Январь

Январь шира нох.

31 де беха ворхӀ беттах цхьаъ. Иза, уггаре а шийла бутт бу Дуьненан Къилбаседа-эхиган доккхаха долчу декъехь (цигахь январь Ӏаьнан шолгӀа бутт бу), уггаре а бовха бутт бу Къилба-эхиган доккхаха долчу декъехь (цигахь январь аьхкенан шолгӀа бутт бу).

Январь
Орш Шин Кха Йеар ПӀе Шот КӀи
1 2 3 4 5 6 7
8 9 10 11 12 13 14
15 16 17 18 19 20 21
22 23 24 25 26 27 28
29 30 31        
2024 шо
Рузма
Рузманах дерг

Кхин рузманаш
Армелинан •Эрмалойн: шираэрмалойн, керстачеран • Ассирийн • Ацтекийн • Бахаин • Бенгалийн • Буддийн • Вавилонан • Византийн • Малхбаленславянийн • Вьетнаман • Гильбурдан • Голоценан • Григорийн • Гуьржийн • Дарийн • Ширагрекийн • Ширамисран • ШирахӀиндин • ШирагӀажарийн • Шираславянийн • Жугтийн • Зороастрийн • ХӀиндийн • Инкийн • Иранан • Ирландин • Исламан • Кельтийн • Цийн • Контан • Коптийн • Малайн • Майян • Масонийн • Миньго • Непалан • Керлаюлианан • Пролептийн: юлианан, григорианан • Руман • Румийн • Симметрин • Советийн • Цхьанаэшшарниг • Тамилан • Тайхойн: беттан, маьлхан • Тибетан • Кхаазаман • Туван • Туркменийн • Французийн • Хакасийн • Ханаанейн • Хараппийн • Чучхе • Шведийн • Шумерийн • Эфиопийн • Юлианийн • Яван • Японийн
Январь
Лайн хьун дечкен-баттахь

ХӀинцалерачу муьрехь григорианан рузманца январан 20 де кхаччалц Малх лаьтта Стрелец седарчийн гуламехь, январан 20-гӀа дийнахь дуьйна — Козерог седарчийн гуламехь (кхечу хаамашца — январан 19-гӀа дийнахь дуьйна).

Статистика а, гайтар а

Серлонан де январехь декабрехьчул тӀекхетта хуьлу 1с30м: 7с декабран 22 дийнахь 8с30м январан 30 дийнахь.

Баганан дитташ тӀехь бенаш дан долало клесташ. МаӀаш охьатосу сайно, гӀело. ДӀалочкъий Ӏаьнна буьжу ёрш чӀара, Ӏов тосу налим.

Январь болало високосан доцучу шеран октябран кӀиран оццу дийнахь, ткъа високосан шарахь майн а, августан а кӀиран оццу дийнахь. Висакосан доцучу шарахь январь чекхболу февраль а, октябрь а чекхболучу дийнахь, високосан шарахь – августехь санна.

Истори а, этимологи а

Январь 
Январь беттан цӀе тиллина волу Янусан хӀоллам

Январь бутт аьлла цӀе тиллина румин ши йоьхь йолчу хенан, неӀарийн, кевнийн «делан» Янусан (Ianuarius) цӀарах.

Беттан цӀен маьӀна ду «шеран неӀ» (латинин дош «неӀ» — ianua). Ламастан оригиналан руман рузма лаьттара 10 баттах, юкъахь дара дерриг 304 де Ӏаьнан денош доцуш, ткъа иза лорура «бутт боцу хан» санна. Вайн эрал 713 шо хьалха ах миф хилла Ромулан когаметта волчу, паччахьа Нума Помпилийс, тӀетоьхна январь а, февраль а беттанаш, рузма нисъярхьама стандартан мелхан шаре (365 де), цунна лиира, январь бутт шеран дуьххьара бутт хилийта, оцу хенахь шираруман рузманехь хьалхара бут лорура март, (оригиналан хьосташ дуьхь-дуьхьал догӀуш ду). Вайн эрал 153 шо хьалха 1 майх а, 15 мартехь а дарже веина шина консулан цӀераш хууш ю, ткъа цул тӀаьхьа дарже боьлхуш хилла 1 мартехь.

Юккъерчу бӀешерийн Европехь шо доладар лоруш леладора тайп-тайпана терхьаш, царна юкъахь дара 25 март, 25 декабрь, 1 март (1492 шо кхачале — Русехь), 1 сентябрь (Византехь, Русехь — Керлачу хенахь — 1492—1699 шш.). ТӀаккха а, юккъерчу бӀешерийн рузманашкахь хьаха санна руман хьесап леладора беттанаш доькъуш, уьш хӀиттадора шийтта бӀогӀаме январь беттера декабрь кхаччалц. XVI бӀешо долалуш дуьйна, европин мехкаш буьйлабелира официалан лело 1 январь Керла шо долало де санна, оцу терхьах наггахь олу «Хадоран хатӀ», хӀунда аьлча 1 январехь хуьлура Ӏийса пайхамар хадоран де, иза винчу 25 декабрь тӀиера дӀадагардина бархӀалгӀа де. Россехь и хьесап («Ӏийса пайхамар винчу денна» тӀиера шераш дагардарца цхьаьна) юкъадаьккхина Пётр I-чо 1700 шеран 1 январехь дуьйна.

Январь беттан историн европин цӀерашна юкъахь ю саксийн билгало Wulf-monath («берзан бутт») а, Сийлахь-воккха Карла йелла — Wintarmanoth («Ӏаьнан/шийла бутт»). Шираоьрсийн рузманехь (керсталла чӀагӀдалале) беттах олуш хилла сечень, халкъан беттан дешнех кхин а ду — просинец, перезимье, лютовей, трескун, ломонос.

Килсанславянийн матте латинан цӀе январь еина Византийн юкъарлонца, цигахь бетах олуш хилла геноварис. Килсан дош генуарь, генуарий, генварь лелийна Россехь январь беттаца цхьаьна, нисло официалан тептаршкахь. Кхин а 1847 шеран орфографин дошамехь «генварь» а, «январь» а лелийна цхьабосса. «Генварь» вариант тӀаьххьара йукъара яьлла Я. К. Грота (1885 шо) хӀоттийна «Русское правописание» («Оьрсех нийсаяздар») академин арахецар юкъадаьлчи, цуо цхьалхо яьккхира оцу белхан тӀехь.

Кхечу меттанашкахь

Январь 
«Январь» (Леандро Бассанон сурт, 1595/1600 шш.)

Европин дукхаха долчу меттанашкахь шеран хьалхарчу беттан цӀераш латинан ламастица йогӀу. Амма масех йукъарадаккхар ду.

Финнийн маттахь бетах олу tammikuu, аьлча а «ножан бутт», амма юьхьанцара цӀеран маьӀна дара «Ӏаьнан тӀамаран бутт», хӀунда аьлча tammi хьалха «сема» я «тӀум» бохург хилла, нохчийн маттаца догӀуш. Чехийн маттахь январах олуш хилла leden, аьлча а «шенан». Украинийн маттахь — січень, хорватийн — siječanj, схьадаьлла «сечь» дешах, тарло иза схьадалар дечиг даккхар бохучу маьӀнех. Полякийн styczeń иштта хьаладоьду слав.х.м *sěčьnь, амма хийцина хилла tyka «хьостам, хьокха» дешнийн Ӏаткъамца. Белоруссийн маттахь январь — студзень, студзіць — «шелбина» дашах. Саамийн маттахь иза бевза ođđajagimánnu цӀарца, цуо билгалдоккху «керлашеран бутт». Туркойн маттахь беттан цӀе — Ocak — «пеш», «товха». Литвахойн маттахь олу sausis, схьадаьлла sausu — «бекъа» бохучу дешах, хӀунда аьлча оцу баттахь Литвахь хуьлу кӀорга, ца деша лайш, царех олу «декъа лайш». Таханлерачу гӀезалойн маттахь латинан цӀе гыйнвар еина Византера, цигахь батах олуш хилла геноварис.

ХӀинцалерачу цийн а, японийн григорианан рузман беттанаш билгаладоху терхьашца, иштта январь — «хьалхара бутт», февраль — «шолгӀа бутт», кхин дӀа а. Ширачу японин беттан рузманехь январан герга болу беттах (тӀаьхьа цуьнца ассоциации а йира), олура Мицуки (睦月), оцу цӀеран маьӀнех о масех теори ю.

Беттан символаш

  • Цийн ламастехь январан символ ю японин хьочан заза.
  • Январан Японин зезаган эмблема — бантуси.

Ӏиданаш

Январь 
«Январь» (Герцог Беррийскин тӀех дика сахьтадош, 1410—1490-е)
Январь 
«Кхо паччахь лелар» (Кадис, Испани, 5 январь, 2006 шо)
Январь 
Кхиина довлу де — японин пачхьалкхан Ӏида, даздо январан шолгӀа оршот дийнахь (20 шо долчеран де)

Билгалдахарш

Хьажа кхин а

Хьажоргаш

Tags:

Январь Статистика а, гайтар аЯнварь Истори а, этимологи аЯнварь Кхечу меттанашкахьЯнварь Беттан символашЯнварь ӀиданашЯнварь БилгалдахаршЯнварь Хьажа кхин аЯнварь ХьажоргашЯнварьАьхкеБуттГай Юлий ЦезарьГригорианан рузмаЛатинан моттМартЮлианан рузмаӀа

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

НидерландашГонконгАгуас-Линдас-ди-ГоясНохчийн моттМальдивашКиождянка (коммуна)Одесса1985 шоЭльмурзаев Аслан СераждиновичФоркс (Вашингтон)Украина1802 шоСССРЭрмалойн моттОмогаевоАлфёрова, Ирина ИвановнаБгӀеси (Эна)Любичин (Люблинан воеводалла)ГогашениШелбивилл (Иллинойс)ГестрацМирбо, ОктавАфрикин бартБакъоКитоХашалдаКоннектикутКнауХӀиндиСалман бин Ӏабдул-Ӏазиз Аль СаӀудДюшор (Пенсильвани)Франклин-Лейкс (Нью-Джерси)Боферт (Къилбаседа Каролина)Нохчийчоьнан байракхОгӀлеаЧор-ХьехиеПоэтНохчийчуьра акхаройПермийн мохкМамкодаГуьмсеДийнаташВселенниРоссиБелокашФранциУрданАхчаИнгалсан моттГунойАкоризалАмазонка (эрк)1880 шо1099 шоНашхойМармараджик (ЙенишехӀир)Эйзенштейн, Сергей МихайловичБахархойНидерландийн моттБеснаш HTMLЭкономикаБельги.neХӀанкъулаФирлей (Люблинан воеводалла)Берлин🡆 More