-шира. Ἱπποκράτης
Питер Пол Рубенсо (Peter Paul Rubens) йина бюст, 1638 шо
Питер Пол Рубенсо (Peter Paul Rubens) йина бюст, 1638 шо
ГӀуллакхан тайпа врач, философ
Вина терахь в. з. к. 460 шаран
Вина меттиг Косийн гIайра, Желтойчоь
Кхелхина терахь в. з. к. 377 шаран
Кхелхина меттиг Ларисса, Желтойчоь
Корматалла Iилманча, Лор, Философ
Викилармин логотип Гиппократ Викилармехь
Гиппократ
Иллюстрацийно гойту гIажарийн паччахьо Артаксерксо дина совгIаташ Гиппократо тIе ца лацар.

«Mедицинaн да» ву аьлла цӀе йaхана, Ӏеламча наха вуйцуш ву из-а, таханлерчу дийнахь. Цуо кхоьллан гиппократийн ишкола бахьан долуш баккхий хийцамаш а, кхиораш хилла адамийн дарбанан говзаллаьхь. Цул совнах, Гиппократо адамийн дарбанан говзалла (медицина) ша кхаьстан Ӏилма ду аьлла билгал даьккхана кхечу Ӏилманаш йукъара схьа а къастийна.

Цуьнан дахараьхь а, цуьнах лаьцна кӀеззиг хаамаш бу вай заме а кхаьчна, ткъа таханлера медицийнан профессих йоьзна йoлу бакъонаш а, этика a, лоьран декъараш, лоьран лелар муха хила деза билгал йоккху «Гиппократан дуй» кхоллархо иза хилар массо историйн Ӏилманчаша бакъ до.

Биографи

Историйн Ӏилманчаша бакъ до Гиппократ в. з. к. 460 шарахь Кос боху гӀайренан тӀаьхь вина хилар. Дуьххьара цуьна дахараьхь лаьцна биографийн тептар йазинарг ву Эфесан Соран, и хилла ша а лор.

Цуо дуьйцу: цуьнан де цӀе Гераклид хилла, тӀаккха из-а ша а лор хилла.Эфесан Соранo вайна гучдоккху уьш шай дайшкар дуьйндахь адамийн дарбанан говзаллийн некъ лелош хилар. Ишта, Гиппокрити бераш а лела бина шай дас шайга кховда бина болу- шай дайша лелина некъ.

Говзалла

Гиппократи дарбанан говзалла къаьстина хилар билгалонаш: Ша тӀе лаьцна лелош болу стеган дарба дан некъ чӀогӀа тидаме а оьцуш хилла цуо. Оц тӀаьхь, хӀора боккхуш болу ког шие низам долуш хилла.

Цамгар кхолла йалар бахьанaш лахар, ишта оц балхан тIаьхь таллам бар. Белхан гIирс леларабаран раж а, тIе деан адамийца хила йизаш йoлу юккъаметтиг а, тIаккха лоьри куьйга пIелгаш тIера маIараийн йахаллe моццул хила йеза бист кхаччалца дуккху хIумнашан тидаме хилла из-а.

Ишта, профессионализм а, къовламе белхан методологи а, оцу белхан документаци а йoлуш хилла. Цундела олу цуьнах Ӏилманчаша «медицинaн да»

Tags:

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Буэнос-АйресОук-Крик (Висконсин)Зударийн накхаБисултанов, Апти ДибаевичДоло (Итали)Толамхо Георгий1964 шоКузакемаЯитаОта (гӀала, Япон)Кинешман кӀошт7 октябрьИндустриЛернанистСент-ЛуисГӀаззаДезоксирибонуклеинан муьсталВашингтон, ДжорджОчеретини (Ясиноватин кӀошт)Ааронсбург (Сентр гуо, Пенсильвани)Клеймонт (Делавер)(6091) MitsuruКовСардалова Зулай23 февраль7 майНеткиКъилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциациГеродотЭджворт (Пенсильвани)Бадуев, СаьӀид СулеймановичЕзидаш570 шоНохчийн ВикипедиHTMLБаскиноСагаипова, Макка УмаровнаАвстралиФоркс (Вашингтон)Дуьненан хьалхара тӀомЖурналистВикипедиАнглефогӀШолгӀа дуьненан тӀомХӀиндуизмКоблевоСанта-Крус-де-ТенерифеТолстой, Лев Николаевич.tfНепалийн моттВилле-ГисленЖуьгтийн автономин областьАтлантикин ӀапказЦуруев, Шарип МовладовичРингвуд (Нью-Джерси)Багалова ЗулейханЛоман КарабахБолонья1626 шоВибегӀсвиллегӀДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарГгӀиежЛенинградан областьКайл (Техас)Коламбус (Миссисипи)АгриджентоЦона Индустриале (Алессандри)Соьлжин кӀошт (ГӀалгӀайчоь)17 декабрьПолитика🡆 More