Байракх — кӀади нийса геометрин (дуккхачу хьолехь нийса сенаш долуш) формаш, леррина тайп-тайпа беснаш долуш.
Пачхьалкхан байракх йу пачхьалкхийн символехь цхьаъ. Пачхьалкхан байракхал совнах, дуккха йолу пачхьалкхийн йу тӀеман-хӀордан а, махлелоран (коммерцийн) а байракхаш
.
Хаьлжаг хьахор
Шайн-шайн цIа дIасабовда ца кхиийна генарчу меттигашкара иттех обарг, Гунибера бахархой, шайн инарлашна карабаха ца баьхьа бевдда сехьабевллачу оьрсийн ши бIе салтий а – уьш бен бацара чIагIо ларъярхой. ТIаьххьара йисинчу кхаа йоккхачу тоьпашна тIехь урхалла деш вара Исмил. Некъаш дIакъевлинчу саьлнийн дуьххьарлерчу могIанехь вара наиб Закари, Хосро –шолгIачохь, Афилон – кхоалгIачохь. Имаман кIентий ГIеза-Махьмий, Мохьмад-Шепий массанхьа а лиэташ вара. Имаман стиглан басахь йолу хаьлжаг айбина лелара, доIа санна, массарна а вевзашволу къоьжа БойсагIар.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Байракх, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.