Ла́ьттан бу́халара хиш — тӀуьна, чӀогӀа, газкепара хьолехь дуьненан чкъоьран лакхарчу декъехь, ламанан породашна йукъахь дохку хиш.
Шеш дахкаран хболашца лаьттан бухара хиш декъало масех тайпана:
Хьена лаьттан хиш йузу лаьттан дакъолгашна йукъара деса меттигийн дакъа; уьш хила тарло маьрша (гравитацин), йозаллин ницкъан Ӏаткъамца дӀасалелаш йа молекулин ницкъашца совцийна йихкина.
Лаьттан хиш тӀехулонна тӀера охьа хьалхарчу хи чекх ца долуьйту чкъоьрехь кхуллу хи доллу анасиз. КӀоргехь ца хиларна лаьттан хин тӀегӀа дикка техка шеран заманашкахь: иза цкъа айало догӀанаш даьхкича йа ло дешца, йуха охьайолу йекъачу заманахь. Шийлачу Ӏай лаьттан хиш гӀоро тарло. И хиш дукхаха дерш бехделла хуьлу.
Чкъоьрашна йукъара хиш — лахахь лаьтта шина хи чекх ца долуьйту чкъоьрашна йукъахь доллу хи долу анасизаш. Лаьттан хишшах къаьсташ, шина чкъоьран йукъара хин тӀегӀе алсама меттаха ца йолу заманан йохаллехь. Чкъоьрашна йукъара хиш алсама цӀена хуьлу, лаьттан хишшал. Ӏаткъамехь дохку чкъоьрашна йукъара хишша массара а йузу хи доллу анасиз, лаьтта гуттаренна а Ӏаткъамехь. Ӏаткъамехь ду дерриг чкъоьрнашна йукъара чутаьӀна тектоникин структурашкахь дохку хиш.
Хи доллу чкъоьрнашкахула хи леларан хьелашца, декъало семса (гӀамаран, жагӀин, сицкъаран) чкъоьрнашкахь а, тархийн породин лелхарш чухула а лелаш долу лаьттан бухара хиш.
Лаьттаха дахкаре а хи чухоьу породийн йесаллин амале хьаьжна, лаьттан бухара хиш декъало:
Лаьттан бухара хиш — Дуьненан хин резервийн дакъа ду; дерриг лаьттан бухара хинийн резерваш 60 млн км³ сов йу. Лаьттан бухара хи маьӀда лору.
Из БРЭ:
This article uses material from the Wikipedia Нохчийн article Лаьттан бухара хиш, which is released under the Creative Commons Attribution-ShareAlike 3.0 license ("CC BY-SA 3.0"); additional terms may apply (view authors). Чулацам лело мега CC BY-SA 4.0 лицензица (кхениг билгалйина йацахь). Images, videos and audio are available under their respective licenses.
®Wikipedia is a registered trademark of the Wiki Foundation, Inc. Wiki Нохчийн (DUHOCTRUNGQUOC.VN) is an independent company and has no affiliation with Wiki Foundation.