Оцу шарахь хилларг
ССРС Поштан марка, 1977 шо 3 февраль — Эфиопехь Аддис-Абебехь хиллачу тӀеман девнехь вийна пачхьалкхан корта инарла Банти Тефери. Ӏедал карадахна цуьнан гӀовс волчу подполковникан Менгисту Хайле Мариаман, иза 12 февралехь кхайкхийра Социалистийн Эфиопин Хенан тӀеман административан кхеташонан председатель (ХТӀАКХ). 5 февраль — Танзанехь кхоьллина куьйгаллехь йолу Революцин парти. 7 февраль — Байконур космодромера хьалахецна советийн пилоташ болу космосан кема Союз-24. Экипаж — Горбатко В. В., Глазков Ю. Н.. Охьабиссина 1977 шеран 25 февралехь . 15 февраль — Минеральни Водашна уллера Ил-18 бохам. 25 февраль — Москохара «Росси» хьешацӀахь йаьлла цӀе. 2 март — Ливи Джамахири кхайкхийна. 4 март — Румынехь мохкбегор. 8 март — Конгон Къам мукъадаккхаран фронтан тӀемлой чубахара Анголан махкара Заиран Шаба провинце. 14 март Кастро Фидела вахана Эфиопи . Пачхьалкхан керлачу куьйгалхочуьнца Менгисту Хайле Мариамца къамел дича цуо гӀо дийхира ССРС Социалистийн Эфиопин режиман. Лаосехь кхайкхийна, Луангпхабангехь паччахьан гӀалин урхалчин Спантирангсис паччахь вен бина барт. Лецарш хилла, бертан декъахь хиларехь бехке вина Лаосан хьалха хилла волу паччахь Шри Саванг Ваттхана, Лаосан президентан лакхара хьехамчийн формалан даржехь хилла волу. Иза дӀахьажийна ширачу режиман даржехь хиллачеран политикин кхеторан лагере. 25 март — Натальин Яр тӀехула ши Ан-2 тӀеттӀакхетар. 27 март — авиацин исторехь уггар боккха бохам. Тенерифехь (Испани ) тӀеттӀакхетна 2 кема, велла 583 стаг. 30 март — Ждановн тӀехулара Як-40 бохам. 2 апрель — Либревилера Ту-134 бохам. 4 апрель — Джорджи штатера Нью-Хоупехь доьжна Southern Airways компанин McDonnell Douglas DC-9 кема, велла 72 стаг. 5 апрель — «Нива» арахеца йолийна. 9 апрель — Мобутун режиман тӀемца гӀодархьама Заире кхаьчна мароккан экспедицин корпус. 19 апрель — Моэра Ан-24 бохам — Эстонехь уггар боккха бохам (21 велларг). 23 апрель — Эфиопис дӀакъевлира АЦШ а, кхечу малхбузерчу пачхьалкхийн Асмарера консулаллаш. 30 апрель 2 май — Крыжовка цӀе йолчу новкъан постера бохам. Велла 19 - 22 стаг. Белоруссера уггар боккха цӀерпоштнекъан бохам (официалан). 6 май — Эфиопин керла тхьамда Менгисту Хайле Мариам ССРС веанчу хенахь Москохахь куьйгаш йаздина ССРС а, Социалистийн Эфиопин а доттагӀаллин йукъаметтигийн а, цхьаьна къахьегаран а бух тӀехь долчу Декларацин, ткъа иштта экономикехь а, техникехь а цхьаьна къахьегар протоколан, оьздангаллехь а, Ӏилманехь а цхьаьна къахьегаран бартан, консулийн конвенцин. 7 май — Тавдан тӀехулара ши Ан-2 Ӏоттадалар. 16 май — 1968 шо1968 шарахь дуьйна цӀахь лаьцна ларвеш волу пачхьалкхан хьалхара президент Кейта Модибо валаран бахьана ца хаарна Малира сийсарш. 26 май — Заиран правительствон эскарш а, мароккин экспедицин корпусо а Заиран махкара арабехира FLNC тӀемлой. 27 май Анголехь пачхьалкхан харцам бан гӀортар. ЧӀогӀа ортодоксалан-коммунистийн политикин агӀонча Алвиш Нито коьртехь волу «фракционерийн» бунт, охьатаӀийна президента Нето Агостиньос Кубин эскаран гӀоьнца. Гаванан уллера Ил-62 бохам. 30 май — мозамбикийн РЕНАМО гӀаттамхойн дуьххьара тӀемца тӀелатар правительствон ФРЕЛИМО эскарна, Мозамбике гражданийн тӀом болабелла. 8 июль — Сухумера Ан-24 бохам. 15 июль — АЦШ президенто Картер Джиммис кхайкхийна, АЦШ Сомалин тӀеман а, политикин а гӀо дан кийча хилар. 20 июль — Витиме Ил-14 бохам. 23 июль — Сомалин эскар Эфиопи чудахна, тӀеман хьалхарчу кӀирнашкахь дикка кхиамаш баьхна. 1 август — Румынехь йолаелла шахтёрийн забастовка. 3 август — Чаушеску Николае забастовка йечу шахтерашна хьалха ледара вистхилар. Забастовка чекхйалар. 13 август — ССРС министрийн Советан пурбанца Эфиопи хьажийна советийн тӀеман хьехамчаш. 17 август Атомоход «Арктика» дуьххьара хин тӀехула лелачу кеманашлахь Дуьненан Къилбаседа полюсе кхаьчна. Пушкино станцехь тӀай чудожар, 20 сов стаг велла. 29 август — Сомалин Демократин Республикин президент инарла Сиад Барре Мухьаммад тӀаьххьара веана ССРС Эфиопица тӀамехь накъосталла дайтаран Ӏалашо йолуш. Цуьнан ССРС Министрийн Советан Председательца А. Н. Косыгинца, ССКП ЦК секретарьца М. А. Сусловца, ССРС арахьарчу гӀуллакхийн министраца А. А. Громыкоца хиллачу цхьаьнакхетарша аьтту ца бира. 31 августехь Сиад Барре ССРС йитира. 5 сентябрь — Канаверал мара (США ) космодром тӀиера хьалахецна ракета-хьалахьуриг «Titan IIIE», цуо орбите йаьккхина АПЮС «Вояджер-1». 20 сентябрь — Социалистийн Республика Вьетнам дӀаэцна ВКЪКХ . 21 сентябрь — мажарийн Ту-134 Бухарест уллера бохам. 26 сентябрь — Чернобылан АЭС болхбан йолаялар. 27 сентябрь — Куала-Лумпур уллехь DC-8 бохам, велла 34 стаг. 28 сентябрь — Кампучин куьйгалхо Пол Пот ЦХР а, КХДР а вахар. Вахар дахделира цхьана батте гергга. 6 октябрь — истребитель-кема МиГ-29 дуьххара тӀемадалар. 7 октябрь — тӀеэцна ССРС Конституци. 8 октябрь — долаелла дуьххьарлера Мини-трансат — Атлантикин Ӏапказ чухула гатан кеманаш хахкар. «Мини» класс йукъайаьлла. 9 октябрь — космосан кема Союз-25 хьалахецар. Экипаж — Коваленок В. В., Рюмин В. В.. Охьабиссина 1977 шеран 11 октябрехь . 11 октябрь — Санехь вийна Къилбаседа Йеменан президент аль-Хьамди ИбрахӀим. Цуьнан меттиг дӀалаьцна эскаран инарла штабан хьаькимо аль-ХӀашими Ӏалис. 13 октябрь — Дон-тӀиера-Ростовн тӀехула Як-40 хилам. 13 — 18 октябрь — «Ландсхут» кема дададар. 20 октябрь Таиландера тӀеман карчам. Краивичьен Танинан гражданийн правительство шаршийна коьртехь адмирал Чаролью Сангад волчу къоман тӀеман кхеташонан бартаца. Авиабохамехь велла музыкин Lynyrd Skynyrd тобан 4 декъашхо. 4 ноябрь — Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина керла театран-концертан зал. 5 ноябрь — Джорхат уллера Ту-124 бохам, велла кеман тӀехь хиллачу 10 стагах 5 стаг. Дийна бисинчарна йукъахь — ХӀиндин премьер-министр Морарджи Десаи. 7 ноябрь — Ташкентехь схьайиллина метрополитен . 9 ноябрь — Таиландехь тӀеман карчам бинчул тӀаьхьа йукъайаьккхина хенан Конституци. 11 ноябрь — Таиландан премьер-министр хӀоттийна тӀеман ницкъийн коьрта баьчча инарла Чаманан Криангсак. 12 ноябрь — дешаран «Перекоп» хӀордан кеман тӀехь айина ТӀеман-хӀордан байракх, ткъа ша кема йукъатоьхна Балтийн флотан Ленинградан ТӀХӀБ дешарийн кеманаш цхьаьнатохараллин йукъа. 13 ноябрь — Сомалин правительство кхайкхийна советийн-сомалийн доттагӀаллех а, цхьаьна къахьегарехь а болу барт бохор, берриг советийн гражданашка кӀиран хенанчохь арадовла аьлла. 19 ноябрь — Фуншалера Boeing 727 бохам. 2 декабрь — Аль-Байда уллера Ту-154 бохам. 4 декабрь — Малайзехь доьжна дадийна Boeing 737-2H6, велла 100 стаг. 9 декабрь — Тарко-Салера Ан-24 бохам. 10 декабрь — космосан кема Союз-26 хьалахецна, охьадоьссина 1978 шеран 16 январехь . Экипаж — Романенко Ю. В., Гречко Г. М.. 31 декабрь — зорба тоьхна Демократийн Кампучин правительство цхьаьна хенан совцийна Вьетнамца йолу дипломатин йукъаметтигаш. Ӏилма
Коьрта йаззам: 1977 шо Ӏилманехь
Спорт
Коьрта йаззам: 1977 шо спортехь
Музыка
Коьрта йаззам: 1977 шо музыкехь
Кино
Коьрта йаззам: 1977 шо кинохь
Театр
Коьрта йаззам: 1977 шо театрехь
Литература Коьрта йаззам: 1977 шо литературехь
ССРС суртдилларан говзалла Коьрта йаззам: 1977 шо ССРС суртдилларан говзаллин исторехь
Компьютерийн ловзарш Коьрта йаззам: 1977 шо компьютерийн ловзаршкахь
Авиаци Коьрта йаззам: 1977 шо авиацехь
Йукъараллин транспорт Коьрта йаззам: 1977 шо йукъараллин транспортан исторехь
Метрополитен Коьрта йаззам: 1977 шо метрополитенаш исторехь
ЦӀерпоштнекъан транспорт Коьрта йаззам: 1977 шо цӀерпоштнекъан транспортан исторехь
Шеран адамаш Time журналан версица шеран стаг ву — Анвар Садат, Мисран президент.
Оцу шарахь бинарш Оцу шарахь белларш Исаева Марьям Султановна (1898 шеран 20 декабрь — 1977 шо) — йаздархо; Ошаев, Халид Дудаевич (1897 шеран 20 декабрь — 1977 шеран 12 декабрь ) — нохчийн йаздархо а, драматург а, Ӏилманча а; Пресли, Элвис (1935 шеран 8 январь — 1977 шеран 16 август ) — америкин эшархо, актёр, XX бӀешеран эшархойх шен балхах массарелла дукха ахча деккхинарг; Татаев, Ваха Ахмедович (1914 шеран 15 декабрь — 1977 шеран 13 август ) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан депутат, Нохч-ГӀалгӀайн АССР культурин министр; Чаплин, Чарльз (1889 шеран 16 апрель — 1977 шеран 25 декабрь ) — америкин а, ингалсан а киноактёр, сценарист, композитор, режиссёр;
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article 1977 шо , which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0") ; additional terms may apply (view authors ). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses. ®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.