Итальянийн Мотт

Итальянийн мотт (lingua italiana) — Италин официалан мотт бу.

Итальянийн мотт
Итальянийн Мотт
Шен цӀе: italiano, la lingua italiana ладогӀар 
Пачхьалкхаш:
Официалан мотт:

Итальянийн Мотт Итали
Итальянийн Мотт Ватикан
Итальянийн Мотт Сан-Марино
Итальянийн Мотт Швейцари
Итальянийн Мотт Малтойн орден
Регионийн йа локалан официалан мотт:
Итальянийн Мотт Хорвати

  • Итальянийн Мотт Истрин жупани

Итальянийн Мотт Словени

Организацеш:
Итальянийн Мотт Европин барт
Латинан Барт
Нисдеш организаци: L’Accademia della Crusca
Мотт буьйцурш: 70 млн герга
Рейтинг: 18
Статус кхерамзаллехь[d]
Классификаци
Категори: Евразин меттанаш

ХӀинди-Европин меттанаш

    Романийн тоба
      Итало-романийн бухара тоба
Йоза: латиница
Меттан кодаш
ISO 639-1 it
ISO 639-2 ita
ISO 639-3 ita
WALS ifi, ita
Ethnologue ita
Linguasphere 51-AAA-q
ABS ASCL 2401, 24
IETF it
Glottolog ital1282
Итальянийн Мотт ХӀокху маттахь Википеди

Йоза

Итальянийн абат (alfabeto)
Элп Алар ЦӀе (ит.) ЦӀе (нох.)
A a [a] a а
B b [b] bi би
С с [k], [ʧ] сі чи
D d [d] di ди
E e [e], [ɛ] e э
F f [f] effe эффе
G g [g], [ʤ] gi джи
H h хьажа тексте acca акка
I i [i], [j] i и
L l [l] elle элле
M m [m] emme эмме
N n [n] enne энне
O o [o], [ɔ] o о
P p [p] pi пи
Q q деккъа цхьаьна qu [kw] cu ку
R r [r] erre эрре
S s [s], [z] esse эссе
T t [t] ti ти
U u [u], [w] u у
V v [v] vu ву
Z z [ʣ], [ʦ] zeta дзета
Деккъа кхечу меттанашкара девлла дешнаш дӀаяздан
J j [j] i lunga и лунга
K k [k] cappa каппа
W w [v], [w] vu doppia ву доппиа
X x [ks] ics икс
Y y [i], [j] i greca и грека

Итальянийн матто лелайо латинан абат тӀетоьхна диакритикашца. Яьржина ю иштта диграфаш.

Элпаш c, g билгалдоху аьзнаш [k], [g] хьалхарчу могӀанера доцучу мукъа аьзнашна хьалха (o, u, a), ткъа мукъа аьзнашна e, i уьш доьшу [ʧ] а, [ʤ] а. Цхьаьна «ci, gi + мукъа аз» элп i ца доьшу, ткъа билгал бен ца доккху дешар c, g аффриката сашша (ciao 'салам'/'Ӏие шайна' ['ʧao]), нагахь i уозош дацахь. Цхьаьна элпаш cie, gie хӀинцалерачу маттахь ца къаьста аларца ce, ge([ʧe] а, [ʤe] а). Уьш леладо цхьадолчу орамашкахь (cieco 'бӀаьрзе', хӀунда аьлча ceco 'чехийн' ду) а, зударийн родера дукхаллин терахьехь мукъа аьзнашна тӀехьа: valigia 'тӀоьрмиг', дукх. т. valigie (valige дац). Триграф sci билгалдоккху [ʃ].

Аьзнаш [k], [g] i, e хьалха хилча билгалдоккху ch, gh (дуста иштта sch [sk]): ghiaccio 'ша' [gjjaʧ:o], che [kje] 'хӀу'.

h элпан шен аз дац. Иза леладо диграфашкахь ch, gh (триграфехь sch), тӀеэцначу дешнашкахь, айдардешнашкахь (ahi 'хӀун дие'), ткъа иштта, хандешан кеп билгалъяккха avere 'хила' омонимаш йолчу кхечу дешнех: ho 'сан ю' (o 'я'), hai 'хьан ю' (ai — предлоган цхьаьнатоьхна кеп a а артикль i а), ha 'цуьна ю' (a 'к'), hanno 'церан ю' (anno 'шо').

Диграфаш gl а, gn а билгалдоху палаталан сонанташ [ʎ] ('лль') а, [ɲ] ('нь') а. i доцург [ʎ] муьлххачу мукъа озаца цхьаьна, яздар доьху триграф gli: дус. gli [ʎi] ('льи') — артикль i хийцаялар, йа 'цунна'; амма migliaia [mi'ʎaja] ('милья́я') 'эзар'.

Элп q лела ца до qu кепара бен, цуо билгалдоккху [kw]. Шала дар qu триграф cqu санна хуьлу: acqua 'хи', nacque 'иза вина' (йукъарадаккхар: soqquadro 'низам ца хилар', biqquadro 'бекар').

Элпаш i а, u а билгалдаха тарло мукъа аьзнаш [i] а, [u] а, ткъа иштта глайдаш [j] а, [w] а. Дукха хьолах кхечу мукъа озан уллехь цуо билгалдоху глайдаш, нагахь иза уозош дацахь йа юьцург суффикс -ia яцахь. И уозор йозанехь билгал ца доккху: Russia ['rus.si.a] 'Росси', амма trattoria [trat.to.'ri.a] 'трактир'. Дус. capìi [ka.'pi.i] 'со кхетта'.

e, o элпашка билгалдахало алсамо къевлина [e], [o], алсамо къевлина а [ɛ], [ɔ]. Нагахь царна тӀехула акутан йа грависан хьаьрк ца латтахь, уьш къаста ца ло: legge 'закон' ([leʤ:e]), амма legge 'цуо йоьшу' ([lɛʤ:e]).

Акутан а, грависан хьаьркаш лелайо уггар хьалха, тӀехьара слог уозо езар гойтуш, цу тӀе уозо деза мукъа аз — i, u йа a делахь, даиман лелайо гравис: città 'гӀала', gioventù 'къуоналла', capì 'иза кхетта'. Нагахь мукъа аз йукъара барамехь уозо дезахь, диллина хилар гойтуш лелайо гравис, ткъа къевлина гойтуш — акут: perché 'хӀунда' [per'ke], [tɛ] 'чай'.

Цул сов, акут а, гравис а хьаьркаш хӀиттайо цхьайолчу юьззина уозош йолчу кепашна, уьш уозош доцу дешнийн омографех къастаялийта: 'цуо ло', da 'тӀиера', 'хӀаъ', si '-ся' (дус. кхин а è 'иза ду', e 'а').

Элп j леладо цхьа могӀа тӀеэцначу дешнашкахь а, доларчу цӀерашкахь а ламастан яздар Ӏалашдеш (дус. Juventus). Шира тексташкахь хаало j дукхаллийн терахьера цӀерийн чеккхенгахь -io: principj 'долораш' (морфологехь principi-i, дус. principio 'юьхьиг').


Билгалдахарш

Литература

Tags:

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Хьун3 ноябрьШвейцари1807 шоГарволевоКрамаров, Савелий ВикторовичДуниновоHTML2010 шо1950 шоКоьшингМакедонийн ИскандарСевастопольБиблиВайнах махкахбахарОбровЭмкалшФакундо АранаЗарзарЕвропаСатуев, Хусейн ДжунидовичАллахӀПсари (Бендзинскан повет)Ленин, Владимир ИльичТӀомГӀиргӀазойчоьВедарВилкова, Екатерина НиколаевнаКартолНидерландашЯшуркаев, Султан СайдалиевичUbuntuВашингтон (Колумби гуо)Стом тоьхна хьокумФерменташ.ggТхинвалиКоблевоЭтуш, Владимир АбрамовичСтранеКорнице (Польша)Пугачёва, Алла Борисовна1913 шоБарта кхоллараллаАбаканДуьххьара нохчийн-оьрсийн тӀом23 февральАляскаВинтер-Спрингс (Флорида)НепосПгӀегӀПутин, Владимир ВладимировичКианетиБашкирийчоьДуб (Ржатиборжске Гори)Туркойчоь1852 шоЖелтойчоь24 апрельСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзМухьаммадЦуруев, Шарип МовладовичКинешман кӀоштБарт (йукъаметтиг)🡆 More