Седарчийн Гуламаш

Седарчийн гуламаш — седарчийн стигалахь ориентированин аьттонна стигалан сфера йекъна, таханлера астрономин дакъош.

Ширачу заманахь седарчийн гулам олура къегина седарчийн амалан кепех.

Седарчийн Гуламаш
«Большой Медведицы» седарчийн гулам Гевелий Янан атлас техь (куьзганан сурт)

МаьӀна

Седарчийн Гуламаш 
Седарчийн гуламашкара къегина седарчий Мелханна тайп-тайпана гена ду

Стигалан сферехь вовшашна кегийра маьӀиган йукъаметтигашкахь го седарчий, кхолхабараман йесаллехь вовшашна чӀогӀа гена хила тарло. Иштта, цхьана гуламехь хила тарло Дуьненна чӀогӀа гергара а, чӀогӀа генара а седарчий, вовшашца цхьан уьйр а йоцуш.

Тергонан астрономин стигал седарчийн гуламашка йекъаран маьӀна доллу, уггаре къегина седарчийн амале контурашна йукъахь йолу объект, муьлхачун йукъахь йу хууш хилча, каро атта ду.

Истори

Седарчийн Гуламаш 
XVII бӀешеран Голландин картографан де Вит Фредерикан[en]седарчийн картин тӀера седарчийн гуламаш

Ширачу заманахь адамашна гора седарчий латтарехь цхьа система, цуьнца тобанаш йора седарчийн гуламаш беш. Историн йохаллехь тергончаша билгалбохура седарчийн гуламан тайп-тайпана барам а, церан кеп а, цхьаболу гуламийн шира цӀераш чаккхенца маьӀна даьккхина а йац. XIX бӀешо кхаччалц гуламаш стигалан областаш ца кхетайора, ткъа седарчийн тобанаш кхетайора, уьш дукха хьолехь вовшен къевлина а хуьлура. Цу тӀе цхьадолу седарчий нислора, шина гулам йукъа, ткъа седарчийн къоьла йолу стигал цхьанне гулам йукъахь ца хуьлура. XIX бӀешо долалуш гуламашна йукъахь дозанаш дехкира стигалан сферехь, цуо дӀайехира гуламашна йукъара «йесаллаш», амма церан нисса билгало хӀинца а йацара, тайп-тайпана астрономаш билгалйохура уьш шайн ма-хетара.

Седарчийн 12 гулам — УьстагӀ, Шинара, Близнецы, Искогберг, Лом, ЙоӀстаг, Терза, Стулоцург, Пхьарчхо, Козерог, Водолей, ЧӀерий — царна йуккъехула шеран гуо тосуш эклиптикехула чекхйолу Мелхан йукъ, царех олу зодиакан гуламаш. Уьш девза кӀоргерачу ширачу заманахь дуьйна. Вайн заманахь (2014 ш. мур) 30 ноябрера 17 декабрь кхаччалц Малх лаьтта Лаьхьийлелархочун гуламехь, тӀаккха формалан и седарчийн гулам зодиакан хуьлу, амма ламастехь иза зодиакан ца лору.

Седарчийн Гуламаш 
Пардин атлас (1674) тӀера стиглан полюсан областера седарчийн гуламаш

Таханлера гуламийн 88 цӀарах 48 цӀе II бӀешарахь ваьхначу Клавдий Птолемейн «Альмагест» каталоган йукъахь йу Цара дӀалоцу Европин къилбехьара ган таро йолу стиглан область. Птолемейс йукъатоьхна дерриг седарчийн хьалхара суьрташ, каро таро йу 903—998 шерашкахь ваьхна ас-Суфин «Меттах ца долу седарчийн жайнахь» Дисина хӀокху заманан гуламаш йукъатуьйхира XVIIXVIII бӀешерашкахь къилба стигал Ӏамор (сийлахь-баккхий географин белламийн мур) а, къилбаседа стиглара «йеса меттигаш» йузар а бахьнехь. Седарчийн гуламийн цӀераш йоьзна долуш долу йа дагахь кхоьллина дийнаташца Лом, Саьрмик, кхин дӀа а ), желтойн мифийн турпалхошца (Кассиопея, Андромеда, Персей кхин дӀа а), ткъа кхин а гуламан къегина седарчаша хӀотто хӀуманийн суьрташца (Чухчахьера, Къилбаседа Таж, Кхосаберг, Терза, Къилба ЖӀар кхин а). Керла заманахь техкина цӀераш йоьхкура некъаш барца а, техника кхиарца а (Микроскоп, Секстант, кхин а).

1922 шарахь Румехь I Дуьненайукъара астрономин бертан Инарлин ассамблейн сацамца чаккхенца чӀагӀйина седарчийн стигал йекъна 88 гуламан исписка, ткъа 1928 шарахь тӀеийцира оцу гуламийн биллггала а, цхьаьнакепара а дозанаш, уьш дехира 1875.0 эпохин экваторан стигалан координатийн системехь нисса гуттаренна нисса хьаладаларан а, гуттаренна охьатаӀаран а асанашца. Пхе шеран дохаллехь гуламийн дозанашна нисдеш хийцамаш бира. 1935 шарахь дозанаш чаккхенца чӀагӀдира, астрономаша барт бира уьш кхин хье ца дан. Амма дагахь латто деза, 1875.0 муьрца нис ц ало муьрашна хӀиттийна седарчийн карташна тӀехь, (масала, дерриг таханлера карташна), дуьненан семин прецесси бахьнехь гуттаренна охьатаӀаран а, нисса хьадахаран а асанаш меттах йевлла, цундела гуламийн дозанаш нис ц ало цаьрца.

ДӀадаьхна седарчийн гуламаш

Седарчийн гуламийн цӀерийн а, дозанийн а стандартизаци йанле седарчийн атласаш арахецархоша сих-сиха шайн хетарехь йукъатухура керла седарчийн гуламаш йа ширанаш хуьйцура. Оцу хийцамех цхьаберш Ӏилманехь чӀагӀбелла (коьртаниг хьалха бевзаш ца хилла стигалан къилба эхиган гуламаш), амма дукхаха болу хийцамаш (бӀе гергга) къобал ца бина, сихха бицбина.

«ДӀадаьхна седарчийн гуламийн» йоццу исписка йалайо вай.

  • (1551 шо) Герард Меркатора 8 седа дӀакъастийра Аьрзу гуламах, царех элира Антинойн седарчийн гулам.
  • (1612) Голландин картографа Петер Планциуса кховдийра 8 керла гулам, царех шиъ къобал бира (Жираф а, Единорог а). Къобал ца бира: БоргӀал, Къилбаседа Моза (цунах кхин а олура «накхармоза»), Урдан эрк, Тигр эрк, Жима Искогберг, Къилба Пха.
  • (1679) Французий астронома Августин Ройес йукъабаьккхира 4 керла гулам, царех Лили нислора «Къилбаседа мозица», ткъа Скипетр а, Нийса Кхелан Куьг а гуламан область тахана дӀалоцу Моьлкъа седарчийн гуламо. Ройен кхин ши керланиг (Къилба ЖӀар а, Кхокха а) Ӏилманехь чӀагӀделира.
  • (1684) Немцойн астронома Кирх Готфрида, Саксонин правительство гӀодаре сатуьйсуш, стигал даьккхина саксонин хӀостан дакъа — Саксонин Курфюрстан тарраш, оцу гӀуллакхна луларчу беа гуламан дакъош жимдина.
  • (1799) ЧӀогӀа цицигаш дезаш волу французийн астронома, Жером Лаланда, кхоьллира седарчийн гулам Цицигаш седарчийн Гидра а, Насос а гуламера масех къегина боцучу седарчийн базин тӀехь. XIX бӀешарахь цхьацца седарчийн карташа гойтура Цициг (наггахь «ХӀусаман цициг» цӀарца), амма стандарт йукъа и ца дахара. Компенсаци йеш Дуьненайукъара астрономин берто 2018 шарахь Цициг цӀе тиллира Гидра гуламан седин (ДӀабаьккхина Цициг гуламан уггаре къегина седин). Хьалха и Felis седа билгалбоккхура HD 85951[en] (йа HR 3923), цуьнан 4.95 седин барам бу.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Кеп:Седарчий гуламашкахула Кеп:Седарчийн система

Tags:

Седарчийн Гуламаш МаьӀнаСедарчийн Гуламаш ИсториСедарчийн Гуламаш ДӀадаьхна седарчийн гуламашСедарчийн Гуламаш БилгалдахаршСедарчийн Гуламаш ХьажоргашСедарчийн ГуламашАстрономиСеда

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

1914 шо.tkУжинов, Олег ВячеславовичРастАгӀамон.mfЗударийн накхаТарантино Квентин1972 шоЛавленд (Колорадо)1983 шо1904 шо16 февраль.thЭль-Сегундо (Калифорни)Озарк (Миссури)Тайфонтен1728 шоМексикаРедмонд (Орегон)1946 шоНайробиФилософи.rw1982 шо1975 шо2002 шоБартбуохарБексултанов, Муса Эльмурзаевич1951 шоСамукъане хьуьнан доттагӀий2000 шоОбиньи-ан-Ланнуа12 январьИсландиБаскетболXVIII бӀешо1933 шоСегӀжиНатик (Массачусетс)НатахтариБалыкчиФинляндиТанк.doГӀувгӀуа-суьгӀ-СегӀФранкфорт (Мичиган)Орора (Колорадо).dkХелхарГуамБутанЛюдвинова (Вилейкан кӀошт)ЖелтойчоьМина (Арканзас)ЭрмалойчоьДуьненан хьалхара тӀомАхмадов, Муса Магомедович.pmКорсунь-ШевченковскиОкси-ле-ШатоПриднестровьеАбай (Мактааралан кӀошт)1990 шоНорвегиЧавушдере (Ариджак)Менвиль (Эна)Монкада-и-Решак.wfНесерхоев, Изновр Несерхоевич🡆 More