Эрк Орга

Орга (оьрс.

Орга
нох. Чӏаьнтий-Орг, гуьрж. არღუნი
Сурт
Амал
Дохалла 148 км
Бассейн 3390 км²
Хи дайар 45,6 м³/с (Дуби-Эвла (Шелан кӀошт))
ДӀаэхар
Хьост  
 • Эрк долу меттиг Пхейн-Мохк (Гуьржийчоь)
 • Локхалла 2474 м
 • Координаташ HGЯO
Хикхоче Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттиг Баса-ГӀала (Соьлжа-ГӀалин кӀошт)
 • Локхалла 69 м
 • Координаташ HGЯO
Хин охьане 16,2 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд
Пачхьалкхаш
Регион Мцхета-Мтианети
КӀошт Нохчийчоь
Код  ПХР чохь 07020001212108200005795
Орга (эрк) (Нохчийчоь)
Эрк Орга
хьост
Эрк Орга
хикхоче
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Сурт хӀоттор

Эркан дохалла — 148 км, бассейнан майда — 3390 км². Йуккъера охьане 16,2 м/км. Йуккъера хи дайар — 45,6 м³/с. Хи далар ийна ду. Орган тӀаьхь массанхьа ша ца бо.

Орга долало Йоккха Кавказан дукъан Борбалой-Ломара къилбаседа басешкара шалам тӀиера. Лакхахь, Шара Органах кхетталц, исторера дуьйна цӀе йу ЧӀаьнтийн Орга.

Кхин дӀа, аренашка даллалц («Орган кевнашка» (АгӀонан Кавказан дукъан)) эрк охьадогӀу ломан Нохчийчуьра Орган-ЧIожан чухула. Ӏин, эркан хьосташна гергахь дикка, хьун йоцуш ду, ткъа лахо йерриг аьлча санна хьаннаш йу. Шена чуоьцу дуккха а ломан эркаш а, шовданаш а, уггаре доккха царех — Шара-Орга эрк ду, дӀакхета Органах нисса «кевнашкахь». Орган а, цуьнан геннийн а бассейнан ломан дакъано, дӀалоцу ломан Нохчийчоьнан малхбузен дакъа — Итон-Кхаьллан а, Шуьйтан кӀошташ. И область йу нохчий охьахевшина хьалхарчу меттигех цхьаъ, амалехь йу шайн ламастан бӀаьвнийн тайпана гӀишлошца ширчу эвланийн шортта саьлнаш.

Аренашка кхаьчначул тӀаьхьа Органца доьду Нохчийчоьнан Соьлжа-ГӀалин а, Шелан а кӀошташна йукъара доза Соьлжах кхеталц. ТогӀина чухула адамаш луьста хевшина. ТӀом балале амалехь дара хадданза долара цӀенойн гӀишлош.

Эркан лахахарчу декъехь лаьтта Устрада-ГӀала.

Гидроним схьайалар

Орга (оьрс. Аргун ) нохчийн маттахь – готта кӀорга Ӏин, кӀаг. Гидроним «ark, arg» ломан нохчийн маттахь — «эрк» ду).

Орган геннаш

Органах кхета Гура чуьра догӀу хи, Йоьрдие хи, Алард хи, Кхел хи, Шедала хи, ӀандагӀиера догӀу хи, Меше-Хи, МӀайстойн эрк, БӀаьстан-Хи, Хилдехьаройн эрк, Зумсин эрк, Шара-Орга, кхин эркаш а.

Орган тӀиера эвланаш

Орга тӀаьхь лаьтта эвланаш: Шедала, Дуоза, Комалха, Пийжа, Цацах, Итон-Кхаьлла, КӀонжаха, ЧӀиннах, Башан-кхелли, Гучан-кхелли, Нихала, Гоьргача, Хьакка, Шуьйта, Зонах, Ярашмаьрда, ЧӀишка, Доча-Борзе, Дуби-Эвла, Лаха-Варанда, Чуьйри-Эвла, Йоккха АтагӀа, Жима АтагӀа, Чечан, БердакӀел, БелгӀатой-Эвла, Устрада-ГӀала.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Эрк Орга 
Викицитатникехь агӀо йу теманера
Аргун
  • Аргун (река на Сев. Кавказе) // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  • Аргун // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.

Tags:

Эрк Орга Сурт хӀотторЭрк Орга Гидроним схьайаларЭрк Орга Орган геннашЭрк Орга Орган тӀиера эвланашЭрк Орга БилгалдахаршЭрк Орга ХьажоргашЭрк ОргаГуьржийн моттКъилбаседа КавказОьрсийн моттСоьлжа (эрк)Терк

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

НохчийАмерикин Цхьаьнатоьхна ШтаташСийлахь Петран Килс1948 шоДешаран, Ӏилманан, оьздангаллин гӀуллакхийн Вовшахтоьхна Къаьмнийн КхолламЖӀайрахьан кӀоштКерсталла.moБедаАпфельштедтХаарБарзакъГватемалаЧула-Виста.dkТайфонтенЙоккха Британи1974 шоЭрмитаж.lsГуамДзюдоВикимедин фондАхмадов, Муса МагомедовичЛейбниц, Готфрид ВильгельмАвстриРоссиТеркБежӀунан баппаӀаьрбийн мотт1927 шоТӀехьа-Мартанан кӀошт1894 шоЛюдвинова (Вилейкан кӀошт)МонголиЛа-ГаягӀдАллахӏЛьори (Империя).wf1903 шоНесерхоев, Изновр Несерхоевич1983 шоПачхьалкхОльзи (Франци)1890 шоДани1933 шоБежӀуьнан баппа1925 шоАрктика.sd1923 шо(374) БургундияДарбане баппаЛатинан АмерикаНор ГехиДешаран Ӏамолаш.qaМаккаЖузиФонтен-УьтегӀтБугӀгонь (МагӀна)Айдамиров, Абузар АбдулхакимовичИсраилТоронтоСоциалистийн Федеративан Республика Югослави.mxКоьрта агӀоThe Beatles🡆 More