Достоевски, Фёдор Михайлович

Достое́вски Фёдор Миха́йлович (1821 шеран 30 октябрь , Москох, Российн импери — 1881 шеран 28 январь , Петарбух, Российн импери) — оьрсийн йаздархо, ойланча, философ а, публицист а.

1877 шарахь дуьйна Петарбухан Ӏилманийн академи корреспондент-декъахо.

Достоевски Фёдор Михайлович
Достоевски, Фёдор Михайлович
Тиллина харц цӀерш: Д.; Кузьма Прутковн доттагӀ; Зубоскал (Тархцерг); —ий, М.; Летописец; М-ий; Н. Н.; Пружинин, Зубоскалов, Белопяткин а, К° а [коллективан]; Ред.; Ф. Д.; N.N.
Вина терахь 1821 шеран 30 октябрь (11 ноябрь)[…]
Вина меттиг
Кхелхина терахь: 1881 шеран 28 январь (9 февраль)[…] (59 шо)
Кхелхина меттиг:
ГӀуллакхан тайпа:
прозаик, гочдархо, философ
Жигара шераш: 1844—1880
Хьажам: реализм
Произведенин мотт: оьрсийн
Куьг: Куьг
fedordostoevsky.ru(оьр.)
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Йаздархочун хьалхара кхолламаша, масала повесть «Записки из Мёртвого дома» (Деллачу цӀа чуьра кехаташ), психологин прозин жанр йукъайаккхаран гӀо дира.

Веллачул тӀаьхьа Достоевски къобал вира оьрсийн литературин классик а, дуьненан маӀна долу уггаре дикачех цхьаъ романист а ву аьлла, лору персонализман хьалхара векал Россехь. Оьрсийн йаздархочун кхолларалло Ӏаткъам бира дуьненан литературин, масала Нобелан литературера совгӀатан лауреатийн цхьа могӀа кхоллараллин, философийн Ницше Фридрихан а, Сартр Жан-Полан а, ткъа кхин а экзистенциализм а, фрейдизм а когахӀоттаран.

Уггаре ладаме йаздархочун кхолламех йу «доккха пхеа жайнара» романаш. Романаш «Зулам а, таӀзар а», «ЦӀармат», «ШайтӀанаш», «Вежрий КарамазовгӀар» йукъатоьхна 2002 шеран Норвегин жайнин клубан 100 уггаре дика жайнашна. Дукхаха долу гӀарадевлла Достоевскин кхоллараш дуккха а экранан тӀедаьхна, театрехь сценаш хӀиттийна, балеташ а, операш а хӀиттийна.

Схьавалар. Жималлин шераш (1821—1837)

ДостоевскигӀеран тайпа

Достоевски, Фёдор Михайлович 
Радван. ДостоевскигӀеран хӀост

ДостоевскигӀеран тайпа схьадолу бояринах Данила Иванович Иртищевх (Ртищевх, Ртищевичах, Иртищевичах, Артищевичах), 1506 шеран 6 октябрехь цунна делира Пинскан уездан Поречски волостан «Достоев» меттиг, иза лаьтта Пинскан къилбаседа-малхбузехьа. Фамили схьайаларан талламхой тешна бу, берриш ДостоевскигӀар Иртищев Данилин тӀаьхьенаш хиларх. Меттигера легендашца, «Достоево» цӀе схьайаьлла полякийн «dostoinik» — даржхо, паччахьан гергарниг. «Достойникаш» боьлуш олура элин хьадалчаш хоржу йуьртан бахархойх. Иза кхетадора, хоржу нах «хьакъ долуш» хиларна оцу гӀуллакхан. Белоруссин Брестан областехь йисина Достоево эвла. Ртищев Данила Ивановичан дайшах, талламхошна хетарехь, хилла историн хьосташкахь хьехийна гӀезало Аслан-Челеби-мурза, цуо 1389 шарахь йитина Дешин Орда, москохан эло Дмитрий Донскойс керста дине православе валийна. Оцу гӀезалочун кӀантах олура Шуьйра бат (Широкий Рот), ткъа цуьнан тӀаьхьенех хилира РтищевгӀар. РтищевгӀеран хӀост тӀехь биллина ах бутт, йалх са болу седа, шиъ герзашца волу гӀезало, цуо гойту тайпа православера доций.

ТӀаьххьара фамили «Достоевски» чӀагӀйелира Данила Ивановичан кӀентан берашкахь, церан тӀаьхьенех хан мел ели хуьлу шляхтин хьадалчаш. ДостоевскигӀеран Пинскан га шина бӀе шарахь хьехадо тайп-тайпанчу документашкахь, амма хан мел ели дӀаийра польшин-литванан пачхьалкхаца, дайира олалла. XVII бӀешеран шолгӀачу декъехь тайпа кхелхира Украине. Оцу хенахь цӀеххьана лагӀделира историн кехаташкахь фамили хьехор. Талламхошна ца карийра йаздархочун, тайпа коьллинчу Данила Иртищевца, шеко йоцу зӀе. Билггала хууш ду, йаздархочун хьалхара баккхийнарш XVIII бӀешеран хьалхарчу декъехь Волынехь бехаш хилар. Масех чкъоьран силсил хадар дӀадаккхархьама талламхоша лелийра реконструкцин хьесап. Йаздархочун дедех, Достоевски Андрей Григорьевичах а бац ниса хаамаш. Хууш ду, иза вина хилар 1756 шо гергга долуш Волынехь, жима латта долчу шляхтичан доьзалехь. 1775 шарахь деца а, вежаршца а кхелхира Брацлаван воеводалле, иза Речь Посполити ШозлагӀа екъарца йукъайахара Российн империн йукъа. 1782 шарахь дуьйна Достоевски Андрей вара мозгӀар Войтовцы эвлахь.

Йаздархочун да-нана

Достоевски, Фёдор Михайлович  Достоевски, Фёдор Михайлович 
Да — Михаил Андреевич
Йаздархочун нана — Мария Фёдоровна

Шех лаьцна цӀена хаамаш болу дуьххьарлера Достоевски, йаздархочун да, Достоевски Михаил Андреевич ву. Карийначу документашца, Достоевски Михаил вина 1789 шарахь Войтовцы эвлахь, 1802 шарахь дӀахӀоьттира син-мехаллин семинаре Шаргородера Николайн килсахь. 1809 шеран августехь Александр I омар делира Императоран медикан-хирургин академин билгалваккха кхин тӀе 120 стаг син-мехаллин академешкара а, семинарешкара а. Достоевски Михаила экзаменаш дика дӀайелира, 1809 шеран 14 октябрехь академин Москохан декъан Ӏедалан медицинин декъан кхиорхошна йукъавахара. 1812 шеран Даймехкан тӀом болуш 4-гӀа классан студент Достоевски хьалха хьажийра «цомгашнаш а, чевнаш йинарш лело», ткъа тӀаьхьа тифан уьнца тӀом бира. 1813 шеран 5 августехь цунах Бородинон гӀашлойн полкан 1 декъан дарбанча хилира, 1816 шеран 5 августехь цунна делира штаб-дарбанчин дарж.

1818 шеран апрелехь Достоевски Михаил дехьаваьккхира Москохан тӀеман дарбанцӀийнан ординатор дарже, цигахь дукха хан йалале накъостехула евзира Нечаева Мария, 3-гӀа гильдин совдегаран Нечаев Фёдор Тимофеевичан йоӀ, церан схьабовлар дара Калугин губернин Боровск гӀала хьалха хевшинчу нахах. Нечаев махлелош вара кӀадеш духкучу могӀанехь, цуьнан дика мах хуьлура Наполеон тӀелатале, ткъа цул тӀаьхьа совдегаран берриг бахам а дӀабелира. Мариян йоккхаха йолу йиша, Александра, марехь йара хьал долчу 1-ра гильдин совдегарехь Куманин Александрехь, тӀаьхьо дакъалецира йаздархочун кхолламехь.

1820 шеран 14 январехь Достоевски Михаилан а, Нечаева Мариян а мах бира Москохан тӀеман дарбанцӀийнан килсехь. 1820 шо чекхдолуш, хьалхара кӀант Михаил дуьненан тӀеваьлчи, Достоевски дӀавелира тӀеман гӀуллакхера, 1821 шарахь дехьавелира болх бан Мариински мискечеран дарбанцӀа, чӀогӀа лахара алапаш долушехь, официалан дери дарца «бен болх тоъал алапа луш бац, шена а шен доьзална оьшург латталуш бац». Оцу меттиган коьрта бакъо йара, «мискалла йу хьалхара бакъо» дийнахь а, буса а цигара гӀо кхача. Божедомке кхелхаш, ДостоевскигӀар ларбеш бара гурахь доьзал тӀекхетар.

Москохара бералла

Достоевски, Фёдор Михайлович 
Мариински мискачеран дарбанцӀа

Достоевски Фёдор Михайлович вина 1821 шеран 30 октябрехь Москохахь Керла Божедомка урамехь Мариински мискачеран дарбанцӀийнан аьтту агӀора, Москохан кхеташ-кхиоран цӀенна чохь. ДарбанцӀийнан Петран а, Павелан а килсехь «Бинарш дӀайазбен тептарахь…» йоза дисина: «Бер дуьненан тӀедаьлла, мискачеран дарбанцӀийнан цӀа чохь, штаб-дарбанчан Достоевски Михаила Андреичан, — кӀант Фёдор. ДуӀа дина мозгӀара Ильин Василийс». Фёдор цӀе хаьржира, биографашна хетарехь, ненан ден цӀарах — совдегаран Нечаев Фёдор Тимофеевичан. 4 ноябрехь Достоевскин жӀар туьйхира. ЖӀаран да-нана хилира штаб-дарбанча кертан хьехамча Маслович Григорий Павлович а, сту Козловская Прасковья Трофимовна, деда Нечаев Фёдор Тимофеевич а, Куманина Александра Фёдоровна.

«Со схьаваьлла оьрсийн а, беркате цӀена а доьзалера. Суна со дага мел вогӀу, суна дагабоху сайга болу сайн ден-ненан безам…», — дагалоьцура ах бӀен шо даьлча Фёдор Михайловича. ДостоевскигӀеран доьзалера гӀуллакхаш луьра боьршачу нехан карахь дара. Йалх сахьт даьлча Достоевски Михаил самволура, дарбанцӀачухула чекхволура цомгушчаьрга хьожуш, пациентийн цӀа оьхуш чекхволура. Шийтта сахь даьлча доьзалца делкъе йора, садоӀура, йуха а дарбанцӀахь цомгуш берш тӀеоьцура. «Сарахь хьалха а, тӀаьхьа а доцуш 9 сахьт даьлча, охьадуьллура пхьоьран шун, пхьор диинчул тӀаьхьа, тхо, кӀентий, жӀаран дуьхьала а хӀуьттий; дуӀанаш дора, ден-ненан буьйса дика а йой, дӀадуьйшура. Иза хӀора денна иштта хуьлура», — дагалоьцура Фёдор Михайловича. Йаздархочун уггаре хьалхара дагалецамаш бу 1823—1824 шерашкара. Достоевскин хьалхара биографан Миллер Орест Фёдоровичан тешаллица, иштта дагадохург дӀадийшале хьалха, хьешан цӀа чохь, ден дуӀа дара хьеший а болуш. 1822 шарахь йиша Варвара йича, ДостоевскигӀеран доьзалехь берийн Ӏуналла дийриг хуьлу Алёна Фроловна, цунах лаьцна йаздархочун уггаре дика дагалецамаш бисира: «Дерриш тхо бераш цуо кхиийра, Ӏуналла дира тхуна. Оцу хенахь цуьнан шовзткъе пхиъ шо гергга дара, амал екхна, самукъане, даиман тхуна дуьйцура хаза туьйранаш!». Достоевскин кхолламашкахь иза хьахайо «ШайтӀанаш» романехь. 1825 шеран мартехь Андрей винчул тӀаьхьа доьзал кхелха дарбанцӀийнан аьрру цӀа чу. Керла квартира, Андрейн дагалецамашца, йара шина чоьнах а, сени чоь а, кухни а йолуш йара. Баккхийчеран берийн чоь йара «бодане чоь», сени чоьнах дӀакъастийна дакъа.

Литература

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Достоевски, Фёдор Михайлович Схьавалар. Жималлин шераш (1821—1837)Достоевски, Фёдор Михайлович ЛитератураДостоевски, Фёдор Михайлович БилгалдахаршДостоевски, Фёдор Михайлович ХьажоргашДостоевски, Фёдор Михайлович11 ноябрь1821 шо1881 шо9 февральЙаздархоМоскохОьрсийн моттПетарбухРоссийн импери

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Эджворт (Пенсильвани)1892 шоДегӀастанан АССРВаршаваЭдисон, Томас Алва8 сентябрьПандемиОта (гӀала, Япон)ДжибрилЭстонийн моттБалтиморАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташШемаКъилбаседа полюсДентонЙоза хаарКеплер, ИоганнHTMLГӀенескуьгӀМаккаАрендзее (Альтмарк)НептунЦуруев, Шарип МовладовичСен-Поль-суьгӀ-ТегӀнуазАттендорн9 мартНобелин совгӀатДахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичЖуьгтийн абатXIX бӀешоБарнаулСагаипова, Макка УмаровнаГайсултанов, Ӏумар ЭдилсултановичНехчаСиэтлӀаьрбийн моттКоронадо (Калифорни)Киранц28 октябрехьMediaWikiОьрсийн моттНигериЭрмалойн моттЮникои (гуо, Теннесси)Нурадилов, Ханпаша Нурадилович1825 шоЭнциклопедиАгӀбулаг (Шушан кӀошт)1626 шоЛачинКъоьллаКузакемаДоло (Итали)АбсолютизмСатурнЭритрейБагалова ЗулейханУмханов, Шарип ИсаевичБусалбаНатахтариУленОьрсийМулкъойАфина5 январь🡆 More