Тарша (желт.
Тарша хестийна, автор Гомер лоручу, «Илиада» поэмехь. Гомера язбина хиламаш, историкийн хӀинцалерачу гарца критан-микенан муьрера бу. Ширажелтойн хьасташкахь Таршехь даьхна къомах тевкраш олу.
Тарша, ТIарша (Таршара) | |
---|---|
желт. Τροία, Τροίη; Ἴλιον хетт. Wilusa (URUWi-lu-ša ) | |
Пачхьалкх | Шира Желтойчоь |
Йиллина | вайн эрал 3000 шо хьалха |
Бахархойн хӀоттам | дуккха а къаьмнаш |
ХӀинцалера локаци | Туркойчоь, Тевфикие юрт (Дарданеллан хидоькъен чуваларан гена доццуш) |
Медиафайлаш Викилармехь |
Таршан хьалхара чкъоьрнаш ду оригиналан малхбузаанатолийн цивилизацера. ТӀехь-тӀехьа Таршан алсама Ӏаткъам бора центран Анатолис (хатташ, тӀаьхьуо — хетташ).
«Тарша» цӀе ю хеттийн Богазкоьйн архивера клинописан экъанаш тӀехь Таруиш аьлла. Рамзес III-гӀачун заманара Мисран чурт тӀехь хьахийна цуо «турша» цӀе йолчу хӀордан къоман тӀехь баьккхина толам. И цӀе дукха хьолахь юсту мелла а хьалха Мернептахан чурт тӀехь хьахийначу «тереш» къомаца. Цхьа барт, хиллий теша и баьхкинарш таршой, дуьненан Ӏилманехь хилла бац. Иштта орам болуш цӀераш хаало микенийн тептаршкахь, масала тобан баьчча to-ro-o.
Хьалха ойланаш яра, «Тарша» а, «Илион» а терминаш цхьаьна ширачу пачхьалкхан гӀаланаш хила тарло бохуш, я оцу терминех цхьамма коьрта шахьар, ткъа кхечуо — ша пачхьалкх билгалйоккхуш, ткъа «иэделла» цхьаьна термине «Илиадехь» (Гиндина а, Цымбурскис а дийцарехь, Тарша — пачхьалкхан цӀе ю, ткъа Илион — галин). Иштта ойла бух боцуш а йац, хӀунда аьлчи «Илиаде» билгалйоху фрагменташ нийсса цхьаьнадогӀучу сюжеташца, аьлчи а, тарло, цхьа сюжет вовшешка дуьйцуш схьадеана; кхин а, «Илиада» язйина шортта бӀешераш девлча Таршан тӀемал тӀаьхьа, оцу хенахь дуккха а хӀуманаш дицло хан ю.
Шлиман Генрихан хенарчу историкашна йукъахь яьржинера гипотеза, Тарша лаьттина Бунарбаши юртан уллохь. Гиссарлык шу гомеран Таршах тера хилар кховдийра 1822 шо Макларен Чарлза. Цуьнан ойлан агӀонча вара Френк Калверт, Шлиманал 7 шо хьалха Гиссарлыкехь ахкарш дан волавелла волу. Калвертан долахь долу Гиссарлык шу тӀиера дакъа гена хилира гомеран Таршан. Калверт вевзуш волу Шлиман Генриха, Ӏалашо хӀоттийна, XIX бӀешо чекхдолуш талла волавелира Гиссарлыкан шун шолгӀа дакъа. Шлиманан карийнарш Ӏалашъеш ю Пушкинан музейхь (Москох), ткъа иштта Пачхьалкхан Эрмитажехь а. ХӀинцалера хан кхачале археологашна карийна Гиссарлыкан ахкаршан декъа тӀехь тайп-тайпанчу муьрашкара исс гӀопан лараш.
Гиссарлыкехь дуьххьара кхарийна нах баьхна меттиг (олур вай Тарша I) яра диаметр 100 м кӀезиг йолуш гӀап, гуш ду, лаьттина бехачу муьрехь. «Илиадехь» хьахийна мур, ворхӀалгӀачу чкъоьрехь бу. Оцу муьрехь Тарша йоккха меттиг хилла (майда 200 эз.м² сов), гуонаха онда пенаш долуш, исс метр лекха бӀаьвнаш а йолуш. 1988 шарахь динчу даккхий ахкарш гайтина, гомеран муьрехь гӀалин бахархой ялх-итт эзар стаг хилар — оцу заманан доккха терахь ду иза. Корфманан экспедицин хаамашца, лахарчу гӀалин майда хилла 170 эз.м² гергга, бӀаьвнаш — 23 эз.м².
Гекторан а, Приаман а меттах долу хаттаран жоп дезара дукха хенара дуьйна Ӏилманчашна. Цхьаболчу ширажелтойн историкашна хетара, церан мотт фригийчух тера хилабезаш санна. Цул тӀехьа ойла хилира, гомеран таршан бахархой этрускийн (бух - дийцар, Эней а, цуьнан новкъахой а Таршера бевлла бу боху) дай хиларах предками.
1980-гӀа шерашкахь юккъе дахача Н. Н. Казанскис зорба тоьхна Таршера критан йозанах тера долчу ца кхеташ хьаьркаш йолчу кхийра кхабийн масех гераган: оцу хьаьркех цуо таршан йоза элира. Амма, кхечу говзанчан хетарехь, уьш йоза цахила мега, йозанах тардан гӀиртина хила тарло.
1995 ш. Тарша VII чкъоьрашкахь карийра мухар лувийн иероглифашца. ТӀаьххьара хаамаш цхьаьнатоьхчи, Приаман а, кхин таршан турпалийн а цӀерийн бу Лувийра баьлла, дуьненан Ӏилманехь чӀагӀлуш ю ойла, шира таршойша лувийн меттадекъехь къамелдеш хиларх. 2004 шарахь Оксфордан университетехь арахецначу монографехь Латач Иоахим жамӀ дира, лувийн мотт хилла официалан мотт гомеран Таршан. Хаттар хӀораденна буьйцучу таршин маттах жоп доцуш дисина.
Тарша лаьттина боккхачу эллинийн Ӏаткъам бухахь, дукхах болу гӀарабевлла таршойн шайн цӀе йоцуш, кхин а желтойн цӀераш (Масала, Париса кхин а Александр цӀе лелийна) хилла. Ткъа таршойн желтойн цӀераш хилар Гомера кхоьллина цахилар, чӀагӀдо Таруисан (Вилусан) паччахьийн цӀераш хьехош долу хеттийн йозанаш.
Къаьмнаш T-K-R а, T-R-S, хуьлийта тера тевкрашха (таршойн синоним) а, таршойха а (я тирсенашха?), хьахийна ду Рамзес II-гӀачун муьрера йозанашкахь «ХӀордан къаьмнашна» йукъахь.
Тахана дукхах болу малхбалеӀаморхойн цхьаьна ойлан тӀехь севцца, Таршан пачхьалкх дуккха къаьмнех лаьтташ хилла. Цунах долчух тера ду Таршан тӀом бахьнехь кхелхаш лелла «хӀордан къаьмнаш» къорза хилар.
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Тарша, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.