Уефа

Евро́пин футбо́лан ассоциа́цийн барт (инг. Union of European Football Associations, дацдина UEFA, нохчийн транслитерацица УЕФА) — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхаллин спортан кхоллам.

Цуо цхьаьнатуху европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш, дӀахьо йерриг европин футболан клубийн а, гулйина командин а къийсамаш, ткъа иштта рекламех, клубашна а, шена чуьра къоман ассоциацешна а йукъара матчаш гайтарна йаьлла са йоькъу.

УЕФА
Уефа
Уефа
УЕФАн карта
Дакъалла 55 къоман ассоциаци
Штаб-квартира Швейцарин байракх Ньон
Организацин тайпа Спортан федераци
Официалан меттанаш Ингалсан
Французийн
Немцойн
Куьйгалхой
Президент Словенин байракх Чеферин Александер
Инарлин секретарь Желтойчоьнан байракх Теодоридис Теодор (ханна)
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1954 шеран 15 июнь
Хьалхара организаци ФИФА
Схьаевлла организацеш Эрмалойчоьнан футболан федераци[d], Белоруссин футболан федераци[d], Боснин а, Герцоговинин а футболан барт[d], Украинин футболан ассоциаци[d], Косовон футболан федераци[d], Ирландин футболан ассоциаци[d], Финляндин футболан ассоциаци[d], Албанин футболан ассоциаци[d], Исландин футболан ассоциаци[d], Уэльсан футболан ассоциаци[d], Чехин футболан ассоциаци[d], Македонин футболан федераци[d], Нидерландийн паччахьан футболан барт[d], Сербин футболан барт[d], Швейцарин футболан барт[d], Лихтенштейнан футболан барт[d], Ӏаьржаламанчоьнан футболан барт[d], Словенин футболан барт[d], Францин футболан федераци[d], Италин футболан федераци[d], Немцойн футболан барт[d], Шведийн футболан барт[d], Желтойн футболан федераци[d], Австрин футболан барт[d], Данин футболан барт[d], Португалин футболан федераци[d], Андоррин футболан федераци[d], Паччахьан Испанин футболан федераци[d], Хорватин футболан барт[d], Норвегин футболан ассоциаци[d], Туркойчоьнан футболан федераци[d], Литван футболан федераци[d], Люксембурган футболан федераци[d], Эстонин футболан ассоциаци[d], Сан-Маринон футболан федераци[d], Малтин футболан ассоциаци[d], Гуьржийн футболан федераци[d], Болгарин футболан барт[d], Польшин футболан барт[d], Мажарчоьнан футболан федераци[d], Исраилан футболан ассоциаци[d], Шотландин футболан ассоциаци[d], Гибралтаран футболан ассоциаци[d], Азербайджанан футболан федерацийн ассоциаци, Кипран футболан федераци[d], Фарерийн гӀайренийн футболан федераци[d], Латвин футболан федераци[d], Молдавин футболан федераци[d], Ирландин футболан ассоциаци[d], Словакин футболан барт[d], Румынин футболан федераци[d], Кхазакхстанан футболан федераци[d], Российн футболан барт[d], Бельгин паччахьан футболан ассоциаци[d], Ингалсан футболан ассоциаци[d]
uefa.com
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

УЕФА — Дьуьненайукъара футболан федерацин (ФИФА) йукъайогӀу йалх континентийн конфедерацех цхьаъ йу, цу тӀе царех УЕФА уггаре Ӏаткъаме а, хьал долуш а йу. Берриш аьлча санна дуьненан уггаре чӀогӀа футболисташ ловзуш бу Европехь, цигахь уггаре даккхий алапаш хиларна, Ингалсехь, Францехь, Италехь, Испанехь, Германехь муххале а. Кхин а УЕФАхь йу дукхаха йолу чӀогӀа дуьненан къаьмнийн гулйина командаш, цундела дуьненан хьалхейаккхарехь оцу конфедерацина алсама меттигаш ло: иштта, 2006 шеран дуьненан чемпионатехь левзина 32 командех УЕФАра 14 йара.

УЕФА кхоьллина 1954 шеран 15 июнехь Базелехь (Швейцари) Францин, Италин, Бельгин футболан федерацеш йолийна консультацеш чекхъевлча. Йуьхьанца УЕФА йукъахь бара 25 мохк, хӀинца 55 бу. 1959 шо кхаччалц УЕФА штаб-квартира йара Парижехь, иза дӀакхалхийра Берне. 1995 шарахь дуьйна иза йу швейцарера Ньонехь. Хьалхара УЕФА инарлин секретарь хилла Делоне Анри, ткъа президент — Шварц Эббе.

УЕФАн сих-сиха девнаш хуьлура къаьмнийн ассоциацийн хьашташ кхочушдеш йолу Еврокомиссица. 1990-гӀа шерашкахь барт ца хуьлара телетрансляцин бакъонаш а, трансферан регламент а тӀехь (Босмана бакъо).

УЕФА президенташ

ЦӀе мохк Хан
1. Эббе Шварц Уефа  Дани 1954—1962
2. Густав Видеркер Уефа  Швейцари 1962—1972
3. Артемио Франки Уефа  Итали 1972—1983
4. Жак Жорж Уефа  Франци 1983—1990
5. Леннарт Юханссон Уефа  Швеци 1990—2007
6. Мишель Платини Уефа  Франци 2007—2015
Анхель Мария Вильяр (д.кх.) Уефа  Испани 2015—2016
7. Александер Чеферин Уефа  Словени 2016—ХӀ. а.

УЕФА инарлин секретараш

2007 шеран январехь дуьйна даржах олу «инарлин секретарь»:

ЦӀе Мохк Хан
1. Делоне Анри Уефа  Франци 1954—1955
2. Делоне Пьер Уефа  Франци 1955—1960
3. Бангертер Ханс Уефа  Швейцари 1960—1989
4. Айгнер Герхард Уефа  Германи 1989—2003
5. Ульссон Ларс-Кристер Уефа  Швеци 2003—2007
6. Тейлор Дэвид Уефа  Шотланди 2007—2009
7. Инфантино Джанни Уефа  Швейцари / Уефа  Итали 2009—2016
8. Теодоридис Теодор Уефа  Желтойчоь 2016—хӀ. а.

Къийсамаш

Гулйина командийн

УЕФАс дӀахьо гулйина командин коьрта къовам — Европин чемпионат. Цуо шен истории дӀайолийна 1958 шарахь (хьалхара финалан турнир хилла 1960 шарахь), 1964 шо кхаччалц олуш хилла «Европин къаьмнийн кад». Кхин а УЕФАн куьйгакӀела дӀахьо Европин кегийрхойн чемпионат а, 19 шо кхачанза а, Футболех ловзаран Европин чемпионат (17 шо кхачанза жимахой) а жимахойн чемпионаташ. Зударшна йукъахь йо Европин чемпионат, 19 шо кхачанза а, 17 шо кхачанза а зудаберийн чемпионат.

2018 шарахь дуьйна дӀахьо УЕФА Къаьмнийн лига, цуьнан декхар ду доттагӀаллин матчаш хийца. Турнир хуьлу шина шарахь цкъа, командаш йоькъу масех дивизионе хьалайала а, охьайала а таро йолуш. Лакхара дивизионехь ловзу 4 тобане йекъна 12 команда, тобанийн толамхой ловзу «еаннан финалехь». Лахара дивизионийн толамхошна бакъо ло рогӀера Европин чемпионатан финалан декъехь ловза (2020 шарахь дуьйна А, В, С дивизионашкахь хӀораннехь а 16 команда йу).

Клубийн

УЕФАн куьйгакӀела дӀахьо лахара клубан къийсамаш:

  • УЕФА Чемпионийн лига (хьалха турнир евзара Чемпионийн кад санна)
  • УЕФА Европин лига (хьалха — УЕФА кад)
  • УЕФА Конференцийн лига (дуьххьара ловзор йу 2021 шарахь)
  • УЕФА Суперкад
  • УЕФА Жимахойн лига
  • УЕФА Чемпионийн лига зударшна йукъахь

Хьалха кхин а хилла:

  • Кад баьккхинчеран кад (1960—1999)
  • Интертото кад (1995—2008)

Декъахойн исписка

(Стомма зорбанца билгалъйаьхна гулйина командаш дуьненан чемпионаш хилла ассоциацеш, курсивца — Европин чемпионаш хилларш)

  • Уефа  Австри
  • Уефа  Азербайджан
  • Уефа  Албани
  • Уефа  Андорра
  • Уефа  Белорусси
  • Уефа  Бельги
  • Уефа  Болгари
  • Уефа  Босни а, Герцеговина а
  • Уефа  Германи
  • Уефа  Гибралтар
  • Уефа  Гуьржийчоь
  • Уефа  Дани
  • Уефа  Желтойчоь
  • Уефа  Исраил
  • Уефа  Ингалс
  • Уефа  Ирланди
  • Уефа  Исланди
  • Уефа  Испани
  • Уефа  Итали
  • Уефа  Кипр
  • Уефа  Косово
  • Уефа  Кхазакхстан
  • Уефа  Къилбаседа Ирланди
  • Уефа  Къилбаседа Македони
  • Уефа  Латви
  • Уефа  Литва
  • Уефа  Лихтенштейн
  • Уефа  Люксембург
  • Уефа  Малта
  • Кеп:Мажаройчоь Мажаройчоь
  • Уефа  Молдави
  • Уефа  Нидерландаш
  • Уефа  Норвеги
  • Уефа  Польша
  • Уефа  Португали
  • Уефа  Росси
  • Уефа  Румыни
  • Уефа  Сан-Марино
  • Уефа  Серби
  • Уефа  Словаки
  • Уефа  Словени
  • Уефа  Туркойчоь
  • Уефа  Украина
  • Уефа  Уэльс
  • Уефа  Фарерийн гӀайренаш
  • Уефа  Финлянди
  • Уефа  Франци
  • Уефа  Хорвати
  • Уефа  Чехи
  • Уефа  Швейцари
  • Уефа  Швеци
  • Уефа  Шотланди
  • Уефа  Эрмалойчоь
  • Уефа  Эстони
  • Уефа  Ӏаьржаламанчоь

Хилла декъашхой

  • Уефа  ГДР
  • Уефа  Саар
  • Уефа  Серби а, Ӏаьржаламанчоь а
  • Уефа  Лааман Пачхьалкхийн ДоттагӀалла
  • Уефа  ССРС
  • Уефа  Чехословаки
  • Уефа  Югослави

Хьажа кхин а

  • УЕФА юбилейн совгӀаташ

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Уефа УЕФА президенташУефа УЕФА инарлин секретарашУефа КъийсамашУефа Декъахойн испискаУефа Хилла декъашхойУефа Хьажа кхин аУефа БилгалдахаршУефа ХьажоргашУефаАзиЕвропаИнгалсан моттФутбол

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Эрмалойчоь5 январьСанта-Мария-да-ФейраЭритрейЧуьрк1348 шоКливленд (Теннесси)НауруОьрсийн ВикипедиЭрмалойАвины1934 шоАзиАдам (пайхамар)МанамаАтагӀаКошвалиБелмар (Нью-Джерси)МашарБузонвильБуьзансеХӀинди-Европин меттанашИнтермашаЛелорхоДьян-КапельNGC 2237.mhЦицигВальдеганга1712 шоГегель, Георг Вильгельм ФридрихЮктаНохчийн Республика Ичкерин ТӀеман НицӀкъашГазоСубботово (Москохан область)ЭскишахьарМарчюлёнис, ШарунасЯнчаЕпп-СоважЗарзарОбаргСосеСмоктуновский, Иннокентий МихайловичВерано1995 шоТувинийн моттХӀиндонезиГрад (Град)Арапджами1963 шеранЛатильеХӀинжа-ГӀалаДымерДанбери (Техас)Къилба-Африкин РеспубликаГуьмсеУзбекистанСтепногорскКъобалъянза а, цхьаццамма къобалйина а пачхьалкхашНунуев, Сайд-Хьамзат МахмудовичЛатинан моттФилиппинашХасстоьмашЛабазанов, Руслан ХамидовичАйКарлиСтага а, зудчо а шайн цхьаьнаӀар Ӏедалехь чӀагӀдарБеркемаNGC 2629Джингулойн мотт1949 шоЛюбляна🡆 More