Германи

Герма́ни (нем. Deutschland), официалан цӀе — Федерати́вн Респу́блика Герма́ни (нем. Bundesrepublik Deutschland), ФРГ (нем. BRD) — Йуккъерчу Европин пачхьалкх.

Майда — 357 408,74 км². Бахархойн барам 31.12.2015 шо — 82 175 684 бахархой.
Дуьненахь бахархойн барамца 16-гӀа меттигехь йу (2-гӀа Европехь) цул совнах майданца 62-гӀа меттигехь йу.

Федеративан Республика Германи
нем. Bundesrepublik Deutschland[…]
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Цхьаалла, бакъо, маршо
нем. 
Einigkeit und Recht und Freiheit»
Германин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Германи
Официалан мотт Немцойн мотт
Коьрта гӀала Берлин
Урхаллин тайпа Федеративан парламентан республика
Федеральни президент
Федеральни канцлер
Йоахим Гаук
Ангела Меркель
Латта
 • Шадерг 357 021 км² (62-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 2,42 %
Бахархой
 • Мах хадор 80 523 746 стаг
 • Ларар (2011) 80 219 695 стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2011) 3,089 трлн долл.
 • ХӀораннан а сина  (21-гӀа)
ДЧС (номинал)
 • Берриг (2009) 39 442 долл. (19-гӀа)
АДКИ (2013) 0,920 (лакхара.; 5-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш немцо, немцой.
Ахча Евро (EUR, код 978)
Интернет-домен .de, .eu (как член ЕС)
Код ISO DE
Код МОК GER
Телефонан код +49
Сахьтан аса +1 (аьхккий +2)
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Коьрта гӀала — Берлин. Пачхьалкх — немцойн. 65 % герга бахархой керста динлелош бу.

Пачхьалкхан дӀахӀоттаран кепца федеративан пачхьалкх йу цуьна йукъахь йу 16 административан-территорин дакъош — федералан латтанаш (Бавари а, Баден-Вюртемберг а, Берлин а, Бранденбург а, Бремен а, Гамбург а, Гессен а, Мекленбург-Хьалха Померани а, Лаха Саксони а, Рейнланд-Пфальц а, Саар а, Саксони а, Саксони-Анхальт а, Къилбаседа Рейн-Вестфали а, Тюринги а, Шлезвиг-Гольштейн а). Пачхьалкхан урхалин кеп йу — парламентан республика.

Европин бертан йуккъехь йу, Германин гонахьа бу Балтийн а, Къилбаседа а хӀордаш. Дозанаш ду Даница къилбаседехьа, Польшца а, Чехица малхбалехьа, Австрица а, Швейцариа къилбехьа, Францица а, Люксембургца а, Бельгица а, Нидерландашца а малхбузехьа.


Географи

Дозанца йолу пачхьалкхаш: къилбехьа — Швейцари, Австри, малхбалехьа — Польша, Чехи, малхбузехьа — Нидерландаш, Бельги, Франци.

ТӀие

Германи 
Германин топографии

Германин къилбаседехьара дакъа шен заманахь кхолла ела аренан тогӀе йу Къилба-Германин тогӀе, уггар лахара тӀадам Нойендорф-Саксенбандехь бу Вильстермарш цӀе йолу коммунехь, хӀордан сизал 3,54 м лаха. Йуккъера декъехь тогӀена гӀоьрттина хьуьн йолу ламанан кӀажа йу, ткъа къилбехьо долалуш ду Альпаш (Германин латтан техь уггар лекха тӀадам бу — Цугшпитце цӀе йолу лам, 2 962 метр).


Истори

Дуьххьара шира германхой хьахийна ширчу грекийн а, румхойн а белхашкахь. Уггаре хьалха хьахийначех цхьаъ ду 98 шо. Иза йаздина руман историко Тацита (лат. Tacitus). ХӀинцалерачу Германин берриг мохк Эльбан малхбале (славянийн Лаба) X бӀешо кхаччалц дӀалаьцна йара славянийн тайпанаша. (уллера хьажа: полабийн славянаш). XIIXIV бӀешерашкахь и латташ доьд-доьдуш йукъадахара тайп-тайпанчу немцойн пачхьалкхийн кхолламашна, оцу хенахь хӀоттаман дакъа Сийлахь-Йоккха Руман Империн. Хан мел йолу меттигерачу славянашна массарна а санна ассимиляци йира немцоша. И процесс йахйелира Йуккъера бӀешерийн чеккхенгара, керла зама йолаяллалц, ткъа меттигашкахь, тӀеххьарчу, хӀинца а йуьззина ассимиляци йанза долчу славянийн къоман — лужичахойн, хӀинци а йоьдуш йу.

Руман импери йоьхначул тӀаьхьа Малхбузан Европехь кхоллайелира Франкийн пачхьалкх, цул тӀаьхьа кхо бӀе шо даьлча, Карл Сийлахь-Воккха волуш, империи хилира (800 шо). Карлан империс дӀалацнера хӀинцалерачу цхьа могӀа пачхьалкхийн мехкаш, царна йукъахь Германи а. Амма Карлан импери дукха ца лаьттира — оцу императоран кӀента бераш йийкъира иза шайна йукъахь, кхоллайелира кхоъ пачхьалла — Малхбуза-Франкийн (тӀаьхьа Франци), Малхбале-Франкийн (тӀаьхьа Германи), Йуккъера паччахьалла (сихха йекъайелира Италин, Провансан, Лотарингин).

Германин пачхьалкх кхолларан ламаст хилла терахь ду 962 шеран 2 февраль: оцу дийнахь малхбаленфранкийн паччахьан Оттон I-чун таж а тиллина Румехь, Сийлахь-Йоккха Руман Империн император хилира; и импери лаьттара мехкийн (нем. Land) конфедерацех, хӀоранна а дара шен эскар, арахоьцура шайн ахча. Сийлахь-Йоккха Руман Импери коьртехь лаьттара император, иза хоржура курфюрстийн кхеташоно, мехкийн векалийн меже йара, — Рейхстаг (нем. Reichstag). ХӀора а махкехь йара сословин монархи ландтаг (нем. Landtag).

Иштта хьал лаьттира 1806 шо кхаччалц, Наполеон I-чун Ӏаткъамца йохийра Сийлахь-Йоккха Руман Импери, ткъа цуьнан император волавелира Австрийн императоран дарж лело. Немцойн пачхьалкхийн барм хаъал охьабелира, кхоьллира Рейнан Союз, иза а йара иштта маьршачу мехкех лаьттачу конфедераци. Рейнан бертан коьртехь лаьттира Федералан Президент (иза вара Французийн Император) а, шеш долу мехкийн меже — Бундестаг (нем. Bundestag) а.


Пачхьалкхан дӀахӀоттам

Бакъонийн система

Суьрташ

Административан йекъайалар

хьажа иштта Германин латтанаш

Германи 

Германи йу — федеративан хӀоттам болу пачхьалкх; цуна йукъайогӀуш йу 16 цхьаттера бакъонаш йолу регионаш — латтанаш (land)

Латта Коьрта гӀала Латтан немцойн маттахь цӀе Коьрта гӀалин немцойн маттахь цӀе
1. Баден-Вуьртемберг Штутгарт Baden-Württemberg Stuttgart
2. Маьрша латта Бавари Муьнхен Freistaat Bayern München
3. Берлин Берлин Berlin Berlin
4. Бранденбург Потсдам Brandenburg Potsdam
5. Маьрша ганзейн гӀала Бремен Бремен Freie Hansestadt Bremen Bremen
6. Маьрша ганзейн гӀала Гамбург Гамбург Freie und Hansestadt Hamburg Hamburg
7. Гессен Висбаден Hessen Wiesbaden
8. Мекленбург-Хьалхара Померани Шверин Mecklenburg-Vorpommern Schwerin
9. Лаха Саксони Ганновер Niedersachsen Hannover
10. Къилбаседа Рейн-Вестфали Дуьссельдорф Nordrhein-Westfalen Düsseldorf
11. Рейнланд-Пфальц Майнц Rheinland-Pfalz Mainz
12. Саар Саарбруьккен Saarland Saarbrücken
13. Саксони (латта) Дрезден Freistaat Sachsen Dresden
14. Саксони-Анхальт Магдебург Sachsen-Anhalt Magdeburg
15. Шлезвиг-Гольштейн Киль Schleswig-Holstein Kiel
16. Маьрша латта Туьринги Эрфурт Freistaat Thüringen Erfurt

Галерей

Билгалдахарш


Tags:

Германи ГеографиГермани ИсториГермани Пачхьалкхан дӀахӀоттамГермани Бакъонийн системаГермани СуьрташГермани Административан йекъайаларГермани ГалерейГермани БилгалдахаршГерманиЕвропаНемцойн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

КукечДезоксирибонуклеинан муьсталЮникои (гуо, Теннесси)Ахьмад ибн ХьанбалОкуев Шима1964 шоАхмадов, Муса Магомедович30 июльХӀинди моттМамакаев, Мохьмад АмаевичДентонУкраинийн моттЛамИбрагимов, Канта ХамзатовичБашкирийчоьНохчийчоьБорноваНохчийн Республика НохчийчоьТейвазКарина Капур1942 шоБезье (НогӀ)Толамхо ГеоргийБолоньяЛокалита Агроиндустриале Рива (Ровиго)Викимедин фондНинбоМежиева, Макка ШахидовнаЭсамбаев, Махьмуд Ӏеласолтийн воӀ30 январь9 июльАбанкугӀ (НогӀ)Нохчийн ВикипедиОта (гӀала, Япон)УрдуГӀезалойчоьПутинБоргӀалБалтиморАбсолютизмМадинатНиддаСагаипова, Макка УмаровнаУдмуртиКавказЭстонийн моттЗовуниПаскаев, Рамзан Султанович7 октябрьАддис-АбебаИнтермашаОчеретини (Ясиноватин кӀошт)Ааронсбург (Сентр гуо, Пенсильвани)ГарволевоДжайнизмЭдисон, Томас АлваЦийн Халкъан РеспубликаПублий Овидий Назон1979 шоХӀусамНеткиКузакемаНурадилов, Ханпаша НурадиловичЖитомиран областьТалхигова Роза🡆 More