Чили

Чи́ли (испан. Chile, официалан цӀе — Респу́блика Чи́ли (испан. República de Chile )) — Къилба Америкин къилба-малхбузера пачхьалкх, дӀалоцу Тийна Ӏапказан а, Андашна а йукъара йеха готта лаьттан аса.

Республика Чили
испан. República de Chile
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Por la razón o la fuerza
(испан. 
Бакъонца йа ницкъаца
Чилин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Чили
Маьрша йаьлла терахьаш 1810 шеран 18 сентябрехь (Испанех)
Официалан мотт испанхойн
Коьрта гӀала Сантьяго
Йоккха гӀала Сантьяго
Урхаллин тайпа Президентан республика
Президент Себастьян Пиньера
Латта
 • Шадерг 756 950 км² (37-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 1,07
Бахархой
 • Мах хадор (2017) 17 789 267 стаг
ДЧС
 • Шадерг (2019) 507 млрд долл. (42-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 27 058 долл.
АДКИ (2018) 0,843 (чӀогӀа лакхара; 44-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш чилихо, чилихой
Ахча Чилин песо (CLP,код 152)
Интернет-домен .cl
Код ISO CL
Код МОК CHI
Телефонан код +56
Сахьтан аса -3
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Малхбузехьа Тийна Ӏапказ ду, малхбалехьа доза ду Аргентинаца, къилбаседехьа — Перуца, къилбаседа-малхбалехьа — Боливица.

Чили бердйистан аса йу 6435 км йохаллехь, эксклюзиван бакъо йу уллехь лаьтта хӀордан аренан, цунах олу Чилин хӀорд, цунна чуйогӀу йиъ область: мехкан хиш (120 827 км2), уллера зона (131 669 км2), йукъарайаьккхина экономикин зона (3 681 989 км2), бердаца йолу континентан шельф (161 338 км2).

Этимологи

Историка де Акоста Хосес ма-дийцара, «Chile» бохург кечуа маттахь «шийла» йа «доза» бохург ду. Кхечу версица иштта олура Чилин махкарчу коьрта тогӀенах.

Истори

Чили 
Сантьяго, 1779

Чилин истори йолало оцу регионе нах хевшинчул тӀаьхьа 13 000 шо гергга хьалха.

Испанин колонизацин мур

Испанхой Чилин къилбаседа декъе чубаьхкале, цигахь дехара индихойн къаьмнаш кечуа а, аймара а, йуккъерчу декъехь — мапуче, къилбехахь — алакалуфаш, яганаш, она.

XIII бӀешо чекхдолуш — XIV бӀешо долалуш Чилин къилбаседа дакъа (Мауле эрк тӀекхаччалц) схьадаьккхира инкаша. Мауле эркан къилбехьа мапучен тайпанаш къар ца делира инкашка, чӀогӀа дуьхьало йира цара.

Чили 
«Перун хроника» жайнин хьалхара дакъа, (1553)

1535-50 шерашкахь испанхойн конкистадораш схьайоккху Чилин бердйист 40° къ. ш. гергга, цигахь кхуллу масех гӀала: Сантьяго, Нуэва-Эстремадура, Консепсьон, Вальдивия. Къилбаседа кӀошташ, цигара бахархой марзбелла бара инкашна куьйга кӀела Ӏан, испанхоша къарйира атта. Мапуче бехачу кӀошташкахь испанхой къилбехьа гӀертар тӀемаш бан безаш хуьлура.

де Сантильян Фернандо ву 1558 шарахь Чилехь йукъайаьккхинчу гӀарайаьллачу Сантильянан йолан[es] (испан. Tasa de Santillán) автор. Уьш дара испанхойн а, мапуче а къаьмнашна йукъара йукъаметтигаш нисъен дуьххьарлера законаш. Уьш хӀиттийнера бахархой кхалхар бахьнехь кӀезиг бисарна а, испанхой индихошца тӀех гӀуо хиларна а.

Колонизаци йолалуш Чилин махкахь вехара 1 миллион гергга стаг, 1590 шеран гергахь индихойн барам охьабелира 549 эзаре кхаччалц, тӀемаш, цамгарш, лайн белхаш бахьнехь.

Чили 
Арауканан тӀом

Испанхошна ца карийра Чилехь алсама мехала металлийн маьӀданаш, колонизаци йирзира йуьртабахаман амале, XVII—XVIII бӀешерашкахь испанин къиечу Эстремадура провинцера а, кхин баскийн а мухажираш чубаржар бахьнехь.

Чилин йуккъерачу декъехь Ӏаламан хьолаш тера дара испанерачух. Цигахь ден долийра кӀа, мукх, кӀуомал, кемсаш. Иштта лелон долийра бежнийн а, уьстагӀий а.

XVIII бӀешарахь доккха маьӀна хилира цӀеста даккхаран. Иштта, колонин муьрехь бух биллира таханлерачу Чилин экономикин.

Оцу муьрехь къаьмнаш иэн доладелира. XIX бӀешо долалуш метисаш бахархойх 80 % гергга бара.

Маршонан мур

Чили 
Бернардо О’Хиггинс

XIX бӀешо долалуш (1810—1823) Бернардо О’Хиггинс а, Родригес Мануэль а коьртехь волуш чилин къомо Испанин колонин Ӏедалах маршо йаьккхира.

1837 шарахь Чилин а, Аргентинан а Боливин а, Перун а дуьхьала аьтто болуш хилла тӀом, Хьалхара а, ШолгӀа а «тийнаӀапказан тӀемаш» Чилин ло гӀоле хьал Къилба Америкин малхбуза бердйистехь. XIX бӀешеран йуккъехь Чилин цхьа могӀа нах хевшина меттигаш кхоьллира Германера мухажираш.

Чилин ШолгӀа дуьненан тӀом болабаллалц хилла кхиамаш боьзна бара хьалха селитра а, цӀеста а даккхарца, цул тӀаьхьа баккха болийра кӀора, даккха долийра дети. Пайден маьӀданаш даха долоро хаъал айира Чилин экономика.

1927—1931 — Карлос Ибаньесан диктатура. Диктаторан урхаллин хьесапаш Ибаньеса иэн дора социалан демагогица, гойтура ша гӀийлачу нехан агӀонча а, олигархин мостагӀ а, цунах олура «Керлачу Дуьненан Mycсолини».

1931 — демократи йухахӀоттийна, президентан харжамаш хилла.

1932 шеран июнехь аьрру эпсарийн хунтас харцам бина, вожийра демократица хаьржина президент, кхайкхийра Социалистийн республика Чили кхоллар, амма иза 12 дийнахь бен ца лаьттира.

1932 шеран октябрехь — демократи йухаерзийна, президентан харжамаш хилла. Цул тӀаьхьа 40 шо сов — демократин кхиар.

1938—1952 — Ӏедалехь йу аьрруцентристийн правительство.

1952—1958 — хилла волу диктаторан Ибаньесан демократица хаьржина президентан урхалла.

1964 шеран президентан харжамашкахь туьйлира шен хийцамийн «Маршонан хьолашкара революци» программица Керсталлин-демократин партин (КДП) корта Фрей Монтальва Эдуардо. Аграрийн хийцамаш, пачхьалкхо цӀеста схьаэцар (пачхьалкхо схьаийцира цӀеста доккху предприятийн 51 % акцеш).

Альенден хийцамаш а, Пиночетан контрхийцамаш а

Уггаре бес-бесара мах хадабо 1970—1988 шерийн муьро, иза боьзна бу президентан Альенде Сальвадоран правительствон гӀуллакхца а, инарла Пиночет Аугустон тӀеман хунтан хийцамашца а.

Коьртехь хаьржина (амма абсолютан дукхалла ца хилира) президент Альенде Сальвадор волу, Ӏедале блок «Халкъан марталла» (цхьаьнатоьхна аьрру а, аьрруцентристийн а партеш, кхолламаш) еиначул тӀаьхьа, 1970—1972 шерашкахь махкахь бира аьрру блокан цхьа комплекс социалан-экономикин хийцамаш: предприятеш а, банкаш а къоме ерзор, аграрийн хийцамаш, социалан программаш кхочушйар, белхалошна гӀоле долчу агӀора белхан законаш хийцар. Оцу хенахь зийра пачхьалкхан экономикин компьютеран урхалла (проект Киберсин), хилира ийна жамӀ йуханехьа йолу зӀе меллиша хиларна. Альенден политика Ӏоттаелира консервативн финансийн, промышленностан а, латифундин а гуонийн кхуьучу дуьхьалонца махкан чоьхьахьа а, кхечу мехкийн корпорацийн Ӏаткъамца арахьа а. Цуо кхачийра экономикин халонашка, тӀаккха цунах хилира экономикин бохам. Лакхара инфляцис а, сурсатан къоьлло а айира социалан Ӏаткъам, цуьнца цхьаьна аьтту оппозицин ахчанех йира забастовкаш, урамашкахь низамаш дохийра, аьтту терроризм йолаелира. Ражах зие хиллачеран а, гӀурт йукъахь беллачеран а барам хууш бац.

Экономикин хьал кхин а иэшийра, америкин а, дуьненайукъара а йаккхийчу банкийн агӀора, Чилин йина кредитан бойкото. Президент Альенден гуттаренна а Ӏаткъам бора цхьаьна агӀора аьррурадикалаш, цара сиха хийцамаш бие, дехьадовла арахецар къоме ерзорна тӀиера капиталистийн доларниг йуьззина экспроприаци йаре; ткъа кхечу агӀора — аьттушан, цара бохура хийцамаш сацабие, йита кхайкхийна социалан гарантеш.

Чили 
Чилин дерриг чоьхьара сурсат шарахь хийцадаларан процент

ЦТУ финансаш латтийра оппозицин массийн хаамийн гӀирсашна, политикашна, кхолламашна, гӀо дира кампанин махкара хьал эрча доккхуш. Альенден правительствос доху законаш чекх ца довлийтара «Халкъан марталлин» йукъара йоцучу парламентан дукхалло. Парламентан харжамаш 1973 шеран мартехь тӀечӀагӀдира йукъаралла йекъайалар. 1973 шеран 26 майхь Лакхара Суьдо бехке йира Альенден раж махкара законаш дохадарна. 1973 шеран 22 августехь Къоман конгрессо тӀеийцира резолюци, цуьнца правительство законехь йац аьлла кхайкхийра, Альенде бехке вира конституци йохайарна. Факт хилира, «Барто» кхойкхура тӀеман ницкъашка Ӏедалан дуьхьала бовларе, уьш «законан новкъа боллалц». Оппозицин дацара Альенде Ӏедалера дӀаваккха оьшу 2/3 дакъа аьзнаш. 1973 шеран сентябрехь пачхьалкхан Ӏедалан агӀо сецира.

Лакхара инарлатето сацам бира тӀеман харцам бан. Харцам беш президентан гӀала йоккхуш Альенде Сальвадор вийра (ширачу хаамашца) йа ша шен вийра (и верси елира 2011 шарахь Альенден дакъа схьадаьккхина теллинчул тӀаьхьа). Махкахь хӀоттийра Правительствон Хунтин коьртехь инарла Пиночет Аугусто волу диктатура.

Чили 
Пиночет Аугусто а, Киссинджер Генри а, 1976

Конституци лелар сацийра, дӀасахийцира Чилин Къоман Конгресс, законехь йоцуш кхайкхийра йерриг аьрру а, аьрруцентристийн а партеш а, кхолламаш, Халкъан марталлин йукъайоьдурш а, ца йоьдурш а, ца магийра Белхалойн марталлин профцентр (CUT), хӀаллакйира Киберсин проект, аьтту партийн болх «сацабар» кхайкхийра, ткъа 1977 шарахь иштта маггане а ца магийра. ТӀаьхьа кхоьллира керланаш, тӀеман ражан тергонехь йолу можа профсоюзаш.

Харцам бича хӀоттийна официалан хьал («Гуо лаьцна хьал»), лаьттира 11 сентябрал тӀаьхьа баттахь. Оцу муьрехь Чилехь вийра 30 эзар сов стаг.

1990 шарахь Чилехь — АЦШ кховдийначу методикца — кхоьллира «Бакъ долчун а, маслаӀатан а комисси», цуо болх бира шарахь (зие хиллачеран дехаршца бен доцуш). Комиссис листира 4500 гергга диктатуро зулам диначеран гӀуллакхаш. Шерца доза тоьхна Комиссин хан йоцуш, Комиссин лимит елира шен таронашца 1978 шарахь Пиночет Аугустос тӀеэцна Амнистех Законаца, цуо суд йан йиш ца лора харцаман муьран дукхаха долчу зулмашна. Иза бахьнехь Комисси хӀинца а емал еш йу аьрручеран, либералийн, профсоюзан, бакъоларйархойн кхолламийн агӀора.

2004 шарахь президентан Лагосан омарца кхоьллина Политика бахьнехь лецначеран а, ницкъ баран а гӀуллакхийн комиссин белхан жамӀашца баллалц долу пенси делира 28 эзар сов стагана, оцу йа кхечу агӀора тӀеман хунтан урхаллех лацар а, ницкъбар а бахьнехь зулам хиллачарна.

Ӏедалан мостагӀий хӀаллакбар дӀадаьхьира мехкал арахьа а. ГӀараелира политикин эмигранташ дӀабоху Операци «Кондор», иза йира Къоман талламан урхалло (ДИНА), Латинан Америкин кхечу диктатурийн баха гӀуллакхашца цхьаьна. Масала, «Коломбо» операцино «Чилера араваьккхина» 119 стаг вийра. Цуьнца цхьаьна Пиночетан ражо европин ультрааьтточаьрца оцу гӀуллакхна йукъаметтигаш латтийра.

Инарла Пиночетан урхаллин мур политикин агӀора гражданийн а, политикин а бакъонаш, оппозици къиза охьатаӀйаран бух тӀехь йара. Репрессеш, лецарш, ницкъбар лаьттира диктатура чекхйаллалц. ГӀараваьллачех репрессин кӀела вахнарг вара Чилин йишлакхархо-бард Хара Виктор.

Чили 
Сантьяго, 2007

Пиночета политикин тӀаьхье бахархойн социалан-экономикин бахаман къийсаме болх бу. Аьрручарна хетарехь, хаъал йухайаьлла правительство болийна неолибералан контрхийцамаш бахьнехь (хийцамашна йуьххьехь мехаш айаделира цхьаццанхьа 18—20-за, ткъа коьрта дааран сурсаташна, масала, бепиг, шура, жижиг, — 4-10-за), иза бахьнехь тахана 20 % гергга бахархой (официалан хаамашца) беха къоьллехь, ткъа приватизацех пайда эцна ша диктаторо, цуьнан доьзалша, кхин ражан гӀуллакххоша.

Аьттучара а, неолибералийн авторша иштта хиламийн интерпретаци къовсаме йуьллу, ткъа тешаллин балабо Пиночетан экономикин политикин куьйгаллица бина болу ладаме экономикин кхиамаш. Тахана Чилин йу уггаре эффектан экономика йерриг Латинан Америкехь, адаман потенциал кхиаран индексца лаьтта 44-гӀа меттигехь, йукъайоьду чӀогӀа лакхара адаман потенциал йолчу мехкашна. Transparency International рейтингца мехкан кхин а йу уггаре лахара коррупцин тӀегӀа — 2013 шарахь 20-гӀа меттиг.

Чили 
Вальпараисо, 2011
Чили 
Атакама

1978 шарахь МХГӀ цензура мела а лагӀъелира цхьаццанхьа магийра «дуьхьала йолу эфир» радиохь а, телевиденехь а. 1980 шарахь махкахь тӀеийцира керла конституци, амма йуьззина иза йукъайаккхар дӀатеттира 1988 шо кхаччалц. 1988 шарахь Чилин йерриг исторехь ца хиллачул йоккха протесташ а, АЦШ Ӏаткъам а бахьнехь, Пиночет реза хилира диктатура йисаран плебисцит йан. Плебисцит йолайалале бакъо елира болх бан аьтту партешна (фашистийн партеш де-факто йара Чилехь диктатура йолуш а, массо партешна болх бан ца магийтана доллушехь). 1988 шеран 5 октябрехь Пиночет ийшира плебисцитехь, ткъа цуо гулйина Къоман кхерамазаллин кхеташоно тӀе ца ийцира диктаторан лаам, тӀе ца иэцар плебисцитан жамӀаш, керла харцам бар. 1989 шарахь Чили дехьаелира демократин урхалле, хилира харжамаш, цигахь туьйлира диктатуран оппозици блок «Демократин партийн коалици». 1990 шарахь Керсталлин демократи блока кандидат Патрисио Эйлвин дӀалецира президентан дарж.

Говзанчаша, 1980 шеран конституцин бух тӀаьхь, мах хадабо Чилин пачхьалкхан-бакъонан хӀоттаман демократин а, диктатуран а йукъара компромисс санна, хӀунда аьлча цунна чохь йу гражданийн Ӏедалан эскарна терго йан таронан доза туху механизмаш, цуо ло преференцеш хилачу тӀеман ражан гӀуллакххошна.

Аналитикийн хаамашца, хӀинца Чилис боккху 1-ра меттиг конкурент хила таро хиларан интегралан гайтамца Латинан Америкин мехкашна йукъахь (27 меттиг дуьненан рейтингехь), йукъайоьду хӀума иэца таро хиларан рейтингехь ткъе итт мехкан; рейтинг-агенталло Standard & Poor's риск-мехкийн классификацехь йелла лакхара A категори.

Политика

Конституци

Чилехь лела 1981 шеран 11 мартехь референдум йинчул тӀаьхьа тӀеэцна Конституци. Конституцин чудиллира Пиночета кхин а 8 шарахь урхаллехь вуьсур хилар, ткъа конституцин дукхаха йолу нормаш совцийра 1990 шо кхачале.

1988 шарахь референдуме даьккхира Пиночетан урхалла дӀадахьаран хаттар. Пиночет ийшира, кхайкхийра керла президентан харжамаш 1989 шаран.

Кхочушдаран Ӏедал

Чили 
Чилин министраш

Пачхьалкхан корта — президент, изза — правительствон корта. Хоржу бахархоша 4 шаран, йуха харжа бакъо а йоцуш.

Президентан бакъо йу векалш, правительствон декъашхой хӀитто, билгалбаха Лакхара а, Апелляцин а суьдийн декъашхой, дерриг тайпана тӀеман ницкъашна баьччаш хӀитто, Къоман полицин хьаькам хӀотто. Иштта президентан бакъо йу законаш йукъа а дохуш, парламенте уьш тӀеэцаре кхийдор.

Законаш кхолларан Ӏедал

Лакхара законаш кхолларан меже — шина палатан Къоман конгресс:

  • Сенат — 38 декъашхо, хоржу бахархоша 8 шаран (цуьнца цхьаьна ах сенаторш хийцало хӀора 4 шарахь);
  • Депутатийн палата — 120 декъашхо (шишша депутат 60 харжамийн гуонера), хоржу бахархоша 4 шаран.

Къоман Конгресс 1990 шарахь дехьайаьккхира Сантьягора Ӏедалан децентрализаци йан Ӏалашо йолуш Вальпараисо гӀала.

Суьдан система

Махкара Лакхара суьдан тӀегӀа йу Чилин Лакхара суд, цунна куьйга кӀела йу лахара суьдаш, царна йукъахь Апелляцин суд.

Политикин партеш

2013 шеран ноябрера харжамийн жамӀашца:

«Керла дукхалла» (аьрруцентристаш а, аьррунарш а) — 21 сенатор а, 67 депутат а:

  • Керсталлин-демократин парти — 6 сенатор а, 21 депутат а
  • Социалистийн парти — 6 сенатор а, 15 депутат а
  • Демократегахьа парти — 6 сенатор а, 15 депутат а
  • Радикалан социал-демократин парти — 6 депутат
  • Коммунистийн парти — 6 депутат
  • Шуьйра социалан болам — 1 сенатор
  • Чилин Аьрру гражданийн парти — 1 депутат
  • Партехь боцурш — 2 сенатор а, 4 депутат а;

«Альянс» (аьттуцентристаш) — 16 сенатор а, 49 депутат а:

  • Маьрша демократин союз — 8 сенатор а, 29 депутат а
  • Къам карладаккхар — 8 сенатор а, 19 депутат а
  • Партехь боцу аьттуцентристаш — 1 депутат;

«Хьуна лаахь, Чили хийцалур йу» (центристаш а, аьрруцентристаш а) — 1 депутат:

  • Либералан парти — 1 депутат
  • Прогрессин парти — 0 депутат;

Блокашкахь боцурш — 1 сенатор а, 3 депутат а;

Административан йекъайалар

Чили 
Чилин регионаш

Чили йекъало 16 областан, ткъа уьш 56 провинцин а, 348 йукъараллин а.

Область Административан йукъ
Арика-и-Паринакота Арика
Тарапака Икике
Антофагаста Антофагаста
Атакама Копьяпо
Кокимбо Ла-Серена
Вальпараисо Вальпараисо
Либертадор-Хенераль-Бернардо-О’Хиггинс Ранкагуа
Мауле Талька
Био-Био Консепсьон
Араукания Темуко
Лос-Риос Вальдивия
Лос-Лагос Пуэрто-Монт
Айсен-дель-Хенераль-Карлос-Ибаньес-дель-Кампо Койайке
Магальянес-и-ла-Антарктика-Чилена Пунта-Аренас
Коьрта гӀалан область Сантьяго
Ньюбле Чильян

Географин хьал

Чилин араволийла ду Тийна а, ткъа иштта Атлантикин а Ӏапказан. Чилин къилбаседера къилбехьа йохалла йу 4630 км (2880 миль), малхбузера малхбалехьа 430 км (265 миль).

Чилин климат хийцало тропикан гӀум-арен тӀиера къилбаседехь, Ӏапказан барамера тӀекхаччалц къилбехахь.

Йуккъера температура:

  • къилбехахь +3 °С - +16 °С
  • къилбаседехь +12 °С - +22 °С

Уггаре лекха меттиг — Охос-дель-Саладо лам, 6893 м

Пайден маьӀданаш — цӀеста, эчиг, марганцан маьӀданаш, дети.

Экономика

Чили 
ДЧС хӀора а синна ИТП, 1950—2008. Латинан Америка (Куба йоцуш) — сира бос, Чили — сийна бос (АЦШ долларашкахь 2000 шо)

Промышленностан коьрта отрасль йу маьӀда даккхар (цӀеста а, кхин металлаш а), Чили дуьненахь йаккхийчех цӀестан экспортёр йу, иза доккху, лаладо къоман CODELCO предприятис. Кхечу промышленностан отраслашна йукъахь — металлургин, дечигтодаран, йуурган, текстилан. Йуьртабахамо, цунна йукъахь чӀара лацар а, хьаннаш лелор а, ло 7 % ЧКЪС (13 % болх бийриш), кхиина ду даьхнийлелор, кхиадо кӀа, кемсаш, кхоьш, шекаран буракъ, картол, стоьмаш. Чили — йаккхийчех цхьаъ экспортёр йу стоьмийн, ткъа иштта чӀеран, дечиган сурсатийн. 1994 шарахь ЧКЪС хилира $97,7 млрд. (ЧКЪС бахархойн синна — $7010), 2008 шарахь иза кхечира $169,6 млрд (бахархойн синна — $14,9 эз. ИТПца).

ДЧС бахархойн синна ИТПн тӀегӀанца, 90-гӀа шераш долалуш, Чили совъелира Латинан Америкин йуккъерчу тӀегӀанал. И гайтам айаран тенденци дӀайахара тӀаьхьа а, 2013 шарахь Чилин йу уггаре лакхарчех бахархойн синна са Латинан Америкехь (Уругвайца цхьаьна могӀарехь).

Коьрта махлело мехкаш: Цийчоь, АЦШ, Япон, Бразили. Ахча — чилин песо (1 чилин песо (Ch$) йукъахь 100 сентаво ду). ЦӀерпоштнекъан бохалла — 7 766 км, автонекъийн − 79 025 км, чоьхьара хин некъаш — 725 км. Мехкан ладаме порташ: Икике, Вальпараисо.

2008 шарахь (мах хадор) бюджетан са $44,79 млрд, дайар — $35,09 млрд.

Экспорт 66,46 млрд долл. (2008 шарахь) — цӀеста, стоьмаш, чӀара, кехат, химин сурсаташ, чагӀар.

Чили 
Сантьяго, 2013

Коьрта иэцархой (2008 шо): Цийчоь — 14,2 %, АЦШ — 11,3 %, Япон — 10,4 %, Бразили — 5,9 %, Къилба Корей — 5,7 %, Нидерландаш — 5,2 %.

Импорт 57,61 млрд долл. (2008 шарахь) — мехкдаьтта а, мехкдаьттан сурсаташ а, химикаташ, электроника, промышленностан сурсаташ, автомобилаш, газ.

Коьрта сурсаташ латторхой (2008 шарахь): АЦШ — 19,1 %, Цийчоь — 11,9 %, Бразили — 9,3 %, Аргентина — 8,8 %, Къилба Корей — 5,6 %, Япон — 4,6 %.

ГӀоле дерш: дуьненахь уггаре цӀеста дийриг. Стоьмийн экспорт. Йаккхий кхечу мехкашкара инвестицеш бина экономикин айам. Лакхара тӀегӀанера кредитан тешам, чилин песо а, финансийн базар а цхьаьнаэшшара хиларна, пачхьалкхан декхар ца хилира 5,2 % шеран ДЧСх (2008 шарахь; 2004 ш. — 12,8 %) — дуьненахь 121 меттиг. Кхиина ду чагӀардаккхар а, чӀерий кечдар а.

ГӀийла агӀонаш: дуьнанан базарахь цӀестан мах чӀогӀа охьабожаро цхьацца хенахь 40 % зие до экспортан. Арахьарчу мехкдаьтта латточарах чӀогӀа йозуш хилар (90 % дерриг дойу мехкдаьттах). Америкин мах лелочарех йозуш хилар. Кхечаьрца дуьстича гӀийла валюта (хийцаран курс 2008 шарахь 1 долларах 509 песо, амма 2004 шарахь 609 песо дара). Инфляци 8,7 % — 2008 ш. мах хадор (2007 ш. 4,4 %).

Индекс Джини — 54,9 2003 ш. (дуьненахь 14 меттиг), 57,1 2000 ш. ЦӀера бахамаша хьаште хьажор (2006 ш.): уггаре мискачара 10 % хьаште хьажадо 1,6 %, ткъа 10 % уггаре хьалдолчара — 41,7 %. Къоьллин тӀегӀа 18,2 % (2005 ш.).

2018 шеран 3 сентябрехь уггаре лахара белхан алапан барам Чилехь хилира 288000 песо баттахь ($440.37 баттахь). Чилера йуккъера белхан алапан барам 2018 шеран хьолехь хилира 4761.92 песо сахьтехь ($7.28 сахьтехь).

ТӀеман ницкъаш

ГӀаланаш

Коьрта гӀалийн агломерацеш (ст):

Агломераци Бахархой
(19-04-2017)
1 Сантьяго 6.160.040
2 Вальпараисо 901.468
3 Консепсьон 722.929
4 Ла-Серена 401.938
5 Антофагаста 352.638
6 Ранкагуа 290.864
7 Темуко 278.513
8 Талька 237.295
9 Арика 204.078
10 Чильян 191.983

Бахархой

Чили 
Сантьягон метро
Чили 
Чилин команда

30 - 55 % чилихой Кавказан расех бу. Метисаш — 45 - 65 %, индихой бу 5 % бахархойх. Иммигрантийн къоман хӀоттам бан а бара, хӀинца а бу бес-бесара: алсама бу Испанера (коьртаниг баскаш а, галисихой а), Италера, Германера, Францера, Хорватера, Британин гӀайренаш тӀиера бевлларш. 5 процент бахархой бевлла немцойх, португалихойх, италихойх, французех, къилба славянех.

Колонин мур болуш Чилин махка баьхкина, охьахевшира 100 - 150 эзар европахо, коьртаниг испанихой. Цул тӀаьхьа, XIX бӀешеран 70 — 90-гӀа шерашкахь мехкан йуккъерачу декъан къилба кӀошташка кхелхира 20 эзар гергга немцой. 1880—1890-гӀа шерашкахь Чиле кхелхира 75 эзар керла гражданаш, царех 44 эзар испанхой, 19 эзар италихой а, французаш а, 12 эзар швейцарихой.

XX бӀешарахь Чилин иммигрантийн барам кхечира 600 эзар сов стаге, коьртаниш испанихой, италихой, немцой, хорваташ, Ӏаьрбий. Таханлерачу дийнахь Чилехь веха, дозанал арахьа вина болу, 800 эзар сов стаг.

Барам

17 925 262 стаг (2018 ш. июль).

Этносан хӀоттам

Чили 
Сантьяго
  • Европера бевлларш — 30-49 %
  • метисаш — 35-60 %
  • индихой — 5-12 %

Ксенофоби

Адаман дахаран йукъара барам

Адаман дахаран йукъара барам — 79,1 шо.

ГӀалин бахархойн дакъа — 87,6 %.

Оьздангалла

Дин

Чилехь килс дӀакъастийра пачхьалкхах 1925 ш. конституцица, бахархойх 80 % сов бу Руман-католикийн килсанах. Дукха хьолахь килс наггахь бен ца гӀертара мехкан политикин дахарна йукъа, амма 1960-гӀа шераш чекхдовлуш, социалан белхана лерина папин энцикликашна тӀаьхьа дозуш, ткъа иштта европин католицизман социалан боламийн Ӏаткъам бахьнехь, чилин килса йолаелира ладаме роль ловзо махкахь социалан хийцамаш барехь, социалан жигара динан белхалойн барам хаъал тӀекхийтира. Цхьаболчу динан гӀуллакххоша гӀо дира Керсталлин-демократин партин Ӏаткъам сов боккхуш.

1970 шарахь Чилин католикийн килсо официалан кхайкхийна капитализме цабезам, дӀатесира дерриг шен хилла мехала кехаташ, ткъа иштта шайн хилла, са луш долу, латташ а, объекташ а. 1973 шерал тӀаьхьа килсо емал дора адамашна ницкъ бар, дайар, лечкъор.

Католикаш боцуш, Чилехь йу онда тобанаш протестантийн а (1992 шеран бахархой багарбаран терхьашца, уьш бахархойх 13 % бара), яхӀудийн а.

Протестантийн килсан ладаме Ӏаткъам кхетало Йоккха Британино чӀогӀа гӀолацарца а, махкахь Къилбаседа Америкин динан кхолламаша кхоьллина цхьа могӀа дешаран меттигаш а, социалан институташ а хиларца.

МХГӀ

Пачхьалкхан телекомпани — TVN (Televisión Nacional — «Къоман телевизион»), шена чохь ду иштта цӀе йолу телеканал, коьллина 1969 шарахь.

Ӏиданаш

Чилехь хӀоттийна 15 официалан Ӏидан де, царех исс динан ду, йалх — дуьненан. Цул сов Ӏидан лору плебисцит, президентийн йа парламентан харжамийн, официалан бахархой багарбаран денош.

Чилера мукъа денош
Терахь ЦӀе Оригиналан цӀе Амал Билгалдахарш
1 январь Керла шо Año Nuevo Гражданийн ТӀедиллина
март-апрель Сийлахь пӀераска Viernes Santo Динан
Сийлахь шот Sábado Santo
1 май Къинхьегаман де Día del Trabajo Гражданийн ТӀедиллина Ӏида, терахь ца хуьйцу
21 май Чилин ТӀеман-хӀордан флотан де Día de las Glorias Navales Гражданийн
29 июнь Петран а, Павелан а де San Pedro y San Pablo Динан Дехьадоккху гергарчу мукъа деношна, нагахь иза нислахь шинаран а, пӀераскан а йукъарчу муьрехь
16 июль Кармен жӀаран де Día de la Virgen del Carmen Динан
15 август Марьям хьалайаккхар Asunción de la Virgen Динан
18 сентябрь Хьалхара правительствон иэсан де Primera Junta Nacional de Gobierno Гражданийн ТӀедиллина Ӏида, терахь ца хуьйцу
19 сентябрь Эскаран де Día de las Glorias del Ejército de Chile ТӀедиллина Ӏида, терахь ца хуьйцу
12 октябрь Колумбан де Descubrimiento de Dos Mundos Гражданийн Дехьадоккху гергарчу мукъа деношна, нагахь иза нислахь шинаран а, пӀераскан а йукъарчу муьрехь
31 октябрь Реформацин де Día Nacional de las Iglesias Evangélicas y Protestantes Динан
1 ноябрь Берриг сийлахьчеран гулам Día de Todos los Santos Динан
8 декабрь Марьям доьзалах хилар Inmaculada Concepción Динан
25 декабрь Ӏийса пайхамар вина де Navidad Динан ТӀедиллина

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

    Комментареш

Литература

Хьажоргаш

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Чили, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Чили ЭтимологиЧили ИсториЧили ПолитикаЧили Административан йекъайаларЧили Географин хьалЧили ЭкономикаЧили ТӀеман ницкъашЧили ГӀаланашЧили БахархойЧили ОьздангаллаЧили МХГӀЧили ӀиданашЧили Хьажа кхин аЧили БилгалдахаршЧили ЛитератураЧили ХьажоргашЧилиАндашИспанхойн моттКъилба АмерикаПачхьалкхТийна Ӏапказ

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

БахьрайнПрагаКалера (Алабама)Соьлжа-ГӀала1904 шоФерми, ЭнрикоКапла (Табор)ТимарланИтали15 апрельГессенДюбарри, Мари Жанна20 январь23 августБайракхЭнциклопедиРасаев ХьусейнАргентинаГерзКарина КапурМалхбале8 ноябрьОбарг2002 шоБашкирийчоьСулейманов, Ахьмад СулеймановичОраматаш22 апрельСтага а, зудчо а шайн цхьаьнаӀар Ӏедалехь чӀагӀдарКемалпаша (Артвин)NickelodeonБисултанов, Апти ДибаевичБарселонаНохчийн Википеди2016 шо1944 шоДиснейМалиИбрагимов, Канта ХамзатовичРабиӏус-саниИркутскРидерОклахомаСанта-Крус-де-ТенерифеӀовхЛувгӀАлабамаДорожни (Иркутскан область)Иоганн Себастьян БахДатхойн моттКъуръанАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташРигаЛабежан1864 шоНохчийчуьра акхарой14 январь1944МесопотамиФиладельфи12 ноябрьПаркер, Кэндис18 августШахмарлоЭфиопиНикарагуаТувинийн мотт🡆 More