Албани

Алба́ни (алб.

Бахархой, 2017 шеран 1 январехь, Албанин статистикин институтан хаамашца, бу 2 876 591 стаг, мохк — 28 748 км². Бахархойн барамца дуьнанахь 136-гӀа меттигехь а, майдан барамца 139-гӀа меттигехь а йу.

Республика Албани
алб. Republika e Shqipërisë
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: ««алб. Ti, Shqipëri, më jep nder, më jep emrin Shqiptar"

«Ахьа, Албани, ло суна сий, Албанхо цӀе ло суна ахьа»
»
Албанин Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Албани
Маьрша йаьлла терахьаш 1912 шеран 28 ноябрехь (Хункар-махках)
Официалан мотт албанойн
Коьрта гӀала Тирана
Йаккхий гӀаланаш Тирана, Шкодер, Влёра, Дуррес, Эльбасан
Урхаллин тайпа Парламентан республика
Президент
Министрийн кхеташонан председатель
Халкъан гуламан председатель
Байрам Бегай
Эди Рама


Гламоз Ручи
Латта
 • Шадерг 28 748 км² (144-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 4,8%
Бахархой
 • Мах хадор 2 876 591 стаг
ДЧС
 • Шадерг (2018) 38,3 млрд долл.
 • ХӀораннан а сина 12 484 долл.
АДКИ (2019) 0,791 (лакхара; 69-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш Албанхой, албанхо
Ахча лек (ALB, код 8)
Интернет-домен .al
Код ISO AL
Код МОК ALB
Телефонан код +355
Сахьтан аса +2
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Коьрта шахьар — Тирана. Пачхьалкхан мотт — албанойн.

Албани — унитаран пачхьалкх, парламентан республика. 2017 шеран 24 июлехь дуьйна Албанин президент ву Мета Илир, премьер-министран дарж 2013 шеран 15 сентябрехь дуьйна дӀалаьцна Рама Эдис. «Economist Intelligence Unit» хьаьжча, 2018 шарахь мехкан Демократин индексан классификаци йира гибридан раж аьлла.

Административан-мехкан декъадаларан агӀора йекъало 12 областан.Албани

Лаьтта Европин къилба-малхбалехьа Адриатикин а, Ионийн хӀордашна йисттехь. Отранто хидоькъено Албани къастайо Италех. Къилбаседа-малхбалехь доза ду Сербица а, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца а, къилбаседа-малхбузехьа — Ӏаьржаламанчоьнца, малхбалехьа — Къилбаседа Македоница, къилба-малхбалехьа — Желтойчоьнца.

Албани, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца, Босница а, Герцеговиница а цхьаьна могӀара, Европин мехках алсама бусалбанаш болучех цхьаъ йу.

Албани — НАТОн декъахо йу 2009 шарахь дуьйна. ЕБ йукъайаха официалан кандидат йу (2014 шарахь дуьйна).

Этимологи

«Албани» топоним схьаяьлла йуккъерабӀешерийн мехкан латинан цӀарах. Иза схьаяьлла хила тарло иллирийн тайпанах албанех (алб. Albanët), иза билгала даьккхина Искандрин географо а, астрономо а Птолемейс, вайн эран 150 шарахь, цунна тӀехь гайтина, Дуррес гӀалин къилбаседа-малхбалехьа лаьтташ йолу, Албанополис гӀала. Цунах схьаяьлла хила тарло йуккъерабӀешерийн нах беха меттиган цӀе Албанон я Арбанон, хӀетте а хьалха Албанополис хиллачу меттигехь йу ала шеко йоцуш ала йиш йац. XI бӀешарахь язйинчу шен исторехь, византийн историко Атталиат Михаил дуьххьара хьахабо албанойш, 1043 шарахь Константинополан дуьхьала гӀаттамехь дакъалаьцна, Диррахин герцоган куьйгакӀелара арбанитайш. Йуккъерачу бӀешерашкахь албаноша шайн мехках олура Арбери (алб. Arbëri) я Арбени (алб. Arbëni), ткъа шайха — Арберешаш (алб. Arbëreshë) я арбенешаш (алб. Arbëneshë).

ХӀинца албаноша шайн махках олу Shqipëri я Shqipëria. XVII бӀешарахь Shqipëria топонима а, этносан Shqiptarë катойконима а хан заманца хийцира Arbëria а, Arbëresh а. Shqipëria а, Shqiptarë а шуьйра туьду «Аьрзунийн латта» а, «аьрзунийн бераш» а олий. Иштта Shqipëria, цхьаьна версица, схьайолу албанойн дашах «shqip» — «ойла йийцар». Слависта А. М. Селищевс чӀагӀдо, иза схьадаьлла орамах — «shqe», цуо билгалдоккху «славянаш» (Shqerí — албанойн shqa<*skla, дукх. т. — shqe), иза Балканан лар йу славянийн VI—VII бӀешерашкара колонизацех йисина.

Физикин-географин хьал

Албани 
Албанин карта

Албани лаьтта Балканийн ахгӀайренан тӀехь Къилба Европехь, дӀалоцу 28 748 км² майда. Къилбаседа-малхбузе агӀора Адриатикин хӀордан хиш ду, къилба-малхбузехьа — Ионийн хӀордан хиш. Ший а хӀорд Лаьттайуккъера хӀордан дакъа ду. Малхбузен декъехь йу чутаьӀна область, йисинарг (70 % гергга) — ламанийн а, хьаннийн а кӀошташ.

Мехкан латта лаьтта 42-гӀа а, 39-гӀа а къилбаседа шораллашна йукъахь, ткъа иштта малхбален дохаллин 21-гӀа а, 19-гӀа а меридианашна йукъахь. Албанин къилбеседа йисттера меттиг йу Вермош эвла (42°35’ къ-с. ш.), къилбан йист — Конисполь (39°40’ къ-с. ш.). Мехкан малхбузен йист — тӀехь адам доцу гӀайре Сазани (19°16’ м-бал. д.), малхбелен йист — Верник эвла (21°1’ м-буз. д.). Албанин уггаре лекха Ламанан бохь — Кораб лам (2764 м). Малхбузера малхбалехьа йохалла 148 км ю, къилбаседехьара къилбехьа — 340 км.

Албанин регионаш

Албани 

Регион Бахархой (2001 ларар) Майда(км²) Коьрта гӀала
Берат 193 855 1 802 Берат
Влёра 193 361 2 706 Влёра
Гирокастра 114 293 2 883 Гирокастра
Дибра 191 035 2 507 Пешкопи
Дуррес 247 345 827 Дуррес
Корча 266 322 3 711 Корча
Кукес 112 050 2 373 Кукес
Лежа 159 792 1 581 Лежа
Тирана 601 565 1 586 Тирана
Фиери 384 386 1 887 Фиери
Шкодер 257 018 3 562 Шкодер
Эльбасан 366 137 3 278 Эльбасан

Истори

Экономика

Арахьара махлелор

Экспорт 2017 шарахь — 2,39 млрд $: мачаш, хромитан маьӀда, ферролалам, аьрга мехкдаьтта, юьртабахаман сурсаташ (коьртаниш стоьмаш, хасстоьмаш, тонка).

Коьрта эцархой: Итали — 48 % (1,15 млрд $), Цийчоь — 7,4 % (177 млн $), Испани — 5,3 % (127 млн $), Франци — 4,7 % (113 млн $), Германи — 4,7 % (111 млн $).

Импорт 2017 шарахь — 4,21 млрд $: автомобилаш а, кхин гӀирсаш, мехкдаьттсурсаташ, молханаш, даьхний а, даьхнийн сурсаташ а, текстилан а, хьаштонан а сурсаташ.

Коьрта латториш: Итали — 30 % (1,28 млрд $), Туркойчоь — 9,9 % (416 млн $), Желтойчоь — 9,7 % (391 млн $), Германи — 8 % (336 млн $), Цийчоь — 7,4 % (311 млн $).

Транспорт

Мехкахула лела маршрутан таксеш, автобусаш, церпошташ. Маршрутан таксех кхузахь «фургон» олу, — уггаре дукха лело транспортан тайпа. Уьш йу исс я шийтта меттиг йолу кӀайн-цӀе бесара мини-автобусаш, новкъа йолу ерриг меттигаш дӀалаьцча. ХӀора гӀалахь йу цхьаъ я масех «фургонийн» станци.

Муниципалан автобусаш лела шен рожехь, билгалчу хенахь. Уьш лела, дукха хьолахь, делкъал тӀаьхьа 3—4 сахьт даллалц.

Албанин гӀалашна йукъахь лела таро йу цӀерпоштан тӀехь. ЦӀерпоштнекъо вовшахтосу Тирана, Дуррес, Шкодер, Поградец, Влёра, Эльбасан. Уггаре дукха леларш хуьлу Тиранин а, Дурресан а йукъахь — йалх цӀерпошт дийнахь. Вукха агӀонашка йоьду цхьа-ши цӀерпошт дийнахь-бусий.

Телефонан зӀе

Махкахь болх беш йу кхоъ улхан оператор: Eagle Mobile, Vodafone, AMC Mobile.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Tags:

Албани ЭтимологиАлбани Физикин-географин хьалАлбани н регионашАлбани ИсториАлбани ЭкономикаАлбани БилгалдахаршАлбани ЛитератураАлбани ХьажоргашАлбаниАлбанойн моттБалканийн ахгӀайреПачхьалкхПачхьалкхийн а, бозуш болчу мехкийн а майданан барамца йолу исписка

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

Исламан календарьГребенне (Томашивскан повет)MediaWikiШлезвиг-ГольштейнУэйлс, ДжиммиБавари.arСтржибрна СкалицеБишоп (Техас)Украинийн моттЕзидашОберн (Вашингтон)NGC 1295АнтарктидаНазма570 шоШироке ПолеДамаскус (Арканзас)ЛабенщинаАхматова, Раиса СолтамурадовнаРенчеНохчийчоьПатру-ФрацьКолорадоПачхьалкхАбсолютизмМиннесотаЛинагӀ (Лакха Вьенна)Нефт-ДашлариКъилбаседа ХӀирийчоьМаймалИзмирМухьаррамӀийсаПарк-Сити (Канзас)Дахкильгов, Ибрагим АбдурахмановичМахабхаратаЛармаЭсамбаев, Махмуд АлисултановичОьрсийн моттЯпонийн моттОстров СтржибраКонин-ЖаганскийБажаев, Зия ЮсуповичИнгалсан моттКъонахаллаIOSЦӀонтаройЕкатерина IIХи бухара кема.lyЯрохиКнауДерриг дуьненан жайнин а, авторан бакъонийн а де1600 шоАнна ИоанновнаСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзНохч-ГӀалгӀайн АССРСуьмер (Даргечит)1884 шоРингвуд (Нью-Джерси)Добеш (Лукавец Горжиц)Фурцева, Екатерина Алексеевна🡆 More