Алжазаира

Алжаза́ира (Ӏаьр.

ⵟⴰⴳⴷⵓⴷⴰ ⵜⴰⵎⴻⴳⴷⴰⵢⵜ ⵜⴰⵖⴻⵔⴼⴰⵏⵜ ⵜⴰⵣⵣⴰⵢⵔⵉⵜ) — ЛаьттайуккъерахӀордистан майдан малхбуза декъара Къилбаседа Африкин пачхьалкх, мехкаца уггаре йоккха Африкин пачхьалкх. Майдан барам бу 2 381 740 км², иза кӀеззиг сов бу Демократин Республика Конгол (континент тӀехь майданца 2-гӀа меттиг).

Алжазаирин Халкъан Демократин Республика
الجمهورية الجزائرية الديمقراطية الشعبية
(аль-Джумхурия аль-Джазаирия ад-Димукратия аш-Шааби́я)
Tagduda Tadzayrit Tamagdayt Taɣerfant (берберийн)
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «من الشعب و للشعب
(Нахера а, наханна а)»
Алжазаирин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Алжазаира
Маьрша йаьлла терахьаш 1962 шеран 5 июль (Францех)
Официалан мотт Ӏаьрбийн, берберийн
Коьрта гӀала Алжазаира
Йаккхий гӀаланаш Алжазаира, Къусантина, ВахӀрана, Батна, Жалфа, СатӀиф, Биджая, Ӏаннаба
Урхаллин тайпа президентан-парламентан республика
Президент
Премьер-министр
Къоман кхеташонан
Къоман халкъан гуламан спикер
Ӏабдальмаджийд Таббун
ӀабдальӀазиз Джарад
Салахь Къуджийл
Слиман Шенин
Пачхь. дин суннийн кхетаман ислам
Латта
 • Шадерг 2 381 740 км² (10-гӀа дуьненахь)
Бахархой
 • Мах хадор (2014) 38 087 812 стаг
 • Ларар (2016) 40 400 000 стаг
ДЧС
 • Шадерг (2016) $599,83 миллиард долл. (38-гӀа)
 • ХӀораннан а сина $14 610 долл.
АДКИ (2019) 0,759 (лакхара; 82-гӀа меттиг)
Ахча алжазаирин динар (DZD, код 12)
Интернет-домен .dz
Код ISO DZ
Код МОК ALG
Телефонан код +213
Сахьтан аса +1
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Алжазаира

Алжазаирин доза ду МагӀрибца малхбухехь, Мавританица а, Малица а — къилба-малхбузехь, Нигерца — къилба-малхбалехь, Ливица а, Тунисца а — малхбалехь. Мехкан доккхаха долу дакъа лаьтта Саьхьарин гӀум-арахь. Коьрта шахьар — Алжазаира гӀала.

Алжазаира
Алжазаира Африкин физикин картин тӀехь пачхьалкхийн дозанашца

Этимологи

ЦӀе схьайолу шен коьрта шахьаран ойконимах — Алжазаира гӀаланах (Ӏаьр. مدينة الجزائر‎‎), цунна и цӀе кхаьчна ша латтар бахьнехь — иза йиллина X бӀешарахь бердан йистерачу деа гӀайренан тӀехь, цунах цӀе йелла «Аль-Джазаира» (Ӏаьрбийн маттахь «гӀайренаш»).

Истори

Алжазаира 
Траянан нартол(ингалс.) Тимгадехь, сурт диллина 1800-гӀа шераш долалуш
Алжазаира 
Къусантина гӀала, 1840 шо

Алжазаира ширачу заманахь

Карийна лахара а, йуккъера а палеолитан заманера (400—300 эзар шо хьалха) тӀулган гӀирсаш. Ширачу заманахь хӀинцалерачу Алжазаирин махкахь дехира шира ливин тайпанаш. Вайн эрал XII бӀешо хьалха кхоллаелира хьалхара финикийн колонеш.

Вайн эрал III бӀешо хьалха кхоллабелира тайпанашна йукъара берташ массилийн(ингалс.) а, мазезилийн(ингалс.) а. Массилийн куьйгалхочо Массиниссас цхьаьнатуьйхира ший а барт цхьааллин пачхьалкхе Нумидега. Нумидин паччахь Югурта (вайн эрал 116—105 шо хьалха) ийшира Югуртин тӀамехь Румал, вайн эрал хьалхара 46 шарахь Нумидех йира Руман провинци.

Вайн эран 438 шарахь Къилба Африкин бердан дакъа (цунна йукъахь Алжазаирин хӀинцалера мохк а) схьадаьккхира вандалаша. 439 шарахь кхоьллира вандалийн а, аланийн а паччхьалла. 534 шарахь хӀинцалера Алжазаирин дакъа даьккхира Византис.

VII—XIX бӀешераш

VII бӀешарахь Алжазаирин хӀинцалера мохк схьабаьккхина Ӏаьрбаша, тӀетоьхна Ӏаьрбийн халифатан. Византийхой лаьхкира. Мехкан бахархошна йукъахь дукха сиха даьржа ислам.

761—909 шерашкахь Алжазаирин махкахь лаьттира хаваражийн имамат Тийарат, цигахь урхалла дира РустамгӀар. Иза ФатӀимийгӀеран Ӏаткъам бахьнехь йоьжначул тӀаьхьа, бевддачара Сахьарехь кхоьллира йуккъера бӀешеран пачхьалкх Мазаб. ФатӀимийгӀеран когаметта хилира ЗиригӀар. 1014—1152 шерашкахь Алжазаирин доккхаха долчу декъехь урхалла дира ХьаммадийгӀар.

XI бӀешарахь Алжазаирин махка даьхкира Ӏаьрбийн тайпанаш — бану хиляль(ингалс.) а, бану сулайм(ингалс.), цуо сихдира Ӏаьрбий баржар. Алжазаирин малхбузан дакъа схьадаьккхинера АльмаробитӀугӀар, уьш хийцира АльмуваххьидунгӀар. Таламсан хилла ЗийанийунгӀеран пачхьалкхан (ӀабдальвадидгӀеран) коьрта шахьар.

XVI бӀешо долалуш испанхоша дӀалоцу бердашца йолу Алжазаирин гӀаланаш: Мерс-эль-Кебир (1505), ВахӀран (1509), Биджая (1510), Алжазаира (1510), кхин а. Алжазаирин феодалаш кхайкхам бира Барбаросса вежаршка корсарашка гӀо доьхуш. Хайреддин Барбароссас урхалла дира Алжазаирехь 1519—46 шерашкахь, ша туркойн султанан куьйгакӀела хилар къобал дира, цуо цунна бейлербейн дарж делира. XVI бӀешеран шолгӀачу декъехь Алжазаирех Ӏусманан империн пашалык (провинци) хилира, иза екънера 3 бейликан: КъасантӀийна, ТийтӀарий(ингалс.) (Мадийа), МаӀасикар (ВахӀран). Варварийн берд даьржа хӀордан талораш. 1711 шарахь ДейгӀеран Баба Ӏалис(Франц.) эккхийра тӀаьххьара туркойн паша, султанан ясакх ца луш сецира. Европин пачхьалкхаша къобал йира факт хилла Алжазаирин маршо. XVIII бӀешо чекхдолуш дейгӀеран пачхьалкх гӀелъелира, хӀордан талорех хуьлу са цӀеххьана юьйжира.

XIX бӀешо долалуш йолало французийн колонизаци.

  • 1830 шо — французийн колонизацин тӀелатаран юьхьиг. ТӀеман къовсам (масала, Ӏабд аль-Къадиран гӀаттам) бахло XIX бӀешо чекхдаллалц.
  • 1848 шо — Алжазаира кхайкхийна Францин мохк (Французийн Алжазаира) бу аьлла, екъна департаменташка коьрте префекташ а хӀиттийра, коьртехь хуьлу французийн инарла-губернатор.

XX бӀешо

Хьажа иштта

Билгалдахарш

Литература

  • Главса М. Спящий пробуждается. Путешествие по Алжазаирау. — М.: Географгиз, 1959.
  • Ланда, Роберт Г. История Алжазаираской революции 1954—1962 гг. — М.,  1983.
  • Ланда, Роберт Г. История Алжазаирин. XX век. — М.: 1999.
  • Поспелов Е. М. Географические названия мира. Топонимический словарь / отв. ред. Р. А. Агеева. — 2-е изд., стереотип. — М.: Русские словари, Астрель, АСТ, 2002. — 512 с. — 3 000 экз. — ISBN 5-17-001389-2.

Хьажоргаш

Пачхьалкхан институташ


МХГӀ

Tags:

Алжазаира ЭтимологиАлжазаира ИсториАлжазаира Хьажа ишттаАлжазаира БилгалдахаршАлжазаира ЛитератураАлжазаира ХьажоргашАлжазаираДемократин Республика КонгоКъилбаседа АфрикаПачхьалкхӀаьрбийн мотт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Соьлжа-ГӀалаБажаев, Зия ЮсуповичНохч-ГӀалгӀайн АССРВикипедиБашкирийчоь.ly1889 шоПутин, Владимир ВладимировичВикилармаСийлахь-Боккха Даймехкан тӀомВикиманиФинляндиНазмаБаскетболДуьххьара нохчийн-оьрсийн тӀомКолорадоСатуев, Хусейн ДжунидовичПужичиИзнеКалифорни22 февральЭнциклопедиКадыров, Рамзан АхматовичКриштиану РоналдуNGC 1295АнтарктидаЯхӀудийн динКъилбаседа ХӀирийчоьНакхармозийПолякийн моттБлюзДилискаХасстоьмашОанча (коммуна)Дамаскас (Арканзас)КнауБишоп (Техас)Парк-Сити (Канзас)1939 шо1982 шоФиниксМарикопа (гуо, Аризона)УкраинашОкурджалар (Алани)МомсарЯрохиISO 3166РенчеМамакаев, Ӏаьрби ШамсуддиновичКастеназо1947 шоХӀинжа-ГӀалаРейган, РональдМарзлуш долу ловзарЭстонийн ВикипедиМамакаев, Мохьмад АмаевичПоберовоАбаст-ХьаьжаМикки МаусХейримли.neКостоев, Ширвани УстархановичХи бухара кемаАлиев, Гапур ХамидовичАнна Иоанновна🡆 More