Беда йа тхов — атмосферин йочанех, догӀанан хих, дешна хих Ӏалашде гӀишлон тӀехулара конструкци.
Кхин цуьнан коьрта функци йу йовхо ларйар (йовхо латтор а, йовхонах Ӏалашдар а).
«Къовлам» термин алсама лелайо промышленностан гӀишлошна йа чардакх доцучу беданашна. Къовламан коьрта кепаш лору чардакхан беданаш, чардакх доцу беданаш, йоккха йукъ йолу бижина тхов.
Беданаш лерина хила деза эксплуатаци йечу хенахь хуьлу гуттаренна Ӏаткъамна (шен бозаллин) а, ханна (лайн чкъор, механ анасизан Ӏаткъам) а Ӏаткъамашна.
Атмосферо Ӏаткъам бо беданан чкъоьрах «тхов» олу. Иза хила без ахи чекх ца долуш, тӀуналлина дуьхьала лаьтташ, химин дера хӀуманашна дуьхьала лаьтташ, мелхан радиацин, шелонашна, кхечу Ӏаткъамашна дуьхьала лаьтташ. Тхевн коьрта дикалла бай хилар, дукха бахар, туьллуш а, лелош а кхоамалла хилар.
Беданан конструкци а, тхевн гӀирс а билгалбоху проектан тӀегӀанехь, бозу гӀишлонан фасадан дизайнах а, тхов тилларан технологех а.
ЧӀапа беда жимма цхьаьна агӀор таьӀна хуьлу, тхов тӀера эвсара хи охьадахийтархьам. «ЧӀапа» лору тхов 3% кхаччалц таьӀна балахь. Иштта къовлам чардакх доцуш лору.
ЧӀапа беданаш кхечу гӀуллакхна лело а (тӀегӀанан), ца лело а йиш йу.
Царна тӀаьхь хила йиш йу берийн ловзу майданаш, аьхкенан кафеш, йиллина кинотеатрш, спортан майданаш. Кхин а оцу беданийн майданаш тӀехь ораматаш лело мегар ду, цунах олу «Баьццара беда».
Чардакхийн беданийн чухула гӀортолех «сторпалаш олу».
ГӀишлонан беда лаьтта лахарчу декъех: таьӀна экъанех, царех олу «тхевнан басе», церан бух бу сторпалш а, царна тӀетоьхна у а. Сторпалийн кӀажойн лахара йисташ гӀоьрту мауэрлатах — тӀайнех, иза бух бу таьӀна дечиган сторпалийн, иза лерина ду бедано бен Ӏаткъам цхьабосса декъа. Мауэрлат лаьтта лакхара чоьхьара декъехь тӀулгийн пенийн. Басенаш цхьаьна кхетучехь кхоллало таьӀна, ана лаьтта пӀендарчий. Ана пӀендарчех олу «чоргӀе». Басенаш цхьаьнакхетта, чутаьӀна са бечу меттигехь, йо нойнаш а, апареш а. Пенашна тӀехулара тхевна йистех «цхар» олу (лаьтта ана, арахьара пенел арайовлу) йа «фронтон» (лаьтта таьӀна) олу. Хи басенаш тӀехула пенашна йистера апареш чу доьду, тӀаккха дӀадоьду биргӀанашчухула догӀанан канализаци чу.
Иштта беданан дакъа ду цхьар, фронтон, гӀовгӀанан кор, аэратор, апари, хи охьадоьду биргӀа, лосацорг.
ХӀокху заманан тхов — чолхе конструкци йу, иза лаьтта дуккха а компонентех: механ дуьхьалонах, Ӏаьнарагидроизоляцин чӀурамах, бохбийриг, ша тхевн къовламах. Кхин а дицдан ца деза, тхевн нийса конструкцис латтайо тхевн къовламан а, сторпалийн декъан а йукъара вентиляци, кондетсат гулйаларх а, йовхо йарах а лардо.
Коьртаниг, беданаш декъало басенан а, чӀапа а тхевнашка. Басенан беданаш къастало кепаца а, басенийн барамца а:
Российн федерацера хӀокху заманан беданашна болу нормативан бехкамаш дукха документийн чулацамашкахь бу, цу тӀе оцу документийн цхьа дакъа ширделла, амма, дӀа ца даьхна. Проекташ йан йеза лелаш йолчу норманашца:
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Беда, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.