Нашхой

Нашхой — тукхумашна Къамш доцу тайпа, J2, Т гаплотобанера тайпа ду.

Шен XV бӀешеран тептарехь Аздин Вазара хьахийна Нашой а, Нашхой а нохчийн 48 тайпана йукъахь. Нашхойн тайпанах схьадевлла МозгӀарой а, ЧӀармахой а тайпанаш.

Къена тайпа
Нашхой
Кхин цӀерш Нашах, Нашхо
Этноиерархи
Раса кавказан
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан галайнчІожан гараматтаьхь нашхойн лер
Йоза нохчийн кириллицин абат
Дин ислам (сунниташ)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
Нашхой Росси: хууш дац
Нашхой Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Нашха

ЦӀе

Тайпана цӀе Нашхой таханлерачу Ӏилманан-публицистикийн литературехь ца къаьстташ уьйр йолуш йу историн мехкаца Нашхаца. Цхьацца белхашкахь царех синонимаш хуьлу — дукха хьолахь авторш, Нашхой/Нашха хьахош, кхетадо нашхойн этнотоба а, уьш дуьххьала охьахевшина мохк а. Советийн нохчийн меттан талламхочо А. Г. Мациевс, хаам бира, шайн цӀе нохчий лелош болчу кхечу нохчех къаьсташ, Нашхойн тайпана наха кхечу тайпана йоккху шайн цӀе — нашха олий. А. Г. Мациевн гипотеза йу, цуо дийцарехь йукъараллин/мехкан цӀе Нашхой/Нашха хила тарло эндоэтнониман нохчий (хьажа Нохчий. Этимологи) бух. Иштта этимологин вариант лерира тергойан йезаш бевзаш болчу нохчийн Ӏилманчаша, масала лингвист, фил.Ӏ.д., профессор волчу И. Ю. Алироевс а, и.Ӏ.д., профессор волчу Ш. Б. Ахмадовс а.

ХӀоттам

Нашхойн тайпан хӀоттам, иза декъадалар тайпанан гаьннашна (гаранаш, некъи) таханлерчу талламхоша дика теллина дац. Ӏилманан а, публицистикийн а белхашкахь хуьлу йуьззина а йоцу, тера а йоцу гаьннийн испискаш.

Тайпанан гаьннаш
(гараш)
Тайпанан гаьннаш
(некъи)
Кхечу
хӀосташца
XIX, XX, XXI бӀешерийн фамилеш
(цӀа, доьзал)
Тайпанан йарташ
Нашхахь
1 МоцIархой МоцIара
2 ТIистархой ТIиста
3 Хьайбахой Хьайбаха
4 Хьижахкхой Хьижахка
5 ХIилхой 1 Берса-некъе БоршиговгӀар ХIийла
2 Бода-некъе
3 БIоза-некъе
4 Саккхал-некъе
5 Хушпар-некъе
6 ЧIармхой ЧIармаха

Мотт

Нашхой хилла/бу? Нашхойн диалектан аьккхашка-орстхошка узуш буьйцу мотт (иштта наггахь олу галанчӀоьже узуш буьйцу мотт) лелориш. Таханлерачу лингвистин классификацица иза бу нах-дегӀастанан меттанийн нахийн геннан вайнехан кластеран мотт. Аьккхийн-орстхойн узуш буьйцу метто латтабо нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанашна йукъара меттиг, амма XX бӀешарахь цкъа нохчийн, юха гӀалгӀайн диалектех тухура, ткъа нашхойн диалектах талламхоша олура лер.

Географи

Дозанаш

Нашхан доза ду Пешхаца, ТӀерлаца, Галайца, Ялхараца. Нашха лаьтта Гихан а, Рошни а хиш йукъахь. Йекъало 2 декъе: ТӀехьа Нашха а, Сехьа Нашха а.

Топонимаш

Нашхойн хи – ЧӀебарлара хин цӀе йу. Нашха – Курчалара шовда. Лахарчу Курчалан къилба-малхбузен йисташкахула охьадоьду шовда. Нашах лаьттинчу кӀога – Аьккхара ВӀовган малхбалехьа. Нашхойн кӀайчу йуххие – КӀайчу йуххиен малхбузехьара саьлнаш. Нашхойн хи – ЧӀебарлара Буонахуойн саьлнашна малхбалехьа. А.Сулеймановс дийцарехь, хин бердашца баьхна Нашхой.

Этноистори

Цхьа могӀа Ӏилманчаша дийцарехь дуьххьара нашхой охьахевшина мохк — Нашха, дукхах долчу нохчийн, гӀалгӀайн тайпанийн Даймохк бу, нохчийн тайпанийн цхьаьна декъо (20 сов хила тарло) шайн дай оцу историн мехкара хуьлуьйту. Дукхаха долчу дийцаршкахь нохчий охьахевшина шира меттиг лору Нашха, цундела царна йукъахь ойла лела, нагахь милла а Нашхара ваьлла велахь — иза Нохчийчохь бух болуш стаг хилар.

Шеш Нашхойх, иштта тайпа олу, кхин тӀе иза лору даккхийчарех, ца догӀу тукхмашна йукъа. Ш. Б. Ахмадовс (2002) дийцарехь хьалха Нашхахь хилла ладаме вайнехан шайн урхалла даран йукъ — «Къанойн кхеташонах» цхьаъ ( тиламало Мехк-кхел ца йуьйцу).

Нохчийн талламхочо-мохкӀаморхочо, хьехархочо, халкъан поэта А. С. Сулеймановс дийцарехь (нохчий арабахар таьӀна дуьту цуо), нашхой «лаьмнашкахь баха хала долун дела шайн эвланаш а йитина, шуьйра охьахевшина акъарийн гӀаланашкахь а, йарташкахь а». Амма, тера ду, нашхойн доккхаха долу дакъа даьхначух шайн историн Даймахкахь — Нашхахь 1944 шо кхаччалц, оцу меттигера бахархой Кхазакхстане арабаххалц. Тептарш дийцарехь, тайпан да ву Нашхо нохчийн къоман да. Кхечу версешца, къоман да хилла Турпал Нохчо. Гуьржехахь нашхоша лелайо гуьржийн чеккхе йолу фамилеш: Борчашвили (БорчаевгӀар, БоршиговгӀар). Дуьххьарлера нохчийн дай охьахевшина Галайн-Ӏам уллохь, уьш Шемара паччахьах бевдда бара (МоцӀархан уллохь ду Шама дукъ). Вайнехан шира дай севца меттиг нажан хьун (нажх) йара, цхьаьна новкъахочо шен лаьттах Ӏоьттина йицйира, йухаберза дагадеачи цуо терго йира оцу гӀаж тӀехь зуьгалаш довларан. Иза делера хаам хетна уьш севцира оцу йезачу меттигашкахь. Нажх боху дош хенан йохаллехь хийцаделира Нашх аьлла, иза массо а нохчийн Даймохк хилира, нохчий кхузара кӀез-кӀезиг баьржира хӀинца шеш бехачу махкашкахула. Нашхоша шайн тайпанан йурт лору Моцкъара, цигахь Ӏалашбина тайпанан йай. Иза хилла йалх цӀестан экъанех бина, хӀора экъан тӀехь Ӏарбойн маттахь вежарийн цӀераш хилла йазйина. Цуо гойту нохчийн дай бусулба хилла хилар, баьхкина уьш оцу махка VӀӀ бӀешерал тӀаьхьа, иза мелла а бакъдо «Нохчий схьабовларх долчу тептаро». Оцу тептаро дийцарехь Нашхан да хилла Шамхан Ӏабдул-ханан кӀант а, Шамахь эмир хиллачу Сайд-Ӏали-Шамин кӀентакӀант. Циггахь дуьйцу Шамханах Нашхахь 13 гуола (тайпа) йаьлла бохуш. «Путевые наброски А.Костерина» («А.Костеринан новкъара йаззамаш») цӀе йолчу тептарехь дуьцу, Шамханан да Ахьмадхан (ӀабдуллахӀ шолгӀа цӀе хила тарло, «АллахӀан лай» бохург ду иза) хилар, ткъа Нашха кхоьллинарг Шамханан ваша Ӏаббас вуьйцу. Кхин тӀе Гендаргнойн тайпа Нашхара даьлла а боху тептаро.

Гендаргнойн тайпанан «ДегӀастане Шамара элий бахкарх лаьцна тептар» тӀехь изза цӀераш йоху, амма Нашха йиллинарг лору Фахьруддин (Хьамзатан а, АргӀанан а шича), цунна и латташ дитина Шамханан кӀанта Хьамзата. Оцу тептарехь йалайо Гендаргнойн тайпанан силсил. Силсилехь Гендаргнойн дайшлахь ву Ахьмадханан кӀентакӀант АргӀан.

Сулейманов Ахьмада йалийна ширачу Моцкъара эвлара некъен силсил: СолтагӀа – ШапаӀ – Ӏусман – Бешти – Бузарт – Алдам – Ислам – Ислам – ИсмаӀил – ИсмаӀил – Ишхо – Ӏела – Ӏела –Уьйрасха – Ида – Анзор – Золза – Зама – Замбек – Мурат.

Тайпанан йай

Кхечу дийцаршкахь нохчийн да Нашхо йа Нохчо хилла боху. Цуьнан йалх кӀант хилла: Моцкъаро, Хьайбахо, ЧӀармахо, Хьижигхо (ГӀой), ТӀистархо, Хьийлахо. Цара иштта цӀераш йолуш эвланаш йехкира. Вежарий хӀора дийнахь гуллалуш хилла тайпанан йай тӀе кхаа рожехь, оцу йай чуьра цхьаьна йууш, вежаралла чӀагӀдора. Тайпанан йай хилла йалх цӀестан экъанех бина, хӀора вешийна цхьацца экъа кхочуш. ХӀора экъан тӀехь Ӏарбойн маттахь вежарийн цӀераш хилла йазйина: Моцкъаро, Хьайбахо, ЧӀармахо, Хьижигхо, ТӀистархо, ХӀийлахо. ХӀораниг шайн цӀеран экъан дуьхьала хаара, уьш церан долара меттигаш йара. Нашхахь бара оцу йайн дакъа доцу нах а, цара цунна гонаха питанаш леладора, царна цатовра тайпанан йайно вежарийн доьзалан уьйр чӀагӀйар. ХӀуъа а дора наха йай бохабайтархьама. Йай кхечира Шамилан замане. Оцу хенахь йай чохь йуург ца йора, хӀора доьзалан шайн йай бара, шира йай маьждигехь Ӏалашбеш бара, динан Ӏиданашкахь сагӀа доккхуш лелабора. Дуьххьара Нохчийчухула чекхволуш, имам Шамил кхечира шен эскарца Нашха, ЧӀармаха эвлахь сецира иза. Питанечу йуртахоша Шамилан чудиллира, нагахь Нашхойн йай хӀаллак ца бахь хьан Ӏедал тӀе муххале а лоцур дац цара, дуьхьала бовла а мега аьлла. Шамила эскаран йуург йан беза аьлла йай схьа а баийтина, чохь йуург йина, йай бохийра цӀестан кийсакаш йина. Кийсакаш Ӏинах кхийсира, иштта хӀаллак бина Нашхойн йай.

Беха меттигаш

Нашхой беха массо аьлча санна Нохчийчоьнан ярташкахь: ВаларгтӀе, Галне, Гихчу, Дечкан-ГӀала, Доьлаке, Котар-Йурт, Лакха-Невре, Ӏалхан-ГӀала, Ӏалхан-Йурт, Ӏашхойн-Марта. Нашхан йукъахь хилла нах беха меттигаш: ГӀарбихьакханчу, Ехкачу, Зерха, КӀайчаюхе, КӀелахбаса, МогӀасте, МоцӀарха, Мушечу, Саканжиеле, ТӀийста, Хотташкоча, Хьайбаха, Хьижахка, ХӀийла, ЧӀармаха (J2), Ӏажгечу, ӀаршӀалечу .

Тайпанан гӀарабевлла нах

  1. Бисанин Гелаг — Нашхара наиб, схьаваьлла Хьайбахь эвлара.
  2. Нашхойн Олдам — имам Шамилан Нашхара наиб.
  3. Сота-шайх – Накъшбандин шайх. Вина Теркйисттера йуьртахь Лакха Неврехь. ДӀавоьллина Кхазакхстанехь. Лакха Неврех зиярат дина.
  4. Элах-молла – Накъшбандин шайх. Вина Доьлакехь. Кхелхина 1885 шарахь Ӏаьржа хӀорд тӀиерачу кеман тӀехь. ЧӀаьнта-Йуьртахь зиярат дина.
  5. Эльдарханов, Таштемир Эльжуркаевич – Ӏ-ра а, ӀӀ-гӀа а Российн Пачхьалкхан Думан депутат, 1918 ш. ГӀойтӀан халкъан Советан председатель, Нохчийн ревкоман председатель, Къилбаседа-Кавказан мехкан кхочушдаран комитетан Къоман Советан председатель (1925 ш.) Дон тӀиера Ростовхь.

Билгалдахарш

    Комментареш

Литература

This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Нашхой, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.

Tags:

Нашхой ЦӀеНашхой ХӀоттамНашхой МоттНашхой ГеографиНашхой ЭтноисториНашхой Беха меттигашНашхой Тайпанан гӀарабевлла нахНашхой БилгалдахаршНашхой ЛитератураНашхойНохчийТайпа

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Вагнер, РихардИнтермаша1866 шо23 февральИранГочТуьрк570 шоОьрсийДжулвез (коммуна)ТанзаниТгӀемагӀгатПловдивАьчка оьмарФилософи24 августЧаплин, Чарльз1853 шоЕвропоцентризмНикарагуаУфа2003 шоЭрмалойЖуьгтийНохчийчуьра акхаройНухьӀаьржаламанчоьИнженеран гӀуллакхИсламан пачхьалкх1963 шоНидерландийн моттМисран нехчаХьиджазПелеНохчийчуьра олхазаршНохчийчоьӀебархойн моттБашкирашХьалхара жӀарахойн тӀелатарФеллини, ФедерикоКхазакхстанГуанчжоуКоьрта агӀоПейсон (Аризона)Нью-ОрлеанУЕФА Чемпионан лигаМарсТхэквондо12 июнехьАддис-Абеба3 июльИсхьакъ НьютонПортугали2004 шоАнимеУзбекистанШарбал14 январь8 мартЭрзянийн моттФорд, Генри21 сентябрь1769 шоГаза (дийнат)Саввина, Ия Сергеевна2002 шоСоловьиха (Нижни Новгородан область)1864 шо.ccКостанайн областьБудапешт🡆 More