Динберг

Динберг, йа Говрберг (лат. Plantágo májor оьрс. Подорожник) — бецан орамат; Динберган (Plantaginaceae) доьзалера Динберг тайпан кеп. Россехь а, луларчу пачхьалкхашкахь а йаьржина массанхьа а, Къилбаседан йист йоцучохь, асаран орамат санна; культурин орамат йина дарбанан хьолаш бахьнехь.

Динберг
Динберг
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Plantago major L.

Биологин сурт

Динберг 
Динберг. О. В. Томен жайнара Ботаникан сурт
Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz, 1885.

Динберг — дукхашерийн бецан орамат. Динберган боца орам бу, тӀаьхь дуткъий тай кепара орамаш а долуш.

ГӀаш гулдина орамерачу розетке, гӀожмаш йолуш, шуьйра овалан кеп йолуш ду. ГӀан гӀожмаш йохаллехь цхьатерра йу гӀен пардоца, йехуо а йа наггахь йоца а хуьлу.

Заза долургаш нийса, бух тӀиера хьала йоьдуш, локхалла 15—45 см, дуткъа нох даьккхина, чеккхенехь деха цилиндр кепе зазакенаца. Зезагаш кегийра деа декъе, кедалган гӀаш йисттехула чкъор долуш, заза сирла-боьра. Йиъ дургал шозза йеха йу зазан турбал, церан хьесийн кӀайн ду, дургалгаш — таьӀна-лилбасар. Кхуьу майхь — июнехь (къилбаседехь) август — сентябрь кхаччалц.

ХӀу — дуккха а хӀуш долу бот чохь. Анемофил.

Бахамехь иэшар а, лелор а

Динберган гӀашца дукха полисахаридаш ду, оцу йукъахь маза (11 % гергга), иридоидийн гликозид аукубин, къаьхьа хӀумнаш, каротиноидаш, аскорбинан мусталла, холин.

Дарбанан аьргалла санна леладо динберган гӀа (лат. Folium Plantaginis majoris) а, сийна буц (Herba Plantaginis majoris recens) а.

Динберган гӀашшах йина препараташ дукха дарбанан Ӏаткъам болуш ду.

Халкъан медицинехь гӀашшан чорпа лелайо элан хӀоршна (аллергина), хоршана, чуьйнана, гоьта-лазарна, ахкаргаш шелдаларна, хьеран раканна, пехшан ракана. Керла гӀаш тӀедохку чевнашна, кховра даьлла меттигна, хадийна меттигна, даӀна, ӀаьржбӀаьргана. Якъийначу динберган хӀурах дина хьакхар — эффект йолуш гӀирс бу дилхан ноткъа йина чевнашна.

Ӏилманан медицинехь гӀаш леладо чов йерзорна, хьу кхетарна дуьхьал, цӀий сацорна, шет дӀайаккхарна, наб кхетийтарна, лазар дӀадаккхархьама, бактерицидан, аллергина дуьхьала молха санна.

ГӀашшан басар леладо бронхитна, йовхарийн цамгарна, йохаршна, Екъа къамкъаргера са лецарна шет дӀайоккху гӀирс санна, зорхӀан-йоьхьийн некъан цамгаршна, царна йукъахь зорхӀан даӀан цамгар а, искиртиган цамгар а, жаннашна хьу кхетчи.

Керлачу бецан мут пайден йу анацидан а, гуттаренна а гастритана.

ГӀашшан спиртан экстракто охьабоккху пхенийн Ӏаткъам. Динберго шет дӀайоккху хьал леладо бецийн гуламашкахь.

Арахоьцу Динберган мут (лат. Plantaginis succus) дарбанан препарат лелайо гастритан, диспепсин, анорексин.

Динберган хинан экстрактах йоккху препарат «Плантаглюцид», цуо хебаршна а, хьуна а дуьхьал болх бо, лелайо зорхӀан даӀан а, искиртиган а цамгарна.

Къона гӀаш дууш ду, Российн Генарчу Малхбалехь а, Кавказехь а царех чорпа йо.

Галерей

Динберг 

Йукъара кеп

Динберг 

ГӀа

Динберг 

Зезагаш

Динберг 

ХӀуш

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Динберг 
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш

Tags:

Динберг Биологин суртДинберг Бахамехь иэшар а, лелор аДинберг ГалерейДинберг БилгалдахаршДинберг ЛитератураДинберг ХьажоргашДинберг

🔥 Trending searches on Wiki Нохчийн:

.ccВальдегангаКлючовецьДугаСтага а, зудчо а шайн цхьаьнаӀар Ӏедалехь чӀагӀдар.ggСеменовка (Эрмалойчоь)Нунуев, Сайд-Хьамзат МахмудовичАгонданжДерриге чоьхьара сурсатЗайсанСифорд (Нью-Йорк)Ингалсан моттАдам (пайхамар)Барт (йукъаметтиг)Санрайз (Флорида)ЛабуьгӀгадЭль-Мираж (Аризона)ТаьӀна-цӀенРуссо, Жан-ЖакЦизийМокшанийн моттГуьмсеAndroidЭпистемологиКонгрессан библиотекаАомориХьамдалат2019 шоЛемойн (Пенсильвани)Кеплер, ИоганнАхмадов, Муса МагомедовичЖузи1151 шоИшпеминг (Мичиган)БашкирийчоьУкраинаБарвинок (Польша)ВурмбергГожице (Тарнобжезькан повет)ШалиньиMain PageЦуруев, Шарип МовладовичЦӀерпоштӀожаллаУае (Сона а, ЛуагӀа а)1 июньЛаосНемцойн ВикипедиСоветски Союзан Турпалхой (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)Гуьэ-д’ОссуьБрунейЭнергиӀашураъ1895 шоКоьрта агӀоАхтаев, Увайс МажидовичАлександровице (Малопольскан воеводалла)КуничекСоветийн Социалистийн Республикийн СоюзОьрсийн моттАтагӀа3 июльОраматашЛетгӀеАрапджамиСэм а, Кэт аЛагӀеМинецкиСан-Адриан-де-ХуарросИсламан Республикин аз ГӀажарийчоьИбн КасирПенье (Москохан область)🡆 More