Дог-Ойла

Дог-ойла — лахара жигараллин дикка еха эмоцин процесс, цуо дӀайоьдучу психикан процессийн эмоцин бос бо.

Дог-ойла къастайо аффектех, синхаамах, эмоцех.

Дог-Ойла

Билгалбаккха тарло кхин а:

  • цхьаьна объекто я хиламо бина эмоцин хӀоттам (масала, сурт я мукъам). Ишттачу меттигехь дуьйцу оцу объектан дог-ойланах (суьртан дог-ойла, мукъаман дог-ойла).
  • цхьаьннан (политикин ресурс йолчу социалан тобан, белхан дакъа долчу адаман, иштта кхин а) сатийсаман а, гӀертаран а, тӀехьажаман а, лааман а система.

Терминан маьӀна а, доза а

Дог-ойланца кхета, адамо шен дахаран хьолан йукъаметтиг гойту, эмоцин процесс. Дог-ойла къастало чӀогӀаллийца а, хенан йохаллийца а, ткъа иштта лахарчу жигараллийца а. Иштта дацахь иза хила тарло дог-ойла йохаран симптом.

Говзанчаша доза туху «дог-ойла» а, «синхаам» а, «аффект» а, «эмоци» а, «сагатдар» а кхетамашна йукъахь:

  • Синхаамах къаьсташ, дог-ойланийн объектах тасар дац: уьш кхоллало дахаран хьолан. Иза бахьнехь дог-ойланаш, синхаамах къаьсташ, хила йиш йац амбиваленталлин.
  • Аффектех къаьсташ, дог-ойлан дац ала мегар ду арахьара гучудаккхар, хенаца алсама еха а, ницкъаца гӀийла а ю.
  • Эмоцех къаьсташ, дог-ойланаш хенаца еха а ю, кӀезиг жигаралла а ю.
  • Сагатдар кхетадо деккъа субъектан-психикан эмоцин процессийн агӀонца, физиологин хӀоттам йукъа ца богӀу.

Башхаллаш

Дог-ойлано билгалйоккху адаман дахаран йукъара гӀора. Иза йозу коьрта мехалла болу, адаман субъектан агӀонех Ӏоттало Ӏаткъамех. Даиман ца кхета, оцу я кхечу дог-ойланах, амма иза даиман хила-м хуьлу. Яхъелла гӀуон дог-ойлано депресси ян тарло.

Дог-ойланехь физиологин компонент хиларо (муьлххачу эмоцехь санна) йо иза цӀенна организмера физиологин процессашна Ӏаткъаме. Уггаре дика девза Ӏаткъаман масалех цхьаъ ду цӀано йохаран синдром.

Дог-ойлано Ӏаткъам бо адамийн а, хиламийн а мах хадорна, ткъа иштта тардалийтарна а, хила тарло гӀуллакхийн жамӀан мах хадорна а. Иштта, «гӀуо» дог-ойла йолу адамо кхераман мах алсама хадабо, «дика» жог-ойла йолучу хенахьчул.

Владимир Левин хетарехь, «Ӏаткъамех мукъайаьккхина дог-ойла, ша дика хуьлу: нагахь хазахетта ца хилахь а, амма цхьаьнаэшшара хуьлу; айаелла йацахь а, собаре хуьлу».

Хьажа кхин а

  • Адаман хьал
  • Оптимизм
  • Пессимизм
  • Гипертими
  • Депресси

Билгалдахарш

Tags:

Дог-Ойла Терминан маьӀна а, доза аДог-Ойла БашхаллашДог-Ойла Хьажа кхин аДог-Ойла БилгалдахаршДог-ОйлаЭмоциЭмоцин процесс

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Орора (Колорадо).zm1990 шоШинараЛьори (Империя)(374) БургундияВувгӀеПисик (Къилбаседа Дакота)ИлиадаИсраилКадыров, Рамзан АхматовичОбиньи-ан-ЛаннуаВалле-д’АостаГӀажарийн моттНожаль-е-Клотт1994 шо.neПлуази1917 шо1978 шоЖузиПегӀль (Эна)Тарантино Квентин.snФинляндиДаниДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламАрсанукаев, Шайхи Ӏабдулмуслиман воӀ1959 шо1976 шоФгӀепийон1914 шоПанамаГвиней-БисауТаршаТуркойчоь1991 шо.tcПракартвелийн мотт.tj1912 шоСент-Аман-МонгӀон.sgИльясБӀешоЭстгӀе15 январьБашкирийчоь2005 шо.qaУгандаПачхьалкхийн могӀамБутанЭль-Сегундо (Калифорни)Менвиль (Эна)Маьрша гӀирсаш1924 шоКгӀапоннТуьркАккадийн мотт.byКеплер, ИоганнБеков, Тембот ДордагановичГӀалми.pmРоссийн кӀошташМежиева, Макка ШахидовнаЭлистанжа1957 шо🡆 More