Коммунизм

Коммуни́зм (схьадаьлла лат. commūnis «йукъара» бохучу дашах) — теоретикин йукъараллин а, экономикин белхан гӀирсийн йукъара бахаман тӀехь бух болу а хӀоттам, цуьнца латтайо социалан нийсалла.

Кхин а «коммунизм» дукха хьолехь олу аьрру йистера, коммунистийн йукъаралла хӀоттор Ӏалашо йолу идеологех. Оцу контекстехь цхьаьнатуху тайп-тайпана ишколаш а, некъаш а, масала марксизм, социалан анархизм (анархо-коммунизм), ткъа кхин а царна гергара политикин идеологеш.

Практикехь иштта хӀоттам цкъан а ца хилла, амма «коммунистийн пачхьалкх» термин леладора малхбузен прессо ССРС а, шеш социалистийн кхайкхийна йа лору мехкаш хьахош.


Марксизман бух биллинчеран белхашца, коммунизман ойла йу лакхара кхиина белхан ницкъаш хилийта, пачхьалкх, ахча, йукъаралла социалан классашка бекъабалар ца хилийтар. Ойла йу, белхан гӀирсийн йукъараллин бахам баржийча иза дерриг хила тарло аьлла. Коьрта хьесап: «ХӀораммо — хьуьнаршца, хӀоранна — оьшшучул!»

Термин «хьалхара бахаман коммунизм» леладо йукъараллин тайпанийн классел хьалхара хӀоттам буьйцуш (советийн историн терминологехь — «хьалхара бахаман-йукъараллин хӀоттам»).

Терминан истори

1830-гӀа шерашкахь и термин, «коммунист» терминан тӀаьххьа, гучуделира Францехь, цуьнца билгалдохура шеш а, шайн ойла а долара бахам а, дахар а радикалан агӀончаша. Керлачу талламашца, термин йукъайолу 1834 шеран Лионера гӀаттаман гуонехь фурьехойн Гражданинан а, адаман а бакъонийн йукъараллехь, амма 1840 шарахь бен йукъа ца догӀу политикин дийцарийн йесалле. Нисса 1840 шарахь Парижехь арадала доладелира масех коммунистийн журнал. Печерин Владимир дитира 30-гӀа шерашкара коммунистийн гуонан къегина сурт (Бабёф Гракьх агӀончаш), иза ша а вара царна йукъара — цуо гайтарехь, коммунизм адепташна гуора гуттаренна цхьаьна дуу той санна, амма, «гуттаренна болх бечу гильотиница». Термин къамел доцуш сихха чӀагӀ ца делира: иштта, Кабес 1842 шарахь арахийцира жима жайна: «Douze lettres d’un communiste a un reformiste sur la communauté» («Коммунистан реформистейукъарачух лаьцна йаздина шийтта кехат»), шен ойлана communauté (йукъаралла) термин лелош, ткъа communisme (коммунизм) ца лелош — и термин кхин а лелийра Буонарротис. Оуэн Робертан ингалсан дешархочо Бармби Джон Гудвина шена тӀейаздора термин кхолларан сий, тешабора, ша дуьххьара Парижехь 1840 шарахь лелийра иза цхьаьна Бабёф Гракьхан тӀехьанчашца къамел деш, цара шайн ойланах олура «эгалитаризм» — ткъа ша цунах элира «коммунизм» аьлла. Марксан йаззамашкахь термин дуьххьара хьахийна 1842 шарахь. 1848 шо кхочуш иза чӀогӀа шуьйра даьржира, тӀаккха Маркса а, Энгельса а «Коммунистийн партин манифестехь» йаздира: «Мичхьа йу и, Ӏедалехь болу цуьнан мостагӀаша, коммунистийн йу аьлла гӀарайоккхур йоцу, оппозицин парти? Мичхьа йу и оппозицин парти, шен рогӀехь коммунизмех бехке йеш тӀе эхь доуьйту бехкаш бохку, уггаре хьалхарчу оппозицин векалшна а, иштта шайн реакцин мостагӀашна а?».

«Коммунизм» дош леладора мостагӀаша алсама барамера болу социалистийн ойланаш бехйеш, тӀаккха «социализм» дукха хьолахь кхетайора «коммунизман» синоним санна. 1842 шарахь социализман а, коммунизман а хьалхара очерк арахецначу Штейн Лоренца, тӀедуьллура доккха доза хӀоттор оцу шина ойлана йукъахь (бакъ долуш, социалисташна а, коммунисташна а йукъахь оцу хенахь боккъа къовсам бара боьдуш, церан гуон йукъара арарчарна иза ца гора). «Брокгаузан а, Ефронан а энциклопедин дошамо» церан башхалла иштта къастайо: «коммунисташ, социалисташа санна, коллективизман хьесап арахецарна а, декъарна а даржийна ца Ӏа, амма даржадо арахецна сурсаташ лелорна а, цуьнца цхьаьна хӀаллакйо дахарера кӀад боцу хӀуманийн хӀоранна маршо» (амма циггахь билгалдоккху, Милль Джон Стюартан коммунизм го нисса декъарца, ткъа социализм — белхан гӀирсийн йукъараллин долараллица). В. И. Дала социализм билгалйоккху «гражданийн а, доьзалан а бахам доттагӀаллин йа артелан кхоллам лору дешар санна», ткъа коммунизм — дерриг долара хӀума дӀатотту дешар санна, цу тӀе билгаладоккху, «йисттера социализм коммунизме йужу» олий. XIX бӀешеран талламчаша, цхьаъ санна массара а, коммунизм лорура цӀенна абстрактан а, метафизикин а идеологин система, оцу маьӀнехь социализмана дуьхьала доккхура, ткъа цуьнца къобал дора практикин маьӀна.

Маркса а, Энгельса а коммунистийн а, социалистийн а ойланашна йукъара дуьхьалонаш дӀайехира. Цара йуьхьанца дуьйна дуьйцура коммунизм муьрийн процесс йу бохучун, иза цара дуьйцучун жамӀ дара. Церан хьалхара муьрашца тардолуьйту социалисташ «вуьгу коммунизме» боху тӀедиллар кхочушдар, ткъа тӀаьхьарниг, лакхара мур бу цӀенна коммунизман, иза боьзна сценин тӀе керла чкъор даларх, церан хила ца йеза долара бахаман инстинкташ. Иштта коммунизмах теорера идеал йеш, цунна тӀаьхьахӀиттинчара къийсамаш латтабора социалистийн ойланаш практикехь кхочушйан гӀерташ: Н. В. Водовозовс «БЕЭДехь» билгалдоккху, «Коммунистийн манифеста» арадаьллачул тӀаьхьа коммунизм «дӀа а йолий, йаьржа социализмехь». Терминологехь, хин йолу йукъараллех лаьцна дийцича, Маркса а, Энгельса а нийсархошна тӀаьххье термин «коммунизм» а, «социализм» а лелайо синонимаш санна. 1875 шарахь «Готийн программин йемалаллехь» Маркса кхеташ формула йоккху коммунистийн йукъараллин шина фазанах йолу ойланех: хьалхара, коммунистийн, ара бен ца йолу капиталистийначунна йукъара, дуьсу цуьнан «тӀеданаш», шолгӀа (лакхара), цуьнца «йукъаралло шен байракх тӀехь йазлур ду: ХӀораммо хьуьнарца, хӀоранна хьашташца!». Хьалхарчу тӀегӀанна тӀехь цӀе йисина «социализм», вукханна – «коммунизм». И ойла схьалецира Ленина, цунах хилира ленинизман идеологехь коьртачех цхьаъ.. 1917 шарахь социализм йар практикин Ӏалашо кхайкхийна, иштта Ленина коммунизман генара роль йелира, амма тӀекхача таро йолу Ӏалашонехь йолу, ткъа реформахойн социал-демократехь иштта Ӏалашо социализм йара. Цигара схьа, Ленина йукъадилларца 1918 шарахь Российн социал-демократин белхалойн партис (большевикийн) тӀеийцира цӀе «коммунистийн» аьлла: «социалистийн хийцамаш барца, вайн билггала гуш хила йеза вайн хьалхара Ӏалашо, и хийцамаш хьажийна Ӏалашо, нисса аьлча коммунистийн йукъаралла йаран Ӏалашо». РСДБП(б) цӀе а хийцина, 1919 шарахь III (Коммунистийн) Интернационал кхоьллинчул тӀаьхьа, «коммунизм» ала долийра марксизман ленинан вариантан идеологех а, политикин боламах а, ткъа кхин а церан политикин практикех («реалан коммунизм», французийн историко Куртуа Стефана(Франц.) билгалдаккхарехь) а.

Коммунистийн ойланийн истори

Адамалла кхиаран хьалхарчу тӀегӀанашкахь бахаман йукъараллин бух тӀехь хьалхара бахаман коммунизм адаман йукъараллин цхьаъ бен йоцу кеп йара. Бахам а, социалан агӀора декъадаларан жамӀехь хьалхара бахаман-йукъараллин чкъор кхолладаларца йукъайаьлла классийн йукъараллица коммунизм йолуш йолчу практикера дехьайелира нийсонан йукъараллин ойланан оьздангалле, Дешин бӀешере, цунах терачуьнга а.

Коммунистийн кхетам ша кхоллалуш дуьйна тӀегӀортара бахаман йукъараллин бух тӀехь социалан нийсо тӀейуьллуш. Йуккъера бӀешерийн Европин коммунизман дуьххьарлера формулировкех цхьаъ йара керсталлин теологин а, мискаллин (тар ма далийта къоьллийца) философин кепара политикин а модернизаци йан гӀертар. XIII—XIV бӀешерашкахь иза кечйина, практикехь лело гӀиртира францисканийн радикалан тӀомера векалш. Уьш цхьатерра дуьхьала лаьттара мистикин йа мозгӀарийн аскезин а, долара бахаман абсолютизацин а. Мискаллехь царна гора дуьненан нийсаллин а, йукъаралла къелхьара даккхаран а хьелаш. Дуьйцург йукъара бахам хилла ца Ӏара, дуьйцург берриг бахам дӀататтар дара. Цу тӀе коммунизман идеологи керсталлин-динан йара.

XV бӀешеран Чехера ГусгӀеран боламан (Ян Гус), XVI бӀешерера Германера ахархойн тӀеман (Т. Мюнцер) радикалан декъахойн революцин къийсамийн лозунгаш хилира бахаман а, ахчанан а Ӏедал дожоран кхайкхамаш, нах цхьаьна тӀегӀанехь болу бух тӀехь нийсонан йукъаралла хӀоттор, цуьнца цхьаьна йукъара бахам а болуш. Оцу ойланийн бух динан балахь а — [[Ӏийса пайхамар|Ӏийса пайхамаран Кеп:Ӏ.c.]] хьалха берриш цхьабосса бу, бахам хиларо а, ца хиларо а и дохо йиш йац. Йукъатоттура динан гӀуллакхехь а нийсо лелор. Масех бӀешо тӀаьхьа йукъайолу эгалитаран коммунизм — цуьнан бух XVII—XVIII бӀешерийн буржуазин революци йу, масала XVII бӀешеран Ингалсера (Дж. Уинстэнли) а, XVIII бӀешеран чеккхенгара Францера (Г. Бабёф). Кхоллало коммунизман дуьненан идеологи. Адамийн вовшашна хьалха,йукъара бахамца, маршо а, нийсо а лело йукъаралла кхолларан ойла йаьржа (йа эгалитаран кепара дӀадерзадо долара а, йукъара а бахамаллин йукъара дов). Долара бахам дӀа ца тотту, ткъа гӀурту йукъараллин беркатна куьйгакӀела бало.

Хьалхара система йина коммунистийн кепара дахар гаран теорица кечйар тӀегӀоьртира XVI—XVII бӀешерийн гуманизман ойланна (Т. Мор, Т. Кампанелла) а, XVIII бӀешеран французийн Серлонан ойланна (Морелли, Г. Мабли). Хьалхарчу коммунистийн литературехь хуьлура халваталлин а, нисдаран а хьехамаш, Цуо йора иза гӀирсийн арахецаранна областера прогрессан дуьхьала Ӏалашо йолуш. Йукъараллин коьрта бала экономикехь ца гора, политикехь а, эхь-бехкаллехь а гора.

Цул тӀаьхьара коммунизман концепци йелира белхан социализман контекстехь — К. Марксал а, Ф. Энгельсал а хьалха Ш. Фурьех. Экономикин дуьхьалонийн кхетам хуьлу йукъаралла кхиаран механизм санна. Йукъараллин баланийн йуккъе хӀоттабо къинхьегам а, иза капиталан куьйгакӀела бахийтар а.

Оьздангаллехь а, исбаьхьаллин кхолламашкахь а

Коммунизм 
Седарчашка некъ буьллу коммунисташа. Поштан блок, ССРС, 1964
Коммунизм 
Коммунизм тоьлар йу! Марксан проспектера ААЙ «Интурист» гӀишлон тӀера лозунг, Москох, ССРС, 1984

Берийн «ХӀун йу? Мила ву?» энциклопедехь (1968) коммунизмах лаьцна дуьйцура:

Коммунизм — уггаре хьекъале а, нийса а йукъараллин хӀоттам бу, маршонан, самукъанен, ирсан хӀоттам.

Советийн Ӏилманан-фантастикин литературехь коммунистийн мукъмийн, и жанр махкахь йукъайаьллачу хенахь дуьйна, коьрта маьӀна хуьлура.

Вайн болх — советийн Ӏилманан фантастикех коммунизм йаран, дерриг дуьненахь, исбаьхьаллин а, ойлаллин а кхолламаш айаран новкъа, коммунистийн ойланаш йаржоран герз дар.

И. Ефремов. Наука и фантастика // Литературная газета, 17 сентября 1963

Амма 1930—1950-гӀа шерашкахь иза йара коьртаниг «гергара Ӏалашонан фантастика», цуо гойтура коммунистийн йукъаралле дехьавалар, ткъа и йукъаралла ша ца гойтура.

И. А. Ефремовс къегина а, позитиван а гайтина къинхетаме коммунистийн йукъаралла шен гӀарайаьллачу романехь «Андромедин дохк» (цуьнца йаьккхира изза цӀе йолу фильм). Оцу авторан коммунистийн тӀаьхьенан адамех лаьцна гар кхиар дуьйцу повестехь «Лаьхьан Дог» а, романехь «БугӀан сахьт» а.

Коммунистийн тӀаьхьенан шайна гар охьадиллина А. Богдановс («ЦӀен седа»), вежарий СтругацкийгӀар («Эха дийнан дуьне»), Лем Станислава («Магелланан марха»), Г. Мартыновс («Гианэя», «Бух боцучуьра хьаша»), Г. Альтовс («Морцу хьекъал»), В. Савченкос («Дукъхадорал дехьа»), В. Назаровс («Дуьненан баьццара неӀарш»[uk]), С. Лукьяненкос («Седарчий — шийла ловзо хӀуманаш»), иштта антиутопи а — В. Войновича («Москох 2042»).

Коммунистийн йукъаралла йуьйцу Малхбузен фантастикехь, иза гайтина «Седарчийн некъ» сериалехь.

Коммунистийн тӀаьхьенан йукъаралла шайн кхолламашкахь йийцина Г. Уэллс («Адамаш деланаш санна»), У. Ле Гуин («Декъа бисинарш»), Т. Старджон («Ксанаду планетин исбаьхьалхо» — инг. The Skills of Xanadu/гоч. Нора Галь).

Билгалдахарш

Литература

  • Коммунизм / Земляной С. Н. // Киреев — Конго. — М. : Большая российская энциклопедия, 2009. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 14). — ISBN 978-5-85270-345-3.
  • Коммунизм // Научный коммунизм: Словарь / Александров В. В., Амвросов А. А., Ануфриев Е. А. и др.; Под ред. А. М. Румянцева. — 4‑е изд., доп. — М.: Политиздат, 1983. — 352 с.
  • Каутский К.. Из истории культуры. Платоновский и древнехристианский коммунизм (пер. Львовича, СПб., 1905),
  • Ленин В. И. Три источника и три составных части марксизма
  • Резолюция ПАСЕ № 1481 «О необходимости международного осуждения преступлений тоталитарных коммунистических режимов» (25 января 2006 года)
  • История международного коммунистического движения. — М.: Весь Мир, 2016. — 472 с. — ISBN 978-5-7777-0606-5.

Хьажоргаш

  • Би-Би-Си: «Коммунизм: проект, пытавшийся изменить мир»
  • Коммуникация // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  • {Anchor}}Водовозов Н. В. Коммунизм // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Гаджиев К. С. Коммунизм // Новая философская энциклопедия / Ин-т философии РАН; Нац. обществ.-науч. фонд; Предс. научно-ред. совета В. С. Стёпин, заместители предс.: А. А. Гусейнов, Г. Ю. Семигин, уч. секр. А. П. Огурцов. — 2-е изд., испр. и допол. — М.: Мысль, 2010. — ISBN 978-5-244-01115-9.
  • С. Платонов. После коммунизма : М., 1990
Урхаллин кеп, политикин дӀахӀоттамаш, системаш
  • Автократи
  • Анархи
  • Аристократи
  • Бюрократи
  • Геронтократи
  • Демархи
  • Деспотизм
  • Джамахири
  • Диархи
  • Идеократи
  • Изократи
  • Клептократи
  • Коммуна
  • Корпоратократи
  • Критархи
  • Марионеткийн пачхьалкх
  • Матриархат
  • Меритократи
  • Милитократи
  • Ноократи
  • Цхьа партин система
  • Олигархи
  • Охлократи
  • Плутократи
  • Талассократи
  • Теллурократи
  • Теократи
  • Технократи
  • Тимократи
  • Тирани
  • Тоталитаризм
  • Хунта
  • Этнократи
Ков:Политика · нисъе

Tags:

Коммунизм Терминан историКоммунизм Коммунистийн ойланийн историКоммунизм Оьздангаллехь а, исбаьхьаллин кхолламашкахь аКоммунизм БилгалдахаршКоммунизм ЛитератураКоммунизм ХьажоргашКоммунизмЛатинан моттМарксизм

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ПономаревГдувБезруков, Сергей ВитальевичFacebookЩури (Великопольскан воеводалла)Окичоби (гуо, Флорида)Сахьтан асаАнимеДерригдуьненан могушалла Ӏалашйаран организациМайя (цивилизаци)АвстралиБашкирийчоьКиранцДухьаМаьрша гӀирсашМассачусетсБумбариКехатКъилба КорейМаконжАристотельВодемонЛуь (Ландаш)КоблевоБеков, Тембот ДордагановичЧуӀийдаргийн къепНемцойн ВикипедиВилла-ГуардиПланк, МаксКовгари.ruУмханов, Шарип Исаевич(1413) РукариВашингтон (Колумби гуо)АбсолютизмЯшуркаев, Султан СайдалиевичСатуев, Хусейн ДжунидовичСагаипова, Макка УмаровнаБеркаберМамакаев, Мохьмад АмаевичГендаргнойБисмарк, Отто фонЦийн Халкъан РеспубликаСулейманов, Ахьмад СулеймановичПодлесе (Нискан повет)ЭквадорАлфёрова, Ирина ИвановнаЛинкольн, АвраамЧёлмужиУдмуртиАктёр.neИнженеран гӀуллакхПлауруГаусс, Карл ФридрихАль-ХорезмиСвердловскБетенГрот-Зюндерт🡆 More