Йоккха Атагӏа

Йоккха АтагӀа йа «Сехьа-АтагӀа» (оьрс.

Йоккха-АтагӀин йуьртан меттиган административан йукъ.

Эвла
Йоккха АтагIа
Оьздангаллин цӀа
HGЯO
Пачхьалкх Росси
Республика Нохчийчоь
Муниципалан кIошт Хьалха-Мартанан
Йуьртда Пацагов Ӏалихан Шапин воӀ
Истори а, географи а
Дуьххьара хьахор 1771
Хьалхара цӀерш Воздвиженская, Предгорное
Центран локхалла 280 м
Климатан тайпа барамера
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 12 720 стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш-суннийш
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код 8712
Поштан индекс 366023
Автомобилан код 20, 95
ОКАТО ишар 96234000013
Картин тӀехь
Йоккха АтагIа картан тӀехь
Йоккха АтагIа
Йоккха АтагIа картан тӀехь
Йоккха АтагIа
Йоккха АтагIа картан тӀехь
Йоккха АтагIа

Географи

Йоккха Атагӏа 
Йоккха-АтагӀин йуьртан меттиг Хьалха-Мартанан кӀоштан картин тӀехь

Эвла лаьтта Орга эркан аьрру берд тӀехь Соьлжа-ГӀалин 15 км къилбехьа а, Хьалха-Мартанан 14 км малхбалехьа а.

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — Шовдане эвла, къилбаседа-малхбалехьа — Чечана эвла, малхбалехьа — Жима АтагӀа, къилба-малхбалехьа — Чуьйри-Эвла, къилбаседа-малхбузехьа — ГӀойтӀа, ГӀой-Йист эвланаш а, Олхазар-КӀотар, малхбузехьа — Хьалха-Марта шахьар.

Къилба агIонехь Чахкер-Корт лам бу.

Истори

1944 шарахь, нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхначул тӀехьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхинчул тӀаьхьа эвлин цӀе хийцира Предгорни аьлла.

1958 шарахь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР метахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлин шен хьалхара цӀе схьайелира.

2020 шеран 1 январехь Йоккха АтагӀа шен йуьртан меттиган латтанашца цхьаьна дехьайелира Соьлжа-ГӀалин кӀоштара Хьалха-Мартанан кӀошта.

Бахархой

Бахархойн дукхалла
1939195919701979199020022010
4990504179358444907610 16110 884
2012201320142015201620172018
11 10011 24911 45711 62511 88712 09212 311
20192020
12 49412 720
    Къоман хӀоттам

2010 шеран йерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца:

Къам Барам,
ст.
Берриг бахархойх
дакъа, %
нохчий 10 830 99,5 %
кхин 54 0,5 %
берриш 10 884 100,0 %

Дешар

  • Йуккъера йукъарадешаран № 1 йолу ишкол.
  • Йуккъера йукъарадешаран № 2 йолу ишкол.
  • Йуккъера йукъарадешаран № 3 йолу ишкол.

ГӀарабевлла йуьртахой

Йоккха Атагӏа 
Эсамбаев Махьмудан оьздангаллин цӀенна хьалха хӀоттийна иэс
  • Айдаев, ЮшаӀ Ахьйадан воӀ — филологин Ӏилманийн доктор, профессор, Российн Ӏаламан Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик, Нохчийн Республикин хьакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо, Российн Йаздархой бертан а, журналистийн бертан а декъахо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР хьакъ долу оьздангаллин белхало;
  • Алиев, Эрис Хан Султан Гирей — Артиллерера инарла;
  • Алиева Тамара ШоӀипан йоӀ — советийн, российн, нохчийн актриса, йишлакхархо, эстрадин хелхарча, конферансье, тайнигашловзорхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан артист, РСФСР хьакъ долу артист;
  • Мациев Ислам Хьамзатан воӀ — российн дзюдоист, Российн 4-зза чемпион, Российн, Европин, дуьненан чемпионатийн дуккха а совгӀатхо, дуьненайукъара турнирийн толамхо, дуьненайукъара классан спортан говзанча;
  • Нажаев, Ахьмад Идиговичйаздархо, поэт
  • Насуханова Ляля Ӏандарбекан йоӀ — дуьххьарлера нохчийн пилот а, парашютист а, пилот-инструктор, ССРС авиацин спортан хьакъ долу говзанча, ССРС лакхара пилотажан гулйина командин декъахо;
  • Осмаев Ӏаббас Догин воӀ - Историн Ӏилманийн доктор, профессор
  • Татаев, Ильяс Вахьидан воӀ — РФ хьакъ долу исбаьхьалча, кинорежиссёр, сценарихо, скульптор;
  • Хамидов, Ӏабдул-Хьамид Хьамидан воӀ — нохчийн актёр, йаздархо, поэт, драматург, гочдархо, театран гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР халкъан артист (1959), ССРС йаздархой бертан декъахо (1943), Нохч-ГӀалгӀайчоьнан йаздархойн бертан председатель;
  • Эсамбаев, Махьмуд Ӏеласолтийн воӀ — советийн балетан артист, эстрадин хелхарча, хореограф, актёр. ССРС халкъан артист, Социалистийн Къинхьегаман турпалхо.
  • Яндарбиев, Зеламха Ӏабдулмуслиман воӀ — политик, НРИ президентан декхарш кхочушдийриг.

Литература

  • Старые Атаги и атагинцы: О лучших людях республики / Ваха Матиев. — Грозный: Книга, 1990. — 109 с.

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Tags:

Йоккха Атагӏа ГеографиЙоккха Атагӏа ИсториЙоккха Атагӏа БахархойЙоккха Атагӏа ДешарЙоккха Атагӏа ГӀарабевлла йуьртахойЙоккха Атагӏа ЛитератураЙоккха Атагӏа БилгалдахаршЙоккха Атагӏа ХьажоргашЙоккха АтагӏаНохчийчоьОьрсийн моттХьалха-Мартанан кӀошт

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

ЛондонЙайладжик (Девели)Каспий-хӀордКхазакхстанПугачёва, Алла Борисовна1979 шоМамакаев, Мохьмад АмаевичЭтуш, Владимир АбрамовичЭмкалш1991 шоВинтер-Спрингс (Флорида)ПлауруfdwbzБиблиДуниновоБисултанов, Апти ДибаевичХьунДегӀастаПутин, Владимир ВладимировичТверь1 апрель.foФоркс (Вашингтон).ggАвгустНурнусXXI бӀешоБабикиАьккхийКорнице (Польша)Утини (станцин эвла)Хорватийн моттЦуруев, Шарип МовладовичПсари (Бендзинскан повет)НепосОперационни системаАмерикаЗарзарСновидзаОтовоЭджворт (Пенсильвани)БальеСоьлжа-ГӀалаМакедонийн Искандар2006 шоМухьаммадАль-ХорезмиМежиева, Макка ШахидовнаКазань632 шо24 апрель1807 шоНохчийчуьра акхаройЗовуни1950 шоБашкирийчоьКрамаров, Савелий Викторович2010 шоСоветски Союзан Турпалхой (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)Викиларма🡆 More