Абхазаш, Абхазхой, Апсой (абхаз.
Абхазхой | |
---|---|
Шен цӀе | аҧсуаа |
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | 185 эз. гергга |
Абхази:
Гуьржийчоь (Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а йоцуш): Украина: | |
Хаам | |
Археологин культура | Колхидан оьздангалла, Цебельдин оьздангалла |
Мотт | Абхазхойн |
Дин | православи, бусалбанаш-суннийш |
Йукъабоьду | Кавказан доьзалш, Къилбаседа-кавказан доьзал, Абхазийн-адыгийн тоба |
Гергара къаьмнаш | абазой, адыгейш, убыхаш |
Этносин тобанаш |
|
Медиафайлаш Викилармехь |
Йаккхий диаспораш йу иштта Туркойчохь, Россехь, Шемахь, Урданехь, баьржина — Малхбузен Европа мехкашкахь а, АЦШ а. дам.
1989 шарахь бахархой багарбарца, Абхазера абхазхойн барам хилира 93,3 эз. стаг (Абхазин 18 % бахархой), 2003 шарахь багарбарца — 94,6 эз. стаг (44 % бахархой), 2010 шарахь багарбарца — 122,1 эз. стаг (51 % гергга). XXI бӀешо долалуш церан дуьненахь болу берриг бараман мах хадабо 185 эз. стаг. Абхазхой беха дуьненан 52 махкахь.
Буьйцу абхазхойн мотт, дукхаха болу Абхазехь бехачара — кхин оьрсийн мотт а.
Уггаре даьржина динаш — православи (VI бӀешарахь дуьйна) а, суннийн кхетаман ислам (XV бӀешерера дуьйна).
Абхазхойн этногенез гар, Инал-Ипас ма-йаздара, масех агӀора ду: къилба (жимаазийн), къилбаседан (къилбаседакавказан), меттигера (автохтонан). Кхечу хьосташца абхазхойн къоман этногенезехь кхо некъ билгалбаккха мегар ду: автохтонан, миграцин, и ший а ийна. Автохтонан версин агӀончаш бу А. В. Фадеев, Л. И. Лавров, кхин а. Лавровс аратеттина абхазхойн-адыгийн къаьмнаш схьадовларан «киммерийн» гипотеза, цуьнца скифел хьалхара заманахь церан дай йукъабодура киммерийн бертан тайпанашна (ахейш, зихаш, гениохаш, кхин дӀа а), дӀалоцура Къилбаседа-Малхбузан Кавказан мохк. Л. Лавровс хетара, массо а киммерийхой скифаш ара ца тетина аьлла, церан цхьа дакъа, царна йукъахь ахейш, зихаш, кхин дӀа а бехаш бара Малхбузан Кавказехь. Цуо йаздора: «И тайпанаш шеко йоцуш хӀинцалерачу абхазхойн, абазойн, адыгейхойн, гӀебартойн дай хилла, цундела церан шайн схьадовлар киммерийн малхбален декъера тайпанех ду ала бух бу». И гипотеза тӀаьхьо къобал йира Н. Л. Членовс а, С. Х. Хоткос а. Автохтоналлин концепци кхуьура 1970—1980-гӀа шерашкахь Инал-Ипан белхашкахь. Цунна гарца кхин а, лаххара а вайн эрал III бӀешо хьалха, абхазхойн-адыгийн этнооьздангаллин массиво, цахедда асанца, дӀалоцура Ӏаьржа хӀордан берриг малхбален берд. Кхин ойла йара Кисслинга, цуо бохура, Ӏаьржа хӀордан бердашца гуьржийн тайпанаш даьхна, хӀунда аьлчи керкеташ, ахейхой, гениохаш, цунна хетарехь, картвелан бух болуш ду.
Абхазхой схьабоавларан миграцин концепцин йу масех верси. Эфиопийн-мисран гипотезица шира колхаш абхазашца кхелхина Кавказе къилбаседа-малхбален Африкера. Кхечу версица абхазхой — схьабевлла Къилбаседа Кавказера, амма иштта гар археологин а, йозанан а хьосташца догӀуш доцу дера, иза емал дира. Цхьаьна хенахь оцу версе гӀертара академик И. А. Джавахишвили (амма дерриг цхьаьна тоьхча иза а, С. Н. Джанашиа а агӀончаша бара, абхазхойн-адыгийн а, гуьржийн а тайпанаш къилбехьара къилбаседе даьхкина хиларан). Кхин цхьа гипотеза йу, абхазхой дай Жимачу Азера, цунна тӀелеттачу къилба-малхбузан Кавказан кӀоштара.
З. В. Анчабадзен, Л. Н. Соловьёвн археологин жамӀийн тӀетевжинчу, ийначу концепцица, меттигера автохтонан кавказан субстратан а, кхуза кхелхинчу жимаазин суперстратан а йукъаметтигаш бахьнехь, III бӀешеран гергахь кхоллабелла абхазхойн этносан орам.
ХӀинцалера Абхазин а, Малхбуза Гуьржийчоьнан а мохк ширачу заманахь дуьйна, антикан историкийн тешаллашца, бевзаш хилла Колхида цӀарца, цигахь дехара дуккха а абхазхойн (санигаш, абазгаш, апсилаш, мисимянаш) а, ткъа иштта гуьржийн а тайпанаш (лазаш).
VIII бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна абхазхойн базилевс Леон II-гӀачо Византи гӀелъяларх аьтту баьлла, хазарийн гӀоьнца даржийра шайн Ӏедал йерриг Колхидехула. Леон II-гӀа а, цуьнан дай а абхазхойн эриставаш хилар бахьнехь, керла кхоьллинчу паччахьаллин урхалчо тӀеийцира абхазхой паччахьан дарж. Паччахьаллин коьрта шахьар хилла Кутаиси гӀала. Леона йийкъира паччахьалла эриставаллашна. Абхазхойн паччахьалла йуьхьанца дуьйна йара луьра центрера урхалла долу пачхьалкх. Цуьнан паччахьаша жигара тӀемаш бора шайн дозанаш шордеш, дикка жамӀаш а дира цара. Малхбузан Гуьржийчохь лаьтта епархеш куьйга кӀела йара Константинополан патриархан. Абхазхойн паччахьаш бинчу баккхий белхаш бахьнехь IX—X бӀешераш хийцалучу хенахь хӀинцалерачу Малхбузан Гуьржийчоьнан мехкан тӀиера епископаллаш куьйга кӀела яхийтира мцхетан католикосан.
ТӀаьхьа Абхазхойн паччахьалла дӀатуьйхира Гуьржийчоьнах. ЮккъерабӀешерийн Гуьржийчоь йоьхначул тӀаьхьа Абхази йуха а хилира маьрша олалла Чачба (Шервашидзе) некъийн Ӏедал кӀелахь.
ТӀаккха, XVII—XVIII бӀешерашкахь регионехь гучубовлу туркой, уьш чӀагӀло Сухум-ГӀала гӀопахь. Оцу хенахь кӀезиг нах беха Абхазичохь (латта къиен хиларна) хӀинцачул дуккха а алсама бахархой бара.
Абхазичоьнан хьал башха чолхе хилира оьрсийн-туркойн тӀом болабелчи (1806 г.). 1808 шарахь туркоша карзахваьхна, Аслан-бейс вийра да — Келеш-бей (кхечу версица иза вийра мегрелийн элан йоьӀан Дадиани Нинин омарца, цунах тешалла до, масала, В. И. Стражевс), кхайкхийра ша Абхазичоьнан мтавар. Сафар-бей (Георгий) ведира Мегреле, Российгара гӀо дийхира. 1810 шарахь Российн императоро къобал вира Сафар-бей (Георгий) Абхазичоьн мтавар, шен куьйгакӀела лецира. Оццу 1810 шарахь российн эскарийн дакъош дӀалецира Сухуми. Абхазин мтавар кхайкхийра Сафар-бей (Георгий) Шервашидзе. ШервашидзегӀеран фамилин тайпанехь, Абхазичоьнан бахархошна йукъахь санна, туркошка а, оьрсашка а ойла йолуш дуьхь-дуьхьал лаьтташ ницкъаш бара 1810 шарал тӀаьхьа а.
1817—1864 шерашкара Кавказан тӀом болуш ах сов абхазхой кхалхийра Туркойчу а, Гергарчу Малхбале а, цигахь йисина гумгӀеран а, цабальгӀеран а тобанаш.
1917 шарахь революци йаьккхинчул тӀаьхьа Абхазичоь хилира маьрша а, большевикийн йоцу а Ломан Республикин цхьа субъект. Йоцца хан йаьлчи дӀалецира Гуьржийчоьнан Демократин Республикин эскарша. Советийн Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа, кхоьллира ша йолу Абхазийн ССР ТӀехьакавказан СФСР, иза тӀечӀагӀдира 1925 шеран абхазийн конституцино. Амма 1931 шарахь Абхазичоь йукъатуьйхира Гуьржийчоьнан йукъа АССРн бакъонашца, дӀайолийра гуьржий цуьнан махка охьаховшоран жигара процесс, дукхаха дерг Малхбален Гуьржийчуьра.
ССРС куьйгалло Абхазийчу гуьржийн этнос кхалхоран политико, гайтира, тӀаьххьара хиллачу Йерригсоюзан бахархой багарбарехь (1989 шо) абхазхой шайн Даймахкахь кӀезиг, 17 % (93,3 эз. ст.) бен ца бисар, ткъа гуьржий хилира 45 % (243 эз. ст.). ССРС йоьхначул тӀаьхьа сепаратистийн куьйгалло автономи дӀа а йаьккхина, маьрша Абхазичоь кхайкхийра, цуо тӀемца дов даьккхира, цуьнан жамӀ – гуьржаша массашкахь йитира Абхазичоь.
Абхазхойн къам генара дуьйна декъало цхьа могӀа этно-мехкийн тобанашка, уьш къаьста меттан башхаллашца, оьздангаллин элементашца, ткъа иштта меттигашкара кхетамашца а.
Владислав Ардзинба | Рауф Орбай | Дырмит Гулиа | Фазиль Искандер |
Ӏали бей | Баграт Шинкуба | Нестор Лакоба | Харейддин Паша |
Революцел хьалхарчу абхазий йукъараллехь дара хӀара чкъоьрнаш: элий, ахархой (латта лелон бахархой), жаӀуй. Российн Ӏедал Кавказехь чӀагӀлуш абхазаш кхоьллира элийн фамилийн Чачба некъийн долара дайн латта.
XX бӀешо долалуш малхбузан (бзыбийн, йа гудаутийн) а, малхбален (абжуйн, йа очамчиран) абхазашна йукъара башхалла йов. Экзогаман фамилин-гергарчу цхьаьнакхетарийн (абипара) маьӀна Ӏалашдо. 1980-гӀа шерашкахь кхоллало этнополитикан болам, 1989 шарахь гучуйолу Халкъан фронт «Айдгылара».
Адзюбжа эвла йистехь беха ша-кепара этно-расан тоба — абхазхойн неграш. Билггала хууш дац муха а, маца а кхаьчна африкхой Абхазе. Уьш эцна, чубалийна, хила тарло, мандаринан бошмашкахь болхбан. Амма хууш ду, XIX бӀешарахь цара абхазийн мотт бен ца буьйцура, шеш абхазаш лорура. Тахана доккхаха долу дакъа адзюбжахойн неграш чӀогӀа метисаци йина (ийна), дукхах болчара шайн йурт йитина, Абхазин кхечу дакъошка охьахевшина, ара а бевлла.
Кавказан къаьмнийн ламастан оьздангалла йу. Ламастан говзаллехь кхиина кузаш дар, бустамийн доьхканаш дуцар, тегарш (царна йукъахь дешийн а, детийн а тайнашца), аьчкан пхьола, дечиг агаран белхаш.
Оьздачу (элех болчу) абхазхойн божарийн духаран хила декхарийлахь дакъа хилла шаьлта.
ГӀовталан доьхкуш хилла туран доьхка, аьлчи а цӀестан а, детийн а кӀеганашца кечдина цӀуокана доьхка, цунна тӀе тосуш хилла шаьлта , тур а.
Абхазхоша лелийна кама а, бебут а тайпана шаьлтанаш, церан кхин а, хӀайкалан функцеш хилла, лелийна цхьацца гӀиллакхаш а, Ӏадаташ а кхочушдеш.
Таррех, тароне хьаьжжина, гӀуоле хетара мамлюкийн таррийн тайп, килич йа гаддарэ.
Беречун духаран дакъа лорура секха Ӏад пхенийн ботца.
Абхазхошкахь даиман шайца хуьлура доккха а доцуш урс, из алело таро йара бахаман Ӏалашонна, газан, бежанан хьакха, жижиг декъа (абхазхоша диг ца тухура дийнатан чархан, ткъа говза йоькъура иза меженашкахула 64 даа мегар долчу «жижиган дакъошка», хӀора декъан шен цӀе йара, царна тӀеязйора луьра билгалйаьккхина «статус» хьешан хьошалла лелош), дигарна дага еш, шоднашна а, мангалшна а дечиг еш, кхечу бахаман гӀуллакхашна цӀахь а, лаьмнашкахь а.
Музыкин фольклор гергара йу адыгийн а, гуьржийн а чух. Амалехь йу нартийн эпос, историн а, турпалаллин а эшарш, турпалех белхамаш; латталелорех а, даьхнийлелорех а, талламан бахамехь белхан эшарех лекхар, (царна йукъахь догӀа дехар дзиуоу а, ацунух а;); дарба лелор, цунна юкхьахь чов йинчун метта уллохь кхочушдешдерг ; эшарш-дехар Деле лемма Ажвейпшаага); цӀеран эшарш а, хелхарш а.
Дуккха аьзнийн алсама кеп — бурдонан тайпанан ши аз; амалехь ду хьалхара а олуш тӀаьхьара алар. Ладан бух — диатоника.
Абхазхойн эшарийн специфийн башхалла — асемантически дешнийн айдардешнийн боккха барам.
Музыкин гӀирсаш: Ӏад хьокхурш апхьарца, пӀелг тухурш ачамгур, арфа кепара аюмаа (лелош бац), цитран кепара хымаа, зурма кепара ачарпан, абык, кӀаркӀар аинкьяга, вота адаул.
ХӀара дуьненан къаьмнех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Абхазаш, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.