Хадор я сунтдар- стеган йистера дилха дӀадаккхаран суннат (ламастан практика) я хирургин операци («циркумцизи» латинан маттер «circumcisio» дош ду) ю.
Хадор | |
---|---|
MedlinePlus | 002998 |
MeSH | D002944 |
Масийтта бахьан ду суннат леладарна:
Хадор, дукхах болчу исламан Ӏилманчаш дийцарехь, тӀедоьжна Ӏадат (ваджиб) санна тӀечӀагӀдина ду, ткъа вукхара иза билгалла тӀедожийна дац (мустахаб) ду олу.
Мухха делахь а, хадор Мухьаммад пайхамаран суннатан дакъа ду. Цо а, цулла хьалха хила волчу пхеа пайхамаро а лелийна Ӏадат ду иза. Ткъа Къуръанехь сунтдар хьахийна дац.
Ӏийса дуьненчу ваьлла борхӀолгӀачу дийнахь, Ширачу весетан низамца, цунна сунтдира. Муьлхха а жуьгтийн беранна деш дара иза:
БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра. (Лака 2:21)
ХӀунда аьлча, и Ӏадат леладар ИбрахӀим-Пайхамаро Делаца бинчу бертан билгало санна лоруш дара. Цу хьокъехь Библехь ду иштта дешнаш:
10Суна а, хьуна а юкъахь болу, ахьа а, хьан тІаьхьенаша а ларбан беза барт хӀара бу: массо а шун божарий сунтбина хила беза. 11Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе — иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю. 12КІентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кІант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. 13Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догІмаш тІехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тІейогІучу хенахь гуттара а хир бу. 14Муьлхха а сунт ца веш висина боьрша стаг шен халкъо дӀатосур ву, хӀунда аьлча цо Соьца болу барт бохийна». (Доладалар 17:10-14)
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Хадор, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.