Александр I

Алекса́ндр I Павлович (12 (23) декабрехь 1777, Петербух — 19 ноябрехь (1 декабрехь) 1825, Таганрог) — Российн барамера-либералан хийцамаш бинаЙерригроссийн Император а, Паччахь а (12 (24) мартехь 1801 шарахь дуьйна), Финляндин сийлахь эла (1809 шарахь), Полякий паччахь (1815 шарахь дуьйна).

Оьрсийн историографехь йелла башха эпитет — «Декъала хилла». Екатерина II-чун кӀентан кӀант.

Александр I Павлович
оьрс. Александр I
Александр I Павлович
Йерригроссийн Император а, Паччахь а
 —  1825 19 ноябрехь (1 декабрехь)
Хьалха хилларг Павел I
Когаметтаниг Николай I
Польшин паччахь
 —  1825 19 ноябрехь (1 декабрехь)
Хьалха хилларг Титул йукъайаьккхина
Когаметтаниг Николай I
Финляндин Сийлахь эла
 —  1825 19 ноябрехь (1 декабрехь)
Хьалха хилларг Титул йукъайаьккхина
Когаметтаниг Николай I
Малтин орденан протектор
 — 1803
Хьалха хилларг Титул йукъайаьккхина
Павел I-чо Орденан сийлахь магистро санна
Когаметтаниг Титул дӀайаьккхина
Джованни Баттиста Томмазис Орденан сийлахь магистро санна
Дин керста
Вина терахь 1777 шеран 12 (23) декабрь
Вина меттиг Петарбух, Российн импери
Кхелхина терахь 1825 шеран 19 ноябрь (1 декабрь) (47 шо)
Кхелхина меттиг Таганрог, Донан Эскаран Область, Российн импери
ДӀавоьллина Петропавловски килс
Тайпа Гольштейн-Готторп-РомановгӀар
Да Павел I
Нана Мария Фёдоровна
Зуда Елизавета Алексеевна
Бераш Мария, Елизавета
Динлелор православи
Автограф Автографан сурт
Монограмма Монограмма
СовгӀаташ
Сийлахь асхьабан Андрей Первозванни орден Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орден
Сийлахь Невски Александран орден Александр I Александр I
КӀайчу аьрзунан орден (Полякийн паччахьалла) «ТӀемлойн доьналлин» орденан командор Сийлахь Станиславан 1 тӀегӀан орден (Полякийн паччахьалла)
Сийлахь легионан орденан Йоккхачу жӀаран кавалер Сийлахь Синан орденан командор Сийлахь Людовикан орденан Йоккха жӀаран кавалер
Александр I Терезия Марийан тӀеман орденан къонах Александр I
ЦӀен аьрзунан 1-ра тӀегӀанан орден 2-га тӀегӀанан аьчка жӀар Александр I
Тешамаллин орденан Йоккха жӀаран кавалер (Баден) Вюртемберган тажан орденан Йоккха жӀаран кавалер «ТӀеман гӀуллакхашна» орденан Йоккха жӀар (Вюртемберг)
КӀайн лечин орденан кавалер (Саксен-Веймар-Эйзенах) СерафимгӀеран орденан кавалераш Туьран орденан Йоккха жӀаран командор
ЦӀомберган орденан кавалер Вильгельман тӀеман орденан Йоккха жӀаран кавалер Александр I
Португалин Ӏийса пайхамаран, Сантьягон а, туьран а, Ависсан Бенедиктан орденийн цхьаьнатоьхна билгалонан кавалер БӀевнан а, Туьран а орденан Йоккха жӀаран кавалер Сийлахь Хазчу кхаан лакхара орденан кавалер
Александр I Сийлахь Георгийн орденан Константинан Йоккха жӀар Сийлахь Фердинандан Диканийн орденан Йоккха жӀар
ЦӀе мудир[d], инарла-фельдмудир[d]
Латар
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Императоран Павел I-чун а, Мария Фёдоровнин воккхаха волу кӀант.

Урхаллин йуьххьехь Къайлаха комитето а, М. М. Сперанскийс а кхечбина хийцамаш бира. Арахьара политикехь лаьттара Йоккха Британин а, Францин а йукъахь. 1805—1807 шерашкахь дакъа лецира французашна дуьхьалара коалицешкахь. 1807—1812 шерашкахь цхьаьна ханна герга вахара Францина. Аьттонца тӀемаш бира Туркойчоьнца (1806—1812), Персица (1804—1813), Швецица (1808—1809). Александр I волуш Россех схьатоьхна Малхбален Гуьржийчоьнан (1801), Финляндин (1809), Бессарабин (1812), Варшавин герцогалла (1815) хилла мехкаш. 1812 шеран Даймехкан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа 1813—1814 шерашкахь коьрте хӀоьттира французашна дуьхьалара коалицина. Бонапарт Наполеон I-чун толамхо: 1814 шеран 31 мартехь коьртехь Александр I волу коалицин эскар Париже чуделира. 1814—1815 шерийн Венин конгрессан а, Сийлахь барт коьллинчех а куьйгалхойх цхьаъ.

Дахаран тӀаьхьарчу шерашкахь сих-сиха олура Ӏарш йитина, «дуьненна гена вала» волу олий, оцу балхо иза цӀеххьана Таганрогехь велча «воккха стегах Фёдор Кузьмичах» легенда кхолладелира. Оцу легендица, Таганрогехь вала а велла дӀа Александр ца воьллина, ткъа цунах тераниг воьллина, император кхин а дуккха а вехира воккха стаг-халбатхо хилла, ткъа вела 1864 шарахьу.

Дуьненнна тӀевалар а, цӀе а

Александр вина 12 (23) декабрехь 1777 шеран 11 сахьт даьлча Ӏаьнан гӀалахь. Иза Ӏаьршан когаметта волчу сийлахь элин Павел Петровичан а, сийлахь стун Мария Фёдоровнин а доьзалехь хьалхара бер дара.

Сийлахь эла дуьненна тӀеваларх хьокъехь 12 (23) декабрехь 1777 шеран «Петарбухан ведомосташ» газетахь зорбатоьхна хааман:

ХӀокху Декабран 12 дийнахь делкъал хьалха 11 сахьт даьлча, Цуьнан Императоран Локхалла Паччахь-аьзнис Сийлахь Стуно МАРИЯ ФЕДОРОВНас доьзалхо вина. Цуьнан ИМПЕРАТОРАН СИЙЛАЛЛН йуьхьанца санна, хӀинца а йерриг Паччахьан керт а, йерриг Импери а хазахетта йу Цуьнан Императоран Локхалла Паччахьан Сийлахь Эла варца, цунна цӀе йелла АЛЕКСАНДР, оцу Боккха кхаах лаьцна сихха хаийтира ГӀалин тӀехула Штандарт айарца а, шинне а гӀап тӀера 201-за йоккха топп кхоссарца а.

Шен кӀентан берех цхьаьнна Екатерина II-гӀачо Константин цӀе тиллира Константин Сийлахьволчун цӀарах, кхечунна — Александр Невин Александран цӀарах. Оцу харжамца дог дохура, Константина туркойн карара Константинополь мукъайоккхур йоккхур хиларх, ткъа керла веина Македонин Искандар керлачу империн паччахь хиларх. ЙухаметтахӀотто дагахь болу Желтойн империн Ӏарш тӀехь цунна ган лаьара Константин.

«Аша боху, — йаздора Екатеринас барон Ф. М. Гриммега, — цуо харжа деза, хьаннах тера хила веза: турпалхочух (Македонин Искандарех) йа сийлахь (Невин Александрах) волчух. Шуна, схьагарехь, ца хаьа, вайн сийлахьверг турпалхо хиллий. Иза хилла доьналлин тӀемло, онда урхалча а, кадолу политик а, тоьлла хилла бисина берриг дакъойн элелла, шен заманхойл… Иштта, со реза йу, эла волчу Александран харжам хиларна, цуьнан шен хьуьнарех бозу цуо дӀахьур болу некъ — сийлаллин йа турпалаллин».

Васт говзаллехь

Кинохь

Александр I  Арахьара видеофайлаш
Александр I  Александр I Павлович - "Лукавый ангел". Документальный фильм из цикла "Русские цари"
  • Владимир Максимов («Декабристаш», ССРС, 1926).
  • Нил Хэмилтон[en] («Патриот», АЦШ 1928)
  • Вилли Фрич («Конгресс хелха йуьйлу», Германи, 1931)
  • Георгий Кранерт («Поэтан жималла» ССРС, 1936).

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Tags:

Александр I Дуьненнна тӀевалар а, цӀе аАлександр I Васт говзаллехьАлександр I БилгалдахаршАлександр I ЛитератураАлександр I ХьажоргашАлександр I1 декабрехь1777 шо1801 шо1809 шо1825 шо24 мартехьЕкатерина IIРоссийн империТаганрог

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ИталиНаго-ТорболеЧамчавуш (Сусуз)Нохчийчуьра олхазарш11 июньКъилбаседа АмерикаДоминикин РеспубликаЦинциннатиВальдаНохчийчоьГриньоКапутанВеллетриАриана ГрандеБосни а, Герцеговина аРоверетоЖелтойчоьВагӀей (Сона а, ЛуагӀа а).jpБондо (Итали)ЦӀуцӀи МуцӀиАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀПабуь28 июньСенегал(4007) ЭвриалТассуллоДиговГуьмсеДРождествон гӀайре (Кирибати)Люксембург, РозаТремозинеISO 3166ТамсвегВидовВикимедин фондСовер23 июльВен кхиэлИсламан пачхьалкхФутболех ловзаран дуьненан чемпионат 2002Пуэрто-РеальДерриге чоьхьара сурсатМезень (гӀала)СтриньоМоскохБексултанов, Муса ЭльмурзаевичШира ЖелтойчоьТалорНухьПиляшкув (Мазовин воеводалла)ГӀуанКуневоТэтчер Маргарет1981 шоГрот-ЗюндертМонтеротондо.mkЭлектрийн конденсатор(2434) БейтсонШахнамеАндалоДи Стефано, АльфредоОршотПутин, Владимир ВладимировичКавтисхевиВандейЕраносПарфенонГинденбург (дирижабль)Лоуренс-Брэкстон, ДженисШеран заманашГелена (гӀала)Apple🡆 More