Парижера Марйаман Килс

Пари́жера Марья́ман килс, кхин а парижера Нотр-Да́м килс йа Нотр-Да́м-де-Пари́ (фр. Notre-Dame de Paris) — Парижан йуккъера католикийн килс, французийн коьрта шахьран сийлаллех цхьаъ.

Парижан архиепархин кафедрин килс. Лаьтта Сите гӀайренан малхбален декъехь, гӀалин 4-гӀа гуонехь, Парижан керсталлин дуьххьарлера килсан меттигехь — Сийлахь Стефанан базилика хиллачохь, иза, шен рогӀехь, йоьттина галла-румхойн Юпитеран бух тӀехь. Готикин килс йуьйгӀира парижан епископан Морис де Сюллин дагадеина 1163—1345 шерашкахь. Сакъдаран дакъа даздина 1182 шарахь; Малхбузен фасад а, бӀевнаш а чекхйаьхна XIII бӀешеран шолгӀачу чийрикехь. 1235 шарахь дуьйна баккхий хийцамаш бира: тойира нефан контрфорсашна йукъара зугӀарш (XIII бӀешеран йукъ); трансептан барам боккха бира (архитекторш Жан де Шель 1250 шарахь дуьйна, Пьер де Монтрёй 1267 шо кхаччалц); тӀетуьйхира хоран зугӀарш а (Пьер де Шель[fr] а, Жан Рави[fr] а XIV бӀешеран йуьхьиг), деамбулаторийн йаккхий аркбутанаш (Жан Рави, XIV бӀешеран йуьхьиг). XIX бӀешарахь Виолле-ле-Дюкан куьйгаллица тодина Революци йолуш дохийна скульптурин дакъа, тодина нефан витражан ровзанаш, байинчун меттана хӀоттийна керла цӀогол.

Католикийн килс
Парижера Марьяман килс
фр. Notre-Dame de Paris
2019 шарахь цӀе йалале хилла гӀишло
2019 шарахь цӀе йалале хилла гӀишло
HGЯO
Пачхьалкх Франци
ГӀала Париж
Дин Католикалла
Епархи Архиепархия Парижа[d]
ГӀишлон тайпа Килс
Архитектурин хатӀ готическая архитектура Франции[d], Ранняя готика[d], лучистая готика[d], классическая готика[d]
Архитектор Шелль, Жан де[d], Монтрёй, Пьер де[d], Пьер де Шель[d], Жан Рави[d], Раймон дю Тампль[d]
Йиллинарг Морис де Сюлли[d]
Йиллина терахь 1163
Реликвеш а, сийлаллаш а Ӏийса пайхамаран коканийн таж
Статус 1862
Локхалла 69 метр йа 90 метр
ГӀирс белый камень[d]
Хьал 2019 шеран 15 апрелехь цӀейаьллачул тӀаьхьа меттахӀоттош.
Сайт notredamedeparis.fr
Парижера Марйаман Килс
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Йалхдекъан нервюрин нартол йолу йаккхийра готикин килсех хьалхарчех цхьаъ, цу тӀе романийн хатӀ тӀера Нормандин хотӀе дехьадовларан муьрера амалаш Ӏалашйина: шала агӀонан дохаллин нефаш а, трибунаш хилар (лакхарчу галерейн) а. Малхбузен фасадо тешалла до архитектурин композицин говзаллех; цуьнан чувоьду кевнийн скульптурин кечдар готикин говзаллин шедевр йу. Аьтту агӀорхьара Сийлахь Аннин ков — уггаре шира ду (XII бӀешеран чаккхе); йуккъера Къемата дийна ков (1220—1230 шераш) дуккха а тодина; Марйаман ков — къилбаседехьара, аьрру агӀорхьара (XIII бӀешеран йуьхьиг). Килсан къилба агӀорхьара трансептан ков (XIII бӀешеран шолгӀа дакъа) лерина ду керстачеран дуьххьара Ӏазапхочунна Сийлахь Стефанна. Шира витражаш ца йисина трансептан шина ровзанехь а, коьрта неӀаран ровзанехь а бен.

Реликвеш

Килсехь Ӏалаш деш ду керсталлин уггаре дезачех реликви — Ӏийса пайхамаран Коьллийн таж. 1063 шо кхаччалц таж лаьттира Къудс-ГӀалара Сион лам тӀехь, цигара иза дӀайаьхьира Константинополера византин императорийн гӀала. Балдуин II де Куртенэ, Латинан империн тӀаьххьара императоран дийзира реликви закъалтана Венецехь йита, амма дӀайала хӀума а ца хилла иза схьа ца иэцайелира. 1238 шарахь Францин паччахьо Людовик IX Сийлахьчо ийцира таж византин императорегара. 1239 шеран 18 августехь паччахьо чуйеира иза Нотр-Дам-де-Пари. 1243—1248 шерашкахь паччахьан кертахь Сите гӀайренна тӀехь Коьллийн таж Ӏалашйан йуьйгӀира Сент-Шапель (Сийлахь зугӀар), иза лаьттира Французийн революци хиллалц. ТӀаьхьуо таж дӀайелира Нотр-Дам-де-Парин хазне.

Туризм

2019 шеран 15 апрелехь цӀейаллалц килсе хьажа хӀора шарахь вогӀура 14 миллион стаг, иза йу Европехь уггаре йевза иэсех цхьаъ. ЦӀейаьллачул тӀаьхьа килс тойеш йу, тӀе ца вуьту.

Оьздангаллин а, говзаллин а кхолламашкахь

Йуккъера бӀешерашкара наггахь дисина килсан сурт ду суртдиллархочун Фуке Жанан иллюминаци йина «Шевалье Этьенан дуӀанийн жайнан» манускриптехь (1452 гергга—1460), иза дина Карл VII волуш коьрта хазанча хилла (1452—1461) Шевалье Этьенна.

    Исбаьхьаллин литературехь

Килс коьрта «персонаж» йу лахарчу кхолламашкахь:

  • «Парижера Марьяман килс», Гюго Викторан роман (1831).
  • «Notre Dame» Мандельштам Осипан (1912).
  • «Парижера Марьяман маьждиг», Чудинова Еленин роман (2005).
    Театрехь
  • «Парижера Марьяман килс» — Пети Роланан хореографица Жарр Морисан балет (1965).
    Кинематографехь
  • «Парижера Марьяман килс» — Капеллани Альберан фильм (Франци, 1911).
  • «Парижера Марьяман килс» — Деланнуа Жанан фильм (Итали — Франци, 1956).
  • Хьажа кхин а «Нотр-Дамера букар-стаг»

Видеоловзаршкахь

  • Assassin’s Creed Unity (2014).

Хьажа кхин а

  • Парижан архиепархи
  • Парижан епископийн а, архиепископийн а исписка
  • Нотр-Дам ишкол
  • Нулан километр (Франци)
  • Амьенан килс
  • Лионан килс
  • Реймсан килс
  • Руанан килс
  • Страсбурган килс

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Tags:

Парижера Марйаман Килс РеликвешПарижера Марйаман Килс ТуризмПарижера Марйаман Килс Оьздангаллин а, говзаллин а кхолламашкахьПарижера Марйаман Килс Хьажа кхин аПарижера Марйаман Килс БилгалдахаршПарижера Марйаман Килс ЛитератураПарижера Марйаман Килс ХьажоргашПарижера Марйаман Килсfr:Jean Ravyfr:Pierre de ChellesКатолицизмПарижСийлахь французийн революциФранцузийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Къаьмнийн ДоттагӀаллаХиОмро (Висконсин)Фельзен1927 шоАхмадов, Муса МагомедовичДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламГиппократ1977 шо2004 шоНава-де-ла-АсунсьонЭрмалойчоьСимакугӀбСулейманов, Ахьмад СулеймановичВикипедиКгӀапоннГӀажарийн моттНемцойн моттБежӀунан баппаХьаьжМария СтюартБойкот1930 шоПанамаАзанНью-Йорк (гуо, Нью-Йорк)1894 шо1973 шо.rwСент-Аман-МонгӀонБахархойРоссиАбай (Мактааралан кӀошт)1986 шоМухьаммадВена1965 шоБежӀуьнан баппаНатахтариЛейла Болукат.yt.doТанк.amСуданТокиоШандеМазуоБеков, Тембот Дордаганович1999 шоАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀУкраинаСурат ФатихьатУжинов, Олег Вячеславович.dkСегӀжиРедмонд (Орегон)КъурайшТӀехьа-Мартанан кӀошт.lsНидерландашКоьрта агӀоМенвиль (Эна)ЛитератураКук, Джеймс.mkНохчийчоьнан историАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташГрамматикаРаст🡆 More