Кавказ

Кавказ — Евразера географин регион, дукха берг ламанан мохк, лаьтта Малхбузен-Европин аренан къилбехьа, Европин а, Азин а дозанехь, дӀалоцу Российн, Гуьржийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан а, цхьа могӀа къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхийн мехкаша.

Малхбузехьа Ӏаьржа хӀорд бу, малхбалехьа – Каспий-хӀорд.

Кавказ

Кавказ
Йолу меттиг Еврази. Шена чохь ю Къилбаседа Кавказ а, Къилба Кавказ
Майда 400 000 км² гергга
Пачхьалкхаш Азербайджан Азербайджан
Гуьржийчоь Гуьржийчоь
Росси Росси
Эрмалойчоь Эрмалойчоь
Къобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхаш:
Абхази Абхази
Ломан-Карабахан Республика Ломан Карабах
Къилба ХӀирийчоь Къилба ХӀирийчоь
Дин Керстанаш — 17 миллион стаг (57 %). Бусулбанаш — 13 миллион стаг (43 %).

Кавказан къилбаседан доза ду ГӀуман-Манычан чутаӀенца, Азов-хӀордаца, Керчан хидоькъенца.

Кавказан къилба доза ду ССРС хилла пачхьалкхан дозанца (хӀинца Азербайджанан а, Гуьржийчоьнан а, Эрмалойчоьнан а Туркойчоьнца а, Иранца а долу къилбан дозанаш). Ялх Чоьхьара Кавказан а, ткъа кхин а РФ Къилбаседа-Кавказан а, Къилбан а федералан гуонийн ерриг майда ю 356 482 км².

Историн-географин а, экономикин а агӀора, Кавказ йоькъу Къилбаседа Кавказе а, Къилба Кавказе а. Къилбаседа Кавказан йукъайогӀу Хьалхара Кавказ, Йоккха Кавказан къилбаседа басе, алсама хидоькъу даккъашца (малхбалехь — Самур эрк тӀекхаччалц), ткъа кхин а Коьрта Кавказан дукъан къилба-малхбузен басе цуьнан къилбаседа-малхбузен йисттера декъехь, ламастаца, Кавказан ӀаьржахӀордан бердйист (Российн ӀаьржахӀордан бердйист Псоу эрк тӀекхаччалц), фактаца (Коьрта Кавказан дукъца) и субрегион Чоьхьара Кавказехь йолушехь, иштта Абхази а лору.

ХӀинцалера политикин географин гарца (политикин-административан декъадалар), Кавказан мохк бекъна Российна — Къилбаседа Кавказ а, кӀеззиг, Чоьхьара Кавказ а Самур эркан аьтту бердаца (Кавказ лаьтта Российн къилбехахь (къилба-малхбузехь)), ткъа кхин а Азербайджанна, Гуьржийчоьнна, Эрмалойчоьнна. Туркойчоьно бух боцуш ца лору шен малхбален регионаш Кавказан йукъара.

Этимологи

«Кавказ» (желт.-шира. Καύκασος) цӀе дуьххьара хаало ширажелтойн авторшкахь Эсхилан (вайн эрал VI—V бӀешо хьалха) «ДӀатоьхна Пхьарматехь» а, Геродотехь (вайн эрал V бӀешо хьалха) а. Географан Страбонан тешаллийца (Эратосфенан хьажоргаш а йолуш (вайн эрал III бӀешо хьалха)), меттигера бахархоша олура Кавказах Каспи, цуо гойту и цӀе кхечу махкара яьлла хилар Καύκασος.

Кавказ 
Сванетехь

Дош Καύκασος схьадалар кхеташ дац, лингвисташна йукъахь муьлхха а цхьа этимологи яло цхьаалла а йац.

Шира-желт. Καύκασος, Отто Шрадеран а, Неринг Альфонсан а хетарехь уьйр йолуш ду готийн hauhs — «лекха», лит. kaũkas — «чуьппалг, бог», лит. kaukarà — «гу, бохь». Цуьнца цхьаьна советийн лингвиста В. А. Никоновс билгалдоккхура, Шрадеран а, Неринган а этимологин делила дац. Кхеташ дац муьлхачу маттара схьаяьлла Καύκασος цӀе, муьлхачу дош хӀоттаран гӀирсашца иза кхоьллина.

Кхин а кӀезиг тешам болуш ю Альбер Йорис ван Виндекенса кховдийна этимологи, цуо хьалаюьгура ороним Καύκασος, Бруттиера гӀала Κόκυνθος, ткъа иштта пеласг. κόκκυς• λόφος и.-е. *gug-, цунах схьадаьлла лит. gugà, лит. gaögaras — «бохь». Иштта лит. gaögarasца дустар даладо Альберт Джозеф Карнойс.

Британин лингвисто Рум Эдриана кховдийна этимологи пеласг. *kau- — «лам». Цуьнца цхьаьна Э. Рума ца кхетадо орониман шолгӀа дакъанах дерг.

Желтойн юхьхьанцара терминан интерпретацин баланаш масийттаза хьовсийра Ӏилманчаш ломан скифийн ширачу латинин цӀеран кепе лат. Сrouсаsim (аккузатив). Солина тешалла дина йолу варианташ йоцу Кеп:Lang-lat2 кеп (номинатив), Маркварт Йозефа кхетайо шира.-иран. (скифийн) *χrohu — «ша», käsi — «къега», аьлча а — *χrohu-käsi — «Къега ша».

Кречмер Паула, тӀетевжина латыш. kruvesis — «шахьахар» а, Кеп:Lang-goh — «ша», дуста оронимца желт.-шира. κρύος — «шо», вукха агӀора шира-хӀинд. kā́çatē — «къега, серло ло» шира-хӀинд. kāç — «къега, гуш хила», тӀаккха Кречмеран маьӀна хуьлу «ша лепар». Цул оьшуш ду А. И. Соболевскийн авест. kahrkāsa дустар — «куьйра».

Географи

Кавказ 
Кавказ

Кавказан лаьмнаш ду Европехь уггаре лекха лаьмнаш: Эльбрус (5642 м), Дыштау (5203 м), Коштан-тау (5151 м), Джанги (Джангитау) (5085 м), Шхара(5068 м), Казбек (5047 м), Тебул-Лам (Тебулос-Мта) (4512 м).

Къаьмнаш

Хьажа иштта

Литература

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Литература

Tags:

Кавказ ЭтимологиКавказ ГеографиКавказ КъаьмнашКавказ Хьажа ишттаКавказ ЛитератураКавказ БилгалдахаршКавказ ХьажоргашКавказ ЛитератураКавказАзербайджанАзиГуьржийчоьЕвразиЕвропаКаспий-хӀордКъобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхашРоссиЭрмалойчоьӀаьржа хӀорд

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ХаарСийлахь Петран КилсЕраносЦинь ШихуандиСкоттсвилл (Кентукки)Попки (Польша)Беджиховице-ГурнеКӀайнДиалектикаПхьидарчийВикилармаШахнамеАзанКиотоХӀаваан кемаЦийн Халкъан РеспубликаСеда ДудуркаеваБедаСидней (Нью-Йорк)Космосе вахарВовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламМамакаев, Мохьмад АмаевичСалоникашСулейманов, Ахьмад СулеймановичТехӀранХин татолMediaWikiОьрсийн моттГӀиргӀазойчоьГаретке22 апрель1994 шоМифологиИбрахӏимДунайМонтерей (Калифорни)РСФСРАббевиль-Сен-ЛуьсьянӀадлани ВоӀ РамзанВоля-БарановскаДилискаКлинтон (Нью-Джерси)ВильнюсДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламГильгамешех лаьцна эпосДарвин, ЧарльзБухарестСартичалаОьрсийн Ортодоксан КилсДудагӀеран Мусан-воӀ ЖовхӀарПонсаБренна (Польша)КолизейФранциГугутиФранклин-Лейкс (Нью-Джерси)Македонийн ИскандарТрансформаторСтадолище (Городокан кӀошт)Къоьзана ӀамМикки МаусАдиев, Мохьмад МусаевичПластмассашКхачаОкишевы1992 шоКубаСент-Солин🡆 More