Аьнгалхаш

Аьнгалхаш (лат. Gryllotalpidae, оьрс.

Массанхьа а хаало. 110 кепара йу.

Аьнгалхаш
Gryllotalpa gryllotalpa
Аьнгалха (Gryllotalpa gryllotalpa)
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Gryllotalpidae Leach, 1815
Бухара доьзал
  • Gryllotalpinae
  • Scapteriscinae
  • Marchandiinae
Яржаран карта
сурт

  Gryllotalpa

  Scapteriscus

  Neocurtilla

Йовзийтар

Оцу доьзалан векалийн барам 5—8 см бу, лаьттан бухахь шеш даьхначу Ӏуьргаш чохь йеха. Гай кхузза доккха ду коьртанакхел, кӀеда, урчакх кепара, йаккхийчеран диаметр 1 см гергга. Гайн чеккхенгахь хаало шиъ хьасакепара тӀетохар — 1 см йеха церкаш. Некхан у онда ду, корта ларбархьама кхерам хилчи аьнгалхо оцу ун кӀела буллу. Коьрта тӀехь хаало дика гуш болу боккха шиъ фасетан бӀаьрг, деха мекхаш-антеннаш а ду, батт гуонахьа хӀуманах Ӏуттуш долу диъ мекх ду. Аьнгалхан хьалхара ши ког тӀехьарчарех тера бац, оцу когашца цуо чӀогӀа дика латта охку. Йаккхийчу аьнгалхийн тӀекӀела тоьхна дуткъа пардонан тӀемаш хуьлу, дукха хьолахь гайл деха а долуш. ДегӀан бос: тӀехула агӀора гай таьӀна-боьра ду, бухахь серладолу зайт басе, иштта бос бу когийн. Корта а, накха а таьӀна-боьра бу. Хьалхара когаш охкаш бу. ТӀемаш а, тӀемашна тӀехулонаш а дика кхиина ду, наггахь хаало тӀемаш доцурш а. ТӀомалела 50 см - 5 м лакхахула.

Систематика

110 сов кепара йу. Дуьненахь массанхьа а йу.

Таханлера фаунехь йу 2 бухара доьзал бу 6 тайпанан, кхин а мацахлера 1 бухара доьзал бу 5 тайпанан. Мацахлеранаш девза Европин олигоценера а, Къилба Америкин киран муьрера а.

  • Бухара доьзал Gryllotalpinae Leach, 1815 (триба Gryllotalpini Leach, 1815)
    • Gryllotalpa Latreille, 1802 (Аьнгалхаш) — Дерриг дуьненахь (70 гергга кеп)
      • Gryllotalpa africana — Африкин аьнгалха
      • Gryllotalpa fossor — Генара Малхбузен аьнгалха
      • Gryllotalpa gryllotalpa — Гуттар хуьлу аьнгалха
    • Gryllotalpella Rehn, 1917Къилба Америка (2 кеп)
      • Gryllotalpella macilenta (Saussure, 1874)
      • Gryllotalpella minor (Bruner, 1916)
    • Neocurtilla Kirby, 1906 — Неотропика (7 кеп)
      • Neocurtilla hexadactyla
    • Pterotriamescaptor Gorochov, 1992Европа, олигоцен (1 кеп)
      • Pterotriamescaptor prima (Cockerell, 1921)
    • Triamescaptor Tindale, 1928Керла Зеланди (1 вид)
      • Triamescaptor aotea Tindale, 1928
  • Бухара доьзал Scapteriscinae Zeuner, 1939 (триба Scapteriscini Zeuner, 1939)
    • Indioscaptor Nickle, 2003ХӀинди (4 кеп)
      • Indioscaptor indicus (Bhargava, 1996)
      • Indioscaptor leptodactylus (Chopard, 1928)
      • Indioscaptor nepalicus (Ingrisch, 2002)
      • Indioscaptor siangensis (Tandon & Shishodia, 1972)
    • Scapteriscus Scudder, 1868 — Неотропика (20 гергга кеп)
  • Бухара доьзал Кеп:Вымер Marchandiinae Gorochov, 2010
    • Archaeogryllotalpoides Martins-Neto, 1991
      • Archaeogryllotalpoides ornatus (Martins-Neto, 1991) — Къилбан Америка, киран мур
    • Cratotetraspinus Martins-Neto, 1997
      • Cratotetraspinus fossorius (Martins-Neto, 1995) — Къилба Америка, киран мур
    • Marchandia Perrichot, Neraudeau, Azar, Menier & Nel, 2002
      • Marchandia magnifica Perrichot, Neraudeau, Azar, Menier & Nel, 2002 — Европа, киран мур
    • Palaeoscapteriscops Martins-Neto, 1991
      • Palaeoscapteriscops cretacea Martins-Neto, 1991 — Къилба Америка, киран мур

Билгалдахарш

Литература

  • Hill, P. S. M.; Hoffart, C.; Buchheim, M. Tracing phylogenetic relationships in the family Gryllotalpidae (en) // Journal of Orthoptera research. — 2002. — Vol. 11. — P. 169–174.

Tags:

Аьнгалхаш ЙовзийтарАьнгалхаш СистематикаАьнгалхаш БилгалдахаршАьнгалхаш ЛитератураАьнгалхашЛатинан моттОьрсийн моттСагалмат

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

1999 шоСолакФонтен-ле-ВегӀвенНенан моттМухьаммадВулфборо (Нью-Гэмпшир)ЛюбицеДаймохкКурчалой-ГӀалаЛенин, Владимир ИльичМерза хьокхумКоперкия (Салерно)Гумма (префектура)Лавров, Сергей ВикторовичМате (малар)Шайх МансурБенойСаьрбалойАсуараКугӀсель-ле-СемуьгӀМелан (Ивелин)12 октябрьАрамус1800 шоТӀуьйли-ламКерла-Энгана31 декабрьМи (префектура)ИшореГифу (префектура)Паскуалькобо.bbКызылкесекСвердловскан областьЖуллиСен-Жан-ПутжБетербиев, Артур АсильбековичГробникиПеруШатийон-суьгӀ-СенМадинатВикиманиЧечанЖуиф (Сона а, ЛуагӀа а)Малхбален Алеутийн гӀайренашДегӀастаМеханикаНидерландашРуссо, Жан-ЖакЗандакъойОслаМахьфуз, НаджийбБуков (Прахова)23 февральКхоллараллин документ🡆 More