Ортодоксан Керсталла

Ортодоксан керсталла йа Ортодокс-дин (желтойн маттер схьадеъна ὀρθοδοξία дош ду; нохчийн матте гочдича «бакъ долу хастамбар» бохург ду; историн маьӀница «нийса ойла»)- керстачу динан коьртачарех а, ширачу боламах цхьаъ ду.

Ортодоксийн керста дин кхолладелла хьалхарчу эзар шарчохь Византехь, ворхӀачу Дерригдуьненан килсийн муьрехь. Керстанан боламийн дукхаллехь 3-гӀа меттиг йу цуьнан, кхо бӀе (300) миллион стаг ву ортодоксан ийманехь. Цулла дукха тешарш бу католицизмехь (1,25 миллиард) а, протестантизмехь (800 млн) а.

Дукхачу хенахь дуьйна Малхбузера Килсан а, Руман империн Малхбалера Килсаш йуккъахь а херо йара. Цуьнан бахьан дара килсаш йуккъахь динан къовсамаш хилар а, руман епископш Малхбалера килсаш шай долалле йаккха гӀертар а. Ткъа цу херонан жамӀ дара 1056 шарахь хилачу Килсийн йекъар.

Сийлахь-йоккха йекъар хилачу тӀаьхьа Ортодоксийн килсаш йуккъахь хьалхара меттиг бу Керлачу Руман-Константинополан епископин кафедран. Ткъа йекъар хилале Дерригдуьненан килсан бакъонца хьалхара меттиг Риман кафедран бара.

Ортодокс-дин — Делан Йозанашкахь дӀайаздина долу бакъ апосталийн тешар ду, иштта иза Ортодоксийн килсан дин ду. Ткъа цуьнан маьӀна ду- йуккъахь евхаристин зӀе йолу хьукмаллица шайн лаамехь йолу автокефалин меттигерчу килсийн йукъарло.

Ортодоксан килсо къобалйо Никейн-Константинополан тешаран билгало. Иштта декъалбо Дерригдуьненан килсийн ворхӀ сацам. Ткъа ша къастайо Ӏийсас бухбиллина а, иза куьйгалхо волуш а цхьаъ бен йоцу килс санна.

Ортодоксан Керсталла
Дуьне кхоллар а, ворхI Дерригдуьненан килсаш а, 12-чу Апосталийн Килс а. XIX-чу бIешаран цIу.

Ортодокс-дин таханлерачу дийнахь цхьайолчу пачхьалкхашкахь коьрта дин ду, царна йукъахь- Оьрсийчоь а, Балканийн axгӀайpeнан дакъа а (Желтойчоь а, Серби а, Болгари а, Румыни а, Къилбаседа Македони а, Ӏаьржаламанчоь а), Украина, Белорусь а, Молдави а, Гуьржийчоь а, Кипр а.

Билгалдахарш

Tags:

Желтойн моттКатолицизм

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ДигомиОкуев, Шима ХамидовичМамакаев, Мохьмад АмаевичТаймин БиболатfdwbzГайтукаева, Бана МустафаевнаВайнах махкахбахарСебиев РамзанБарта кхолларалла2006 шо1923 шоВедарДуьненайукъара зударийн деВашингтон (Колумби гуо)БабикиСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзЧермакаванМать (фильм, 1926)Гаррисонсбург (Виргини)Европин бартВикипедиШамтосе-суьгӀ-ЛуагӀПетарбухХӀиндонезиОлеттМоскван метрополитенБадуев, СаьӀид СулеймановичУмарова, ЛизаМиланНогӀамирзин-Йурт23 февральТалхигова РозаОбровДегӀастаЙоза хаарКриштиану РоналдуМонголиПсари (Бендзинскан повет)ЖелтойчоьАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташАбу Бакр ас-СиддикъКхазакхстанНохчийн моттТверьЗовуниТаьӀна-цӀен1944Крамаров, Савелий ВикторовичӀаьржа хӀордБераххиларДуб (Ржатиборжске Гори)MediaWikiЛондон2004 шоЗарзарСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомАбсолютизмБисултанов, Апти ДибаевичYouTubeАьккхийHTMLХункар-мохкЧупина (Свердловскан область)ГарволевоФранци🡆 More