Нурадилов, Ханпаша Нурадилович

Ханпаша Нурадилович Нурадилов (1924 шеран 6 июль, Гӏачалкъа — 1942 шеран 12 сентябрь Серафимович) — Советски Союзан турпалхо.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо. Цо хӀаллаквира пулемётаца 900 сов немцойн салти, 7 пулеметан ларар, схьалецира 14 мостагӀан салти.

Ханпаша Нурадилович Нурадилов
Нурадилов, Ханпаша Нурадилович
Вина терахь 1924 шеран 6 июль({{padleft:1924|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})
Вина меттиг ГӀачалкъа, ДегӀаста, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 1942 шеран 12 сентябрь({{padleft:1942|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (18 шо)
Кхелхина меттиг: Волгоградан область, Серафимович, РСФСР, СССР
Пачхьалкх ССРС СССР
Эскаран тайпа дошлой
Дарж сержант[d]
БӀахойн дакъа 5-гӀа гвардин дошлойн дивизи
Куьйгалхо пулемётан взвод
ТӀемаш

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом

  • Сталинградан латар
СовгӀаташ
Советийн Союзан Турпалхо
Ленинан Орден ЦӀен Байракхан орден ЦӀен Седан орден

Биографи

Ханпаша винера 1924 шеран 6 июлехь ГӀачалкъахь (тахана ДегӀастанан ГӀазгӀумкийн керла кӀоштан «Чаравали» йурт).

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь иза вара 5-гӀа гвардин дошлойн дивизин пулемоьтан взводан куьйгалхо. Захаровка йуьртан уллехь цуьнан пулемётан тобанера иза цхьаъ бен ца висира, и ша а чов йина вара. Амма цо шен пулемоьтаца фашистийн тӀелатар сацийра царех 120 хӀаллак а веш.

1942 шеран январехь Толстой йуьртан уллехь шен хьалха боьлхуш болу накъосташан гӀо деш иза шен пулемётаца царца хьалха вахара цера некъ цӀанбеш. Оцу латарехь цо хӀаллаквира 50 фашист а, 4 пулемоьт а. И хьуьнар бахьнехь цунна йелира ЦӀен Седан орден а, сержантан звани а.

1942 шеран февралехь Шигры йурт схьайоккхуш цуьнан пулемоьтан тобанан накъостий хӀаллакбира. Ша чов йина волушшехь, цо тӀом а бира, 200 гергга фашист а хӀаллаквира. 1942 шеран бӀаьстехь Байрак йурт схьайоккхуш цо хӀаллаквира 300 сов немцойн салти. И хьуьнар бахьнехь цунна йелира ЦӀен Байракхан орден.

1942 шеран 12 сентябрехь Сталинградан областан Серафимович гӀалин уллехь Нурадилов вара пулемоьтан взводан куьйгалла деш. Шена чӀогӀа чов йишашехь цо шен пулемёт ца йитира. Цо хӀаллак йира 250 фашист а, 2 пулемёт а. Оцу динахь иза велира.

1942 шеран 21 октябрехь фронтан газетас «Красная Армия» йазйира Нурадиловн лерина материал:

Доблестный рыцарь нашей Отчизны. Бессмертный герой Кавказа, сын солнца, орел орлов, боец Ханпаша Нурадилов, убивший девятьсот двадцать врагов.

Иза дӀавоьллира Мамаев курган тӀехь.

1943 шеран 17 апрелехь СССР Лакхара Советан Президиуман сацамца Ханпаша Нурадиловн йелира Советски Союзан Турпалхо цӀе.

СовгӀаташ

  • Советски Союзан турпал (1943 шеран 17 апрель, веллачул тӀехь)
  • Ленинан орден (1943, веллачул тӀехь)
  • ЦӀен Байракхан орден (1942)
  • ЦӀен Седан орден (1942)

Виццавар

Нурадилов, Ханпаша Нурадилович 
Х. Нурадилован лерина арахецна СССР почтан марка, 1944 шо
  • Мамаев Курган тӀехь йолу мемориалан комплексехь ду Ханпаша Нурадилован лерина дина мемориалан у;
  • 2008 шеран апрелехь Мини-АтагӀехь (ДегӀастанан ГӀазгӀумкийн керла кӀошт) йеза схьайиллира Х. Нурадилован хӀоллам;
  • 1944 шарахь Х. Нурадилован лерина арахийцира СССР почтан марка;
  • Ханпаша Нурадилован цӀе тиллина Нохчийн пачхьалкхан театран;
  • Нурадилово (хьалха хилла Дауд-отар) — ДегӀастанан Хаси-Эвлан кӀоштехь йолу юрт.
  • Ханпаша Нурадиловех лаьцна 1986 шарахь «Азербайджанфильм» киностудехь йаьккхира исбаьхьалла фильм «В семнадцать мальчишеских лет».

Культура

Ханпаша Нурадилов сурт ду «Сталинградан латар» цӀе йолу панорамехь.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Нурадилов, Ханпаша Нурадилович  Нурадилов, Ханпаша Нурадилович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».

Tags:

Нурадилов, Ханпаша Нурадилович БиографиНурадилов, Ханпаша Нурадилович СовгӀаташНурадилов, Ханпаша Нурадилович ВиццаварНурадилов, Ханпаша Нурадилович КультураНурадилов, Ханпаша Нурадилович БилгалдахаршНурадилов, Ханпаша Нурадилович ХьажоргашНурадилов, Ханпаша Нурадилович12 сентябрь192419426 июльСерафимович (гӀала)Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Пянило (Напуль)ЖолимецФонтен-БельнжегӀ1689 шоКлегӀландАлтинополисСпрингтаун (Техас)АргаДоббиакоБерт (Айова)Ла-МаншАкара (Пара)Рокатальията (Дженова)МетабьефВивьегӀИранБорноваЧифленд (Флорида)Сент-Джозеф (Теннесси)Дженнер (Калифорни)КарасашСигнал-Маунтен (Теннесси)Селчоара (коммуна, Димбовица)Вилальонга-дель-КампПаньо1612 шоЛенжеГогошари (коммуна)Сен-ОногӀе (Сен-МагӀитим)СенсеМамакаев, Мохьмад АмаевичБеной1685 шоФорнуш-ди-АлгодришВайт-Лейк (Къилбаседа Каролина)1652 шоКгӀемьоьГрязно1858 шоПичоПорту-МонишФутболех ловзаран Гуьржийчоьнан гулйина командаКоьрта агӀоЛа-БиньЖонкьегӀ (ЭгӀо)Ле-Буьи1309 шоКоманчи (Техас)Бураково (ГӀезалойчоь)ГогӀанфлоКононовски (Башкирийчоь)Шатонеф-ла-ФогӀеСавинье-суьгӀ-ЛатанДжорум (Аджипайам)КольмагӀНожон-ан-ВексенВайпио (Гавай)NGC 3992АгӀбизВасилий III1610 шоЛимаМухьаммадВидоваУкраинийн ССР футболан чемпионат1632 шоГӀедессанГиталенс-Л’АльбагӀед🡆 More